Главная » Все Новости » Политика » КЪАМАН КЪАЙЛЕ Я ЯЙНАЧУ ЛОРАХЬ (13-14)

КЪАМАН КЪАЙЛЕ Я ЯЙНАЧУ ЛОРАХЬ (13-14)

КЪАМАН КЪАЙЛЕ Я ЯЙНАЧУ ЛОРАХЬ

(13-14)
(«Суфи», «Святой Петер», «Г1овса» кхин дуккха а д1а….)

Ткъа х1инца дуьйцур вай:»Ц1ункал», «Массипа», «Мицпа», «Сапа» бохучу дешнашнин мог1арехь -«Г1овса» вайн муха тарло. Вуьшта дешархочо ша а терго йина хир ю, и дош вай хаддаза дийцахь а, амма цунаха этимологи вай еш цахиларна.

Ала деза, цу дешан маь1на дуккхане цахуучул а совнаха, цхьаболчу лингвисташна а, цахууш дуйла. Ткъа кхечара иза, г1азкхийн –«помощник»\ «заместитель» санна лоруш хиларо, нохчийн прессехь а цхьана цхьацхьа беламе х1умнаш хуьлуьйту. Масала: министр Ахмадов Ахьмадан г1овса — Нина Николаевна, бохучох терра долу

Т1аккха и «г1овса», г1азкхийн маттара — «святой\святая» санна вай ларар, масехь бахьна ду. а)оцу маь1нехь и дош, бераллехь дуйна баккхийчаьргара вайна хазарна. б) цу дешан этимологи вай яхь а, иззачу маь1нехь иза хуьлуш хилар.

Дер вай цуьнан тидар, и «г1овса»: «г1ов са» барамехь а доруш. «Г1ов»:«т1улгийн пен\керт»(лакхе ма дийццара) а, ткъа –«са»: «са»(«свет», «душа», «зрение», «жизнь», …) санна а лоруш.

Цу тайпа, «г1ов са» бохучо вайна ло, г1азкхийн маттара: «свет стены»\ «храма», «божественная стена», «храм света\ Духа»(и. д1.кх.а) боху кхетам.

И «г1овса» хуьлу, семитин – «сафа»\ «суфи» а. Т1аьхьарниш арамейн – нохчийн — «Са+па(е)» \ «Су +пи»(«храм\стена Су\Са») санна доьшуш хиларна. Кхузара: «г1ов» = «пе», «са» = «са» а, ишта «г1ов са» = «са пе» а дуьйла хаало вайна.

Шен шираллера — «г1ов Су\Са» барам, г1азкхийн маттара: «храм Света», я «божественная стена», я «пантеон Су(Бога)» а болуш. Юха и «пантеон Су»: — «пен т1ера Су\Са» кепехь аьлча, и хир дара, г1азкхийн маттара- «храм Света\
Всевидящего» бохурийг. Ткъа цо дагатоссу: Б1абилонан Су(«беттасан культ») а.

Ишта и «г1овса»: «г1ов саг»(ламаройн) барамехь аьлча, г1азкхийн маттара — «служитель храма» а хуьлу. Т1аккха семитин — «суфи» а, нохчийн — «супа» («набожный человек») а цхьаъ хиларе хьажча: «супа(-е) = «г1овса» («святой») дуйла карадо.

Цу тайпа, нохчийн «г1ов», г1азакхийн маттара: «храм»\«стена»\«пантеон», «г1овса»– «святой» а, ткъа «г1овсалла» –«святость» дуйла го вайна

Кхузара хаало, 1ийсас(а.с.) шен геланче Петера аьлла боху: «ткъа хьо, г1овсе Са пе, я Ка пе бу» а, г1азкхийн маттара: «и ты, святой храм Божий» санна дуйла. Шайцара: «г1ов Са» = «Са пе» = «Ка пе» долуш(«Ка»-«Всемогущий». «Са\Су» -«Всевидящий»)

Ткъа х1инца юха а ладуг1ур вай профессаре Даууде. Цо яздо: «ширачу арамейн маттара — «Са+па» дош, «па» метта лаьтташ: «-da», «-hi», «-pi», «-gal» долуш а хуьлу. Масала: «sa+da», «sa +hi», «sa+pi», «sa+gal» санна. Ишта, «са» метта «pi» а, ткъа «pi» метта — «fel»(«пел») а хуьлу цуьнца».

