Главная » Все Новости » Главная новость » Аьрсбин Абу-Бакр: Х1У ХИЛЛА ХЬУНА НОХЧО ?

Аьрсбин Абу-Бакр: Х1У ХИЛЛА ХЬУНА НОХЧО ?


1

Гуш лаьтташехь вайн мотт д1абаккхарца.
Цуьнгахула хьан къоман бух хадорца.
Цунначухула хьан хаза къам дуохорца.
Цо го хьуна и г1аскхийн мотт бийцарца ?

2

Кху маттахьа мел долу вайн г1иллакхаш.
Адамаллех Са ц1ена вайн ламасташ.
Ахьа хьешарца оту Дайн 1адаташ.
Цо го хьуна и г1аскхийн мотт бийцарца ?

3

Т1екхуьу и вайн т1ехьенаш хедорца.
Уьш Нохчаллийн марзонех бахарца.
Ийманехь заь1ап болуш а кхиарца.
Цо го хьуна и г1аскхийн мотт бийцарца ?

4

Доьзалехь цу мостаг1ийн мотт буьйцуш.
Д1овш даржош вайн къам ахьа г1елдарца.
Вовшашка а Наха церан мотт буьйцуш.
Цо го хьуна и г1аскхийн мотт бийцарца ?

5

Цу бахьано дохон вайн гергарлонаш.
Цу белхо и йаржош йолу эрчаллаш.
Вайн хуьйцу цу хийрачух амалаш.
Цо го хьуна и г1аскхийн мотт бийцарца ?

6

Кегийрхой вайн мотт хуурш буьсуш бац.
Вайн маттахь яздар а уьш доьвзаш бац.
Х1ара Орцанна мохь беттар хезаш бац.
Цо го хьуна и г1аскхийн мотт бийцарца ?

7

Мичахь ду со Нохчо ву боху ,Долалла ?
И г1аскхий ма вац хьан дош ала вешаш .
Мичахь ду хьан Дайша лардина,дозалла ?
Десачу хабарех вай а дац хьуна дешаш !

8

Вайн дисна т1еххьара ши чкъор д1адалахь.
Мотт хууш лаьтташ берш тахна кху 1уьналца.
Кху къоман х1у хадош тергалла дожарехь.
Цо го хьуна и г1аскхийн мотт бийцарца ?

9

Мила ву кхунна хьо воцург декхарлахь ?
Хьо дуьненна таьхьа ваьллачу хенахь.
Хьайн къоман сина хьаштонех хадарехь.
Цо го хьуна и г1аскхийн мотт бийцарца ?

Аьрсбин Абу-Бакр 10.04.18 шо :

Ärsbin Abu-Bakr

Chechenews.com

10.04.18.