Главная » Все Новости » События » Махбузерчу Европехь дагалецира вайнах махках баьхна де

Махбузерчу Европехь дагалецира вайнах махках баьхна де

ХIора шарахь санна, къам дIадохор дагалоцуш цхьа могIа цхьанакхетараллаш дIадаьхьира Европехь бехачу вайнаха а. ГIалин урамашкахь митингаш еш а, сагIа доккхуш а, меттигерачу бахархошна а, тIекхуьучу вайнехан берашна а цу геноцидах лаьцна дуьйцуш хуьлу цу дийнахь Европерачу вайн махкахоша. Вайнах дIабохийна де дагалоцуш, цхьа могIа вовшахкхетарш дIадаьхьара Европерачу пачхьалкхашкахь цигахь бехачу нохчаша а, гIалгIаша а.

„Ши эзар иссолгIачохь
есачу петарахь
ас юх-юха а яздо
Экранан аьнгали тIехь:

„Цхьаъ исс диъ диъ.
Шиъ кхоъ. Ноль. Шиъ“.
ХIора а дош- цIийн басахь,
декъеша сирдина.

БархI дош, бархI терахь-
цхьа а говзалла ца оьшу шифр.
Арифметикан аллегори
Лазамах,
валарах,
чIагIаллах лаьтта,

Латта лоьмаца а цадохалучу,
Ткъа каш-х ца аьхкича ца долучу,
БIаьрхиш легашкахь къурд хилла лаьттачу,
ДогIанца охьахьалха кийча…“

И байташ, цхьана къоначу нохчийн поэта оьрсийн маттахь язйина йолу, хIора шарахь вайнах дIабохийна де тIекхочучу муьрехь интернетехула лела йолало, цхьана сайтера вукхунна тIе а йолуш.

Цара, цу лазамех Iийдалучу могIанаша, гойту, 69 шо къена йолу и вайнехан ца йоьрзу чов тахана а лезаш хилар, и бала лайна а, шайн бIаьргашца гина а болчу баккхийчеран лезна ца Iаш, иза лоьраша шех „фантоман лазарш“ олучу кепара , иза шайна цкъа а ца гинехь а, амма шайн синошца иза кхобучу вайнехан кегирхойн дегнашкахь а.

Цуьнан тоьшалла ду, хIора шарахь гIуран беттан 23 -чохь Белгехь бехаш болу вайнах вовшахкхеташ хилар, нохчийн а, гIалгIайн а къоман бохам дагалоцуш, тIекхуьучу берашна а, и бохам ца бевзачу белгихошна а цунах лаьцна дийца а дуьйцуш, сагIа а доккхуш, я урамашкахь дагалецамийн акцеш а еш.

Кху шарахь и тайпа цхьанакхетар вовшахтухуш хьалхаяьлла яра Белгера гIалгIайн диаспорий, „Вай ду“ цIе йолу нохчийн Европерачу кегирхойн юкъараллий. Цу хиламна кечамбечу жигархойх цхьаъ ву Белгин  вахархо Руслан. „Вайга вайн дай-наноша ма дийцара, вай а декхарийлахь ду вайн берашна цу бохамах дерг дийца, царна иза диц ца далийта“, — бохуш дуьйцу цуо.

Руслан: „ХIора шарахь хIара де тIе кхаьчча, вовшахкхета тхо, вайнахана тIехь йина геноцид а юьйцуш, иза диц ца далийта а гIерташ. СагIа а доккхий, нах сагIехь кхоьтуьйту. Дуккха а нах гулло кхузахь, Белгера хилла ца Iаш, луларчу Голландера а, Германера а, Францера а. Баккхийчара, и хIума шайна бIаьрг гина а, дагадогIуш а болчара буьйцу шайн дагалецамаш“.

Вайнехан жигархойн цхьа тоба къам дIадохийначу дийнахь Авторханов Iабдурахьман дагалоцуш, цуьнан сийна немцойн  Мюнхен гIалахь дIагулъеллера. Маршо радио зIене яьлча, Мюнхенехь ваьхна а, кхелхина а волчу цIеяхханчу нохчийн Iилманчин барз тIехь доIа деш, зикар олуш а бара уьш.

Цу тобан декъашхойх цхьаъ вара Германехь Нохчийн Республика Ичкерин векал волу Докудаев Ахьмад. Цу иштта дийцира шайн Мюнхенехь дIагулдаларх лаьцна.

Докудаев Ахьмад: „ХIара Авторханов Iабдурахьман вайн къам дIадохийначуьра цIадерзадайта гIерташ вуно чIогIа къахьегна ву, шеца масех накъост а волуш. Иза дага а лоцуш, иштта дIадохийча кхелхина болу вайн вежарий-йижарий а дагалоцуш, царна массарна а тIера сагIа а даьккхина вай.

ХIинца кху Iадрахьманан коша тIе хIиттина ду тхо, цунна еса а доьшуш, доIа а деш. Цунна тоьшаллаш дан йоллучу Европера баьхкина дуккъаъ къонахий а бу кхузахь“.

Иштта дуккъаъ нах гулбеллера шота дийнахь Парижехь а, Хельсинкехь а, Ослохь а, кхин цхьа могIа кхечу гIаланашкахь а, вайнах дIабохор дагалаца.

Источник: www.radiomarsho.com

23.02.13.