Главная » Все Новости » Главная новость » Нохчий къоман марг1алан-терхьамах (исторех) долу дош !

Нохчий къоман марг1алан-терхьамах (исторех) долу дош !

11536025_471982702961388_3468118553377201135_n

Муьлш бу Нохчий ,бохучу хаттарна жоьпах даакъа а ду х1ара .
1АДАТ бохург ду – 1АР-ДИЭ-АТТА ; — 1ЕР-ДАН-АТТА (Дахар диэ атта) !!!
***
Вайн ала декхар дерг, вайн ала Юьхь ерг ду !
Хьаналчу хьацарца, 1алашдеш кхиийнарг !
Вайна хаа дезаш дерг, Вай отуш лечкъош ду !
Дайша шайн ц1ийца Доьналлехь лардинарг !
*********
Вайн Сийлахьчу Элчано (1.с.в.), боккхачу кхерамца дийцина долу, шен къам къестош хесторах дерг дац дийца леринарг. Х1ара кху Нохчийн къомана бакъонца лаьттина бух бу. Бакъ ду цхьа аг1о ю нислуш кхузвхь, Нохчаллийн дахарца лелла бакъ дерг хаза-м ду, хестош санна а хеталур долуш ца доьвзачарна .
Элчано (1.с.в.) аьлла:-«Шен къам дезар а шен Мохк безара а Аллах1ера ду»!
Аллах1-Дала а Цуьнан Элчано а вайна т1едиллина ду , шайн Сий лардарехь долун декхар.Нохчий шайн Сий а долуш,шайн Да лоручу Элчанна ц1арца, уггаре Сийлахье лардеш шайн коьртехь кхобуш и Сий а долуш даьхна ду !
Кху т1аьххьарчу вайн мостаг1аша, 5-пхеа б1аьшаре г1ортина болчу т1еман къийсамехь, сацийна дац цхьана денна а вайн Сийна т1екхийдар.Цхьаъ-а бух боцу нехаш вайна т1ехьоькхуш, ямартлонца емалдеш дерриге а къам. Дойъуш, дагош,аьтчи а ца 1аш. Шайн багара ара мел долу дашца д1овш детташ,вайн Сий дайъа а ,мотт х1аллакбан лерина болх а сацийна бац ,цу эхь х1у ду а ца хуучу боьхвчу муьжгаша.
Массуо лергахь-1уьргахь кху дерриге Дуьненна лоькхучу шайн шайт1анан зурманца.Вай ца доьвзачу халкъаша дукха хьолахь церан и харц зурма а лоькху вайха ,цара дуьйццург дуьйцуш !
Вайна кхузахь далош дерш дац:-«Яйначу т1аьхьено Дай хестор бу», бохучух. Х1ара мостаг1чо х1у хадо 1алашонца юьхьара лаьцна долу, вай къоман дашо Джовх1арш отучарна еш доьхьало ю,вешан Сий а кхетам а ларбарехь лерина.Кхузахь вай далош дерш ду, вайна а вайн Дайшна харцо т1екхуьйлуш,Сий дайъа г1ерташ ,вайн къоман орам бакъуо лерина т1ом, дашца юхатохар. Дуьненахь вайна доьхьала яьлла харцуо, вайн гойтуш хила дезачу декхарца дерг.Х1ара бух бицбина ца хуучу Вежаршка а, къаьсттина Кегийрхойн дегнашка д1акхачор,уьш самуоне кхайкхаран 1алашонехь долуш, Дала мукълахь.
«Да ца вилхинчу докъаха-Нах а ца билхина »:аьлла хьекъалечу Дайша!
-Нохьан Пайхамарах (1.с.) схьа даьллачу т1ахьенах-маъ, массуо Адамаш а ду.Иза иштта хилар шекуо йоцуш а къийсам а боцуш дерг ду !
Амма,вай ала йиш ерг а довза дезарг а шекуо йоцург а ду иштта ц1ена!
***
Нохчочуьнан х1айкалаш.
1
Тоьллачех ирсиэ Даймохк бу вайн
Маршонан къилба а долуш
Оьздачех доьналлехь Къам ду вайн
Элчанийн дош а лоруш.
2
Дош довха миэрза кхерчаш бу вайн
Оьздангалла шайна чохь кхобуш
Сан ц1ена охланна каппаш ю вайн
Тиэшаманна ларам кхиош.
3
Делера доккха диэкхар ду вайн
Нийсонах ша долуш доьзна
И диэбо лаам боккха бу вайн
Дилхан дег1 цунна доьжна.
4
Топ нийсчара сирла б1аьрг бу
Мостаг1чунна нийса лоьцуш
Схьадиллина Маьрша дог ду
Сайн Махканна долуш кхобуш.
5
Лам лекхачара г1аста ду вайн
Товхьидах цхьа Синош ду вайн
Дош ч1ог1ачара Вараш ду вайн
Суннатах башха дег1маш ду вайн.
6
Хьешана х1оттуо шун лардо вай
Цуьнан дог дохдан дош а
Доттаг1чунна вошалла ду вайн
Уьш т1елаца хан а хьал а.
7
К1ентий кхио лаам бу вайн
Делах кхоьру Иман долуш
Т1аккха юхь-к1айна амал ду вайн
Ламаз кортехь дахар долуш.
Аьрсбин Абу-Бакр 1998 шо:
***
Нохьчалла вай Дайша шехха олуш хилла болу некъ бу, халачу а Оьздачу а Дукъца цу Нохьа-Пайхамаранна ц1араха даьхнарг а ду, цуо деаначу Дашца цуьнан заманчохь а, цулла т1аьхьа а кхи Пайхамар валлалца.Цунна шелла т1аьхьа баькинчу Пайхамараш цуьнан т1аьхьенах болучара (1.с.) деанарш т1е а оьцуш хуьттуш-кхиош лаьттинарг ду, вайн замане х1ара г1елдина схьакхаьчнарг !
***
-Оха вахийтира Нухь а‚ ИбрахIим а‚ Оха хилийтира церан зуьрретехь-(т1аьхьенах) пайхамаралла а‚ жайна а. Царех нисвелларг а ву‚ царех дукхаберш песакъ-(1еса) бу-кха. (Къур1ан Сура-57:аят -26).
***
— Нохчийн къомуо шен ширачу заманна дахарехь лардеш,баккхийчу къийсаман т1еман к1урк1аманех чекхдохуш схьадеъна дерш ду х1орш !
1)-Цу Нохьан Пайхамара (1.с.) Аллах1-Делера деана долу Дин а.
2 )- Цуо бийцина мотт а,цуьнан Г1иллакх-Оьздангалла, кху шен ирачу, ц1еначу кхетамца болчу вайн маттахь.
3 )- Иза воьссина Дуьненан уггаре тоьллачара беркатиэ исбаьхьан Мохк а.
4)-Цуьнан ц1арах хоьттина йолу Сийлаллехь ларйина вешан къомана ц1е а.
5 )-Цуьнгара вахьа дог1уш т1едехкинчу парз-декхаршца ,Делера йолу ц1аналла-нисо а, вовшашца ларъеш долу 1адат а.
6 )-Цулла а т1аьхьа цу Нохьан т1аьхьенах болчу,Делера баьхкинчу Пайхамарашца (1.с.) з1енаш а йолуш,цара деанарш а вайн къоман 1адатах- Ламасташца а хуьттуш ,схьадеанарг ду х1ара, Турпала даьхна долу Нохчийн къоман марг1алехь (исторехь) диснарг а лелларг а.
Х1ара ц1енан Сийлахь болу вайн Бух, лач1къийна шайна берзо луурш а бу массуо хенахь цу шираллера,вайн х1у хадо г1ертарш,геннара вайца схьабог1учу ширачу къийсамашкахь. Шайн шайт1анна (а.б.) некъашца болчу ,тайн-тайпанчу б1оннашца,ц1ерашца,заманашца.
Вайн Адаман дегнашкахь, Синамехаллашкахь, Г1иллакхашкахь, Ламасташкахь, луьттуш нисдина маззакъехь ч1аг1дина цу Пайъамарийн т1едахкарш .Цунаха къилба а дина, шаьш Делаха тешарна а, Цуьнан оьг1азаллех кхерарна , йоь1ан-б1аьрг санна уьзуш массеран юкъарчу кхетамца лардеш (т1аккха Дала г1о а деш),Оьздачу тешаман дахарца,мерзачу амалшца шардина даьхнарг ду,Нохчийн къоман терхьаман (историн) дахарехь хоьттинарш !
Цу Ноьхьа-Дас битинчу маттана чудиллина даьхна, дог дашош мерза долу вайн къоман Вошалла лардина Къонахаша а Наноша а, таханлерачу дийне кхочуш шен кхетамехь,лардеш эзарнаш шерашкахь чекхдохуш,д1а ца тосуш.Цу буьрсачу а ц1еначу а, вайн къоман ширачу а, Юьхь-к1айн лаьттинчу ц1арца а лорца а !
