Главная » Новости » Аьрсбин Абу-Бакр: Маршонна сатуьссуш, дог Маьрша х1ай Нохчо !

Аьрсбин Абу-Бакр: Маршонна сатуьссуш, дог Маьрша х1ай Нохчо !

НОХЧОЧУН ОЬМАР !

1

Геннара дукъ тиекхош,Г1азотехь хьо вог1уш.
Харцонца кхийсалуш , б1о сема хьайн латтош.
1азапхойн урхаллаш, иегорехь бух йохуш .
Дала хьайн г1о дохуш,Са ч1ог1а х1ай Нохчо !

2

Везачу Элчанца ц1арах ц1е хоьттина.
Эзарнаш шерашца ,некъаша вахчийна.
Нийсонан Делан дош,хьайн сица ч1аг1дина.
Вог1у хьо къар ца луш,дог майра х1ай Нохчо !

3

Яхь йоцу х1ара дуьне, хьаг1 лаьцна къийсалуш.
Лайн амал синош дерш , хьайх кхета ца лууш.
Эхь дайна пачхьалкхаш , хьайх кхета ца туьгуш.
Т1е товжа берд боцуш , цхьалха ву хьо Нохчо !

4

Элчанна Весетех , 1адаташ хиттина.
Ямартчу харцонна , доьхьала вирзина.
Дешийца детийца , Оьздан юкъ йихкина.
Хьо лаьтта ца вухуш, Доь долу х1ай Нохчо !

5

Дег1аца хьайн чоьвнаш , бухкаршца къийлина.
Дог дохон баланаш , къайлехьа бехкина.
Г1орасиз г1елонаш , До1анца йихкина.
Маршонна сатуьссуш, дог Маьрша х1ай Нохчо !

6

Дуккха а Вежарий , Г1азотехь кхелхина.
Нана-Мохк вина кхерч, мостаг1чо багийна.
Цхьаболу накъостий , бахамо тилийна.
Г1елвелла къийсамехь, Яхь йолу х1ай Нохчо !

7

Шекуонах цинц боцуш,лардечу диекхарна.
Дала Шен Орцанца , хийла хьо вузийна.
Т1ебог1у Кегийрхой , суй болуш кхиарна.
Дог ийлуш кханенга , хьоьжу хьо х1ай Нохчо !

Аьрсбин Абу-Бакр 14.05.18 шо :

Chechenews.com

14.05.18.