Главная » Все Новости » НОХЧИЙН ТЕРЗА !

НОХЧИЙН ТЕРЗА !

000286504_000291441

1

Уггаре боккха ницкъ хьуна т1е та1ийна.
Массарел кхераме хьан Кхетам лерина.
Цхьанне а ца гинчу къизалле доьллина.
Ахь ловш дерг муха уоза,
х1ай Нохчийн къам ?

2

Иттозза х1аллакъеш хьан ярташ ягийна.
Кхетам берг 1илманчаш , д1алоьцуш байъина.
Барзанан герзашца , латтанаш 1овжийна.
Мила ву хьох дог лозург , х1ай Нохчийн къам ?

3

Къонахий д1акхелхаш,хьан Маршонан новкъахь.
Мостаг1ий эгорца беза мах баьккхина.
Къаноша Наноша До1анашкахь дехна.
Ахьа лааза х1у дисна,х1ай Нохчийн къам ?

4

Доьналлехь ,Оьздаллехь, х1ара Дуьне цец даьхна.
Делан Дош, марзонаш , Махьшарна лардина.
Элчанна Сийлахьан , Весеташ кхиийна
Ма деза дукъ кхаьчна хьоь , х1ай Нохчийн къам !

5

Дерриге Дуьне а писдоьлча, къар ца луш.
Орамаш дагорах Дайн кешнаш бухдохуш.
Хьан къомах гараш деш,декъарехь отуш.
Ахьа ловш дерг довза а , мила ву-те Нохчийн къам ?

6

Хьан ширан таьптараш , Эсс хедош дагош.
Хьан ц1ена Ламасташ , Кхетамах цоьстуш.
Хьан Са долу Ненан мотт,лаг лаьцна бух боккхуш.
Хьайн ницкъ цу маттахь буй ,дицди ахь Нохчийн къам ?

7

Цу меттан Кхетам бу , мостаг1ий кхоьруш берг.
Цу меттан орам бу , цара шаьш лечкъош берг.
Цу меттан къилба ду , Нийсонна лаьтташ дерг.
Хьайн хазалла стенца ю , дицдо ахь Нохчийн къам ?

8

Дерриге вайн баххаш атарехь г1елдина.
Вайн къоман Сина-Кхетам,
бохорехь хердина.
Юкъарчу Кхетамна г1аьттинарг х1аллаквина.
Хьан Са мел малдина ,ца гуш ду хьо Нохчийн къам ?

9

Дог1машца вай Нислахь,
Кхетаме даьхкина.
Дахарехь эрна дерш, юьстаха лаьхкина.
Дала Шен Къинхетам ,гурашчу далийна.
Хьо ч1аг1луш ден лойла ,
Сий долу Нохчийн къам !

10

Вай вовшийн лардойла,
г1ийбатан д1оьвшенах.
Вошалла лардарехь ,
г1ортораш х1иттийна.
Вайн Далла дезаш дерг,
и дуйла хиина.
Ваша а мостаг1 а къастош б1аьрг биллина.

11

Со теша Яхь йолчу , хьан К1ентийн самонах.
Шайн Ден Дайн ц1еначу дахарна Орцанах.
Шайн мотт а нисбарца,
лардечу г1иллакхех.
Дала Шен Г1о доцуш ,
вай дуьтург ца хиларах !

Аки Аьрсбин Абу-Бакр.
08.11.16 шо:

Отдел писем

Chechenews.com

14.11.16.