Главная » Все Новости » События » Маршо езачу нохчаша яздо шайна хетарг Нохчичоьхь хиллачу хийцамех

Маршо езачу нохчаша яздо шайна хетарг Нохчичоьхь хиллачу хийцамех

Мохьмад: Канада

Со жима волуш обарг Зеламха вийна 1уьллуш, цуьнан докъа т1е х1иттина лаьтташ суьйлийн полкан декъашхой, церан буьйранча. а волчу суьрто дог чим беш дагийна, буто ша бина леллера со дикка хенахь! Сан бераллехь и санна Дала тохар ца хиллера суна!!! Советан эскаре воьдуш цуьнан сурт а эцна ваханера со.

Со суо а ца теша магара и кхечуо аьлча, амма бакъдерг ала деза иза сан деда воций, иза къоман турпал вуй хиъначу г1азкхаша а хаставора со и сурт бахьанехь! Шолг1а т1ом болабелча суьйлийша шаьш нохчий х1аллакбеш г1азкхийчоьнна муьт1ахь хилар гойтуш долу къамелаш хезаш, дикка царна дарвелла вара со.

Ткъа К-1 наг москоно шаьш х1аллакбечу нохчийн коча воьлча дуьйна, цуьнан пхьу-к1езануо К-2чуо нохчий х1аллакбан болийча, вайн мотт буьйцуш, вайн лаьттахь кхиъна, вайн хиш муьйлуш, вай санна бедарш а йухуш, вайна йуккъехь леллачара санна зе-зулам цхьана а къомо, цхьана а хийрачу мостаг1ийн эскаруо дийр доций кхета воьлча, нахах кхаьрдинарг шена т1едог1у бохург бакъ хилар а хиъна, лулахошка болу дегабаам д1абелира сан!

Амма х1инцаъ дог ца теша сан оццул боьха, оццул нажжаз, оццул хьакхарчалла долуш, оццул йамарта, тешнабехке наларчий Нохчийчоьнан коьртехь йу бохучух, оцу колонин хьукматийн декхарш кхочушдеш дечу боьрша кхахьпанашна г1о-накъосталла деш, церан б1ог1ам-г1ортораш хилла лелаш оццул дукха боьха х1уманаш вайна йукъахь карош хиларх!!!

Нохчийчо ч1ирах-бекхамах ца кхоьруш, ша вийначуьн дакъа сила долчу халкъана гойтуш сийсаз а деш, цунах дозалла дар доккха 1аламат ду и Къемат Де т1е а дале дуьне дохар санна х1ума ду!!! Гарехь, Дала ша х1аллакбан йазбинарш хьекъална галбоху бохург бакъ ду!!! Амма вай махкахь санна шайна та1зар дан хьакъдолуш,оццул дукха боьха х1уманаш хир а йуй-те кхечахьа??? Дуьненахь мел болу мотт (цхьаболчара дийцарехь 7 эзар, вукхара бахарехь 3 эзар ах эзар мотт) со хууш хиларх, путинан йух лаьцна вай х1аллакдеш болу нохчийн мотт буьйцу кала-ц1олаш емал йан дешнаш карор дацар суна!!!

Соьлжа-Г1алара телехьожийла пхеа минотехь дог ца эккхаш ловш волчунна »Ламанал доккхa собар дерг » аьлла ц1е а тиллина, велла д1аваллалц цунна дукха доккха пенси а луш, ишттанехьа психологаш белла 1айта мегар дара!!! Уггар а майра нах бу д1абовлуш берш!!! Цул боккха эшам хуьлийла дац нохчашна хьовха дерриг дуьненна а !!! Дала Декъал бойла х1окху муьрехь а кхул хьалха а эгна йахьйолу к1ентий!!! Дала дах ма дойла Нохчийчохь самукъадаьлла лелачу хьарг1анийн хазахетар!!!

Бирлант: Норвеги

Нохчий къам ца1 хилла бохург бакъ ца хета суна.Вай къам оццул жима долшехь,масийтта башхал йолуш хилла.Х1окху шолг1чу т1амехь,ма барра Аллах1а гуча а баьхна и нах.Шай къомах дог а лозуш,яхь а сий а долуш болу к1ентий,бахьнаш а ца лоьхуш,чу а ца боьрзаш,атто а ца лоьхаш,халчу некъ т1ехь чакхбуьлуш бу.Дуьненчохь якха елла йолу зама чакхяьлларг Аллах1а д1авуьгаш ву. Хьусайн а цера берриг доьзал а бевзаш хилла ю со,уьш муха к1ентий бара цхьаммо а бийца ца оьшуш.Аллах1а къастинчаьрга бе д1акхехьлур болуш некъ бацар,цу лоьмаш къастинарг.