Цундела лору цо, арамейн меттан -«Sа+gal»: «ц1андар, «тидам бар», «геналле хьежар», «ха до пе»(«вышка»), ткъа «рi+fel»: «тешаме»; «низаме» боху дешнаш.

Х1инца вайна а тусало, ширачу арамейн маттара цо дуьйцу и хьесапаш , нохчийн маттахь а ишта дуйла. Нагахь вай: «-da», «-hi», «-pi», «-gal», ‘’feл’’ боху маь1наш, «Са» дашна т1аьхьа х1итта дахь.

Масала: а) «Са+да»(Sa da) = «Са Да»(«Владыка света», «видеть свет»).

б) «Са+хьар»(«Sа hi») = «Са хьар(масала:«Дэла везар»\«1илма дезар»). Г1азкхийн маттара: «страждующий\жаждующий».

в) «Са+па»( «Sa Pi») = «Са пе\ Су пи»(«храм Света(Всевидящего))».

г) «Са+гал»(«Sа gal»)= «сагал»\ «cа ган»\«Са+г(о)+Ал\Эл» («освети»\»видеть свет»\»Видящий Господь»).

д)«Пи+фел»(«Pi fel») = «Пе бе(л)» («строй стену\храм»; «оградись стеной»; «будь верным\надежным»).

Масала , вайн «пе тоха», я «пе бел цунна» бохург а, цхьана воучу х1умнах д1акъаста бохучу кхетамехь ду(Кхузахь:«Пи+ фел» = «Пе бе(л) ду. Нохчийн – семитин: «п»=«ф» ткъа «п»\«б» -гергара аьзнаш)

Кхин д1а долу масалаш: «пи+са»(«воздерживающий»), «са+гар»(«видеть свет»), «са+мах»(наяву), «сема»-(«бодрствующий), «са+гар»(лит. «стогар»), «пе са»(«свет стены»\«храма»), «пе +с(а)(суфистин пес), «су+па(е)»(«набожный») , «г1овсе саг» («служитель храма»), «пи+саг» («воздерживающий»\ «скупой»), «пе+са+къ(а)» («дин к1езга дерг»).

Ишта гайтаме ду:
а) нохчийн: «Супа», «Сапарби», «Сайпи», «Сайпулла», «Сапули», «Сапи», «Супьян» «Сепи», «Сапехьат»(и. д1.кх. а) боху ц1ераш шираллехь динца йозна («служители храма» санна) хилла хилар.

б) латинин — «государь», «суд», «судхо» а, ширачу нохчийн маттахь: «го Су Да»(«всевидящий Владыка Су»); «Су Да» («Владыка Су»);»Су Да хо»(«страж Владыки Су») санна тидалуш хилар.

Цу тайпа, вай дина тидарш, нохчийн меттан кхетамца: Дэлаца, динца, 1эдалца, сица, серлонца(и.д1.кх.а) доьзна дуйла хаало.

Амма кхузахь тамшина дерг ду, нагахь арамейн — нохчийн «сапа\ супа» оцу кхетамехь делахь а, семитин –«сафа»\«суфи», я динца а, я Дэлан ц1ерашца а доьзна цахилар. «Сафа», ширачу 1арбойн маттара –«т1улг» а,ткъа «суфи» маь1на:«тарг1ин бедарш лелош верг» а долуш.

Ткъа нохчийн –«сапа\супи» дешнашца йолу и «г1овсалла» 1арбойн –«сафа»\«суфи» бохучаьрца цахиларо, уьш 1арбоша нохчашакра д1а эцна дуй те, боху ойла кхуллу. .

Вуьшта хила тарлуш ду, 1арбоша и дешнаш арамейн-нохчийн маттара джах1аллийн заманашкахь т1е эцна. Х1унда аьлча, т1аккха бен кхеташ яц, церан маттаца -«суфи» дашца йолу шалхаллаш. Цхьана декъехь, цара и дош шеца «г1овсалла» йолуш ларар, вукху декъехь царна цуьнца — «тарг1ин бедар лелош верг» бен цагар.

Аьллачо дага тоссу, 1эсачарна уггаре а «г1овсе» хетта йолу т1аг1уташ: «месала Су» («волосатый Бык») а, «тхинке(тарг1и)Ка»(«рунной Овен») а хилла юьйла. Кхузара долучох тера ду 1арбошна т1арг1ах\месах деш хилла барзакъ шеца цхьа «г1овсалла» йолуш а. Ишта т1арг1аха диначу барзакъах нохчаша олу -«меша\ маша»(«Ма Су» т1ера). Масала, «меша коч –хеча».

