Главная » Все Новости » Главная новость » Аьрсбин Абу-Бакр: Вежарий д1акхалхарах, юха довла ца деза

Аьрсбин Абу-Бакр: Вежарий д1акхалхарах, юха довла ца деза

ИЭШАМАШНА Г1ОРТОЛАШ !

1

Жах1лалла яржарах а, вай 1илма 1амуо деза.
1есалла сов яларах а, вайн Ийман кхиуо деза.
Бид1аташ даржарах, вай Суннаташ айъа деза.
Халонаш совйилахь, уьш Азкарашца иэшон еза !

2

Лаьмнаш аталахь а,вайн г1иллакхаш диса деза.
Х1орд т1ехьадарах а, Доьналла латта деза.
Йокъалла х1оттарах а, Яхь вайлахь йаха еза.
Сийна ц1е вайна яларах, вай дуоха ца деза !

3

Вежарий д1акхалхарах, юха довла ца деза.
Мостаг1ий дукха хиларах, дог дилла ца деза.
Наной вайн белхарах а, вай малдала ца деза.
Мохк вайн д1алацарах,дог дилла а ца деза !

4

Цхьаберш ямарт хиларах,вайн Тешам ба ца беза.
Важа б1аьрмецк хиларх, саг1ан куьг ларда деза.
Ко1анаш сов йийларах а, майралла хьекъон еза.
Чаг1алкхаш мел йаржарах а,Берзалой деба еза!

5

Ц1архазмалла яьржинехь, 1еса нах совцон беза.
Ц1арматалла яьржинчахь, зударий совцон беза.
Кхаьънаш далар дебахь, хьаькмаш совцон беза.
Молла ахчанна марзвеллехь, гена ваккха а веза!

Аьрсбин Абу-Бакр 11.03.18 шо :

Chechenenews.com

15.03.18.