Главная » Все Новости » События » Махках даьхна де дицде бахахь а…

Махках даьхна де дицде бахахь а…

Сибреха хьажийначу къоман бала мохь аьлла балхорца гIарабевлла нах бара уьш — могIара йоI, пондарча Чугуева Малика а, гоьваьлла политолог, профессор Авторханов Iадрахьман а. Цара а, и санначара а даьхначу орцано 13 шо даьлча меттахIоттийра нийсо — Кавказе юхабаьхкира вайнах. Ткъа иза-м хьехор а ца тов Соьлж-ГIаларчу хьаькамашна…

Францойн маттахь байтанчин Яричев Iумаран дешнашца нохчий махкахбахар далхадеш йиш лоькхучу Астамирова Хедин ирс ду хIетахь, оцу къизачу шерашкахь, иза ехаш ца хилла. ДIакхоьссича а, ткъеха шо набахтехь такха догIу цунна Берия Лавретиян замане диллича.

Йоккхачу АтагIара яра, хIетахь шен къам махках дохорна, Сталине бехкбоккхуш, Казахстанехь пондар лекхна Чугуева  Малика. 14 шо долуш чуйоьллина иза 25 шо кхаьчча бен ца елира хан текхна. Иштта 15 шо даккха набахте хьажийра оцу къоначу политикан тутмакхан да ТIоки а.
Набахтехь 10 шо текхна Йоккха-АтагIарчу Чугуева Маликас Сталинна дуьхьал эшарш лекхарнаНабахтехь 10 шо текхна Йоккха-АтагIарчу Чугуева Маликас Сталинна дуьхьал эшарш лекхарна

Чугуева Маликин эшарийн дешнаш ду хIорш. Халкъийн ден, сийлахьчу баьччин суьртан агIор гома хьаьжча а стаг доьза вовш зама яра йоIа цунна къадоьхуш пондар лекхнарг.

Чехка ма гIо, чехка машен!
Маса ма гIо, маса машен!
Дига-дерза меттиг боцуш,
Дукха адам дуьгу ахьа!

Ша чехка гlyp ма ю,
Ша маса гlyp ма ю,
Сталинан пирказ хилла,
Шу махках даха аьлла.

Эхь ца хийтира, машен, хьуна,
Бехк ца хийтира, машен, хьуна,
Юьртара баккхий нах машена ховшина,
И машен Сибреха дIайолаелча?

Эхь хийтирий, нохчий, шух-м,
Бехк хийтирий, нохчий, шух-м,
Сталинан пирказ юкъадаьлча,
Шу дигаза ша ца елира.

Хьо дIаяхарх тоьий, машен,
Хьо схьаярах тоьий, машен,
Тхан дай-наной дIакхийсина
Хьо йогIийла хаьий хьуна?

Хьо дIаяхарх тоьий, машен,
Хьо схьаярах тоьий, машен,
Йижарий-вежарий дIакхийсина,
Хьо йогIийла хаьий хьуна?

KIopa боцуш йисна-техьа,
Бинзин доцуш йисна-техьа?
Вай схьадалийна цIера машен
Вай дIадига ма ца йогIу.

KIopa боцуш яций со-ма,
Бинзин доцуш яций со-ма,
Сталинера пирказ доцуш,
Шу дIадига бакъо яц шен.

Ког ма бала, олу шена,
ЧIург ма карча, олу шена,
ДегIастана шу ца кхачарах
Ойла ца йо къизачу Сталина.

Чугуева Маликас лекхначу эшарийн дешнаш листар,  церан говзалла кегор дан догIуш хIума дац – ойла йича стаг инзарвоккург ю йоьIан майралла. Иза хьовха, цуьнан эшаршка ладугIуш лаьттинарг а тIепаза войъу зама ю йоIа пондар лекхнарг.

Оцу тIедоьгIна аьлча, дуккха а хилла Нохчийчохь а, тIаьхьа къам махках даьккхина дIахьажийначу Сибрехахь а Сталин сийсазвеш нохчий. Цо гойту дуьненан жоьжахатIи дуьхьалаяьккхича а вайнах Iедална къарбала лерина ца хиллийла.

Къоман могIаршлахь буьйлучу къонахоша а, Чугуева Малика санначу мехкарша а айдина дIакхехьна Казахстанехь а, ГIиргIазойн махкахь а нохчалла. Яхьах буьззина болчу оцу нехан белшаш тIехь Iалашлуш, дIалелла, лелаш а ду нохчийн доьналла, стогалла, нохчийн къоман синан маршо.

