Главная » Все Новости » Главная новость » Аьрсбин Абу-Бакр: ВОККХА-ДАДА!

Аьрсбин Абу-Бакр: ВОККХА-ДАДА!

\ БисмиЛлах1…\
1
Дуьненан ширалле, хьаьжжина Воккха.
Еххачу замано ,1амийна шортта.
Дика а ,ямартло, йоьвзина йоккха.
Доьналлехь тхан дахар ахь лардина !
2
Доккха Дукъ ,хьайн белшаш т1елаьцна.
Вайн Далла хьалха хьо, хат1-хилар кхоьруш.
Нийсонна 1у хилла, халкъана ваьцна.
Вог1у хьо Юьхь хилла, ва Воккха-Дада !.
3
Де-дийне мел долу ,хьекъалца к1арглуш .
Шо-шаре мел дели, сибташца хазлуш.
Хан-зама мел ели ,Наханна виэзаш.
Хьо воцуш ца торрург ,лаьттина тхан Дада !
4
Ахь мосаз г1иттийна ,Маршонна К1ентий .
Суй болуш хьайн дашца,х1ай Нохчийн Дада ?
Ахь мосазза дерзийна ц1ий 1анон дов ?
Машаран Масла1атца ,х1оттаеш б1ов !
5
Хьо даим хилла ву ,тхан Мехкан Да.
Инарла тойнехь ву, дика-вонна Да.
Хьан хазчу сибтаца ду ,тхьан къоман васт.
Хьан Оьздан маттахь ду,б1ешерийн г1аст !
6
Хьох гуттара тешна ду,сан жима къам !
Хьо лардеш хилла ву, Делан Къур1ан !
Ахь лааза х1у дисна ,кху лаьттат1ехь .
Турпал чекх вийлина ,тхан Воккха-Дада ?
7
Дажалан «1едало» ,хьо мостаг1 кхайкхира.
Дерриге халкъаца хьо ,Махках ваьккхина.
Иттаннах варх1 веро, хьо къар ма ца вира.
Ахь лардеш мел дериг,х1аллакдан лерина !
8
Дай баьхна ламанаш,хьан дита дийзира.
Хьомсарчу Д1ег1астах,лаамза ваьккхира.
Дай 1охку цу кешнех,хьо къиза хадийра.
Йоккхачех и киртиг ,хьан Синуо лайра !
9
Цу сенчу Сибрехахь ,1ай чилла хенахь.
Шелоно,махкалло ,байъинарш байра.
Хьайн къоман г1аролехь,хьанала лаьттира.
Массеран 1уьнал деш ,тхан Воккха-Дада !
10
Х1оранне чу-х1уьттуш ,хьаштонаш лоьруш.
Т1аьххьарниг схьайохуш ,берашна кхийдош.
Нахах ахь лечкъийра ,хьайн деган баала.
Хьо лаьттира нур хилла ,Яхь д1а ца луш !
11
Мацалло хьоькхуш берш ,д1абохка ца ларош.
Шелоно г1уорош берш ,бохбан а ка доцуш.
Дог-ховха хьан дашуо ,ир-кара х1иттийна.
Тхан миска Наношна ,ахь Тиэшам белира !
12
Цу къизчу харцонах ,хьайн дог а ч1аг1ина.
1ожалла кхерсточух ,дера хьайн ка-тоьхна.
Же-яма кхайкхорах ,Барзаха г1аьттина.
Хьан Дола туьйлира ,тхан Воккха-Дада !
13
Г1орасиз висначуьн ,ахь бала айбира.
Гамуо ерг массо, хьан шаьлтано лецира.
Хьо сацон кхул т1аьхьа ,лаьттахь ницкъ бацара.
Хьо ч1ог1а хиларна ,вай Махка дирзира.
14
И дерриш ахь лайнарш,дийцина вер вац.
Ма дарра сурт х1оттон ,вайн хьекъал тоьар дац.
Аллах1ан Лаамца ,хьо бахьна а хилла.
Вай балех доьвлира ,ва Воккха-Дада !
15
Ц1а боьрзурш д1анисбеш ,Турпала юкъ йихкира.
Хьо тешнарг д1ах1оттош ,Са-парг1ат делира.
Къам далаза дели сан ,хьан дагуо бохура.
Керла чкъор долалуш ,ца байна вайн к1ур.
16
И чкъор ахь ийцира ,хьайн куьйгашт1е.
Хьайн Оьзда нуьреха ,хоьттира тхан з1е.
Ахь лааме лецира ,тхох т1аьхье йан.
Ахь юкъ а йихкира ,хьайн нигат кхочушдан !
17
Г1аскхаша бихкина ,хьан лаам бара.
Цунаха кхерам шайн ,боккха а бара.
Ахь к1езга тергал вира ,и комунист.
Хьайн ц1ена некъ болийра,шен йоцуш йист !
18
Ахь тхуна довзийтира ,вайн Делан Дош.
Ийманах ,Доьналлех ,з1ийдагаш яржош.
Г1илкх коьртехь лаьттачу ,дахарна 1амош.
Марзонаш диэборехь ,тхан Воккха-Дада.
19
Тахана-м хьо г1елвеллла ,лайначу халонех.
Доккха дукъ тиэкхийна ,хьо кхерчахь висна.
Вай хьуна ч1аг1о йо ,керлачу жайлех .
Тхох боьг1на хьан стоьмаш ,деборехь лерина.
20
Мостаг1ийн буржалаш,хедош ду Дала.
Мацалло уьш шаьш а ,лоьцуш бу бала.
Вайгахь ю Маршонан дош олу зама.
Хьо парг1ат хилахьа ,тхан Воккха-Дада.
21
Тхо дика кхеташ ду ,тхайн долчу декхарх.
Х1инццалц ницкъ кхачазниг,д1ах1оттон дезарх.
Сийлалла ю хьуна ,тхан Воккха-Дада.
Дела Реза хуьлда хьуна, хьомсаран Воккха-Стаг !

Г1аста ду-Страна,компонент.
Же-яма-Боевой клич.
Жайла ю-поколение.

Аки Аьрсбин Абу-Бакр . 17.12. 92 шо:
*********
\Тхуна шича-мохчалахь Ден-Да лаьттина вара,сан Ден-Де вешин К1ант волу Додин 1имран.Цо текхийначу Доьналлийн дукъах х1оьттина васт дара х1ара яздинарг .Тхан 11-та доьзалан Дай г1аскхаша байъа а байъина,уьш берриге доьзалш цунна шена бисинчу халчу хенахь, Сибрехахь.
Амма массеран а вайн Къаноша лайна дукъ иза хиларна,»Воккха-Дада» аьлла ц1е тиллира вай кху деган хьааман-лазаман байтах .\

Chechenews.com

09.05.17.