***
НОХЧИЙН МОТТ
1.
Цхьа зама йог1ур х1ара байташ оьшуш
Турпалан жима къам денлучу дийнахь
Вайн Ден Дайн шира Мотт,гулбечу меттехь
Эзарнийн шерашкахь биэкначу Махкахь.
2.
Б1аь кхузткъа шерашкахь, юьхьара лаьцна
Хьо отуш,доь дойъуш,мостаг1чо цоьстуш
Марг1алиэ д1акхосса,х1у дайъа лерина
Бух хедаш лаьтта хьан,вала Да воцуш?
3.
1амуоза мотт бисац, кху лаьттан букът1ехь
Вайн Наха чубоьлла Нохчийниг боцург
Кху хьоле далийна,1ожаллийн т1ег1ехь
Вайн Кхиэтам вайн Иэсс а лахьтийчу кхийдош.
4.
Нохчийн Мотт,Ден Дайн Мотт,вайн сина кхиэтам
Хьол мерза х1у ду-тиэ, хьан К1ентий лиэцнарг?
Хьол хьалха даьккхинарг,берриг бу иэшам
Ирсанца туокхиэ ву,хьо лоруш биэзнарг.
5.
Хьо биэзнарг эшна вац,г1опул ца хилла.
Оьздачу шен Ден Де,сибатехь нисвелларг
Муьлххачу а къийсамехь,корта шен айъина
Дахарах чекхволуш,тэишам ша ларбинарг.
6.
Муьжгийн мотт ша бийцар,иралла хиэташ
Шаьш шайниг хьешарца,пусарах боьвлла
Хьог1ечу 1ат1къамуо хиэдийна ламасташ
Вай дуккха а доьзалиэх кхоьбанаш хилла.
7.
Уьш бу уьш мостаг1чо шиэна кхиийнарш
Нохчаллех цистина,шайх Чеченаш бинарш
Вайн Динах,Махках а,дозалла дайъинарш
Бераллехь дуьйна шаьш Маттах а хиэддарш.
8.
Кху Меттан К1ант хилла и Нохьа-Пайхамар
Цул т1аьхьа а баьхкина Элчанаш цхьаьна
Кху Маттуо деллера Дуьненна довзар
Доьналла,эхь-бехк а г1иллакхех доьзна.
9.
Цуо чахчош кхиийна,Къонахий майра
Хьаша Да т1еоьцу вайн дегнийн йовхуо
Дог ц1енчу бераллех,цалоруш хийра
Дерригиэ Дуьненна масаллаш делла
10.
Вайн Маттуо кхиийнарш,Маьрша Нах Хилла
Дала Ша Доссийна,Хьукманца дуьстина
Элчанна Суннатца,ламасташ нисдина
Цундера массуо а уьш, вайна т1еихна.
11.
Муьлханиг къам дисна, вай стаг т1елацаза?
Муьлханиг г1илкх дисна,вайн маттахь кхехказа?
Муьлханиг кхиэтам бу, вайн Маттана бовзаза?
Муьлханиг къахьуо ю,Нохчаша 1овшаза?
12.
Х1еттиэ а вай дуохац,и вайгахь товш дац
Кханиэ ю вайн Сийлахьчу Делиэра юссуш
Лардаза д1атеснарг,т1аьхьенна дехаш дац
Г1айг1аниэ хир дац вай,серлонца дустуш.
13.
Кху Меттан беркатца,Делах а кхийрина
Иштта кхуьнан озаца, Элча а виэзнера
Геннара дуьйна схьа,Иманан васт кхуллуш
Баьхна вайн Ненан Мотт, т1аламца диэбош.
14.
Со К1ант ву,со Стаг ву,Къонах ву бохучуо
Хьораммо кхелашца тасавелла лар ца бахь
Дуьненчохь Ненан Мотт,биссарна луучуо
Нохчо ву со ала,бакъуо яц цхьаьнггахь.
15.
Вайн Къоман синпхенах, боьзна бу Ненан Мотт
Мотт бацахь юьхь яц хьан,и яцахь Мохк бац хьан
Хуучунна герз ду хьуна,вайн Мехкан Мотт
Т1улг хилла дахчийна,оьг1азиэн дог достуш.
16.
Кху Маттуо динера вайх,Яхь йолу Нохчий
Кху Маттуо еллера и, Маршонан марзуо
Кху Маттуо кхиийна, Сий долу Мехкарий
Нохьан вайн Дегара ю, И Далла Къаруо.
17.
Нохчийн Мотт,мерза дукъ,хьо стенга лиэста-тиэ?
Стенгахьа кхерста-тиэ,хьо диэбон ирсан де?
Ламанан х1ост санна,хьо биэзаш хууш верг!
К1ур боцуш вовр ву-тиэ,сан жайла ерзариэ?
Аьрсбин Абу-Бакр. 11.05.03 шо
***
Марг1ал (ю) — История.
Иэсс (ду) — Память.
Туокх (ву, ю) — Калория.
Г1опул (ву,бу,ю) — Бехк, Вина.
Иралла (ю) — Развитие.
1ат1къам (бу)-Удушье.
Кхоьбанаш (ю) — еса х1уманаш (манкурташ).
Чахчуор (ву, ду, ю) — Закалка.
Къахьуо (ю) — Горечь.
Васт (ду) — Образ.
Синпха (бу) — Артерия жизни.
Жайла (ю) — Поколение.
***
Иштта долу вайн башха орамаш,Дала Шен хьукамца,къинхетамца вайна делларг а вайга схьа а кхаьчнарг а ду, АлхьамдулиЛлах1. И дерриге Сийлаллаш,беркаташ, нийсонца долун дахар лардан, онддачу кхетамца болу ницкъ оьшийла а хууш,гобаьккхина йолчу харцонаншна доьхьала латта,цу шайн ницкъашна коьртехь Доьналла кхаьбна вайн Дайша онддачу Кхетамехь.
***
Доьналла.
1
Доьналлуо лардиэш ду, Маршо а Дин а
Доьналлуо хьостуш ду, доьхначун дог а
Доьналлуо кхобуш бу, г1ийлачун къаж а
Доьналлуо кхиош ду, Оьэдалла Иэхь а .
2
Доьналца бехаш бу Сий долу ларамаш
Яхь-Яхьиэ яьллачу къовсаман хьаьттахь
Ч1ириэ дов доьжначахь Масла1ат дуг1уш
Захалшца гергарлуо хиттаршца шайлахь.
3
Доьналлийн белшашт1ехь дехаш ду Сий а
И маьлхан шиэн Са,цу терзант1е диллина
Ша лаккхахь кхаьбна и, т1едарах х1уъа а
Доьналлуо латтуош ву самуонехь виллина.
4
Доьналла оьшуш ду шиэн г1алат т1еиэца
Айхьа дог дуохийнарг къинт1иэра ваккхарца
Шиэга и диэхначахь Юьхь йуьтуш жоьпаца
Г1айг1анца доьжна дог ша парг1ат даккхарца.
5
Доьналлийн Ден меттахь дехаш ду хьекъал
Вежарийн белшашлахь хоьттина хьуьнар
Вайн Нануойн собарца хилалла декъал
Доьналлийн 1уьналлиэхь даьхна вайн дахар.
Аьрсбин Абу-Бакр. Абу-Бакр 17.04.14 шо:
***
Нехан кхетамехь лаккхарчу т1ег1анца даьхначу,т1екхуьу жайлеш (поколенеш) цу Сийлахьчу барамца кхетош-кхиоран белхан тидам кхиийна дукха ч1ог1а лерина,иштта цунна т1аьхьа мог1ара х1оттиначех Г1иллакх-Оьздангалла а йолуш,аганарчу берашнат1ера хьала кхиош леррина.Къонахийн масаллашца уьйъуш церан буьйда кхетам,дийцаршца ,аларшца,кицанашца,косташца,таьптаршца.Даррехь (практикехь) Дайша шайн дахарехь гойтуш,иллешца довзуьйтуш,Ненан мерзачу тийжаман эшаршца хьоьстуш.
Хьанала къахьоьгуш, шайн-шайн ардаш,ирзошца ялтанаш дохуш,даьхнеш лелош х1ора доьзало, 1аьнах буьйлучу белхашца къахьоьгуш лахьа деш,донаш дузуш,ц1еначу риц1къанашца кхиийна вай доьзалаш,Маьрша а болуш дахарехь а шайн рицкъанашца а цхьаннех боьзна а йа несалла а доцуш,г1ийла-мискачунна деш г1о а долуш.
Уггаре майрачу Берзан хьуьнар-амалца долчу дийцаршца,цу кхуьучу К1ентан амале дохкуш.Барзалла а майра х1у ю хаьий хьуна ,олуш хоьттуш бераллехь вайга?
Цулла а майра накхар моза лерина Нохчаша олуш.Х1унда аьлча ? Цу накхар-мозано т1елатар до Доьналлехь-майраллийца, шена зулам дахьачунна, ю а тухуш ша лийра буйла хуъушехьа,олуш жоп долуш цунна!
Майралла,Собар,хьуьнар,каде , т1ах-аьлла хаьштиг санна хилар 1амош , цу кхетамца кхиош бух буттуш, цу Доьналлийн орамаш уьш хиларна царна гойтуш, дуьйцуш, довзуьйтуш, хьоьхуш, тусуш.

