Главная » Все Новости » События » Немцоша Дагалоьцу «Норд-Ост» Театрера Бохам

Немцоша Дагалоьцу «Норд-Ост» Театрера Бохам

Яздархочун Бухштайнер Торстенан „Норд-Ост“ драма 2009-чу шарахь дуьйна Германерчу дукхаъчу гIаланийн театрашкахь хIоттийна. Кху деношкахь Марбург гIалахь иза хIоттор башха дара, хIунда аьлча, спектакл дIайирзинчул тIаьхьа цу бохаман бахьанех а, жамIех а, ткъа иштта Нохчийчуьрчу хьолах а дуьйцуш дискусси дIаяьхьира театре гулбеллачара.

«Норд-Остехь» хиллачу бохамах лаьцна дуккха а документалан фильмаш а, дийцарш а, пьесаш а хΙиттийна Европехь. Делахь а, немцойн яздархочо Бухштайнер Торстена язйинарг оцу могIарера къасташ ю. Цо 2002-чу шеран гуьйранна Москохарчу Дубровка урамерчу театрехь хилларг, цхьа а къастийна бехке а ца веш, я клишеш а ца кхуллуш, гойту.

Кхо зуда ю цуьнан пьесехь дакъа лоцуш, кхин цхьа стагга а вац. И кхуьй а «Норд-Остехь» хиллачун декъахь а, цигахь хиллачо Iовжийна а ю. Зураъ нах закъалте лаьцначу тобан декъашхо ю. Нохчийчохь оьрсийн эскархоша хIусамда вийна цуьнан, шортта тIеман къизалла Iаьвшина а ю иза. ХIинца шен кадолучу кепара бекхам бан ара яьлла.

ШозлагIниг Ольга ю, шен хIусамдеций, итт шо кхаьчначу йоьΙаций «Норд-Ост» мюзикле хьажа театре еана йолу. Иза могIарера Москохан яхархо ю. Ша политикана генара лору цо,  Нохчийчуьра тIом, тешна а, цхьанхьа генахь, тIе ца кхочехь хета, ткъа Нохчийчоь иштта а, вуьшта а цхьа инзара меттиг хета, уьшал санна, цхьана къизачу, акхачу нахах яьккхина йолу.

КхозлагIниг Тамара ю, чехкачу орцан машен тIехь болх бен лор. Тамара оцу буса Дубровкина уллохь долчу лоьрийн цIийнахь  балхахь ю, цундела уггаре а хьалхарчех кхочу иза бохам баьллачу театран ковберте.

Бухштайнер Торстена язйинчу пьесин а, цу тIехь хIоттийначу спектаклан а башхалла ю, цуьнга хьовса баьхкинарш бекъа цхьа хьовсархой а хуьлий цабисар. Уьш, хьовсархой, шаьш а хуьлу, закъалте лаьцначийн меттехь. Царна шаьш Москохахь театрехь хилча санна го, цу деношкахь театр дIалаца баьхкинчеран а, цу чохь дIалаьцна хиллачеран а хьал. Иштта царна мелла а дикаха кхета долало, тIом хIун ю, цо нахаца хIун до бохург, и тIом мел генахь хиларх а, иза хIоранна а мел герга бу бохург.

Цундела спектакл чекхъяьлча, хьовсархой цец ца бовлу, официалан декъехь террорхо лоруш йолчу Зураан лехамех шаьш кхеташ хиларх а, цунах шайна къахеташ хиларх а. Иштта уьш цец ца бовлу, Оьлгин лазам шайна сел герга кхачарх а, Ольгас аьллачу дешнех а.

Шен хIусамда, театрехь газ хецча, веллийла а, амма шен йоI дийна йисинийла а хиича, Ольгас элира: “Бакъдерг аьлча, со кхета-м кхета, цу нохчаша диначух. Шайн гергарнаш байъар доькхуш бара-кх уьш. Сан цIийнда вийна а ца Iаш, цу чохь сан йоI а елла хиллехь, ас а вуьйр вара-кх сайн тIе мел нисвелла нохчо“, аьлла.

«Норд –Ост» спектакло оьгIазло гойту, инзаре боккха бала а, бохам а, иштта гIайгIа а, ницкъалчийн харцоно адамашна тIехь латтош дерг а. Цундела спектакле гулбеллачарна закъалте лаьцначех хетта ца Iаш, закъалталла динчех а къахета. Ткъа спектакл мел ю, шах-тата доцуш, тийна Iаш хиллачу хьовсархоша иза дIайирзича инзаре деха тIараш детта, юх-юха а кхо актриса сцени тIе а кхойкхуш.

Азимова Сийлаха

http://www.radiomarsho.com

09.02.12.