Главная » Все Новости » Ислам » Ламазан хенаш

Ламазан хенаш

1 – Делкъа ламазан хан: Малх стигал юккъера малхбузехьа жимма дехьабаьлча дуьйна дIайолалой, цхьана хIумана IиндагIан дохалла цу хIуманан йохаллех терра дIанисдаллалц ю.

2 – Малхбуза ламазан хан: Делкъа ламазан хан дIаяьллачул тIаьхьа дуьйна дIайолалой, цхьана хIумана IиндагIан дохалла оцу хIуманан шозза йохалле кхаччалц ю; малх цIийбала болалун хан а ю иза.

3 – МаьркIижа ламазан хан: Малх чубуьзчначул тIаьхьа дIайолалой, маьлхан цIе зIаьнарш а, малх чубуьзча хуьлуш йолу цIелла а дIаяллалц ю.

4 – Пхьуйра ламазан хан: МаьркIижа хан дIаяларца дIайолалой, Iуьйра ламазан хан хиллалц ю.

5 – Iуьйра хан: ШолгIа сатасар дIадоладелча дIайолалой, малх гучубала болабаллалц ю.

Оцу хенашна тешалла ду IабдуллахI ибн Iамра – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла:

«Делкъа ламазан хан малх стигал юккъера малхбузехьа жимма дехьабаьлча, адаман IиндагIан дахалла цуьнан дахалле кхаьчча дуьйна схьа, малхбуза хан кхаччалц ю. Малх буза хан малх цIий бала болабаллалц ю. МаьркIижа ламазан хан цIелла къайлаяллалц ю. Пхьуьйра ламазан хан буьйса юккъе яххалц ю. Iуьйра ламазан хан малх хьалабаллалц ю, ткъа нагахь санна малх хьалабалахь (суннат) ламаз ма де». (Муслим).