Хьалхара :Ша и Доьналла ду Нохчаша лаккхарчу т1ег1аннат1ехь кхаьбна,арахьарчу кхераманна доьхьала латта турс (щит) дина цунаха. Дукха шера шайна хаарна ,цу онддачу Синакхетаман Доьналлийн ниц1къ-герзаца бенна ларлур доцуш дерг дуйла а, Сийлахьчу Делера доьссина долу шайгаран и деза Дукъ ,дахаран халонашца ,къийсамашна чекхдаха дезарш дуйла а, гуо баьккхина мостаг1ий дукха болуш хиларна !

Шозлаг1а :-дика хиъна вайн Дайшна ,цу Пайхамарийн хьехамашна бухара х1оьттина болчу кхетамехь дацахь.Нийсонна бухахь доцу Доьналла кхоччуш дуьзна хуьлуш доцийла а,сакхте дуйла а зуламе дуйла а г1ийла дуйла !

Кхозлаг1а:-дуьззина кхочуш долу и Доьналла хуьлуш доцийла а хууш,нагахь риц1къанаш а дегнаш а б1аьргаш а кхетам а ц1ена дацахь, къаронца, Дала шайна т1едоссийначуьнца !
Цунах дика кхетачу Оьздачу Къаноша,Далла гергахь долчу декхарца къоман Синакхетам латтийна, цу ц1еначу бараман хьелашкахь,1ад санна буьйлина сема а ц1ена а болчу гурашчохь,боккхачу тергамехь !

И вайн лардаш (основы),кхетам,орам,мотт,г1иллакх-оьздангалла,эхь-бехк,доьналла,вошалла,адамалла,дерриге а шена чулоцуш долу Нохчалла д1адоккхуш,отуш,дагош болийна болх сацийна а ма бац мостаг1аша,цкъа а.Цу дерриге а х1уманна бух бовза беза вайна,ца бовзахь вайна дарба карор дац ,тахана цкъа а ца хиллачу кепара КХЕТАМЕХЬ Г1ЕЛДИНЧУ вайна,лахьтийчу кховдо кечдинчу ,боккхачу кхерамехь болчу кху вайгарчу муьрехь!
***
Кортош дебаш сов бовларах тоьаш дац.Къийгаш а хуьлу гулъелча дукха !
***
Дуненчохь болчу уггаре а боьхачу,боккхачу ,1аьржачу ницкъо отуш,охьуш ,дагош,дойъуш,Махках дохуш, ялтанех,шовданех д1оьвшаш детташ,лаьттаха тахана йоьхкина иттанашкаш д1оьвше-ядерный жоьжанаш йолуш, цкъа вайна юкъахь ца хилла цамгараш яржийна ,цхьанне къоманна ца байна баала а халонаш а цу ницкъан къизаллаш а ловш-текхош схадог1у вай,цу Нохчаллийн НИЦКЪА БАХЬАНА ДОЛУШ, Делан къинхетамца !

Дерриге вайн къоман Синамехаллаш охьуш,вайна чудолла г1ерта уьш:«Нохчий ах-акха адамаш ду, Дин т1е эцна а дац 3-4 б1аьшо бен дац,х1инца а къам хилла далаза долу» бохуш.(Цу кепара олуш дерг хезча олара со жима волуш вайн Баккхийчу Наха ог1азаллехь: -Хьий-Дела мостаг1ий йа1 ,хьажал хьо цу Дажалан гурматера (нквд-ех олара цара иштта) схьадолучу д1аьвше,олий.Вай Ийман диллина ду Элча (с.1.в.) дийна а волуш,цунна г1оьнна вешан б1о а бохуьйтуш, цаьрца вайн ц1ийнаха итт берий (всадник)а волуш,цхьа ц1ийнан т1адам а ца 1анош олара цара.(Аьхка арахь йолуш,1ай вайн чохь йолуш кхеташо-пхьоьг1а лаьттара вайгахь,массуо а вайн ярташкара Баккхий Нах а бог1уш гуллуш).
Цу 1алашонна беш болу шайн харц болх цхана денна сацийна боцуш,коьрте шайн харцонан 1илманчаш а х1иттийна и болх тахана Нохчийн мотт буьцучаьрга д1абелла вайн мостаг1аша .
***
-Оха кхоьллина жоьжаг1атийна дуккха жинаш а‚ адамаш а.
Церан дегнаш ду – цаьрца ца кхета уьш‚ бIаьргаш бу – цаьрца ца го царна‚ лергаш ду – цаьрца ца хеза царна‚ уьш бежанех тера бу. ХIаъ! Царел а тилла бу! Уьш бу-кха гIовпал –бехке хилларш.( Къур1ан – Сура 7: аят 179).
***
Карарчу заманчохь даггара шайн маттана а къомана а сагатдеш болчу Нохчийн яздархошна,хьехархошна,иэс лардархошна,марг1алахошна (историкашна) доьхьалонаш еш,церан белхаш 1ора ца бохуьйтуш, зорба ца тухуьйтуш церан талламан кхетош-кхиоран белхаш сецош,г1елдина дено-дено оьшуш дог1уш ду вайн хьелаш массуо а т1ег1анашкахь !
Уьш бу тахана Академин ц1арах «профессарийн»даржашца, Нохчийн бух бохош,1амараташкахь-ишколашкахь берашна хьехар Нохчийн матте ца доккхуьйтуш берш.Шайн коьрте х1иттийна кхоьбанаш а (манкурташ) йолуш,орам хийрачу ц1ийх болу.Цара доьхьалонаш йо,шайн бахьанийна акхарошна а беламе долчу десачу хабаршца.Цара боху:
***
-Нохчийн маттахь дешна бераш россин институташка деша дахалур дац.Россин йоцурш кхи институташ яц Дуьненчохь ? Г1аскхийн мотт Нохчаша ца ларбарах кхин Да вац иза ларбан ? Африкера папуасаш а ма бу ши дош а г1аскхийн хууш боцуш баьхкина церан и институташ къегина чекхйохуш !
***
Оццула атарах шайга орам к1оргехь болу вайн х1у ца хададелча,цара юхьара берзийна и шайн болх,Нохчийн мотт д1абаккхарца вайн бух бохош цу маттехула.Церан цу т1ехь ондда ка а яьлла,боккхачу кхераме вайн къоман кханеа а т1ех1оьттийна цара.ЮНЕСКО 7-8 шо хьалха схьа а кхайкхина цу хьокъехь болу кхерам иштта:-Нохчийн мотт, Дуьненчохь леш болучу 136 меттана юкъахь бу аьлла !
Уггаре а доьхнарг х1у ду бохучух дерг аларца,цхьа сайн ирчачу х1оьттинчу б1арлаг1ех масала далон лаьа суна,20-ха шо хьалха вайн къоман кхетам мича хьоле баьккхина боху ойланашца,Дала вайна дага тесначуьнца долу. Вайн кхерамечу хьолехь долчу суьртехь дог1уш долчу дустарехь, цакхетарийн дегнаш сама даха а,б1аьргаш беллийта а,церан харц 1илманна-ямартлонна к1ела даьхьна долу, дуккха а болчу Вежарийн-Йижарийн довзарца дерг,иштта олуш:
***
-Цхьа ши паччахь хьалхенаш ,бахамаш къуьссуш т1емаш беш а волуш вовшашца,т1аьххьара а цхьа паччахь оьшуш бирзинчу къийссамехь. Тоьллачо и шен мостаг1 паччахь виэ а вийна берриге а цуьнан доьзал-т1аьхье хьаллак а беш,цхьа жима бер к1ант воцург, бахам шена а берзийна ца 1аш, шен къиза дог 1абош цу к1антах лай а вина гуттара сийсазвеш . Божалшчохь кхиийна волуш хьайбанашца цу бежанан меха а воцуш, анда ваьллачу хенахь цу паччахьо и шена т1е а кхайкхина цуьнга аьлла:-Хьо паччахьан к1ант ву,тахана сан лай волуш аьлча:-иза тешара вацара шега цу паччахьо аьллачух !? Ишттачу харц кхетамехь дуккха а кхоьбанаш яржийна мостаг1аша,Къонахийн хиллачу вайн къомана т1аьхьенех а !!!
***
Москохахь кечъеш вайна юккъе яржош ю Нохчийн ц1араха вайн мотт 1амийначаьргахула, боьха мел йолу клипаш,эшарш,дийцарш,жаргаташ (книгаш).Вайн къам шен Оьздангаллех ,Эхь-бехкахь даккха леринчу 1алашонца (программийца ),тайпанашна ,вирдашна юккъахь гамонаш яржош,цкъа хилла а йа хезна а доцу питанаш даржош.
Тахана дуккха а Дас-Нанас шайн бераш кху вайн Синамехаллийн, Ийманан Эхь-бехкехь,Яхь-Доьналлехь,Г1иллакх-Оьздангаллехь, вайн орамашца кхиораца, шайн Далла хьалха долучу декхарца дерг д1атесна .Нийсса аьлча:- иштта нуьцкъала хийра дахар,акхалла вайн коча а те1ош и бераш кхетош кхиоран болх шайга берзийна бовлуш лаьтта,шайн 1амрат-харц ишколашкахула, Мохк а Синош а кхетам а д1алаьцначу мостаг1аша !
***
Нохчо вац!
1
Мила ву сох кхетарг,йа кхета г1ертарг?
Ц1еначу уойланца соьца дог доькъург!
Оьзда вайн г1иллакхаш хьоьшуш ца лалург.
Дин доцуш лелаш верг,нисва сатуьссург.
2
Нохчо вац шен дагна,дег1анна там лоьхург.
Нохчо вац Даймехкан бала ца боькъург.
Нохчо вац шен къоман г1ароллехь воцург.
Нохчо вац коьмаьрша дог ц1ена воцург.
3
Нохчо вац Бусалбан Нах а ца лорург.
Нохчо вац Нахаца шалхонца вехарг.
Иштта г1о оьшачохь цунна букъ тухург.
Нохчо вац са к1езгалл шеца мел ерг.
4
Нохчо вац шен зуда,доьзал д1ахецнарг.
Дала т1едиллина декхар д1атеснарг.
Нохчо вац ша шена реза а хилла.
Сонтачу уойланца Нахах ца вешарг.
5
Сан кийрахь боккхачех лазам бу дебаш.
Дахаран вайн къилба бухт1ера далар.
И лазам болучийн кхеташуо йоцуш.
1алашуо вайн дарба лоьхуш ца хилар.
6.
Эзарнаш шерашкахь гулйина Хазна.
Нохчаллийн и Oьзда сибат довш лаьтта.
Вала Да воцуш ша 1инах ю йоьдуш.
Самуо йан ,ойла йан,кхетам вайн боцуш.
Аьрсбин Абу-Бакр. 30.07.05шо:
***
Цу дерригенна а ХЕ Х1ОТТИЙНА лаьтташ ду вайн Ламастехь.Вадд (менталитет) кхетамехь ,шайн ницкъ-г1ора Вошалла латторца .Дала Ша вайн Элчанехула (1.с.в.) схьаделла Суннатца т1едуьллуьш биргал дина гергарло ду ,Нохчаша цхьаммо ца лелийна кепара лелийнарш.
Элчано аьлла (с.1.в.) :-«Ша Дала хаза г1иллакхаш тодан ваийтина ву !» Иштта аьлла цо кхи а (с.1.в.) :-«Шун вархь Дена кхочу шуна Барзахехь волу,аша деш долу дика а вуо а,царна г1о делаш шайн дикачу белхашца-(1амалашца) !

