Главная » Все Новости » Главная новость » АЬРСБИН АБУ-БАКАР: КЪОМАНА ЮКЪАРА СИЙЛАХЬ Б1ОГ1ИЙ-ЛАРДАШ. (ВИДЕО)

АЬРСБИН АБУ-БАКАР: КЪОМАНА ЮКЪАРА СИЙЛАХЬ Б1ОГ1ИЙ-ЛАРДАШ. (ВИДЕО)

КЪОМАНА ЮКЪАРА СИЙЛАХЬ Б1ОГ1ИЙ-ЛАРДАШ, ДЕВДДА АДАМАШНА ЮККЪЕРА БАШЛОМАНА БОЬХХЬЕ ДОВЛАРАХ !

БисмиЛлах1ир-Рохьманир-Рохьийм…

Жимчу-Атаг1арчу Маьждигехь 1уьйра ламазана Мо1зар (муадзин) кхойкхуш, кху Делан-Х1усаме веанарг ткъех стаг бен вацара.Царах ворх1 Воккха стаг вара,вуьйш г1еметта х1иттина Нах бара,шайлахь шиъ жима стаг а волуш.
Ламаз диначул т1аьхьа и д1адерзош шайн Тасбихьа-Азкаран белхаш бина бевлча,шен аг1о а лаьцна валийначу царех уггаре Воккхаха волу б1е кхойтталг1а шаре вирзинчу Къаночо шегара бала балхийра.Вайна юкъахь яьржинчу 1есаллех,харцонех ,шалхонех йолу цамгарш йийца йолийра цо,б1аргех хиш а оьхуш.Къоман Сийлахь мехаллаш оьгуш хиларах дара, цуьнан лазаме бакъ долун къамел.

Ма ирча хьал ду х1ара тахана вайна т1ех1оьттинарг.Нехан Ларам бац вовшашца.Атта девне буьлаш Сий т1е кхийда.Мехкарийн Эхь-бехк д1адолуш ду.Баккхийнарш лерар лахделла.Молланаш бахамашна т1ебирзина.Хьарам-хьанал лардеш верг к1езга ву.Маьттаза мотт буьйцу,вайн Оьздан мотт хьошуш,х1ара Мохк а, вай а, б1ешерашкахь аьттаначийн мотт айбина доьзалшкахь а цхьана цуьнан бийцар даьржина.

Милла левина а бахамца сов бийла г1ерта вуьйш.Декхарна делла даьхний юха ца дерзош лела цхьаберш,доьвнаш айъина.Атта тухий стаг воь ницкъ,даьхний долчо.Махкахь юьйцу а ца хезна цамгарш яьржина.Зударий боьршачу Нахаца къийсалуш ,муьт1ахьалла дохийна бог1у,шайн мароша шайн декхарш вахьа тийсар бахьана долуш.

Керташ,а рдаш,даьхний лелор д1атесна.

Жоьжаг1ате вуьгуш йолу хьаг1 ю ,кураллех йоьттина ца оьшучу къийсаме йаржина йоьдаш.
Ма Оьзда,мерза ,Йиша-Ваша санна даьхна къам дара вай. Х1ара хилла-кха х1ара дерриге ла а, ган а, со буха а витина д1абаханчу сан нийсархоша баьхнарг :

«Т1аьхьарчу хенахь цхьа зама йог1ура ю,Баккхийчеран Сий дайъина-Кегийрхоша Эхь дайъина», бахар.
Кхи а дара вайн Дайша дитна доккхачу хьекъалах иштта олуш :
«Цхьаъ бен воцу хьомен К1ант д1алура ма вара ша,стеган дагара хаийта !»
Тахан шортта кху дуьненан меха К1етий Маршонна д1а а белла, цу боккхачу мехах Дала гуча-м даьккхи массеран а дагахь дерш.Алхьамду лиЛлах1…