Иштта къонхий вай къома юкъар эзарнаш а бевлла, кху шина т1ам т1ехь,Дела къихетамца. Шайт1наш бахарх,царна хила зе дац.Уьш вай неха сийлахьчу историй юкъахь хир бу,кху харц дуьненахь.Фирдовс Ялсмани чохь а хир бу,вай моссо а дахаз ца довлчахь,иншаАллах1.Амма царех шайт1а мел аьлла долу иблис,цуьна к1орнеш а,кху дуьненчохь жуьгташца а г1азкхашца ма хиллар,эхартахь а царна бухахь хир ду!Уьш са дешнаш дац,Ше сийлахь Къоран чохь,Аллах1а аьлла ду!Цу т1ехь шеко яц!Аллах1а декъал бойла вай сийлахь к1ентий.Царех хьоьгуш берш шортта бу шуна,цу хьакхарчий набахтешкахь хьийзош.

Taymasxa: Noxchiyncho

Аллах1о сий дойла цера а уьш санна шен новкъахь къа хьоьгуш болчу бусулба неха а! Шай динан къоман турпалхой бара уьш. Вайн мохк йисарера баккха ара боьвла майра к1енти бар уьш. Цундела массо маьрша нохчашна уьш дукха а беза, ткъа лайша х1ун дуйцур ду, йа цара дуйцучун х1ун мах бу?

Муса: Швеци

Цхьа шеко яц оцу т1амехь декъал хилла к1ентий вайн къоман уггаре а, тоьлла, доьналла, майралла, иман долуш к1ентий хилар. Дала г1азот къобал дойла церан! Г1азкхашна бохка а белла, дуьненан риц1къ, бахам, ахча бахьанехь царна т1аьхьа бевла лелаш болу нах вайн исторехь к1иллой, йовсарш аьлла бен ц1е йоккхуш хир бац т1ейог1учу заманахь. Дехар дара радио Маршо ладог1архошка х1окху сайта т1ехь шайн хетарг яздеш комментариш йитар. Х1унда аьлча, маршоне сатуьссуш болчу вайн махкахошна дика дарба ду вай кху т1ехь даггара яздеш долу йоза.

B1aho: Ichkeriya

Ush Nohchi k’oma turpalhoy bu,uggar tol yah’ yol k1enti bu Ushurm Shayh Mansur Benoy Boyshar 1albig Hazha Duaev 1umma Avtarhan Ahman Obarg Zelamh Obarg Hasuh sann Shay din k’am mohk lar besh sinosh d1a dell,Dala dek’al boyla ush…Busalb stagan shayt1a ya kerist alchuh sheh hula kesta shayt1a’…Carn hamma hua bahchi ch’ange Cer siy day’ lur dac,hund alch Allaha siy din nah bu ush She lay hilaa din lar daa atto a bina…

Ахьмад: Австри

Нохчийн къоман т1ум, цу къоман са кхуллуш долу дакъа, цу къоман уггаре а онда, могашалле, унахц1ена меженаш яра-кх и к1ентий. Цу Дала шен хазчу Елсаманехь беза хьеший бойла царех. Уьш-м шаьш кхоьллинчу Далла дуьхьал шайн сий ца дожош, х1уммаъ боьхна а боцуш, х1уммаъ шек а боцуш, д1а бахнера, вайна вешан мискалла а, вешан осалалла а гойтуш. Бухадуьссучу вайн ду-кх къа. Царна делла хилла-кх Дала и доллу доьналла а, и доллу иман а. Вайна х1у дуьсу, уьш д1абахча, шайца т1аьххьара маршонан цинцаш а эцна? вайн вешан лай хилар дуьсу, вайн боьхна сатийсамаш, вай доцу де а, г1ора а.
Дала декъал шу, тха уггаре а тоьлла вежарий. Дала шун меха хила тхуна ницкъа ца беллехь, шу диц ца далла, шун сий далла иман а, кхетам а лойла тхуна.

B1aho: Ichkeriya

Уьш шайт1наш ду бохчарг х1ар дешнаш эр дар ас…

Борз угIуш хезначохь чангIалкхаш цIийзаеш
къонахий леллачохь тодакхаш хьийзаеш
стогаллин аганахь лайн амалш техкаеш
хIун кхане лоьху аш х1ай муьжги лай?

Йишин сий дицдинарш эхь-бехках баьстина
вешин цIий дитинарш бахамца хьаьстина
яхь доьшах хийцина эхь даржах доьхкина
хIун ларам лоьху аш х1ай муьжги лай?

Сий долу вай кIентий саз-латтах боьхкина
Iожалло ларбинарш хьаннашка лаьхкина
айкхаллех герз дина гамонех гIагI дина
хIун толам лоьху аш х1ай муьжги лай?

Хьарамчу рицкъанах гIаланаш йоьттина
гIийланиг мисканиг халоне хIоттийна
вай берех бой дина вай къаной къарбина
хIун беркат лоьху аш х1ай муьжги лай?

ГIазотехь кхелхинарш мостагIий кхайкхийна
ийманехь нисбелларш махкаха къахкийна
тезетах той дина моттаргIех дин дина
хIун эхарт лоьху аш х1ай муьжги лай?

www.radiomarsho.com

31.01.13.