Цу Элчанна т1едахкаршца дукха ч1ог1а лерина,доккхачу г1иллакхца,мерзачу гергалонца нисдина даьхна вайн къам,шайн цу варх1 Дегара болучу баккхийн доьзалашца хоьттина, кху замане кхочуш.Дика-вуо докъуш Вошалла лардечу декъаца,шен мерзачу з1енашца, цхьана доьзалан санна къоман хиллачу кхетамехь, шайн 1адат-ламасташкахь ,дахаран къепаца -(низамца) гулдинарш цу мерзачу г1иллакхех хиттинарш ду !

Г1иллакх Ялсаманийначуьра арадаьлла а ду,ша долучуьнца и г1иллакх юханехьа цу Ялсаманийна чу г1ур долуш а ду:-олучу шен ондачу кхетаман ниц1къаллехь а боккхачу лаамехь а кхаьбна Нохчийн къомо и Элчанера г1иллакхаш.Шаьш цу г1иллакхашца Ялсаманиэ чудаха Са а туьссуш !
Ворх1алг1ан-7 Да цхьаъ волу, Нохчийн Боккхачу доьзалан Вошаллийн ц1ераш ю х1орш,вай кхидерш санна йовш ,хьоьшуш лаьтташ йолу.Цуьнан барамехь вайна юккъахь шелуо ю яьржаш леррина кхунна доьхьала бечу 1аткъаман белхаша г1елдина вай марзонаш а гергарлонаш а хиларна.Амма вай дийна ду х1инца а,дицделла а дац ,Дала мукълахь.
Кхунна сагатдеш кхетам дика болу К1ентий а бу Дала латтош . Дала Ша даиманна вайгахь латтийна долу дебар а ду вайгахь тахана а массарелла лакхахь латтош,Японера Испане кхаччалца долчу латтанашт1ехь.АлхьамдулиЛлах1…
Нохчийн къоман коьрта г1ортор ю х1ара,вайн Элчано (1.с.в.) деанчу Хьадийсехь гергарло лардеш долчу декхарца хуттуш ,вайн Дайша т1еч1аг1дина долу.Цхьанне а къоманна кхетамехь доцуш долчу,сел хаза гергарло лардечу барамехь болу,Нохчийн боккхачу доьзалан ц1ийнан бух бу х1ара.

1)- Ваша. 2)-Шича. 3)-Мехча. 4)- Вовхатар. 5)-Хараш. 6)- Кхочург .7)-Герг.
Иштта х1ара къоман г1ора,бух ларбеш болу Нохчийн Баккхийн доьзалаш санна,шен къоман дерриге чудерзош долу дакъош а иштта 7-варх1 ду вайн.
1)- Доьзал бу.
2)- Ц1ийнан Нах бу:(Боккха доьзал бу).
3)- Ц1ийнан хьалхара Нах бу: (Шича мохчалара боьвлларш : 8,9,10…-г1а Дега бевлларш бу,иштта кхи хьала а,зуда ялон магийнарш)
4)- Гара ду : (Гара тайпана масехха хуьлаш ду, доккха-жималле хьаьжжина)
5)- Тайпа ду : (Шен гарашца цхьаьна кхеташ )
6)- Тукхам ду : (Вовшаха кхеттачу тайпанех лаьтташ,масех тукхам а ду аьлла шорделла ,цхьана тайпанах дерш а ду)
7)- Нохчийн къам ду : (Шен тайпанех долчу тукхамашца цхьана кхеташ)

Вайн Аллах1-Делера диссинчу Хьукманашца,иштта Цуьнан Элчарчийн (1.с.) масаллийн декхаршца хиттина долу,исбаьхьан ц1ена дахаран гураш ду, кху Нохчаллийн боьххьехь дерш а бухт1ехь дерш а ду, цхьа а шекуо йоцуш вай таллам бича.Шен юьххьера дуьйнна кху кхетамечу маттахь гулдеш, шайна чохь дахарца даьхнарг.Хийрачеран дешнаш лелон ца оьшуш, шеха тоам болуш буьззина мотт бу вайна Дала белларг вайна пусар а деш хаахь.Вай вешан маттаха, Адам мотт алар а ду тамашийначех дерг !

