Главная » Все Новости » Кавказ » Кадыров Рамзан: Тхан юрт уггара къен хилла юрт ю-кх!

Кадыров Рамзан: Тхан юрт уггара къен хилла юрт ю-кх!

Кадыров Рамзан: «Хьоьжуш Iаш ву со… Хоси-Юьрта дIа бIаьрг тоьхча «тишина» ю, берш а бийшина Iаш бу. Аса иза хIунда боху. Иза тхайн юрт йолун дела боху… Уьш дийнахь а, буса а Далла Iибадат а, Iамал а ян дезаш бу. Тхан юрт уггара къен хилла юрт ю-кх!

Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш, цунна улле бевлла къентий, лаа леш, цара къахьегар бахьана долуш массо а меттехь асфальт болуш, массо а меттехь чохь догIуш хи долуш, массо а тIехаа шишша, кхоккха машен йолуш, тIекIелдина, вовшашца къийса а къуьйсуш, цхьана зудчунна вукхуьнчул хазаниг гича, хIа-хIа суна иза ца деза, суна и деза бохуш, шайн майранаш охьа а теIош, тIекъела сетта а деш цIенош а деш Iаш ма-бу Хоси-Юьртахой.

Маьждиге ваха а ца лаьа, аравала а ца лаьа, чувала а ца лаьа. Хьарам дуй-те и санна болчу нахана аьлла, тахана Iуьйранна наб ца кхеташ, ялх даьлча а, ворхIалгIа сахьт долуш а Iийна-кх со. Иштта шун ярташкахь а буй хаа суна уьш, кхин а сов балахь а бен, кIезиг боцуш».

www.radiomarsho.com

28.08.12.