Дешар девзина бацахь а, къоргга кхетам а болуш, шайна моггучу кепехь къийсабелла Сибреха хьажийнарш къоман сий къуьйсуш. Сталинан цIуьхIарех ца кхоьруш, эзарнашкахь набахте а хийшина уьш, дуккхаза а ерриг а Казахстан я ГIиргIазойчоь ир-кара хIиттош, лета а летта луьрачу Iедалца.

Дуьненан кхечу агIонашкахь, Европехь, Iамеркахь, я аьр вай, Урдунехь, заманийн къизалло дIасабаьхна бехачу нохчийн дегнаш а доьхнера церан Декъаста Сибрех хьажийча. Дукха бу, шайн къомана хIетахь орцах а бевлла, дуьненан дайн неIаршкахь, корашкахь лаьттина нах.

Авторханов Iабдурахьман, политолог, историк, профессорАвторханов Iабдурахьман, политолог, историк, профессор

Ишттачийн хьалханча хилла лелла къам цIера даьккхинчу кхойтте а шарахь дуьнентIерачу массо а политикашна вевзина а, цара лоруш а хилла волу историк, политолог профессор Авторханов Iадрахьман.

Маршо Радионо тахана а дозаллица дагалоьцу шен хIетахьлера комментатор, тоьлла белхахо лаьттина профессор Темиров – иштта яра Авторханов Iадрахьмана кхузахь лелийна псевдоним.

Нохчашна бен-башха яц цуьнан цIе, цунах дисина иэс. Цундела гочдарца дукъ ца деш, хозуьйту оха шуна Iадрахьманан аз. Маршо Радионехула Советан Iедалан юхь-марш ма-ярра йовзуьйтуш цо дуккха а динчу къамелийн кийсаг ю хIара. Шо — 1962-гIа.

Авторханов: Сталинан коллективизаци

«1929-чу шеран  ГIуран-беттан 27-чу дийнахь Сталина шеггара, Партин Юкъарчу комитетан сацам а боццушехь, партин гулам ца бийцича а, дIакхайкхийна юьртан бахамхой бохор.

Оцу дийнахь марксистийн-аграрийн конференцехь ша динчу къамелехь Сталина д1ахьедира, партино юьртана гонаха йолу шен политика хорцуш ю, иза юьртахой воввшахтуху коллективизаци дIаяхьа йолош а ю, оцу бахьанийца царалара хьолахой бохон а йоллу, аьлла.

Дахаре диллича иза дара – къехой а, юккъера хьал долу нах а ницкъаша колхозашна чубухку, ткъа кулачество шайх олу бахархой – церан зударий, бераш, къаной тIехь г1ело а еш, бахамах а баьхна, Сибрехарчу луьрачу хьаннашка дIалохку бохург.

ХIетахьлерчу Советийн официалан статистикаца и тайпа хьолахой-кулакаш 5 процент хиларе терра, лаххара а 7 миллион яртийн бахархой, сиха яцахь а, тешна а тIекхочуш йолчу Iожаллина буха буьгу бохург дара иза.

Амма оцу тШехь соцуш а дацара и гIуллакх. Кестта хIаллакбечийн категоре бехира мелла а таро йолу ахархой а, ткъа цул тIаьхьа — шайх подкулачникаш олу бахархой а. Ишттанаш а бара лаххара а 13 миллион нах.

Иштта, ткъеха миллион гергга юьртан бахархой бара юьззина коллективизаци чекхйоккхуш репрессешна кΙел хьош».

И къамел деш Авторханов Ιадрахьмана бухадуьту Сталина юьртан бахархошна дуьхьал болийна некъ емал беш, ша 1930-чу шарахь Советан пачхьалкхан коьрта газетехь шен ойла йовзийтар а, и бахьанехь шега Ιедало набахтешкахь 5 шо хан такхийтар а.

Амма иза-м шен Авторханов Ιадрахьманан оьздангалла яра, цо цкъа а беста ца бора оцу Iедало шена кхачийна баланаш. Цуьнан гΙайгΙа кхин бара – оьрсийн а, Советан пачхьалкхера кхидолу 140 къам а коммунизман баланах хьалхадаккхар.

Вачагаев Майрбек, историн Iилманан доктор, ФранциВачагаев Майрбек, историн Iилманан доктор, Франци

Мила ву шуна тахана Авторханов Ιадрахьман, цо Ιилманехь, шайн хΙинцалерчу кхетамехь шу хьалакхуьуш х1ун делла шуна, аьлла, Маршо Радионо хаттар дира, Авторхановна а санна, нохчийн къам Оьрсийчоьнах дозаш хуьлийла дац аьлла хетачу политикашка.