Семачу тергонехь,майрачу амалехь,доккхачу Доьналлехь, лаккхарчу тешамехь,боьххьерчу нийсонехь,йоккхачу говзаллехь,хьекъалан дустаршкахь,т1едеана муьлхха г1уллакх дика-вуо, Вошаллийн г1орторашкахь лаьттина,вовшийн белшаш х1иттош дерриге а дерзочу кепаца.Шайн 1ар — дахар аттаче даьккхина, (1адат :-1ар –диэ-атта) бохучу гураш чохь ч1ог1а лерина кхобуш, шай белхашкахь вовшийн г1оьнца белхеш беш.Толамаш,Ловзарш,Тезеташ, юкъара долуш ,Вошаллех хоьттина нисдина ду х1ара.Исламан бухт1ехь,Доьналлийн бохьца литтина исбаьхьан хазалла,хьунаран де долуш ду Нохчаллийн дахар.Муьлххачу халонах корта айъина чекхйолуш йолу дахаран чарх а ю.
Мел хала киртиг т1ехьоьттича доха ца духуш,г1ийла аг1о ца гойтуш, цхьаъ санна д1ах1уьттуш.«Массарна юкъара дерг мел хала делахь а ловзар ду»,- олуш.Тешначу бехках букъ ларбан ваша хилчхьана миччанхьа а чекх толамца дуьйлуш.Доккхачу хьуьнарца даьхна ду вайн къам шен Нохчаллийн кхетаман г1ирсашца,хьежаршца.
***
НАХ .
1
Дахарца хоржу вай, дезаршца дустуш дерг
Яхь йолуш Оьздачо, Къонахчалла лоруш
Оьздачу шираллийн Бух ламаст лардеш дерг
Юкъ йоьхку вайн Умматан, Эхарт Де къагош.
2.
Эзарнаш шерашкахь вайн Дайша гулйина
Элчанийн весиэтех юьйцина шайн Хазна
Йоь1а-б1аьргах ларйина шайн синош дихкина
Шайн дог1маш, лаамаш г1ароллехь латтийна.
3.
Уггариэ хьалха дерг, Иманца кхолуш нисдина
Шолг1а дерг Маршонца къоьвлина хоьттина
Биэркатан шайн орамаш к1орггиэ д1адийг1ина
Шайн ц1ийца хьацарца, дебош уьш биэзамна.
4.
Тиэшамца доьзнера, вайн Дайша шайн дахар
Лиэрамца леррина биэхкамца нисдина
Цара шайн лардина юьхь дуьхьал хьежар
Болатчу ч1аг1онца хьасаниэ шаьш хилла.
5.
Шайн г1илкхаш-г1уллакхаш Парзашца доьзна
Дала т1едиллиначух, вовшийн беш ларам
Элчанна Суннатца г1ортораш латтийна
Пусарца юкъа меттиг хиттиний цара-м .
6.
Дуьненуо 1ехийнарг хьо цхьаъ вац:-варийлахь бохуш
Осалчу сонталлех массуо а кхерра уьш Оьзда
Дехариэ ца хьоьжуш, цхьаъ хьаште воьжча
Вовшашлехь латтийна, Юьхь йолу орца.
7.
Стигланаш кхуолаеш мостаг1 т1ег1оьртича
И Элийн шайн Хазна, шайн дахар хьиэша
Хийла шайн оьмарехь, кортош а айъина
Доьналийн Собарца, Яхь, Сий а лардина.
8.
Цу т1амуо 1овжийнарг, дог оьций хьоьстуш
Белхешца йагийна х1усамаш денйина
Шай Маршо парг1атон дахар дах1оттуош
Цу т1емаша чахчабеш, къар ца луш лаьттина.
9.
Шайн кхетам х1урматца, Сийлаллехь кхаьбна
Нийсонан ц1еналлехь, Вежаралла латтош
Харцуо а тешнабехк, хьарамца дуьстина
Эхь доцург Яхь йоцург, Стаг вац а олуш.
10.
К1орггачу хьекъалан ,лаккхарчу кхетамца
Адмаша хоржуш дерг, шина декъехь хиларна.
Цу хьесап дезараш ,шина декъиэхь латтарна
Адаман хьиэсап а, шина декъиэ декъна
11.
Хьалхара Нах болуш, шолг1а берш лаьш болуш
Уьш бахаран дустарца, хьекъалиэ хьаьжна
И Нах а и Лай а кхаа декъиэ бекъна
К1оргера а юккъера а лахара а лоруш
12.
Нах беха хьекъалан кхаа кога г1орторехь
К1оргачу хьекъалехь верг Къонах лоруш
Юккъерчу хьекъалца верг К1ант а лаьрра
Лахарчу хьекъалца верг Стаг а лоруш
13.
И хьекъал диэкъалуш кхаа декъиэ хиларна.
Цу Нехан 1уьналлехь, тергонехь лаьш болуш
Нехан дукъ г1аролехь самуонехь лаьттина
Лайн дахар дехкаршца, гурашчохь кхобуш.
14.
Дала Ша т1едиллина диэкхарца воцург
Дуьненах, бахамах «Делий» шаьш лоьцурш
Шен дег1ан, доьзалан дозанца воьзнарг
Наха шайх хервина Лаьшца д1ахуттуш.
15.
Адамаш хиларца кхаа декъехь лаьш а бу
К1оргачу хьекъале ерг, Бож ю ша лаьрра
Юккъерчу хьекъале ерг, Хандарг ю аьлла
Лахарчу хьекъале ерг, 1уьт1а ю лаьрра.
16.
Дукха ч1ог1а дихкина лаьшна дарж хилла
Махкамат, йа Кхиэлехь церан дош ца хилла
Наха т1едохкучу дахаран хьашташца
Маьршачу Нахаца, баьхна уьш Маьрша.
17.
Наха лайх лардина къоманна Урхалла
Уьш туьдуш йовзарна церан и ямартлуо
Сак1езга хиларца кхеран и къизалла
Саьхьаран бух боцу шайн дегнаш довзаруо.
18.
Къонаха вайн къоман Хазна ю Сийлахьа
К1ант оьзда гуттара къоман юьхь хилла
Стаг г1ортор белшашт1ехь дика-вуо лаьттина
Цу къепо шаьш лардеш вайн Дай бу баьхна.
19.
Х1ора а денна уьш Кхоьллинчух кхерра
Хастам беш, Цуо деллачух тоамиэ баьхна
Нехачух, доцучунна Са а ца тиссина
Таруонах буьстина Стеган мах ца хадийна.
20.
Оьзда вай Къаной шайн Кхелиэ хийшош
Сий долу Къонахий шайн коьрте бохуш
Майра шайн ц1ена К1ентий г1ароле х1иттош
Кху дийне кхаьчна вай Сий долчийн т1аьхьенаш.
21.
Дала Ша аьлла ду. *Шун дика Ша доъуш вац*
Цуьнан доьхьа лаьтта вай Г1азотах мур бина
Халуонаш, харцуонаш, къизаллаш хьиэгарца
Кханенан Къиэматан Денна сатиссарца.
22.
Массуо Са къастийна,хьакъ долчу т1ег1анахь
Х1оранне кхачийнарг терзант1ехь хилла
Акхачу экханна а кхораш дийг1ина
Хьун а буц Са долуш, т1аламца лерина.
23.
И Джовх1арш лардина дуьненах чекхбовлуш
Массуо а заманчохь Нах хилла баьхна
Шайн весаш, халонаш, дегнашкахь къуьйлуш
Осалан лайн Синош,шайх хиэра даьхна.
24.
Цу ширчу заманчохь,цу хазчу хенашкахь
Нехан Дин, йоккху ц1е Нохьчалла хилла
Нохьа Дас Элчано хьехначу да1ватехь
Нехан дукъ лардинарг, Бусалба лерина.
25.
Дайн косташ, хьехамаш лардеш чекхдийлина
Мостаг1ийн ардангашна гора ца иэгарца
Х1инццалца т1емак1урлахь, кху дийне кхаьчна
Цу Нохьан т1аьхьенийн, Элчанийн з1енашца
26.
Дерригиэ къаьмнаш шайн Паччахьаш болуш
Паччахьаша шайн халкъаш 1азапехь дацош
Нах баьхна шайн коьртехь Махкамат йолуш
Маршонан дахарца, шаьш Элий лоруш.
27.
Дала Адам кхоьллина, дуьненан Эла вина
Кхолламан диэкхаршца г1иллакхаш нисдина
Вовшашца юкъа-меттиг нийсонехь туойина
Сийлаллехь чекхбийлина вошалла лардина.
28.
АлхьамдулиЛлах1и вайн Далла хастам бу
Шен Дашца хьукманца вайн дахар хоттарна
Ша Вовзар Шех кхерар, дегнашчу дилларна
Элчанаш биэзарца, мук1арло дайтарна.
29.
Вайн Дайшкахь дуьйна схьа, Ийманах хоттарна
Шен Фарзийн 1уьналлехь, вайн Синош латторна
Дуьненах чекх Са гуш, Дай баьхна хиларна
Геннара дуьйна схьа, беркатца нисдарна.
30.
Вошалла а Тиэшам а Эхь-бехк шен доцург
Хастаме пусарца г1иллакхе ша воцург
Вайн Дайша цкъа а Бусалба ца лаьрра
Бусалба ша воцург Нахах а ца лаьрра.
31.
Бакъ ма ду вайн г1елдина и Нохчийн т1ег1а
Эзарнийн шерашкахь кху тиэкхочу дукът1ехь
Къонахий д1акхелхаш, Хардангаш диэбаш
Сий долу вайн К1ентий 1охкучу Махкахь
32.
Харцуонан дерригиэ х1ара Дуьне т1елиэташ
Цхьа Паччахь,Цхьа Баьчча, цхьа Имам воцуш
Вайн бакъуо, вайн Маршо,къабалйа х1уттуш
Йа царех цхьаммо а шаьш дина г1о доцуш
33.
Вайн кхетамах, лиэхамах, доьналлех хаьдда
Вайх кхета ца туьгу, х1ара Дуьне цецдохуш
Вайгарчу масаллийца и вежрий самабохуш
Цу Далла хастам бу, дегнашна йовхуо луш
34.
Амма Нах тиэшаш бу, Аллах1ан орцанах
Цуьнан къинхетамца денлучу кханиэнах
Дала вайн г1аттийнчу, доккхачу диэбарах
Вай Дайшкахь ларйина нийсо д1ах1оттарах.
Муваххьид Аьрсбин Абу-Бакр. 17.04.13 шо.
(Сайн Ден Дена хьафиз- Шайх Хьамиданна лерина)
***
Аллах1-Дала (дж.дж.) цхьацца меттехь тайп-тайпанчу маь1анашца яьхна Шен Сийлахьчу К1ур1анах ц1ераш:-«Дика-вуо къасториг», «бакъо –харцо йостург»,«Кхетам»,«Терза» иштта д1а кхи а…
Х1ара Нохчалла ду шен Кхетамца мостаг1ашна доьхьала латта,ша кхиийначу Доьналлехь хьаьрчина долу,хьуьнарца ниц1къ къочуш къаро йоцург.Кхуьнан 1ер- дахарца Эла вац ,кхи долчу къаьмнийн санна, х1ара къам шен куьг та1ийна, церан хоьскех дохка а къардан а Маршонах даккха. Цуннат1ера схьа вайн и Кхетам лакхахь латтош баьхна вайн Дай ,вайн Делан Парзашца а Элчанна Суннаташца а доьзна шайн дахар долуш.И Кхетам шайн бух буйла а Хазна юйла а хууш ,АлхьамдулиЛлах1 !
***
Дешаш дац тхо писчу амалх
Тхо-м Синошца Элий Дай
И мостаг1ий мел дукха хиларх
Яхь а Юьхь а лардина Дай.
(95 шо)
***
Цундера даьхна-кха х1ара Нохчалла олу хаза Дукъ, Дуьненахь массуо а хенахь шен Сий долуш кхечарна гергахь.Цара шайн-шайн меттанашца ц1ераш тохкуш уггаре Сийлахьчу маь1анашца.Вайна йоьвзачу а леч1къийначу а къайлаяха г1ертачу а,лулахошна а генарачарна а д1асайоькхуш лаьтташ йолчу ц1ерашца, вайн Марг1ал-терхьаман (историн) ширча Дайн а церан пачхьалкъийн а ц1ерашца,кху кепара маь1анаш долу вайна техкина йолу:- «Нийсонца берш»,«Нохьан т1аьхьенаш»,«Нийсонан Дай»,
«Масаллийниш»,-«Хьалхарниш»,«Буьрсаниш»,«Куьцениш» и д.кх …

