Главная » Культура » ДОТТАГ1ЧУЬНАН КУЬЦАШ !

ДОТТАГ1ЧУЬНАН КУЬЦАШ !

cd16ea8923df

Хьомсаран Доттаг1а сан Ваша .
Мел мерза уллера веха хьо.
Хьол хьоме вацара сан хьаша.
Лам санна Яхь йолуш хилла хьо.

Сел Сийлахь кхаьбна ахь декхараш.
Доккхачу хьуьнаран гечонаш.
Делерчу Пурбанца марзонаш.
Ма атта дац и хьан сибташ.

Сан г1айг1а цатемаш башийна.
Халоне аьттоне ца хьоьжуш.
Сан дог ахь Доьналлехь дашийна.
Хьайл хьалха гуттара со вохуш.

Со хьоьца нисвала г1иртина.
Ас стенца бер-тиэ и бекхам.
Даиман г1орасиз эшарца.
Хьан г1илкхо бохуш ша Толам .

Вайн Доттаг1 Вешелла бехке ву.
Делерчу совг1атехь лоруш.
Доттаг1а массарна оьшуш ву.
Х1оранне вац иза кхочуш .

Х1ай Нохчо дог мерза Доттаг1а.
Кхачалац хьох болу тамаша.
Хьан Ийманан Къонахийн т1ег1а.
Лардойла Дала Ша Маьрша !!!
*********
/ АлхьамдулиЛлах1и Роббил 1аламийна…/

Аьрсбин Абу-Бакр 30.07.16 шо:

Chechenews.com

01.09.16.