Главная » Все Новости » События » Кадыровн ахчано чIагIдеш ду Абу-ГIошерчу Iаьрбашка доьссина «нохчалла»

Кадыровн ахчано чIагIдеш ду Абу-ГIошерчу Iаьрбашка доьссина «нохчалла»

Израилехь хΙора денна арадолучу «Маарив» газето хаам бо, Къуьдсана уллехь лаьттачу Абу-ГΙош юьртахь Кадыров Рамзана дайта долийна маьждиг шен доккхалийца дуьнентΙехь шолгΙаниг хир ду бохуш. Цигара бахархой нохчий бу аьлла долийначу хабаро кхачийра Кадыров и совгΙат дече. Амма Израилера а, Ιаьрбан мехкашкара а тергамхой боьлу оцу проектна гонаха лелачух.

«Маарив» газетан корреспондента Эли Йосис бахарехь, Абу-ГΙошера нах шайн орамашца нохчий хилар гучудаьккхинарг меттигерчу ресторанан директор Джавадат ИбрахΙим ву. Ши шо хьалха, Абу-ГΙошерчу цхьана урамна Кадыров Рамзанан ден Ахьмадан цΙе а туьллуш, и юьрт нохчех юзу проект дΙайолийра цигарчу юьртдас Жабир  Салима а, цуьнан культуран зΙенашкахула гIовс волчу Жабир Ιисас а.

И некъ болош Нохчийчу баьхкина, Соьлж-ГΙалара Ιедал а цецдаьккхира цара. Оцу хенахь кхайкхийра Кадыров Рамзана Абу-ГΙош тΙекъаен программа. Иза, гарехь, кхочушъеш а ю.

Уггаре хьалха Маршо Радиона къасто луург дара, буй те Абу-ГΙошера нах нохчех схьабевлла, стенгара гучуяьлла те царна и къайле бохург. ХΙетахь вуно цецбевлла а, вукху агΙор, оьгΙазбахана а бара Урдунера нохчий.

Абу-ГΙошан юьртдас Жабира, дукха хан ю, аьллера цкъа, шаьш Урдуне а лелаш, цигара зударий балабе а, гергарлонаш леладе а. ХΙетахь тхан эфирашкахь Урдунерчу тешаша харцдира ЖабиргΙара дуьйцург. Цул совнаха, дегабаам а къадийра, мекарлонаш леладечу нахана оцу Абу-ГΙошехь дечул, билггал буй а хууш, нохчий бехачу Заркъахь я Сувелехь стенна ца до Кадыровс и маьждиг, аьлла.

ДуьнентΙехь мел бу, стенгахь беха нохчий теллина а, толлуш а ву историн Ιилманча Вачагаев Майрбек. Цо а бина дукха талламаш, Абу-ГΙош йийца яьккхинчул тΙаьхьа, цигарчу нехан орамаш билгалдохуш. 

Абу-ГΙошера, цигарчу Ιаьрбех Ιаьрби ву журналист Фарид-аль-Абу-ГΙош. Ах шо хьалха цо довзийтира ша бинчу талламийн жамΙ Маршо Радион Малхбалерчу корреспондентна Бакир Ιабдул-Хьамидна. Цхьайолчу къайленашна тΙаьхьа а кхиинера и журналист.

Журналиста Фарида и къамел динчул тΙаьхьа иза шайна тΙекхайкхина хилла шина Жабира – юьртдас Салима а, Ιисас- цуьнан гΙоьнчо а. Цара юьхьъехира шен ша Радиона дийцинарг бахьанехь, хьо юьртахь дендолу маьждиг ца дайта араваьлла ву, бохуш, дийцира Ιаьрбийн журналиста, амма ца хΙоьттира кхин Маршо Радионехула къамелаш дан.

Цхьаннан а шеко яц Абу-ГΙошехь нохчий бацаран. Амма Кадыров Рамзана шен проект кхочушъян йолийна, коьртаниг цигахь маьждиг дΙахΙоттор а долуш. Маьждиг диллар дика хΙума ду, аьлла хета Ιаьрбашна а, цхьаболчу жуькташна а, цаьрца бехачу Кавказера хΙу долчу нахана а. Чергази Варкъиж Ιаднан Жуьгтийн махкахь веха, историк ву иза, цхьа а документ дац юьрт Кавказца гергарлонехь ю аьла карош. Амма маьждигах дерг, и кхин ду, бохура цо

Варкъиж Ιаднан: «Маьждиг дар меле хIума ду. Маьждиг динарг Далла гергахь хир ву. Иштта боху бусулба дино. Дика хIума ду маьждиг даг царна дагадар, иза Делан дуьхьа, нехан дуьхьа деш делахь.»

Амма кхин дукха а ца карийра Маршо Радиона Абу-ГΙошехь Кадыров Рамзана маьждиг дуьллуш хиларх баккхийбераш. Шен децIахь йогу цΙе дΙаяйъина ялале, нехан цΙерга хи деттар тамаше хетарш дуккха а бу интернетерчу социалан машанехь а, шайлахь хилам хьехочаралахь.

Оьрсийчоьнан мехкашкарчу бахархоша юха а гΙаттийна Абу-ГΙошехь ден маьждиг бахьана долуш, Нохчийчоь Кремлера дотацеш а оьцуш беха мохк бу, ткъа Кадыров Израилехьа ахчанаш лестош ву, иза харцо ю бохуш.

Амма нохчийн политикашна дика девзачу малхбалерчу кицанехь аьлча, жΙаьлеш лета, мох хьийза, ткъа эмкалийн ковр шен лоррах дΙайоьдуш ю.

Чабаев Лоьма

www.radiomarsho.com

11.03.13.