Главная » Все Новости » Главная новость » Обращение к Ж.САРАЛЯПОВУ, А.ИДИГОВУ, А.ЗАКАЕВУ. (ВИДЕО)

Обращение к Ж.САРАЛЯПОВУ, А.ИДИГОВУ, А.ЗАКАЕВУ. (ВИДЕО)

Обращение к Ж. Сараляпову, А.Идигову, А.Закаеву собраться 23 февраля 2020 года для того чтобы наметить план мероприятий по преодолению раскола в рядах сторонников независимости ЧРИ.

Если встреча не состоится будет пройдена точка невозврата. В наших общих интересах чтобы она состоялась если мы руководствуемся национальными целями, а не личными амбициями.

—————————————————————————————————————————————————————————

Махмуд Атагинский И лакхахь Джамбулата хьахийна нах шаьш кху дахарехь маьрша нах белахь, барте бахка биэза. Барте цабаг1ахь, хаа ду вайна уьш маьрша цахилар, цхьаьна къайлахчу бахьанаш лиэлош хилар.

Уггар а коьртаниг арахь болчеран цхьа барт хилар ду, оьшуш мел дерг вайн нахана кху арахь дан аьтто хилийта а, европан пачхьалкхийн куьйгалхошна вай лиэлориг дош хетийта а. Барт хиларо вайн позицеш ч1аг1йийр йу, цу балхо вайн дуккха а х1уманна т1ехь аьтто а бийр бу, оьшачунна г1о а далур ду.

Масса а х1ума девзина, гулдина, нахах дукха дагавийлина волун со а, вай массо а ду иштта шеначул х1уманаш девзина, гина, сатийсина, цундела, сан ч1ог1а дехар ду, уггар а хьалха вайн Аллах1ан дуьхьа, вайн Нана Даймахкан дуьхьа, вайн Нохчийн къома дуьхьа, барт хилийтахьара аша вайн.

Барт хиллачул т1аьхьа, цхьа а вац вайх оцу даржашка ваха хьаьгна, амма меттиг-м хир йу вайн шортта къахьега луучу нахана, муьлххачу а, вайн къоман хьашташ кхочушдарехьа а, вайна пайдехь долун х1ума даран новкъахь а. Аллах1а Ша реза волчу новкъа нисдойла вай!

Chechenews.com

25.12.19