Вачагаев Майрбек, историн доктор. Иза Парижехь веха тахана.

Вачагаев: Авторхановх лаьцна

Авторханов Ιадрахьманан Советан пачхьалкхаца болу къийсам чекх ца белира цуьнан диктатор иттаннаш миллионашкахь халкъ хIаллакдина Сталин Иосиф валар даздеш, « Таьллан хьокха болийла хьан кошах чекх» аьлла, ша Маршо Радионехула 1953-чу шеран Зазадоккху-беттан 5-чу дийнахь шен шатайпа некролог кхайкхорца.

Ялхайора цо Сталинал тIаьхьа баьхкинчу хьаькамашкара юьйлу харцонаш а. Авторханов дуьххьара вара Малхбузера ша бечу тидамашкахь Хрущев Никитера компартин инарла секретаралла хьан дIаоьцур ду хаийтинарг. Цо гал ца волуш яьккхира хΙетахь Брежневн Леонидан цΙе.

Маршо Радиохь шен политикан шайхалла дIакхайкхош Авторханов Ιадрахьмана иштта яьккхира Iедале кхочунволчу Брежневн цIе.  Гочдо оха и шуна хезна къамел а.

Авторханов: Хрущев — Брежнев

«Шен коммунистийн партин историно гойту цхьа а паччахь хийцаран кепаш кхузахь йоцийла а, уьш хуьлийла доцийла а. Бакъду яздина доцу цхьа низам ду. Иза иштта ду: Советан пачхьалкхан компартин лидер лешшехь, цуьнан меттиг шашаха дIалоцу оцу ханна партин Юкъарчу комитетан аппаратехь куьйгалла дечо.

Хрущевла тIаьхьа цуьнан меттиг дIалоцур бу оцу ханна партин Юкъарчу комитетан шолгIачу секретаран гIентахь Iачо – ткъа шолгIа секретарь ву карарчу хенахь Брежнев».

Абумуслимов Сайд-Хьасан, историн Iилманан доктор, ГерманиАбумуслимов Сайд-Хьасан, историн Iилманан доктор, Германи

Хьуна маца евзина Авторханов цΙе, маца дешна цуьнан йозанаш, цара хIун тIеIаткъам бина хьан кхетамна аьлла, шега динчу хаттарна иштта жоп делира Маршо Радиона сийлахь нохчочуьнан хIусамехь хилла а, иза шен бIаьрга вайна а волчу историн Iилманан доктора, хIинца Германехь вехачу Абумуслимов Сайд-Хьасана.
Абумуслимов: Мила вара Авторханов?

Йоццачу кху программехь парггIат, ца нисло тхан Авторханов Ιадрахьманан дахарх, цо Малхбузехь шен къомах а, кхечу къаьмнех а дог а лозуш бинчу балхах, яздинчу жайнех а лаьцна мелла а шуьйра дийцар.Вайнах махках бохийна Юккъерчу Азе хьовсийна де тIекхочуш хилар юьхьар эцна хIоттийра оха иза.

КIира даьлча тIехIуттуш долу и де билгалдаккхар дихкина ду Нохчийчохь. Нагахь санна мехкан администратора Кадыров Рамзана цуьнан хьокъехь ша массех шо хьалха арадаьккхина омра юха ца эцахь, юха а, стохка санна, шайлахь, шайн хIусамашка а къовлабелла, дагалоьцур бу нохчаша шаьш хьегна баланаш, докъаза байна гергарнаш, Казахстанехь, ГΙиргΙазойчохь даиманенна а бисина дай-наной, йижарий, вежарий.

Ιазапе 13 шо дерзар дагалоцуш наха, шеко а йоцуш, йохур ю хIетахьлерчу Сталинна къадоьхуш пондар лекхначу нохчийн майрачу йоьΙан Чугуева Маликин а,  дуьнене орца доьхуш хьийзинчу Авторханов Ιадрахьманан а, дуккха а кхечу къонахийн а, менхкарийн а цΙерш.

Лайна Ιазап, цунах дисина эс даккхалур дац нохчочун коьртера – паччахьийн ницкъ бу адаман ког-куьг дехка, ницкъ бац ойланаш набахтин гура лаца.

 

www.radiomarsho.com

18.02.13.