Главная » Все Новости » Политика » ДоттагIчуьн весет

ДоттагIчуьн весет

Дог Iовжош йаьгIахь сан Iожалла кеста, Чурт суна кеч делахь, доттагI,ахь айхьа, Хьай куьгахь даккхалахь, доттагI, сан лахьта, Вай дезаш хилар ахь дийцалахь мерза. Хьай куьгахь даккхалахь ,доттагI, сан лахьта, Вай дезаш хилар ахь дийцалахь мерза . Хьулделахь сан дакъа, тIе тасе ваьрта, Генарчу новкъа со ваккхалахь оьзда, Тиллалахь нохчи куй къоьжачу коьртах, Барам са, ца вухуш, лацалахь онда. Тиллалахь нохчи куй къоьжачу коьртах, Барам са, ца вухуш, лацалахь онда. ТIаьхьара бIаьрг тохи, айъалахь ваьрта, Лахьти чу виллалахь барт бокхуш оьзда, Дагахь хьай къурдаш деш тасалахь латта, Барам са ца вухуш лацалахь онда, Дагахь хьай къурдаш деш тасалахь латта, Чурт нис деш кьуг хьакхи цIан делахь йоза. Оллалахь чурт довза кхелина щаьлта, Коша барз тоделахь, куьг хьакхи аьхна, Верзалахь йуьрта хьо, доттагIа, тIаьхьара, Кош доьвзи хьажалахь геннара хьайна. Верзалахь йуьрта хьо, доттагIа, тIаьхьара, Кош доьвзи хьажалахь геннара хьайна. Дош али хьасталахь гIийла сан дада, Дог оьцуш хилалахь мискачу нена, Замана йохалла виц ца ва хьажалахь, Со санна тIакха хьо хетар ву царна. Замана йохалла виц ца ва хьажалахь, Со санна тIакха хьо хетар ву царна.

Chechenews.com

13.05.11.