Главная » Все Новости » Главная новость » АЬРСБИН АБУ-БАКР: ВАЙН САМОННА ДУ Х1АРА…

АЬРСБИН АБУ-БАКР: ВАЙН САМОННА ДУ Х1АРА…

12fbad64-fab6-42ed-b63f-86b338e58006_cx0_cy10_cw0_mw1024_mh1024_sТидам хилла хира бу-кха шун а, вай вешан ах буьйцучу маттахьа , вайн мотт хьоьшуш деш долчех г1азакхийн маттаца ,вешан къамелашкахь вайх чубулуш,ишколашкара дуьйнна схьа баьржина болу ,веша къоман Са доккхуш болу Боккхачу Эшаманна ?!

— Цунна цу эшаманна чуьрчу баккхийчу хиламех дерг ду Биргала доккхуш довза дезаш а т1аккха нисдан дезачех а вайна довза дезаш дерг а.
Вайха 90%-дакъа ала йиш йолуш ,вай вешан къамел Нохчийн маттахьа доладой ,сихха г1аскхийн матте дехьа лелхий (къаьсттина шен коьртера дийца дезаш дерг нислахь ),и шен ойланаш церан маттахьа бен юьйцуш яц .Йа йийца ца хьожу вайн маттахь и шен ойланаш-къамелаш !

Иштта дола а доьлла ,цут1ехь ч1аг1 а делла ца 1аш,вешан чуьра доьзалаш а талхош ду вай ,уьш а кху вешан Дашочу ,Оьздачу,Хьекъалечу маттаха хедорца.

Вайлла а хьалха д1абаханчу вайн Дайша Наноша, 1амош буьйцуш схьабелла х1ара мотт Д1АЛУШ ДАЦ ВАЙ ДОЬЗАЛШКА !!!

Цунна т1е ала ду ,дукхах болучара и хийра мотт бийцарца цу маттехула церан шийла амалаш а лоьцу шайн леларшца а хабаршца а кицанашца а вайна кийра доьллина долу.
Т1аккха иштта наггахьа бен гур вац вайна , шен къамелехь кица а Нохчийнарг далош верг .

-«Олуш ма хиллара бохуш» , шайн кицанаш а г1аскхийнарш дала до цара.
Дала до дера-кха , цу церан кицанийн хьесапашца шен дег1 а ойланаш а нисдина ша хиларна ,шен дахаран дустаршца а тидам а боцуш!

Х1ара бу и БОККХА ЭШАМ ,вайн къоман кханенан хьокъехь болу !!!
Вайн ин ша Аллах1-Делан пурбанца ,цхьанне а 1оттар йан лаам болуш ца боху . Тидам сама баккха ниййатехь боху,вайгарчу ирчачу хьолах дерг.

Х1ара ирча куьцаш хиламаш , вайн къомехь даьржина хиларна а кхерамечу хьолехь хиларна а боху.
Ша шега хьаьжчхьана массарца вайгахь карор дерг а ду ,схьа а лаьцна х1ораммуо а нис дан дезаш долучух дерг хиларна ,боху вай !

-Вайн массеран уггаре доккхха мостаг1а долучу шайт1ануо (1.б.) деш дерг а бохург а доьвзаш ала а деза.
Ахьа цхьаьнга Нийса дерг диэ аларца- вониг 1аддита олуш билгала доккхуш гайтича.

Цу Делан а вайн мостаг1чо олу ,ахьа и Нийсаниг шега аьллачуьнга лерехь вас-вас деш :
-«Хьажахьа хьуна куралла еш ву хьуна иза 1иттараш а еш , хьуна т1ехь лакха вала г1ерташ»:!
Олий и стаг хьуна доьхьала воккхуш шен тиларчохь саца во цуо.

Оцу мекарлонан гуруо лецнарш дуккха а байна вайна,иза юха а кхунах хиларна кхоьруш а карладоккхуш а лаамца  Баккхийчарна ,довзуьйтуш Кегийрхошна а бах вай !
***
Вайна юккъахь яьржинчу коьртачу цамгарех ю , вай вовшех цакхетаран гал-морзахаллаш схьаюьйлуш дерг !
Х1у ду иза ?

1-ра )-Дера ду,ахьа уллера а хеташ цхьаьнга цхьаъ аьлча ,цуо ойла а ца еш шега бохучуьнга йа кхета везаран г1иллакх ца лоруш,шега бохург х1арцахьа дерзадо ,хьуна дагахь а доцучу кепара.

2-г1а ) Дукхах болучеран амале дирзина (муьжгашкара схьаэцначу цамгарах ),ахьа олучуьнан хьесап даран метта,ахьа аьллачунна хамтал еш ,хьуна доьхьала дош алар лохуш хуьла цара.

3-г1а ) Цхьаболу Кегийрхой  а бу , шаьш хьоца къовсабелча , шаьш хьан хене а мог1аре а х1уьтту моьтташ шайн Сий доъуш.( и тайпанаш , лакхахь хьаг1ийначу б1останаллийн амал йолучеран хуьлуш а бу )

4-г1а) Ахьа шайга уьш хийра ца хеташ , Нохчийн амалца шайга диканиг де вониг ма де аьлча ,Дала Ша т1едиллиначу декхарца.
-Цара олу юха а, тхан хьеха Дай а ц1ийнан Дай а бухьуна чохь,шайна  Са ма гаттаде ахьа,х1оранне а шен-шен хир ду вайн  каш,олуш.(Ма йоккха акхалла а 1есалла а г1иллакх-оьздангалла а дацар ду иза.)

Стенгара схьа ю и цамгараш,херонаш,гамонаш,вайн Дайшкахь Наношкахь цкъа а ца хилла йолу, вайна юкъара марзо,лаккхара хилла долу Вошалла доъуш дерг ?
-Дера ду Дин а Нохчалла а г1иллакх-оьздангалла а ца довзарца,уьш ца лоьхуш и шайн декхарш д1атиссарца,буьйцу мотт мостаг1ийниг болуш,ойла йар а хьесап дар а цу мостаг1ийниг хиларна,ищтта д1а кхи дерш а цу тиллачу хоршара !

Цу цамгарша дено-дено совъюьйлуш хьошуш ду , вайн дика а хаза а ц1ена а мел дерг,Кегийрхой  д1алоьцуш,вайн кхане эшош.
***
Кху хьокъехь ала х1орш дуккха ду вайлахь , дош дацдеш ТИДАМАННА х1ара тоуьйтур вай …

Марша 1ойла….

 

Лерамца, Аьрсбин Абу-Бакр 20-03-16 шо :

Chechenews.com

25.09.16.