Оцу хьесапехь нохчийн – «супи» а, 1арбойн –«суфи» а вай дийциначул т1аьхьа, 1арбойн шираллехь хилла боху – «сафа»(«т1улг») дош а дуьйцур вай. И цара арамейн — нохчийн маттарчу – «са пе» т1ера д1а эцна хиларна делилаш дахкорца.

Цунна тоьшалла ду а)дуккхачу а меттанашцара -«т1улг» дош, нохчийн:»т1улг», «пе», «кхера», «т1о»(ламоройн -«т1улгаш»), «наждар»(«т1улгин бун») бохучу дешнашца орамаш долуш хилар.

Масала; ингальсин -«стоун», немцойн -«штайн», туьркин — «таш», французин -«пег1», итальянин — «пиетра», венгрин -«ке», японин — «кабе»(«пе».«Ка пе» санна), жуьгтийн – «ибен»(нохчийн:«1ий пен/бен».г1аз. – «стена\храм Духа»), 1арбойн «хьаджар».

б)«Сафа»(Маккана уллохь) бохучу г1овсечу ломан ц1е 1арбойн — «сафа\«суфи» дешнашца а тида цалуш, Исламан кхетамехь ширачу арамейн — нохчийн маттара — «Са пе»\ «Су пе»(«Дэлан лакхе»\ «Са пе») аларшца тидалуш хилар (вай тохара ишта –«Мар пе» кепехь тидира «Марфа» а).

Гайтаме ду ишта, и «Са+пе»(«стена\гора Всевидящего»), «Мар+пе»(«стена\гора» Повелителя») санна: «Ка1абат(«Ка 1а бот»:«дом Духа Всемогущего») а, «Макка» («Ма КА ан»: «пространство Бога Всемогущего») а, «Мадинат»(«Ма Да ан т1е») а, «Эль — Арафат»(«Эли — Ара пе т1е»: «Господа Милосердного стена\гора (над)») а арамейн –нохчийн маттахь тида луш хилар. Шайн кхетам Дэла цхьаъ варца а болуш.

Ткъа иштачо ойла хуьлуьйту, ширачу арамейн Урерачу диалектан мотт бийцина волу Ибрахьийм(а.с.), Исма1ил(а.с.) цигахь лелла а, 1ийначу а заманашкахь кхолла елла юй те, и нохчийн маттахь тидалуш йолу топонимаш, бохуш йолу.

14

Талмудхоша-инжалхоша «т1улг» санна дуьйцург, вай «пе» санна муха лору? Цу хаттарна жоп лучохь вай тидаме оьцу: цкъа делахь, и ший дош гергара хилар. Шоллаг1а делахь, иза адаман г1алат санна лору вай. Эзар шерашкахь Тоуратан — Инжална т1ехь белхаш биначара ларамза , я шайн кхин долу г1алаташ санна цара лерийна даькххина долу.

Т1аккха схьа х1уьттучу суртаца, вайга нис луш а ду и церан г1алат. Арамейн –нохчийн маттацара цуьнан дуьххьара хилла болу кхетам юха метта а х1отта беш. Инжалхошна «т1улг» санна лорург, вай «пе» санна а ларарца.

Гойтур вай и нисдар х1окхузахь а. Масала :«.. 1йисас(а.с.) шен коьртачу дешархочунна «Кипа» ц1е яларна тоьшалла ду, цо арамейн мотт бийцарна… …Ширачу 1арбойн маттахь хиллачу Инжална т1ехь а, г1овсечу Петран ц1е хилла; «Шам1ун ас -Сафа», вуьшта, «Симон -т1улг»» («Мухьаммад Инжална т1ехь». Абдуль -Ахьад Даууд).

Ткъа х1унда цахета вайна, шираллехь 1арбоша Петерах олуш хилла — «Шам1ун ас -Сафа» иншалхошна а, профессорна Даууданна а ма хетта — «Симон -т1улг» ? Терго ер вай, х1етахь 1ийсас(а.с.) Шимига аьлларг ширачу арамейн маттахь хиларна, инжалхошна иза ма дарра х1ун ду хууш цахиларна(цу хьокъехь Даууда бохург а цхьажимма 1ийна дуьйцур вай).

