Главная » Все Новости » Главная новость » Аьрсбин Абу-Бакр: Къонахчух Дош !!!

Аьрсбин Абу-Бакр: Къонахчух Дош !!!

7h2E-b8SNdAМила ву Къонаха, хаттара доьжча ?
Цунна жоп карор дац, цхьанна йа шинна.
Муъминан дог долуш, ву Къонах Баьчча.
Берриге шен кийра, Яхьаллех буьзна !
2

Къонахийн г1аста ду, Х1уьрла1ийн хьокъца
Нохьа Дас Элчано, дийг1инчу стоьмех.
Х1уррера, Уррера, Шемах чекх дийларца
Нохчийчу кхаччалца, 1алашдеш вуонех !

3

Мел доккха дукъ ду и Къонаха бохург.
Дуьненан доккхалла ца кхочу цуьнга.
Уггаре лаккхара Тешам шех лаьттарг.
Г1ийлачо, эшначо сатуьйсуш шиэга !

4

Къонахчун дахар ду, Далла Са доьхкина.
Делан и Нийсо кху лаьттат1ехь х1уотто.
Дерриге шен дахар Г1азотехь дихкина.
Бакъонца мел дериг, Дуьненахь даржо !

5

Харцонца вог1уш верг, д1андаргца эгош.
Шен куьйга къорам дай,1ожаллиэ хьежош.
Ямартло, мекарло, хьекъалца йостуш.
Дег1аста, Нана халкъ,букъ т1ехьа лоьцуш !

6

Къонахчун боьвзаш бац, мостаг1чух кхерам.
Саметта ва кхетта, ша кхалхарца вожар.
Ткъа кийрахь йогучу, ц1еран бац барам.
Кхоьруш ша Орцанна г1орасиз виссар !

7

Къонахчун лаам бу, къам Маьрша хилар.
Адамаш бертахьа, Нийсонца дахар.
Харцонаш, шалхонаш, хедайар цестар.
Цу къийсам терзант1е, шен Са а диллар !

8

Къонаxчун безам бу, Дег1астан марзо.
Сийлахьчу Даймехкан, парг1атон серло.
Ненан и экаман, дог ховха лерам.
1овжорна, лазорна, шен болуш кхерам.
9

Къонахчун хьарам ду, са к1езгалалла.
Нахах цавашаран, куралла, дозалла.
Вошалла эшначохь, хьанна а букъ тохар.
Хьашташлахь шена дерг, Нахалла айъар !

10

Къонаха везар вац, к1иллошна лаьшна.
Дош шалха долучунна, сонта а чунна.
Амма ша массуо а хьашт хила цуьнга.
Осалла йолуш верг, Къонахчун г1айг1а !

11

Къонахчун лазам бу, уггаре боккха.
Вайн К1ентий доьналлех,кхетамах хедар.
Уьш оьгуш хиларна,1инах чу доккха.
Декъазчух, доьхначух ,хуьйцуш шайн оьмар !

12

Къонахчун Кхетам бу, буолатал ч1ог1а.
Лаамаш, марзонаш, шовданал сирла.
Собаре къинхетам, х1урдалла боккха.
Шен дешан Да хилла, воьжна и хийла.

13

Къонахийн хьежар а сатиссар кхане.
Уггре боккхачех, Лам хилла лаьтта.
Къийсаман цу хьаьттахь,кхиийнарг токхе.
Вайн Ден Дайн васт дендеш, дахар дан атта.

14

Тиэша и Нохчалла дендан ниц1къ кхачарх.
Го цунна и некъаш, гиэчуо х1орд хадуо.
Дала мукъ ло цунна, ирхонаш хиларх.
Дайъинарг, лач1къийнарг, юхаметта дерзуо !

15

И Тиэшам и лаам, хьанала къийсам.
Хадуо йа х1у дайъа, шекуониэ ластуо.
Де кхочур ду аьлла, бац цуьнгахь кхиэрам.
Мокхазан суйнех схьа йаьлла и ч1аг1о !

16

Къонахчун кхайкхам бу,вайн х1ора К1анте.
Само йиэ, дола диэ, массара денна.
Мел олу дош литта, боккху ког нисбиэ.
Коьртеран оьзда дерг, литта т1аьхьенна !

17

Да велхаз шен доькъах, Нах а ца билхина.
Буьззинчу кечамо, юхь к1ай Да валийна.
Къам г1атторг,Б1о бохорг,цхьаъ ву, ду аьлла.
Х1ара дешнаш, Къанунаш, дитна дац эрна !

