Главная » Все Новости » Главная новость » Пхийтта Шо Кхаьчна Масхадов Аслан Президент Хаьржина

Пхийтта Шо Кхаьчна Масхадов Аслан Президент Хаьржина

Дуккха а политикаша а, тергамхоша а чIагI а деш, Советан Iедал доьхначул тIаьхьа кхоллаеллачу пачхьалкхашкахь хиллачу харжамашлахь уггаре цIена дIабаьхьна а, Европерчу юкъараллоно къобал бина а харжамаш бара 1997-чу шеран дечкен-беттан 27-чу дийнахь, Масхадов Аслан Нохчийчоьнан президент а хоржуш, бирзина харжамаш. Амма Оьрсийчоьнан Iалашонехь дацара и тайпа харжамаш магон а, нохчий шех бовбаха а…

Селхана жоьжахатIех чекхдолуш, къомо шен цIийца хьанйина, тIаьххьара а Делера йоьссина ели хIара-м, аьлла, хоьтуьйтуш кхаьчна маршо яра иза, нах серлабаьхнарг. Цхьа а, баккъала а, цхьа а стаг вацара шена уллераниг, юьстахарниг, чуьраниг-арахьарниг вовзанза висина — тIамо гайтинера муьлхачу суьртахь хуьлу кIиллолла, мел мехала ду доьналла, стогалла, боршалла. 

Оьрсийчоьнера, цуьнан лаамза, и маршо яьккхина къонахий базбар а сийлахь долуш, церан бага хьаьжжина яра херцаршкахь яха йисина массо а ярташ а, гIаланаш а.

Цундела тIех тамаше а дацара пхийттех сов волчу кандидаташлахь, тIом доккхачу декъанна шегарчу хьуьнарца, хьекъалца дIаберзийна волчу Масхадов Аслане нехан безам латтар.

Шена президентан даржехь ша чIагIвеш, таж туьллуш, Масхадовс арахьара дуккха а баьхкинчу хьешашка аьлларг иштта а долуш, цуьнан куьйга кIел дIадолийра Нохчийчоьно тIом боцу дахар.

Масхадов: «Тхуна гергарло деза Дала кхоьллинчу массо а адамашца. Баркалла шуна, тхо лерина хьошалгIа дахкарна а, хIокху даздаршкахь дакъалацарна а. Маршалла ло нохчийн халкъера а, соьгара а шайн халкъашка а, доьзалшка а…»

Кхеташ ду, къомо бина къастам цуьнниг бу. Ткъа муха тIеийцира шайн эшам кIелбисинчу кандидаташа? И хаттар вай дийр ду царех дийна бисинчех шинга. Цхьаъ – ша вара президентан дарже ваха къовсалуш. ШолгIаниг – шена тешам белларг толахь, вице-призидент хила везаш вара. Бац уш тахана Нохчийчохь. Вайн махка тIе бода боьссича, бовлуш хуьлучу хьаькамашка, ах бIе шо хьалха комиссара Ушаев Мазлакъа нахана юккъехь, тIе мехкдаьтта а детташ, вагийна Гелдаганара гIаттамхо Зелимха санна, шаьш хIаллак ца байта пана махка бевдда дIабахначу эмигрантех ву ший а.

Ичкерех Европехь жоп лучу декъан хьалханча Закаев Ахьмад ву Лондонера зIенехь. Цо иштта бовзуьйту шена ша эшча хилла «цатам»:

Закаев: «Оцу хенахь, тIом дIабаьллачу хьолехь, уггаре а нийсачех харжам бара вайн халкъо бинарг – Масхадов Аслан президент харжар. И бакъ харжам хиларе терра, ас боккха кхаъ хилла тIе а ийцира иза. Харжамашкахь дакъалоцучунна, уьш чекхбовлале а , церан чаккхе муха хир ю хууш дара. ХIунда дара? Оьрсийчохь долчу хьолаца доьзна а дацара иза – вай вешан махкахь ма дарий, нехан дагахь дерг а хаьара вайна, царна хетарг а хаьара вайна – нах, олуш ма-хиллара, корта дIабаьххьина Асланехьа дог-ойла чIагIъелла а бара, шайн цуьнга болу тешам чIагIбина а бара.

И харжамаш бирзинчул тIаьхьа, жамIашна духьал волуш волу стаг, къомана дуьхьалвала везаш вара. Цундела ас, цхьа а шеко а йоцуш, ас хIеттахь ала а элира иштта, боккха кхаъ хилла тIеийцира и харжар, къобал а дира. Нийсачарех харжам а бара иза, къоман харжам а бара иза.»