Цу тайпа, 1ийсас(а.с.) шен хьалхарчу геланчах аьлла боху-«Шам1ун ас -Сафа», арамейн-нохчийн: «Шемара 1аса — Са+пе», я «Шемара г1овса -Су+пе\Са+пе» хетало. (1арбойн -«ас» а, ширачу нохчийн маттара -«1а+са» («святой’’))

Г1азкхийн маттара шен маь1наш: «святой из Галилея –Божий храм», «святой из Галилея — Свет храма», я «святой Супа из Шема (Галилея)», я «раб божий из Шема» санна а долуш.

Ишта, 1арбойн шираллехь хилла бохучу — «сафа» («т1улг») а, «Шам1ун ас -Сафа» а бохучу дешнашца, арамейн — нохчийн маттара кхечу аг1ора маь1наш карадо вайна. Шайца 1ийсас(а.с.) Шимина(Симонна): «Ка+пе» («храм Всемогущего»), «Са+пе» («храм Всевидящего», «Свет\Дух храма») аьлла еллачу ц1ерийн чулацам а болуш.

Терго ер вай, оцу галайчуьнан ма яррий хилла ц1е — Шима, я Шама хилла юьйла. Иза Иудера жуьгте а воцуш, шамахо хилла хилар ша билгал доккхуш санна(вай дийцира; «хьо галай(шемахо) вуй», бохучу хеттарца, Шимина Иудеяхь кхиссиначу кхерамехь а )

Ткъа х1инца юха а ладуг1ур вай Даууде, цо «мицпа» дош муха дуьйцу. Цо яздо: «А теперь выясним, что же значит слово «Мицпа\Миспа»? Вообще оно переводиться как «наблюдательная вышка». Мицпа –это место или здание , название которого происходит от «сафа» — архаического слово «камень»…. Мужчину наблюдавшего с вышки называли — «софистом»»….

Гуш ма дарра, Даууда а лору и дош «т1улг». Цунна т1ера схьадаьлла «г1ишло»\ «меттиг» а хеташ. Т1аккха вайн талламца кхузахь цхьа а чолхе х1ума дац. Ширачу нохчийн маттара:«Мицпа\ Масипа», «Супе\Сапа»:«Ма Су пе\Ма Ц1у пе»= «Су пе\Са пе» санна ган дезаш хилар бен.

Ишта Даууда боху: «мужчину наблюдавшего с вышки называли — «софист» а, нохчийн маттахь гочдарца: «пен т1ера ха деш хиллачох — «су+па» олуш хилла», бохучу хьесапехь кхета дог1у.

Вуьшта аьлча, «хьалбатехь верг» бохург ду иза. И тайпа долу 1ийбадат шираллехь 40 дийнахь –бусий му1мичу наха шайн Далла деш хилла боху. Цхьана нах боцучу меттехь, экха, я д1авше дийнат шайна т1ецакхачийта цхьа г1ишло(пе; бун; бот) а йой цунна т1ехь(чохь).

Гайтаме ду, и «хьалбот» боху дош а: «хьала боте» («айелла г1ишло») санна хилар. Вай тидиначу — «Мицпа(Мисипа\ Сапа\Супа») бохучуьнца шен маь1на а дог1уш. Ишта ша «хьал+ бот +хо»(«святой») а го: «су+па»/«г1ов+са» бохучу кхетамехь.

Х1инца дешархо ша а кхета хир ву, Даууда дуьйцучу –«софист» дашца, вай дуьйцу: «хьалбатхо», «супа», «г1овса» муха нисло. Цул а совнаха, нагахь и «хьалбатхо»: «ха(л)+бот+хо» кепе диллахь, г1азкхийн маттара — «страж на наблюдательной вышке» \ «служитель храма» а хаало цуьнца.

Ишта шен кхетам: «Дэлан пе(«къуб»; «къеп»; «ц1а»; «бот»; «г1ов»; «наждар», «ц1ув») т1ера верг»(Даууда ма бохху – «суфист») хиларца, цо гойту, вайн инзаре шира: «супа», «г1овса», «хьалбатхо» боху дешнаш цхьатерра дуйла.