Къинхетам-Саг1ий массуо а х1уманалла а хьалха долуш.Шена хуьлу ца там а халонаш йийцар а ледара лоруш долуш.Вовшашлахь йовха Яхь йолуш. Элийн лерамаш болуш массуо а т1ег1анашкахь нисбина вовшашца .Бахьана даьлла-даьллачахь вовшийн совг1аташ деш.Муьлххачу х1усаме эвххьаза ийза ца луш т1евоссаран Вошалла а хьошалла а долуш .Х1ораммо а доггаха лелочу вай Нехан Адамаллийн мерзачу г1иллакхехь бу вайн орам а ницкъ а,Делан пурбанца !
Тахана мостаг1аша гамонашца доькъуш,даккхийчу ахчанашца 1ехош кхетамехь Ийманехь г1елвелларг,кескаш яьхнехь а вайха,делахь а вайга литтина нислур доцучу хьолехь а дац вайн хьал,орамаш к1оргехь дохкуш хиларна,Дала мукълахь !

Цу вайн марг1ална (историна) ка етташ,чаг1алкхаш санна эхь бохург х1у ду а ца хуучара д1ай-схьай ийзош, схьадог1уш ду кху т1аьххьарчу 3-кхаа эзар шарахь, вайца лаьттина долу хьелаш.Сийлаллех къеггина шай ц1ийца лардеш даьхнарш,ширачу хенара вайн марг1алан (историн) даакъош декъна цара, шайлахь биначу харц бартаца шайна юкъахь.
Пайхамарийн баххаш жуькташна дерзийна, Шемахь а Г1ирмахь (Крым) лелларш желтоша (грекаша) шайна дерзийна,Урартухь, Кавказан Албанехь, лелларш Эрмлошна дерзийна,г1еххьа долу дакъа Гуьржашна а кхачош. (((Владыка над всеми детьми Кавказа Дзурдзук- (сообщает «Картлис цховреба») ! А Дзурдзуками грузины тогда звали предков Нохчий.)))
19-г1а б1ешерашкахь цу Миттани а,Урарту а Нахчери а олуш лаьттинчу вай пачхьалкхий латтанийн экъанна ц1е а хийцина цара, леррина вайн баххаш шайна дерзочу кепашца нисдеш :-«Армягское нагорье» аьлла .

Таханлера Иракъ,Шема (Палестина,Иордани,Сири),ерриге Мессопотами,малхбузе Г1ажар (Иран),малхбале Хонкар (Турци),ерриге Кавказ Идал (Волга) хина т1екхаччалца долучу Мехкашкахь, тур-текхош Нохчийн Урхалла лаьттина ду цу ширачу заманашкахь,шайн гаранаш Европе а Ч1ина (Китай) а кхочуш,шайгара яржочу серлонца а кхиамашца а бухахь боцуш болу.Цу латтанашт1ехь дехачу а т1едаьхкинчу а халкъаша т1елецна лелош тахана вайн шира дешнаш ду,уьш вайна ваьш цаьргара т1еэцна а моьттуш.1арбоша лелош долу вайн дешнаш инзаре,ца тешшала хьал ду.

Кхи дерш ца дийцича тоьаш ма дара вайна и бакъонан ширчу орамийн баххаш, вайца з1е-маза болуш дуйла хаа а ларда а даржо а долчу декхарна.Библи а кхи ширчу таьптарашт1ера хийн а латтанийн а пачхьалкхийн а шира цераш вайн маттахьа хилар,шен чулацамийн маь1анашца,хаттараш дастарца долу.
Уггаре коьртан а доккха а долу ши хи ду, цу Мессопотамийн а Х1уррий-Сурий Мехкаш хедош чекхдолуш долу ц1енна вай маттахь техкина ц1ераш а йолуш,
(реку Тигр хурриты называли:- Аранца-хи — «равнинная река»). (реку Евфрат- хурриты называли:-Хиддак1ел ).
***
Царнат1е цу шина хина юкъ а ша мехала хилла а йолуш бахамца,массо а паччахьо езаш къийссина сеналлийца йолу иза ю вайн маттахь :-«Сеннаара» ,аьлла яза йиссинчу ц1арца къаьсттина шера гуш ду.Сийна аре ю иза ,шина хина мехала юкъ лаьттина йолу,цу малхо беттинчу бовхачу махкахь .
Аланийн марг1ала Х1иришна яздина.Киммерийцаш, Скифаш ,Амазонкаш,олуш хилла марг1алехь даьхнарш муьлаш хилла а ца хууш,х1у доцуш дайна бохуш ч1аг1дина.Новрера (севера) Гармана аре олу вайн латтанаш Идал хи (Волга )-Танаис Тийна хи (Дон) т1ера дехьара бердашца долу латтанаш муьжгашна кхаьчна,Г1езалой (татараш)-М1аьмгалоша(манголаша) д1адахарах вайгара ,кхи юха дерзо кога х1иттина букъ нисбан ца дуьтуьш ,хьийзочу къийсамехь коьртан Кхетам цара г1елбина вайлахь, шайн лерринчу харц т1е1ат1къамашца !

Т1аьххьара а Къаспин х1урда йистош вайгара д1айаьхна г1аскхаша,Хойхи –(Сулак) Г1умхи –(Кума) ши хи цу х1урдаха кехетачу юккъехь долу латтанаш суьлашна д1аделла лаьтташ ду,вайн Дайн ярташна а кешнашна дола дан йиш йоцуш кху карарчу хенахь.
Тъа Нохчаша х1етте а шайна юкъахь лаьттачу нийсонан декъаха ца баьхна цкъа шайн лулахой а цхьанне а хенахь (Далла хьалха долучу,лулахо бехке хиларан декхарца).
Оьшачахь г1о-орцанах а ца хедийна вай уьш,цхьа дол латта а ца даьккхина цаьргара ницкъаца вай даиманна а царел сов доллушехьа.Йа царна новкъарлонаш ца лелийна, цаьрга г1о-саг1а дехна а цара вайга санна!

