Главная » Все Новости » События » ЮНЕСКО — нохчийн мотт бала новкъа баьлла бу

ЮНЕСКО — нохчийн мотт бала новкъа баьлла бу

Леш долчу меттанийн керла цIейоза арахецна ЮНЕСКОно. Еккъа цхьана Оьрсийчохь I00 мотт бу юкъара дIаболучу новкъахь. Царна юкъахь ду Къилбаседа Кавказера меттанаш а – нохчийн, суьйлийн, гIалгIайн, адыгийн а.

ЮНЕСКОН хьесапехь 20 мотт белла дIабаьлла лоруш бу Оьрсийчохь. 22 мотт чолхечу хьолехь бу. Ткъа 29 мотт боккхачу кхерамехь бу дIабала. Кхин 49 мотт бала новкъа баьлла бу. Царна юкъахь бу  идиш, удмуртийн, гIалмакхойн а меттанаш. Кхин 20 мотт дIабаларна саготта а бу говзанчаш.

Меттанашна таллам беш, исс хIума лелийна ЮНЕСКОн говзанчаш. Мотт Iамо каро йиш йолу Iаморан материалаш, юкъараллин маттаца йолу юкъаметтиг а, баккхийчара иза кегийчарга балар а. Цул сов, маттана Iедало еш йолу, аьлча а ца еш йолу гIортор а хьесапе эцна цара.

Нохчийн мотт хIора а ЮНЕСКОн рапортехь хьахош бу. Иза, кхечу меттанашца цхьаьна, бала новкъа баьлла бу.
Арахаьрчу меттанашкара литература нохчийн матте гочъеш волу говзанча ву Хатаев Хьусен. Иза тешна ву, нохчийн мотт баларан бахьана, уггар хьалха Iедалан терго йоцуш бисарна хиларх.

Хатаев: «Нохчийн маттана Iедалера цхьа тайпа гIо дац. Iедало ца ларбинарг, цхьана къомо, стага ларбина бац мотт. И бохург хIун ду сан? И Iедал хIотта а хIоьттин, Iедал тIехь а ду а бохуш, пачхьалкх чIагIелча, Iедале массо хIума дало. Таханлерчу дийнахь масса институт, массо хIума чIагIделла Iаш ду бохучу хенахь, Iедало цхьа а тайпа дакъа лоцуш дац. Ахча, бохча, массо хIума цуьнан карахь ма ду.

Нохчийн мотт юьхьанцарчу классашка балабар уггар хьалхара даций и нохчий мотт кIелхьарбоккхучу хенахь? Уггар хьалха дац иза (Iедална). Иза дан дезаш хIума ду. Цхьаьнге — хьехархошка, юкъаралле — хетта оьшуш дац. Мохк чIагIбаран юьхь ю иза.»

Маршо радио: Нохчийн маттаца доьзна, масех чолхе хIума лаьтта хIокху сохьтана. Мелла а сиха цу тIехь болх а болийна, уьш къаста ца дахь а, меттан кIоргалла а, маьIна а, цуьнан дешнийн хIоттам а бухур болуш. Гуш лаьтташехь, гIуллакх, нохчий шаьш а, шайн маттах ца бешачунна тIедаьлла. Цхьаболчарна, иза школехь, юьхьанцарчу классашкашхь юкъабаккха а ца лаьа. Бакъду, цуьнан бахьанаш а ду. Цкъа делахь, хIинццалц дIатесна лаьттина мотт, дикка тIехь болх бина а боцуш, цIеххьаша юкъабаккхарх хIумма а диканиг хир дац боху цара.

Дерриг а дуьненахь, ненан мотт хьехарна тIера дIайолалуш ду, юьхьанцарчу классашкара дешаран система. Иза хIумма а тамашийна а ца хета.

Нейдерланд пачхьалкхехь, Ляйденерчу университетехь меттанийн говзанча ву профессор Комен Эрвин. Нохчийн маттаца гергарло долуш а ву иза. Ляйденера схьа, Маршо радиоца телефонехула шен хиллачу къамелехь Комена элира нохчийн дай-наной кхера оьшуш дац, юьхьанцарчу классашкахь Iамор нохчийн матте даккхарх.    

Комен Эрвин: «Суна и хьал муха го аьлчи а, оьрсийн мотт нохчий Iаш болчу меттехь лелаш хиларе терра, школин системехь мел долу Iилма нохчийн матте даккха деза аьлла ца хета суна. Амма, нохчийн бер школе дахале — цо оьрсийн мотт бийца болабале — юьхьанцарчу классашкахь мел долу Iилма — арифметика а, математика а, ненан маттахь Iамо деза. ТIаьхьо, оьрсийн маттахь доьшур ду цара.

Вуно дукха телевизион а, радион а хьосташ а, газеташ а ду оьрсийн мотт шарбан. Оццу хенахь, дика, цIена нохчийн мотт буьйцург — йоцуш ю. Еккъа Нохчийчохь юкъаяьккхина система хилла Iийр яц иза — Мексикехь а, къилб Iамеркехь а, Африкехь а болх беш ю иза. Юьхьанцарчу классашкахь ненан маттахь бен ца хьоьхуш, тIаккха, пачхьалкхехь лелаш болчу маттахь дешар — норма ю, юкъарадаьккхина хIума дац. 

Цхьаболчу нохчийн хьехархошца къамел хиллера сан. Цара бахарехь, оцу берашна ши-кхо дош бен ца хаьа оьрсийн маттахь. Цундела, цхьа а Iилма Iамо доладале хьалха, царна оьрсийн мотт Iамо ма беза. Иштта, царна еша а, яздан а Iамадале, цкъа дуьххьара оьрсийн хьеха беза хуьлу юьхьанцарчу классашкарчу берашна. Цунна шортта хан оьшу.»

Маршо радио: Оццу хенахь, дукха хан йоццуш, оьрсийн президент волчу Путин Владимира юха а оьрсийн маттана гIортор яр дийцира Къаьмнийн Юкъаметтигийн Кхеташонехь. Оьрсийн мотт – бертан, цхьааалин мотт бу элира цо. Цул сов, оьрсийн пачхьалкхан ДУМАно къобал а дина тIеэцна, къаьмнийн меттанаш Iаморца доьзна низам.

Сенаторша а, президенто а къобалдинчул тIаьхьа хIокху шеран Гезгмашан батахьа дуьйна болх бан долалур ду иза. Цуьнца а догIуш, хIора республико ша къастон деза къоман мотт школехь Iамо беза я ца беза. Ткъа оьрсийн мотт Iамор, тIедиллинчу кепехь ду. Нагахь санна республико шен мотт тIедиллинчу кепехь Iамон беза аьлла тIеэцна хилахь, цигахь мел вехачу Iамон безаш хир бу.

ХIун дан дагахь ю оцу хьолехь Нохчийчоь – хууш дац.

www.radiomarsho.com

26.03.13.