|
Fri, 11 Jul 2008 23:55:00 Дивизионному Генералу Вооруженных Сил ЧР - Ичкерия, Герою ЧРИ - Ичкерия Хамзату Гелаеву (Шахид ИншаАллах) посмертно, посвящается.
Дуьненна тешаме к1ант вара бохуш, Хьо воцуш хьо вийца гул дала дийзи, Машаран новкъа т1ехь, накъостах дохуш Мостаг1чо ког тосуш, хьан нур д1а дехьи.
Шен махках дог лозуш къонаха ваьлча, Къонахчун белш хотто хьо улле ваьлча, Вожор ву, вагор ву, мостаг1чо аьлча, Со вожарах, сан ойла южур яц аьлла!
Сан Даймохк, хьан маса к1ант вала веза, Доьхначу халкъана парг1ато яккха, Маьл зама, маьл хенаш д1а йовла йеза, Хьамзат хьо саннарг дуьненчу вала...
Ахь кхио хьийзинчу Даймехкан бешахь, Хьан меттиг хир букха, нур хилла лепаш. Лиънариг даьржийна халкъ ц1ехьа дерза, И хир ву дийцинчу Г1азотан декъахь.
Дашочу элпашца шун ц1ераш яз йа, Адамо шу сий деш кхуллур ду иллеш, Аш шайна гайтинчу ирсечу кхане, Барт хилла кхийдар бу, баланаш бийц беш.
Сан Даймохк, хьан маса к1ант вала веза, Доьхначу халкъана парг1ато яккха, Маьл зама, маьл хенаш д1а йовла йеза, Хьамзат хьо саннарг дуьненчу вала...
Дуьнено ц1е йоккхуш лийрина к1ентий, Шу дийц дан бакъо яц, адам маьл деха, Заманаш д1а эхарах, шу тхоьца доцуш, Шун лаам хир бу тхан дегнаш чохь бехаш.
Сан Даймохк, хьан маса к1ант вала веза, Доьхначу халкъана парг1ато яккха, Маьл зама, маьл хенаш д1а йовла йеза, Хьамзат хьо саннарг дуьненчу вала...
Ушурма.
Chechenews.com
Дата публикацииFri, 11 Jul 2008 23:55:00 |