Ишттачу халачу хьолехь дехаш текхочу кху вайн Дукъуо, гуттара а кху Дуьненан хьекъалан Дай шеха цец бохуш, шена т1еийзош долчу бахьанашца,цаьрга лаккхара мах хедош,боккхачу ларамца яздайтинарш а ду вайна доьвзаш,иштта къайла даьхна дуй хуарш а ду.
***
1990 шарахь Калаке (Тбилисе), Гамсахурдин боламца йолчу з1енаца) ваг1а новкъа ваьлла, Буру-г1алахь (Владикавказехь) билет а эцна ц1е Икарус автобуст1е хууш, суна юххехь нисвира Дала, х1ара тамашийна х1ума лийцина волу Эрмлойн цхьа 1илманча .Тхойшинна къамел доладелира Кавказехь т1емаш лилхинчу хьокъехь Арцахехь а (Карабах),Калакехь а Бакох а.
Со дукха лерина ладуг1уш 1ара цуьнга,цхьа тамашийна шен кепара суна хезна а доцучу маь1нашца дуьйцара цо и хьелаш.Аса хаьттира цуьнга хьо мила ву а муха х1у дан деза и т1емаш бохамаш ца хилийта.(Со со вара х1етахь Маршонан т1емаша г1аттийна хьийзаш,советан 1едал дохаре са а туьссуш).
Т1аккха иштта дуьхе кхиа г1ертачу сан къона кхетамах кхетта, дикка сунат1е схьа а вирзина элира цо:
-Знаешь молодой человек.Никогда на Кавказе не будет порядка и мира, пока Кавказ не вернёться к своим корням !
Суна моьттира т1аккха х1ара Эрмло а хилча,х1инца х1ара ерриге Кавказ а шайна ерзо дагахь долуш боха хир ду хьуна кхо аьлла,( Со студент волуш россехь 84 шарахь Эрмлочуьнгара Урарту карта схьа даьккхинера аса ,цуьнан чохь д1атоьхна долу,цо иза Эрмлойн пачхьалкхе хилла аьлча ) цут1ера схьа и моьттина аса хаьттира цуьнга къовса а дагахь.
Это к каким таким своим корням должен вернуться Кавказ для мира и спокойствия ? Цо элира соьга т1аккха иштта со ч1ог1а цец воккхуш,ша иштта бакъ дерг аларна.(Ростов г1алахь ша зав.кафедра ву а элира цо)

Из покон веков на Кавказе правили твои предки парень,соблюдая мир ,назначая и контролируя князей для всеx народов по их желанию и выбору. Вот тогда был Кавказ единый и процветающий.И народ твой Нохчий был источником этой цивилизации,с которых брали все пример в общежитии и культуре и в быту.Которые считали удачей жить с Вами рядом уж тем более породнятся !

ШОЗЛАГ1А ДАКЪА.

1АДАТ бохург ду – 1АР-ДИЭ-АТТА ; — 1ЕР-ДАН-АТТА (Дахар диэ атта) !!!

Из покон веков на Кавказе правили твои предки парень,соблюдая мир ,назначая и контролируя князей для всех народов по их желанию и выбору.Вот тогда был Кавказ единый и процветающий.И народ твой Нохчий был источником этой цивилизации,с которых брали все пример в общежитии и культуре и в быту.Которые считали удачей жить с Вами рядом уж тем более породнятся !
Иштта шен ц1е-яхна гоьйаларца (г1аръяларца ) арахьара хийрачех волу г1ийла-миска массуо а шена т1е оьхуш ,къинхетам боккха буйла а хууш боьвзаш лаьттина бу Нохчийн Мохк.Цундера ду-кха х1ара ч1ог1а лаьттинарг хаза,юьхьк1оме, вай муьлххачу аг1ора хьовсича ,муьлхачунна шен декъаха хила луур долчу барамехь, шен ондачу Дала диссийначу баххашт1ера хилар бахьана долуш.
Вайна дага дог1у боьдаш т1ом а боллушехьа, вайн Махкара саг1адоьхурш лаг1луш бацара,къаьсттина Г1ирг1изаш а Таждикаш а шайн доьзалашцани лелаш болу вайн Махкахь.Ишттачарех болу Таджикийн доьзал беара вайн уьйт1а ,кхо бер Зудий сина обанца волу Воккха стаггий цхьаьна.Саг1ийна х1ума еллачул т1аьхьа аса хаьттира цу Воккхачу стаге.
-Скажи Дед а почемы Вы всё время все приходите к нам за милостыней,даже тогда когда у нас идёт война ? Он ответил на ломанном русском языке:-Эх что т1и знешь синок,мой Дед говорил что он слишал от своего Деда,что когда голодно или трудно надо ходит Чечню,они никому не отказивают.И кхетам иштта довзар генарчу Азехь а хилча,вайн лулохошкахь муха хилла кхета а дац хала .
Ийманна к1елахь кхиъна шен ширачу дахарехь кхихкина,вай муьллхачу а аг1ора хьоьсича а ,кху Нохчаллийн 1адат-Ламасташ дерриш а цу вайн Элчана (1.с.в.) Суннатна буха дог1уш долуш гуш ду,шайн ц1анонца а шайн марзаллийца а шаьш дустарца а долчу б1ог1амашца.
Адаманна шена дага а деана хьекъалан ницкъ кхочур болуш ма дацара х1ара Джовх1аран Ламасташ ,Пайхамарашкула Делера диссинарш ца хилча.АлхьамдулиЛлах1 –Далла бу чаккхе йоцу хастамаш !!!

Цундера и Делан лардех (Лард-столп,основа), декхарех лаьтташ долу шайн дахар а кхетам а хиларна, т1еэцна Нохчаша Ислам, т1амца доьхьалонаш ца еш кхечара санна дов-шов а доцуш.Жиммачу декъуо Элчанна (с.1.в.) заманахь,вуьйш биссиначара Халиф-1умаран (р.1.) заманахь а .Кхунна бийца баххаш а долуш ду вайгахь, АлхьамдулиЛлах1 .Х1ара ч1аг1до Мубарак-Фури олучу Мухьаддис волчу 1елам стага дукха хьан йоццуш арадаьллачу шен жайни чохь:-Элчанна дахар – аьлла долу,со жима волуш вайн Баккхийчу Наха ма дийццара !
Х1ара дерриге а Дуьненан халкъаш ,Дала доссийначунна б1останаллийца харц дехачу хенахь,ницкъ сов берш элий паччахьаш х1иттина,г1ийлачеран кочахь уьш бацош церан хьаккъаш дууш, уьзуш мацалле халоне а боьхкина даьхна,беккъа х1ара Нохчий боцурш.Вайна ма хаъара и декъаза дахар вайлахь меттиг болуш лелла дац,Делан къинхетамца.Вай реза а долуш массара а лардинарг ду массеран а цхьабосса нийсонца йолчу Маршонца лардинарг !

Маьршачу шайн дахарехь вай 1ер-даха а кхиа а дитина дац цхьанне а хенахь, Дуьненан йаккхий пачхьалкхаша т1амца т1елеташ,зара-чоьвнаш йижа ца кхуьуьйтуш.Цхьаъ юхатоьхна чу Са даийта ца дуьтуш,цуьнан метта тур доккхий кхи вог1уш т1амца, шайгарчу талорех бохамех доьала ца дуьтуьш, дерриге къийсаман кху вайн къоман дахарехь ,Дала самонца ира-кара х1оттийна ,семаллехь лаьтташ юкъ яста аьтто боцуш схьакхаьна вай кху дийне,АлхьамдулиЛлах1 !
1-ра:Царна оьшара Нохчийн токхечу Махкара хазнаш а даьхни а шортта Нехан хилла долу…
2-г1а :Вайн Доьналлехь болу К1ентий а оьша царна ч1ог1а, шайна б1оне а бохуш уьш ницкъ стамба,кхечу талорашна,т1емашна…
3-г1а :Легашка яхана даь1ахк санна новкъа а ду царна х1ара Нохчаллийн Маьрша дахар,шаьш лоллехь бахкочу лаьшна гергахь вуо масалла долу.Иза бу царна уггаре боккха кхерам,шайн пачахьалла дожарца болуш болу !

Вайн Адамашкахь шайн сица ду Оьздангалла а Эхь-бехк а ларарца дерш.
Хьайн чуьра ара ваьлча куьпа хьаша лоруш,куьпара ара ваьлча эвлан хьаша лоруш, эвлара ара ваьлча Мехкан хьаша лоруш ,Махкара ара ваьлча Дуьненан хьаша лоруш ,Яхьца ларйина Нохчаша шай турпалан ц1е !
***
Цу стиглан 1аьршашка б1авнашца г1ерташ
Ларйина вайн Дайша шай Сийлахь ц1е… (1992 шо)
***
Х1орш лераме доцуш,х1орш дохош верг,кхаьрца воьзна воцург вай цкъа а Бусалба а йа Нохчо а ца лаьрра,йа цуьнан харцонаш,шалхонаш,ямартлонаш,каеттарш,осалаллаш, Нохчаллех хьаса болуш а ца хилла .Уьзуш б1осталла ду Нохчаллийна , вайна юкъахь гуттара а иэхье а иэшам болуш хилла долу !
Кхана Далла хьалха а тахана кху Дуьненна хьалха а х1ара ала меттиг баьккхина ду Нохчийн къам шен сирлачу дахарехь,ц1ийца а хьацарца а долучу марг1ала-терхьаман (историн) баххашца !
Х1АРА ВАЙНА ХАА А ДЕЗАШ,Т1ЕКХУЬУЧУ Т1АЬХЬЕННА Д1АКХАЧОРЦА ВАЙН МАССЕРАН А ДЕКХАР ДОЛУШ ДЕРГ ДУ,ВАЙНА НАХ ХИЛЛА НИЙСОЙЦА ДИСА ЛААХЬ, КЪАМ ХИЛЛА КХУ МАЬЛХАН ДУЬНЕНАХЬ А,КХАНА ЭХАРТАХЬ ХИНДОЛЧУ БУЬРСАЧУ ХАТТАРНА АЬТТО БЕЗАШ ДЕЛАХЬ А.
Вайн Синакхетамехь даьхна долу, Суннатех дуьйцина дахар вайна даларна,Везчу Далла хастам бу-кха, кху хазачу а нийсачу а Шена гергахь долчу дахарца вай нисдина Волчу ! (Ин шаа-Аллах1 та1ала Роббана,Дала мукълахь)