Ткъа «суфи» («супа», «г1овса», «хьалбатхо») бохург а, цхьа х1ара ду ала цхьана хорчара 1илма а доцуш, х1ора а супин шен-шен Далла т1е боьду синнекъ буйла го вайна. Шена Дэла везарца, Цуьнга шен г1айг1а йицарца, шен 1анарца, ойланца Цунна хастам барца, я зикаран шовкъаца, я халбатан асарлахь , я назманан белхамца цо беш болу. Ша дуьненан хьашташна т1ера д1а таре(в трансе) а вуьйлуш.

Ишта хьалбат, я халбат дуьйцучохь вайна билгала долу, шираллехь халбатехь массо пайхамар а 1ийна вуйла. Масала, Т1ур – ломахь 40 дийнахь – буса Муса(а.с.) ма 1аррий, я «Хира» хьехахь Мухьаммада(с. а. с.) деш хилла долу 1ийбадат санна.

Т1аккха 1ийсас(а.с.) шен хьалхарчу геланчанна Петерна – «Ка пе», «Са пе» («служитель храма») ц1е яларо а тоьшалла до, 1ийса(а.с.) а, цуьнан геланчаш а супихой(суфисташ, хьалбатхой) хилла буйла.

Аьллачунна делил санна туьдур вай, 1ийсас(а.с.) шен махкахо – галачунна Шимина(Шимон \ Симон) тиллина йолу – «Петера» боху кхоалг1а а ц1е. Амма и тидале хьалха цу хьокъехь Даууда бохург керла доккхур вай.

Цо яздо: «.. В то время, когда Иисус дал высокий титул «Петрос»(«Петр») своему первому ученику Шимону(Симону) очевидно,он вспомнил о древней священной Сафе, которая давно была потеряно! Но к сожелению, мы не можем точно воспроизвести слово, сказаное им на его родном языке. Греческое мужкое имя «Петрос»(Петр –камень) является настолько не классической и негреческой формой, что просто удивительно, как она была принято церквями?

Вайна кхузахь юха а хаало: а)1ийсас(а.с) Шимина техкина йолу:«Петер», «Кифа», «Сафа» боху ц1ераш, инжалхошна «т1улг» санна хеташ юьйла. б) и ц1е муха , мичара ю цахууш, уьш шаьш цец буьйлуш хилар.

Ткъа х1ун ду, 1ийсас (а.с.) шен махкахочуьнга Шимига арамейн-нохчийн маттахь аьлла долу — « и ты, святой Петера», бохучуьнан маь1на? Килсана эзар шерашкахь х1етал- метал хилла лаьттачу цу дешнин къайле вайга ястало цхьана аларца:«ТКЪА ХЬО, ПЕ Т1ЕРА Г1ОВСА ВУ», бохучу.

Вуьшта аьлча, и бохург ду: «хьала бот т1ехь верг», «Ка пе т1ехь (чохь) верг, «Су\са пе т1ехь верг(чохь), «г1овса», «супа» , «хьалбатхо» ишта д1а кхин а.

Цу тайпа, инжалхоша «т1улг» санна юьйцу, 1ийсас(а.с.) шен хьалхарчу геланчанна елла йолу кхоа а ц1е: а)«г1овса Пе т1ера»(«святой Петар»;«священник храма») б)«Ка пе»(«храм Всемогущего» \ «служитель храма Всемогущего». в)«Су\Са пе» («храм Света\Всевидящего», «служитель храма») бохучу кепара тиди вай.

И жам1а вай диначул т1аьхьа, х1инца нохчийн маттахь гочдарца ялор вай, 1ийсас(а.с.) шен геланче Шимига аьлларг дуьйцуш йолу Инжалан байташ.

Хьалхара байт:»Ты назовешься Кифа, что, значит; камень(Петр)» «(Иоанн 1:42). Нохчийн маттара хьесап: — «Ткъа хьо хир бу Ка пе, иза, хьо, Пе т1ера ву бохург ду»)»(Иоанн 1:42).

Шоллаг1а байт;»И я говорю тебе, ты Петр; и на этом камне я создам церковь мою и врата ада не одолеют ее»(Матвей 16:18)
Нохчийн маттара маь1на: — «Ткъа ас хьоь боху, хьо Пе т1ера г1овса ву, хьоьца ас сайн Ка1абат дийр ду, шех ц1еран ков хьакхалур доцу»(терго е: «врата ада», нохчийн -«ц1ер ков» аларан хазарца дуйла. Цо гойту, «церковь» мичара хила тарло).