Массо А Маьрша Вара Харжам Бан …

Яндарбиев Зелимха толахь, вице-президент хила везачех вара Абумуслимов Сайд-Хьасан а. Закаев Ахьмада а, кхиболчу харжамашкахь эшначу кандидаташа а санна, Масхадов Аслан и тоьллачу дийннахь декъал вира Сайд-Хьасана а. Цо иштта дагалоьцу лелларг.

Абумуслимов: «Хасу-Юьртахь бинчу берта тIехь билгалдаьккхина дара, кхидIа юкъаметтигаш машарца бен къастор яц, тIом хир бац, аьлла. Цигахь Европан Кхеташонан кхерамзаллин а, юкъахь бартбаран а организацино (ОБСЕ) дакъа а лоцуш, бина барт бара иза. Нохчийн къоман сатийсам бара, хIинца и тIом, кхин хир боцуш, дIа а баьлла, Оьрсийчоьнца, вовшашка ларам а болуш, юкъаметтигаш кхоллалур ю, боху, сатийсам а бара. Массийтта бIешарахь лелла харцо чекхъер ю, боху, сатийсам а бара.

Цундела массара а харжамашкахь жигара дакъалецира, къомо кхаьжнаш Масхадов Асланна дIабелира ( Дала декъал войла иза!). 19 кандидат вара дакъалоцуш. Оьрсашна духьало йина 4-5 воцург, вуьйш кеп-кепара кхетам болуш нах бара, оппозицех болу кандидаташ а тIехь. Хетарг ала, дийца маьрша а дара махкахь, ца алийтина, бохуш, аьрзнаш а дацара. …Программаш тIехь хIун дара? Масала, Масхадов Асланан программи тIехь дара, нохчаша йозуш йоцу маьрша пачхьалкх кхуллуш ю, цуьнан маршо цхьанненна а дIалойла а дац, аьлла. Оьрсийчоьнца ларам болуш юкъаметтигаш лелор ю, аьлла, билгалдаьккхина а дара. Оцу харжамашкахь халкъо дукхахболу кхаьжнаш Масхадов Асланна дIабелира…»

Харжамийн башхаллех, уьш цIена а, буьззина низаман буха тIехь дIабаьхьна хилар а дагалоцуш, билггал Масхадов Аслан стенна хаьржира халкъо, иштта го Закаев Ахьмадна:

Закаев: «Хьалхара тIом боьдуш машаран дийцаршкахь хьалха ваьлла ма варий Аслан. Нехан дегнаш чу дижинарг, цунна оьрсашца барт карор бу, кхин цкъа а тIом а богIур бац и карийначул тIаьхьа, аьлла, оцу тIехь Iалашо а яра, цу тIехь Аслане тешам а бара.»

Нохчашна тIехь Кремло латточу Iазапна вуно чIогIа са а гатдеш, Далла дуьхьал дIавахара говаьлла, Оьрсийчохь тоьллачех лоруш хилла адвокат, танкийн полкан куьйгалхочунна Буданов Юрийна, нохчийн йоI цо хьийза а йина, ер Iедале окхуьйтуш, къар а ца велла, набахте дIахьажийна волу Хамзаев Iабдулла. Иза а хилира хIетахьлерчу харжамашна реза. Цо иштта дийцира шена тайнарг:

Хамзаев: «Масхадов хоржуш со цIахь хилла ву ( Хьалха-Мартанахь – Ч.Л.), хил дехьа Iеш йолу сан нус – со цIа веъча, могуш йоцуш ю ша, олий, со волчу ян хIуттуш а йоцу – кхаж таса йоьду ша, бохуш, оцу лайлахула дIатекхна-м дага догIу суна! Хьайн цIахь хIунда ца Iа хьо, аьлча, хIан-хIа, вайна хIинца паччахь хоржуш ву, бохуш. Массо а паччахь хила лууш а вара, цхьана а стагна духьало еш а яцара.

ХIокху дуьненна хаа а хууш, цул цIена хаьржина паччахь 1947 шарахь дуьйна схьа суна гина вац. Уггаре хьалха со суо теш а волуш, харжамаш харцо йоцуш, цIена бара. Соьга а бехира, ур-атталла Масхадовс а тIехь, юкъаяккха хьайн кандидатура, оха оьшу 10 эзар куьг схьагулдийр ду хьуна, массо а цхьаьна юкъадовлу вай! – ХIан-хIа, дIадовла, товр а вара-кх шуна со, къанъелла бугIа эсашна юккъехь санна, паччхь хила гIерташ, нах сайх белош, хаза а хир вара-кх со, аьлла, со IадIийра!»