Къур1ан-Суннатах далуо далил доцуш цхьаъ-а х1ума дац кху Нохчаллийн дозанашкахь,1адат-Ламасташкахь.Цхьацца джах1ил-тиллачу вайн адамашкара харцонаш ,юьхь1аьржонаш а вайна уьш эгарах,церан бух бац кху Нохчаллийна гураш чохь !
***
Цареха дукхахболчийн Тхуна ца карийра ваIда-бехкам кхочушбарт1ехь‚ Тхуна ма карийра царех дукхахберш песакъ-1еса нах. (Къур1ан – Сура-7:аят-102).
***
Кхуьнца з1е ца хадош Маршо, Сий лардеш латтош болу къийсам а т1емаш а шайт1анна б1онера хилар а дац жимма а шекуонехь.Иза а вайна Кхана доккха карон долу Г1азуотан даакъа ду Делан пурбанца.Дала ма боху вайга:-«ША ШУН ДИКАНАШ ДОЪУШ ВАЦ ».
Шаьш лардийраг х1у ду а мичара ду а хууш къийсина х1ара вайн Турпалчу Дайша вайна а шайна лардеш,мостаг1чуьнан сов болчу ницкъе а б1она а ца хьожуш.Кхуьнан мах дукха лакхара буйла хууш,доккхачу Доьналлийн хьуьнарех болчу кхетамца.

Кхетам бу нийсонца а болуш, сонта доцчу халкъана коьртехь лаьтташ хуьлуш.И кхетам бу вайха Яхь-Эхь долу къам динарг,шен оьздачу мехаллашца.И кхетам бу вайгара д1абоккхуш берг а вайха хьайбанаш дан леринчу къийсамца.Дала цхьана меттехь шен Сийлахьчу Къур1анах а яьккхина и Кхетам аьлла ц1е !
Хаттабан 1умара (р.1.) шен вайга динчу Весетехь а биргала баьккхина и Кхетам,цо аьлла:-Х1ай Бусалба Нах,аша кхо х1ума ч1ог1а лардахь,цхьанне а мостаг1чуьнгара кхерам хир бац шуна.1-ра Шайн т1еман ницкъ ларбелаш кийча: 2-г1а шайн Кхетам ларбелаш: 3-г1а цу шайн Кхетамца болу Барт а ларбелаш вовшашлахь !
***
Вайн къийсаман диэкхар !
1
Даймохк хьо Дег1аста,х1ай Нохчийн синтиэман ага
Миэл ч1ог1а биэза хьо кхоьллина хилла вайн Дала
Хьуна чохь баьхначийн марзуонаш юсталац соьга
Дин доцург Даймахкиэ,дуста цхьа дош ма ца хилла.
2
Эшначуьн, воьжначуьн, товжийла гуттар хьо хилла
Асхьабийн г1иллакхаш,лаккхара хьуна чохь даьхна
Адамалла,кхинхиэтам,саг1анаш хьан кхерчахь лиэлла
Сийлаллийн ц1е ягуош,К1ентий бу хьан букът1ехь баьхна.
3
Вайн Юьхь а вайн ц1е а ларйина Нануоша-Йижарша
Хьайх кхиэта ца туьгуш,х1ара Дуьниэ хийла цецдаьхна
Буолатан Вошалла,тиэшаман дотаг1алла кхаьбна
Ма ала аша Вежарий ,х1ара дерриг дайна д1адаьлла.
4
Вайн дерриг делла дац,т1аьхьиэ ю Дала Ша диэбош
Дог хьоьсту, Са ц1ена Малийкаш схьаделла вайна
Вайн б1аьргаш диэладеш,байъинчех чоьвнаш а ерзуош
Вай юха дендала,ч1аг1дала бергалуо елла.
5
Мостаг1 ву бохь буг1уш,шен боьхалла вайн кийра тиэ1уош
Даймахках,тиэшамах,доьналлах,вай даха г1ерташ
Цу Делан бакъуонца вайн яьхна з1енаш а хиэдуош
Де-буьйса ца дойъуш,шен болчу лааманна сахьташ.
6
Г1орасиз ду аьлла,бакъуонах вайга дог диллийта
Къонахий сийсазбеш,к1иллой а биэдакхаш уьйъуш
Турпалалла Нохчалла Нахера д1адаьлла моттийта
Маьршачу Нохчочун Синкхиэтам д1абайъа г1ерташ.
7
Цу муьжгийн ямартлуо,боьхалла йоьвзаш ю вайна
Вай диэкхар ца духку,мостаг1ийн дукхаллуо,хьакъца
Вайн Делан диэкхарца,стогалла доьвзаш ду вайна
Къийсаман з1е латтуо,д1абахна Къонахийн Дайшца.
8
Цундера вай кхойкху,х1ора миэл кхиэтачу К1антиэ
Г1аролан самуонца, орцанна некъан т1евала
Вайн Дайша лардина Иман д1акхачуо хьайн К1антиэ
Маршонан къийсамехь Даймехкан дахар да кхала.
9
Хьо 1аччахь собарца кхиабиэ доьзалаш кхиэтош
Дела а вовзуьйтуш,Элчанна дахарца боьзна
Дуьниэнахь Эхартахь пайденна 1илманаш 1амуош
Мостаг1ийн мекарлуо,шалхалла йовзийта оьзна.
10
Б1аьрг сирла лиэпарах,уойланийн чаккхиэнаш циэстарх
Х1ара Дуьне-м дуьсур ду,хьалха д1абахначех санна
Дерригиэ доьзна ду, вай кху чохь бог1начу стоьмиэх
Лензаллийн дахарехь,каруон дерг массарна вайна.
11
Т1аккха ахь йоккхур ю,Дуниэнахь Сийлалла ваха
Т1аккха ахь доккхур ду,Даймахкахь хьайн къам а парг1ат
Т1аккха ахь буг1ур,хьайн т1аьхьенна мерза стом баха
Т1аккха ша хир хьуна,Махьшаран Майданахь совг1ат.
Аьрсбин Абу-Бакр 09.06.14 шо:
***
Х1ара дош дерзош вайн хьекъалечу Дайн, хазачу Кхетамера долу масех дош далор вай:
***
Дуьне хазадийриг цуьнан малх бу.
Буьйса хазайийриг цуьнан бутт бу.
Адам хазадийриг цуьнан Г1иллакх ду !
***
Маршонал дезиййа, Даймехкал Сийлахьиййа ,
Неналла мерзиййа, х1умма а ма дац кху маьлхан к1елахь !
***
Вай дийца кху гурашчуьра дуккха а ду.Дика а нийса а талламан хьекъале белхаш беш 1илманчаш а бу вайна Дала латтош.Цхьа де а хьал а дац вайна ма хаъара цхьана меттехь лаьтташ.Вай Доьналлехь,Вошаллехь кийча хила а деза муьлххачу хийцаманна. Вайн дегнаш ца гуш, до1анаш д1атесна 1аш вай Кхоьллинарг а ма Вац ,АлхьамдулиЛлах1.
ВаЛлах1и вайна бац моттийта г1ертарах мостаг1ий и Барт а Марзо а Тешам а болуш ма бу вайна юккъахь доккхачу декъанна.Гал баьхнарш вайна юкъара хиларах,уьш боцуш цхьа а вац.Вай вуно мерза ма ду аренца, вовший хьовсарца,гергарлонца.Кегийрхой ма бу вайн Оьзда а Эхь-бехк долуш АлхьамдулиЛлах1.И ма ю кханенан деган йовхо…
Юхадовла вайна кхи меттиг а бац,вешан Турпалчу Дайша лардинарг 1ад а дуьтуш,иза Дин,Маршо,Тешам,Г1иллакх -Оьздангалла а церан баххаш а ду.И шадерриге а шена чохь долу къоман Хазна Нохчий мотт а бу, вай ларамца ларбан безаш.

Сийлахьчу Аллах1-Дала цут1ехь Шен Беркатца 1алашоне кхача дойла вай,гал ваьлларг дохко воккхуш,моттарг1анийн набаро лаьцнарг сама воккхуш,ца хуург довзуьйтуш,вайн Дайша ч1ог1а лардина Тешам-Вошалла,нийса Кхетам юхаберзош.

Т1ебог1у Беркатан Мархин бутт кхаба а баста а могашаллаш а латта йойла шуна везчу Дала, Шен хаза болчу кхинхетам беш !
Соьга ладог1арна Дала диканца бекхам а бойла шуна !

Лерамца Аьрсбин Абу-Бакр 15.06.15 шо:

Отдел писем

Chechenews.com

05.07.15.