Главная » Все Новости » События » Полисхойн тезеташ лаьтта нохчийн ярташкахь

Полисхойн тезеташ лаьтта нохчийн ярташкахь

Шина декъах лаьтта хΙинца Нохчийчоьнан бахархойн дахар. Цхьа дакъа дуьхь-дуьхьал леташ зама дΙахьош ду. ШолгΙа дакъа – цунах маьрша нах олу – дахарна лол бетташ ду. Ιедалш оцу шина агΙонна юкъа зил тоха гΙерта, амма хуьлийла дац цхьаьнхьа цΙий а Ιенаш, вукхунхьа самалхе, леш берш – тΙемалой а, Ιедалхой а -цхьа нохчий болу дела тезеташ кхочу ярташка. Веданан кΙоштан хьаннашкахь лаьтта кху деношкахь тΙемаш. Бу белларш гΙаттамхошлахь а, полисхошлахь а.

Ши-кхо де хьалха, шина  агIор дараш а хуьлуш, герзаца юкъаметтиг къастийна Веданан кIоштан лаьмнашкахь ницкъаллин структураша а, тIемалоша а. Официалан хьостано чIагIдарца, низамхошлахь вийнарг виъ ву, иттех — чевнаш йина а. И тIематасадалар нисделчахьана, алсам ницкъаш тIе а оьзна, хаддаза гIаттамхой лохуш бу лаьмнашкахь.

Iедалан векалша  дийцарехь Веданна гонаха гулъелларг вевзаш волчу  гIаттамхойн баьччин Гакаев Муслиман куьйга кIелхьара тIемалойн тоба ю. Гоне а  лаьцна, зераш дечу меттехь, боху полицин урхаллин хьостано, ша Гакаев Муслим хила а тарло. Цунна лач делахь а, тоьшалла лору низамхоша, шайн лорх тIаьхьаоьхурш тIаьхьара баха минанаш а, «растяжка» олу оьккхург а йохкарал сов, буха а сецаш, герзаш детташ, тIемалоша кIелош еш хилар а, шайн  накъостийн коьрта  тоба гена ялийта Iалашонца.

Тахана   официало къаро а еш, вийна, кхайкхош волчу веаннал сов кхин гIаттамхо  Iедалан каравеъна вац. Бакъду, байина полицин  белхахой алссам буй-те, аьлла, шеко ю могIарерчу бахархойн. Мухха делахь а, гергарнаш  ца хIуьтту дийца шайн стаг, Iедалан белхахо, маса тоьпан шокъали кхетта велла, я гериг кхетта велла… Иштачех ву Соьлжа-гIалин кIоштара вахархо а. Веллачех цхьаъ цуьнан шичан кIант ву. Амма, цунна хетарехь, Веданан кIоштан лаьмнашкахь белларш хаъал сов бу.

Бахархоша  даре до, кхо-диъ де хьалха хиллачу тасадаларехь тIемалойн дуьхьало къарьян гIерташ, Iедалан ницкъаша хIаваан кеманех а, беркеманех а  шуьйра пайдаэцна, бохуш. Кхузара, царна хетарехь, и цхьадолу баларш цу  кеманаша харц тохар бахьнехь хилла а ду. 

Ала догIу, Iедалдайша кегийнах балар тергамза ца дитина. Ма-дарра аьлча, цара сихонца, даккхий совгIаташ деш, билгалдаьхна цхьаболчийн хьуьнарш. Iедалехь уггаре мехала а, еза а ларалуш йолу Кадыров цIарх орден елла  хеназа  кхелхинчу полицин прапорщикна Хажбикаров Рустамна а, эпсарна Сатуев Сайд-Iалина а. Уьш  турпалхой санна эгна, аьлла билгалдаьккхина кху беттан 22-чу дийнахь Чечана СатуевгIаьрга тезета веъначу министро Алханов Руслана а, цуьнан гIоьнчас полковника Алауддинов Аптис а.

Источник: www.radiomarsho.com

25.09.12.