Махкахь хьовха, дуьнен тIехь а ша тоьлла тIеман баьчча хилар гайтира Масхадов Аслана ша президент харжжале. Ткъа аьтто ца белира маьршачу хьелашкахь маьршачу заман баьчча хила. Бехкаш баха хьаьгначарна бехк билла хIуъа карадо. И ца ларавелира маьрша дахар дIахIотто, йохийна республика денъян, ледара политик вара, олу цхьаболчара.

Кхиболчара нийса дац олу, махкана гонаха Кремло латтийна хьал чоьте а ца оьцуш, иштта дийцар. Историн Iилманийн доктор волчу Абумуслимов Сайд-Хьасана оцу хаттарна жоп луш дагадоуьйту 1999-гIачу шарахь, шолгIа тIом болабалале, хIоьттина хилла хьал.

Абумуслимов: «Боху, кхаа шарахь шуна маьрша пачхьалкх лаьттира, шуьга хIумма а дан ца делира, йозуш йоцу пачхьалкх шуьга дIаеллера, шу лара ца дира. Бакъ дац. Елла яц вайна йозуш йоцу пачхьалкх, и къобал йина яцара цара (Оьрсийчоьн куьйгалхоша-Ч.Л.). Шаьш IадIийнехь а дацара хIума, юкъаметтигаш кхечу пачхьалкхашца а ца лелаяйтора – блокада хIоттийнера.

Шаьш гIо а ца дора, вайца юкъаметтигаш лелош болу мехкаш а вайх къехкабора. Ца еллера вайна маршо, ца еллера, къобал ца йинера. Мохк аьттера, меттахIоттош шаьш дийр ду а аьлла, накъосталла дан а ца динера. Цу тIе, вайга ваьшка а и дойтуш ца хилча, и йоккха харцо ю.»

И МостагI ХIокху Махкахь Мел Ву…

Зударийн Дезчу денна, Кадыров Рамзана ма-аллара аьлча, совгIат а деш, Кремлан ницкъаша 2005-гIачу шеран оцу дийнахь вийра Масхадов Аслан. Вийра, шеца дийцарш дан кечло алар бахьана долуш, цо шеггара, еккъа шен агIор баттана тIеман мораторий а кхайкхийна, Ичкерин бIаьхошка тIом бар а дехкийтинчу муьрехь.

Амма оьрсийн президентан Путин Владимиран Iалашонашца йогIу ала а дацара Масхадов Аслана ша вала массех де дуьсуш Маршо Радионе еллачу интервьюхь йовзийтина шен ойлан чIагIо.

Масхадов: «И мостагI хIокху махкахь мел ву, къийсам ца сацабар, юха ца довлар, къар ца далар, и мостагI хIокху махкара араваккхар, … кхин цхьа а хIумма а дац.»

Дала яздинчух стагга а вер вац, вала кхоьллина ву массо а, ша цхьа Масхадов, нохчийн тIемалойн хьалханча вер, къомо ловш долчуьнга хьажча, ца хила а там бу дIоггара зене. Амма и хIаллаквар Оьрсийчоьнна шена а марахдаьлла хIума го Закаев Ахьмадна. И тешна ву, Масхадов дийна висинехь, тIеман аре шорлур яцара, ерриг а Къилбаседа Кавказан лан дезар дацара цуьнан кIаьхьалла бохучух.

Закаев: «Нохчийчоь, нохчий, Дала мукъалахь, боккхачу тIамах хьалхабевлла. Амма Оьрсийчохь и тIом дIабоьдуш а бу, и тIеман ачо ехха лаьттар йолуш а ю. ХIунда аьлча, Нохчийчуьра ара а баьлла, тIом Оьрсийчохь лаьтта тахана, цхьайолчу меттигашкахь дIаболалуш бу иза, кхечу меттигашкахь марсабаьлла дIабоьдуш бу иза. Амма дIаберзий, гIуллакх машарене дерзий гена ду.

Путин дIаваьлча, тIебогIур болчу политикаша йоккха гIулч яккха езар ю Оьрсийчоьнна эшам боцуш и дов дIадерзо а. Соьга хаьттича а, Нохчийчохь, Къилбаседа Кавказехь лелачун терго еш болчу нахе ладоьгIча а, Аслан верца доьзна эшаме даьлла а ду-кх и хьал.»

Нохчийчуьра тIом Масхадов Аслан вийначул тIаьхьа дIасабаржа болабелира кхечу мехкашкахула. Кавказан къаьмнийн дуьненан хазанех, демократех, нийсонах , болу тешам байра, аьлла хета историкна Абумуслимов Сайд-Хьасанна а.