Кхин а доцца аьлча, цо цуьнга боху: «хьо Ка пе т1ер ву», «хьо Са пе т1ер ву», «хьо Пе т1ера ву», «хьо Ма Су(Ц1у) пе т1ер ву», «хьо хьалбатехь верг ву», «хьо супи(суфи) ву», «хьо Дэлан лай ву»(и.д1.кх.а).

Кхузара ду, 1ийсас(а.с) Шимига боху: «хьоьца ч1аг1дир ду ас Дэлан дин…, ..,хьох хьакхалур дац ц1ер ков(жоьжаг1атан ц1е)» а. Вуьшта аьлча, цо цуьнга баьккхинарг Эхартан кхаъ бу: « хьо, ялсамане г1ур ву хьуна», бохучу кхетамехь.

Ала деза, оцу «г1овса пе т1ера» бохучуьнца цхьана дог1уш, вай олуш долу цхьа – «мискан пекъар» а хилар. Ша «Ма Са Ка пе+къар» санна тусалуш долу. Шеца х1инцалера — «Далла муьт1ахь\къера верг»\«Дэлан лай» боху кхетам а болуш.

Ишта вайна хаало: а) суфизм цхьаболчара ма бохху 8чу б1ешерахь кхолла елла а йоцуш, эзарнаш шераш хьалха дуйна кхолла елла юйла.

б)«суфи», 1арбоша ма бохху церан маттара – «т1арг1ан барзакъ лелорг» а доцуш, ширачу нохчийн маттара –«супа»(«Далла муьт1ахь верг») дуйла. Шен чуламца, г1азкхийн маттарчу –«храмовник» («служащий храма») бохучунна герга а долуш.

Цу тайпа, «супи»(«суфи»), «масон»(и.д1а. кх. а) боху дешнаш, нохчийн шираллерачу: «Ма», «Су\Са», «Ка» бохуш хиллачу Дэлан ц1ерашца доьзна дуйла кара до вайна. Шайн г1азкхин маттара юкъара чулацам – «служители Храма» а болуш.

Ткъа вай масална аьлла антисуфиташ хьахийча , уьш хир бара, мацах Иерусалим яккха ихначу ж1архоша кхоьллиначу — «Тамплиери –храмовники»(фран.«темпл» -«храм») я «Храмовники Соломоновы» бохучу сионин-масонин ох1лонан декъахой.
(Цхьаболчу историкаша 17 б1ешарахь Ингальсехь кхолла елла лору и масонин орден, ткъа вукхара кхин а дуккха хьалха оццу Ингальсехь)

Т1аккха цара Исламца латточу къовсаман хьунарехь а ши дош аьлча, уьш дика го, масала, дукха хан йоцуш Норвегехь бехк –гуьнехь а доцу нах байиначу Андерс Брейвика дийначу талорца.

Дашна аьлча, тамшина хуьлуш ду, оцу зуламхочунна цигахь дуьхьала йинарш а, и дуьхьало цунна ян цигахь нисделлараш а нохчийн бераш хилла хилар. Вуьшта д1а ойла йича, нохчийн кхолламан декхарлахь дерг бен дац иза. Муьлхачу хьолахь а, мичхьа хилча а, оцу 1аьржачу ницкъаца латто беза къовсам, вайна т1ера д1а цабоккхуш долу.

Ишта и «сионхойн -масонин орден» хьехочохь дага деа суна, хастаха цхьана сан доттаг1чо -«ваххабита» сайга аьлла долу: «суфистин а орден ю, масонин а орден ю, цундела цхьатерра зуламхой бу уьш».

Ас цунна эццахь делла жоп а дара цхьажимма забаре: «хьуна таръелла орденаш яц хьуна уьш…. …и нехан «орденаш» ма йицал ахь, ишта-м шу «орден» а ю боху наха Ингальсо кхоллийна», аьлла.

Оцу кхетамехь волчу сан доттагчунна мичара хаа йиш яра, цараха цхьа тоба Далла муьт1ахь ерг юьйла, ткъа шоллаг1нийг, шен «дэла» — Илбаз дерг.

Ишта, супистин орденан а, масонин орденан а дуьххьалера луьра тассадалар а, 2000шо хьалха Иерусалимехь хилла дуйла. Цхьана аг1ора шен геланчашца 1ийса(а.с.) а, вукху аг1ора пандерашца(римлянаш) йах1удин г1овсаш а болуш.
(чакхе ю.)

Докка Амагов,

Chechenews.com

03.10.11.