Главная » Все Новости » Главная новость » Нохчийн т1емалой лаха хьуьнах бигина дай-наной юха а

Нохчийн т1емалой лаха хьуьнах бигина дай-наной юха а

Сингаттаме хаам кхаьчна Маршо Радионе Веданан кΙоштара. Цигахь гΙаттамхошлахь долчу берийн дай-наной бигина шинарий дийнан делкъехь хьаннашка, шайн тΙаьхьенаш, маьхьарий а бетташ, цΙехьа кхайкха. Полицино ницкъаша бигинчаралахь бара зударий а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министараллан хьостано а, лаккхарчу тIегIан Iедалдайша а юх-юха а хааме доккхуш ма-хиллара, кIира кхочуш доллу нохчийн лаьмнашкахь, Веданан а, Нажи—Юьртан а кIошташкахь, ю мел боху ницкъаллин структураш а, эскархой а –  дукхе-дукха ницкъаш тIе а теттина, йоккха меттиг гоне а ерзийна, тIеман операци дIахьош йолу.

ГIаттамхойн хIаллакбина дIабаха, церан дуьхьало къарьян гIерташ, Iедалан ницкъаша жигара пайдаэцна тIеман хIаваакеманех а, яккхийчу тоьпех а. Схьагучу  суьртехь оццул нуьцкъала герз тоаме хеттачух тера дац Iедалехь болучарна а, ницкъаллин структурийн буьйранчашна а.  Пурх а, дохала а лаьмнаш зуьйш, дIахьош шуьйра зераш доллушехь, лахбеш бац Iедалдайша гIаттамхойн цIерачарна  беш болу тIеIаткъам. ПхьалгIахь эчиган пхьеро санна, гуттар а нуьйжана а, варзапна а юкъахь латтош  бу, чу са дан а, самалха дала а ца буьтуш, кхобу уьш.

Бакъду, уьш ца баьхьа шайгара бала Iорабоккхуш зIе тоха а, стенна аьлча, цара  шаьш мукIарло а деш, церан телпош къайлахчу сервисо даима а тидамехь латтош ю. Уьш  баьхьаш бац адамийн бакъонашларьхочуьнг я кхечу юкъараллин болам-урхалле а леткъамаш бан а. Стенна  аьлча, богIий схьа а хIуьттий, низамхоша а, Iедалдайша а уьш юха а тIеIаткъам беш хьийзабо. 

Иштта тоьшалла карийна тхуна кху чекхдаьллачу Гезгмашин-беттан 25-чу дийнахь а. ГIайгIанех, баланех дуьзина кехат яздина Маршо Радиога Веданан кIоштарчу  цхьана вахархочо. 

«Тахана, шинарий  дийнахь, 11 сахьт долуш, низамхойн урхалле дIакхайкхина  герзаца дуьхьало ечу берийн дай-наной. Цаьрга делкъал тIаьхьа хьуьнха  дуьгур ду аьлла, тIемалой схьалаха, цIа беха… Со а, кхин цхьа-шиъ а могуш воцуш хиларна ца вахнера, зударий-наной баханера. Цаьрга а аьлла, уьш а дIабуьгур бу хьуьнха.  Декъаза хьал ду… Со маситтаза а вигина лаьмнаш гездан. ХIинца  хIусамнана а юьгуш ю-кх….кIант лаха». 

Цу кепара яздо цIе яккха тхо хIуттуш доцчу, тхан и дан бакъо йоцчу ламанхочо. 

Ала догIу, иза мух-мухха а  воцуш, нохчашлахь тоьллачех цхьаъ хилар, даима а  кхоллараллин йийсарехь, лехамехь вехаш волу стаг ву. Бакъду, Iедалан «чарх-кохьаро» хьесапе оьцуш дац, гIаттамхойх дIакхетта доьзалхой дуьнентIе бахар бен, церан кхин бехк цахилар а, церан аьллар тIера бевлла уьш лелаш хилар а.

Дайх-нанойх дукхахболчарна, тхоьга кехат яздинчунна а тIехь, хууш дац шайн  бераш делла ду а, я  дийна ду а. Амма иза а, кхин а, дас кIантах жоп дала ца догIу боху Оьрсийчоьнан низам а чоьте оьцуш цахилар кхузахь зеделла  бакъдерг ду.

Цунна тоьшаллаш а ду ког баькх-баьккхинчохь. ХIинцца, кху муьрехь, хIара керла  дешаран шо доладеллачул тIаьхьа, ишколера, хьехархо болх беш йолчуьра  дIаяьккхина, ткъе итт шарахь сов  бераш кхетош-кхиош схьаеъна цхьа зуда.  Бахьана  — кIант гIаттамхошца хилар. Диъ-пхи шо хан ю цунна шена цунах хилларг хууш доцу. Цу кеппара  балхара вохийна цуьнан да а. Царна совнаха хьовзам ца балийта цIерш яхаза  юьту оха.

Источник: www.radiomarsho.com

26.09.12.