Абумуслимов: «Аслан веллалц нехан цхьа дегайовхо яра, цхьа барт хир бу-кх, цхьа некъ бер бу-кх,бохуш . И барт деккъа вайца бина а ца Iаш, ерриг а Кавказца беш барт бара. Хьоьжуш Iаш лулара а, генара а къаьмнаш а дара, деллахь, хIорш хIинца-м кхетта ма богIу, юкъаметтигаш хуьйцуш ма бу, аьлла хетар дара, барт хиллехьара. Цундела, вайна хилла а ца Iаш, шена Оьрсийчоьнна а боккха пайда бохьур болуш бара и барт. ХIинца йолу проблемаш а хир яцара.

Амма цара и ца дира. Тоьхна, Аслан вийра. И вийча халкъийн тIаьххьара сатийсам а дIабелира. И ду кхечу къаьмнашлара, шайн адамийн бала болу нах меттахбовларан бахьана. И ю Аслан веран тIахьало а, тIом баржаран бахьана а. Цу тIе, Оьрсийчоьнах тешам байъина ца Iаш, дуьнанах а, Европах а, Цхьанатоьхначу Штатех а, демократех а, нийсонах а байъина тешам. Я дуьненан юкъарлонаша а, я арахьарчу кхечу политикаша а харцо лелор оьрсашна доьхкуш хIумма а ца дира. …И ду-кх тIемаш баржарна бухахь, Нохчийчоь-м йоккха яц, амма харцонан, мел и жима хилча а, тIахьалонаш яккхий хуьлу.»

Гарехь дукха а нахана, еккъа цхьана Нохчийчохь а доцуш, дерриг дуьненна а Iаьткъина хIума ду Оьрсийчоьно ша бойъучу нохчийн декъеш тIепаза дайъар, уьш дино ма-хьоьхху лаьтте ца дерзадайтар.

«Вай Иза ДIавуллур Ву, Дала Мукъалахь…»

Иштта, нохчийн бахьанехь Кремлан эхьа тIе эгначу томмагIех цхьаъ ду президент Масхадов Аслан гергарчаьрга дIа ца верзавайтина хилар а. Оцу хьокъехь халкъехь беха дагахьбаллам махкарчу таханлерчу хьелашкахь гойла дацахь а, и цуьнгахь бан а бу, Масхадов халкъе вицвайта ницкъ банне а бац, аьлла, хета Закаев Ахьмадна.

Закаев: «Дуьне кхолладелчхьана дуьйна динехь болчу наха цкъа а къобал дина хIума дац иза. Оьрсийчоьнна цхьа йоккха эхье билгало ю и верца цо шена тIеяийтинарг. Ткъа и динарг цхьа стаг ву. Цхьана стеган лаамах доьзна ду иза. Аслан дийна волчу хенахь а цунах ийзалора, кхерара иза – ас вуьйцург Путин ву.

Ца кхоьрура, майраллин маьIнехь, кхоьрура иза цIенчу харжамашкахь цIенна хаьржина а, халкъана везаш а хиларна, ша санна, цхьамма шен лаамца кара мукъ а белла, цхьана тобано тIе а чIагIвина, Iедале веана вацарна кхерара иза Асланах. Цунна гуттара а дагтIехь лаьттара халкъо белла тешам Асланехь дукхаха буйла хааррий, шена и ца тоаррий. И яра цо цуьнца лаьцна гамо.

Изза гамо ю цо тахана а дIакхоьхьуш. ХIунда аьлча, Асланан дакъа схьа а делла, махкахь и дIадолла, аьлла, паргIато яьлча, и мохк гIоттур бу. И царна хаьа. Аслан везнарш а, ца везнарш а, массо а богIур бу цуьнан тезета. Оцу адамо гойтур ду тахана Оьрсийчоьно Нохчийчохь хIоттийна Iедал заьIап хиларрий, и Iедал хIоттийна долу шаьш а заьIап хиларрий. Цунах коьруш, цара дакъа схьалуш дац .

Амма цхьа зама йогIур ю, со тешна ву, Оьрсийчохь карчам хиллачул тIаьхьа, цара докъаза байъина лаьтта вешан нах вай махкахь дIа а бухкур бу, дIа а берзор бу, нехан дегнаш чуьра уьш цкъа а дIа а бевр бац. Аслан, хьаъа хIуъа а бахахь а, хьанна а хIуъа а моттахь а, уггаре цIенчу а, нийсачу а харжамашкахь халкъан лаамца хаьржина нохчийн президент а вара, нохчийн хьалханча а вара. Ткъа иза нохчашна дицлур долуш хIума а дац, цунна бина тешнабехк – дицдендолу хIума а дац.»

Чабаев Лоьма

www.radiomarsho.com/content/maskhadov_election_chechnya_zakaev_ichkeria/24469487.html

01.02.2012