Главная » Все Новости » События » Нохчийчоь Чехера журналистан Прохазкова Петрин бIаьргашца

Нохчийчоь Чехера журналистан Прохазкова Петрин бIаьргашца

Оьрсийн Iедалша 2001-чу шарахь дуьйна шайн пачхьалкхан доза хадор дихкина Чехера журналист Прохазкова Петра дуьххьара Нохчийчохь хилира Стигалкъекъа беттан тIаьххьарчу деношкахь. ГIишлош юхаметтахIиттйна, кхерамазалла мелла а ю ала мегар ду. Амма хьалха нохчаша маьршша къамел дора. Тахана уьш къамелана тIера ца хиларан билгало массанхьа а яра боху, Нохчийчохь тIемаш боьлхуш, цигарчу хьолах лаьцна Европина алссам довзийтинчу журналисто Прохазкова Петрас.

1

Нохчийчоьнан коьрта гIалахь цхьа-моггIа керла гIишлош ю

2

КадыровгIеран ден а, кIентан а суьртех йоьттина ю Нохчийчоь

3

Соьлж-гIалахь хаза Iойла ю фонтанна уллерчу кафехь

4

Советан заманахь хилла билгалонаш тахана Нохчийчохь дуккха а ю. Кадыров Ахьмат-хьаьжин цIарах музей йина

5

Безачу тIулгех кхоьлина ю Кадыров Ахьмат-хьаьжин цIарах музей

6

Безачу тIулгех кхоьлина ю Кадыров Ахьмат-хьаьжин цIарах йинчу музейн тIевоьдийла

7

Безачу тIулгех кхоьлина ю Кадыров Ахьмат-хьаьжин цIарах йина музей

8

Жигара тIемаш боьлхуш Соьлж-гIара дIабаха таро ца хилла я, аьтто ца баьлла доьзалш бевзинера Прохазкова Петрина. 11 шо даьллачул тIаьхьа уш юха а ган яханера журналист.

9

Бостонехь лелхийтарш дарна бехке а вина, Iамеркехь лаьцна латточу Царнаев ЖовхIарх лаьцна кехаташ ду Нохчийчохь пенех дIадиттина. Цу тIера йозанаша иза бехке вац боху.

10

Нохчийчоь йоьттина ю рекламех

11

Италера дуьйна деана духар ду шайгахь боху, хIокху туьканан долахоша

12

Дукхах болу зударий коьртахь йовлакхаш долуш бу, гуш мас йоцуш

13

Соьлж-гIалара Беркат базар Кадыров Рамзанан долахь ю боху гIалахоша

14

Массанхьа реклама ю Нохчийчохь. Жигара спорт лелочарна оьшу сурсаташна бист кхаччалц.

15

Нехан карахь ахчанаш дац. Совдегарша ишттачарна аьтто ло, сурсатах богIу мах тIаьхьа я жим-жима дIабала

www.radiomarsho.com

 

13.06.13.