Главная » Все Новости » Главная новость » Аьрсбин Абу-Бакр: ГЕЧОНЕХ ДУСТАРШ !

Аьрсбин Абу-Бакр: ГЕЧОНЕХ ДУСТАРШ !

217870924

1
Муьлхан Мохк бу техьа, Даймехкал хазаниг ?
Муьлхан къахь ду техьа, цу Махко 1овшазниг ?
Муьлхан Яхь ю техьа, Нохчаша ларазниг ?
Муьлханиг Суннат ду, вайн г1илкхехь дахазниг ?
2
Мас т1ом а хилла тиэ, вайн Маршо къиссинарг ?
Мас Къонах ву техьа, Г1азотехь воьжна верг ?
Б1ешерийн яхаллехь, хьуьнаршца кхиийнарг !
Мас эзар ву техьа, мостаг1ех цистинарг ?
3
Массанне юрт ю тиэ, мостаг1чо ягийнарш ?
Массанне буо ду тиэ, Да вийна делхийнарш ?
Йижарий мел бу тиэ, сийсазбеш эхь хьешнарш ?
Муьлханиг До1а ду тиэ, вай Деле дехаздерш ?
4
Мас Нана ю техьа, т1епаза К1ант вайнарг ?
Мас Къонах ву техьа, набахтехь хьийзош верг ?
Масанне К1ант ву тиэ, Дег1астнах ваьлла верг ?
Тар тесча г1енаха, хьоьга Са туьссуш верг ?
5
Ямартло мас ю тиэ, муьжгаша гайтинарш ?
Массанне барт бу тиэ, цара шаьш бохийнарш ?
Боьхалла мел ю тиэ, цаьргара яржинарш ?
Зуламаш мел ду тиэ, вай оьзна доцуш дерш?
6
Уьш дицдинарг мел ву тиэ, декхарех хаьдна верг ?
Дайн амал д1атесна, царна т1е вирзинарг ?
Мотт хьоьшург мел ву тиэ,
цераниг буьйцуш верг ?
Цу маттаца хийра ун, шена т1е лаьцна верг ?
7
Маца кхета бохку тиэ, Дуьнено 1ехийнарш ?
Кханенаш мел ю тиэ, Дала Ша елла ерш ?
1амалаш мел ю тиэ, вай ярца 1а1ош ерш ?
Дозанаш мел ду тиэ, тиларчохь детташ дерш ?
8
Ийман дерг мел ву тиэ,
К1енташлахь кхуьуш верг ?
Яхь ериг мел ву тиэ, вайн кхане тусуш верг ?
Доьналла мел ду тиэ, Маршонна кхуьуш дерг ?
Эхь дериг мел ву тиэ, Элчанца воьзна верг ?
9
Вуожарехь мел ду тиэ, Дена пе бетташ верг ?
1есаллехь мел ву тиэ, Ненан дог делхош верг ?
Бода дохк мел бу тиэ, Суннаташ хьоьшуш берг ?
Дакъазал мел ю тиэ, Делан Дош дицдинарг ?

Аьрсбин Абу-Бакр 16.08.16 шо:

Сhechenews.com

31.08.16.