18

Къонахчун некъ лаца, данне дац атта.
Куьг дузо, кхерч бохбан,хьуьнар ца эшна.
1уьналлан г1ароллехь, деган б1аьрг лаьтта.
Кханенаш йоьзна бен, латта ца хьешна !

19

Къонахчун к1ийрахь бу, пхьалг1анна алу.
Са ийдеш, дог кхехкуо, хьурматан бала.
Мостаг1ийн некъ хедо, 1ожаллин талу.
Нисваре сатуьссуш х1ора а Дала !

20

Массеран 1ийжамаш шен сине лоьцуш.
Маржа-йа1ъ Дуьне хьо, харцонан зама.
Цу Нехан кхаъ болче, ирсан зирх туьссуш.
Кхаж лаьцна Къонаха волу ша пана !

21

Аьрзонан уойланца, хьаша а хилла.
Лаккхара хьоьжу и Дуненчу вахьа.
Б1аьрго схьалоцуш дерг, хораме даьлла.
Адамаш тилош го, Йилбазан лаьхьа !

22

Стигланан 1аьршашка до1анаш кхийдош.
Лаьттан цу баххашка кхийдаеш ойла.
Б1окъежна дог-валар, ойланаш хедош.
Синкхетам дарбанаш лоьхуш ша хийла !

23

1уькъанна г1аьттича,1ибадат седанца.
Йог1учу ойланаш ,Къонах ву вахчош.
Лазаме эшамаш, хуьттуш шен до1анца
Даккхийчу хьуьнаршна, шен кийра бахчош.

24

Къонахчун Дош деха, бакъонца ира.
Йоккхачу тоьпал а, ткъесалла нийса.
Сий хьоьсту Яхь йолуш, маьлхалла сирла.
Нуьц1къаллин доьналла, харцонца къийса !

25

Юхь ц1ена ойланаш, шен дагехь луьттуш.
Шен Мехкан баланаш, ойланца луьстуш.
Вайн Нанойн буоберийн, б1аьрхиш а уьйзуш.
И дустарш дитна дац, цхьалха ца туьдуш !

26

Г1ийлачун Да волуш, Ламастийн ваша.
Самонца ладоьг1уш, хьашташа воьжна.
Даймехкан 1у хилла, шен къоман хьаша.
Хийла Ден б1аьрг белош, дагчу и воьжна !

27

Дахарехь Къонах верг, Динехь ву Авлийаъ.
Дерриге шен дахар ,Далла д1аделларг.
Х1аналдеш лардина садоь1у х1аваъ а.
Къера шен декхаршна, висна йа воьжнарг !

28

Г1о эшнарг, де доьхнарг, хьашт хилла цуьнга.
Къонахчун г1о кхачор Деле ша доьхуш.
Юьхь йолу Орцанаш ,кхачийна шайга.
Цхьаьнггара баркалла шена ца лоьхуш !

29

Шен ниййат г1аролехь кхелашца лаьцна.
Хийла дог 1овжийна, Къонаха воьжна.
Амма шен цатемаш, цатоарш хьаьшна.
Цу К1анта хийла уьш, лахьтийчу даьхьна !

30
Къонаха волу керт, яц тилла йайна.
Ламанан х1останах, беркаташ дебош.
Къонахий болу Мохк, Сийлаллехь буьзна.
Воккханиг,г1ийланиг,баьрччениэ хийшош !

31

Къонах ца лору къам, декъаза лаьрра.
И воцу Эвла, Мохк, 1азапуо хьешна.
И воцуш долу къам, дац бертахь, майра.
Т1аккха ду масаллаш, некъ бостуш 1азапна !

32

Къонахчо лардина гергарлуо ц1енна.
Дуьненчохь мел долчу къаьмнашца доьзна.
Йоь1а-б1арг ва санна, лардина денна.
Къоман ц1е йожарна,цуьнан дог лезна !

33

Дуккха ду вайн К1ентийн-Къонахийн кешнаш.
Кавказехь дехачу, цу къаьмнийн Мехкашкахь.
Орцанна г1оьвттинчахь, декъала эгнарш.
Шен къоман йоккху ц1е, шайн ц1ийца кхелинарш !

34

Йа-Аллах1, Сийлахьа, нуьц1къала Дела.
Чуот йоцу массеран хастамаш бу Хьуна.
Тхан Нехан Къонахийн, орам ларбарна.
Ас доьху Хьоьга и деборах тхуна !!!

Аьрсбин Абу-Бакр. 23.03.2011 шо:

Chechenews.com

09.10.16.