Вайна юкъара Динан б1ог1ий,къоман эзар шерашкахь кхиийна Сийлахь йолу Синакхетаман г1ортораш оьгуш,уьш малйаларех дийцира цуо ц1ераш йохуш, Къонахчалла,Сий,Яхь,Бакъо,Нийсо,Кхетам,Ларам,Г1иллакх,Оьздангалла,1уьналла,Комаьршо,Къинхетам,Эхь-бехк,К1еда-марзо ,олу и къоман б1ог1ий лардаш (основы), дукхах болчара уьш д1атийсар бахьана долуш, цхьа иэрчаллаш йаьржарех дара ,Къаночуьнан къурдашца шен лазам бийцаран къамел.
Уьш леларийн хиларийн ирча масаллаш далош дийцира цо.Чуьркан т1оман а шен мах ца леринчу кху дуьненна т1аьхьа а боьвлла, б1арзбелла цу шайн

Турпалчу Дайша кхуллуш кечдеш, дукхе-дукха лерина лелийна къоман баххаш тергала ца деш хьошуш хилар , иза 1аьткъина долу цуьнан къамел бакъ хиларца массара а къобала дира цо дуьйцург, цкъа гина а боцу бохамаш баьржина хиларца вайн къоманна юккъехь, аьлла.

Цул т1аьхьа уьш цу Маьждигчуьра ара бовлуш малх г1оьмукъ (копьё) барамехь хьала а баьлла, шен йовха з1аьнарш латте д1ахудош бара.
Юха элира цу Къаночо цу шина жимачу стаге,шу шинна маьрша дац 1уьран ламазе иэхар,ший а ларлуш хилалаш олуш, уьш д1а-са боьвлира.
***
Амма уьш шай-шайн ц1ацц1а бахарах ,цхьанне а гуш доцу Малаикаш санна г1алартан сибатехь лаьтташ буха диснера.Цу Къаночо шаьш Адамо г1елдарца дуьйцуш шайн ц1ераш йохуш хезна, царна Маьждигчохь т1егулделла ладоьг1уш 1ийна вайн къоман Синамехаллийн г1ортораш,б1ог1ий-лардаш , Сий, Тешам, Къинхетам,Эхь-Бехк,Ларам,Яхь,Эхь,Г1иллакх,Оьздангалла,Комаьршо,К1еда-марзо,1уьналла,Къонахчалла,Доьналла олу Мехкан а, къоман а Сийлахь и баххаш лаьттара, Маьждиган майданахь кортош уохкийна г1айг1анечу къурдашца, халла синош дохуш.

Уьш гуш дацара адамашна.Амма х1инца царна а дацара гуш гонахара хьал ,шайга боьссинчу синагаттамо дахьийнера уьш а, церан иэс а (память).
Церан тийналла йохош дист хилира Доьналла :

-Х1ан-х1а,ладог1ал х1инца шега, олуш ! Цхьа хьалха кху Маьждиган майданара д1о Органан тог1ерачу сийначу бацала дехьа а доьвлла, цхьа ши б1е метр хиллала бен кхи гена яц и меттиг, х1ара куп хадош чекх доьвлча.Цигахь бег1ийла меттиг ю вайна Кхеташо х1оттон.Кху Маьждиган хьалхара х1ара урам нийсса Органна тог1ечу боьдуш бу.Коттой- шайха олуш Бенойн куп ю х1ара,шайн Дайшкахь кху Махкахь мел баьхна вирдан Дай Авлийааш шайна т1ебуьссуш хилла йолу.Таьшкийчуьра Абу-Аптиг1ара,Илсхан-юртара Кунта-хьаьжа,Хоьшкалдара Юсуп Шайх,Эвтара Бамат-Гири ,Элаха молла,Доьвкар эвлара Докка, иштта кхиболу Дика Нах а.

Цу Доккас шен доттаг1а лаьттинчу Г1урмега йайтина кхо т1улг болу хьера тахана а болх беш ю.Цунна уллехь цхьа томехь ц1енчу х1аваэхь йолуш кху куьпанна чуйог1уш ,кху эвлачохь цхьаъ бен йоцу жима хьуьнан боьлак (жима хьун)ю ,шена юккъахь цхьа беркате Майда а йолуш.Цигахь аьхка йоьвхачу хенахь шайн Кхеташо латтийна вай хьахийна Дикчу Наха.Вайна а беркатие хира ю аьлла хета шена, вайн д1ахьон йолу Кхеташо цигахь нисйича аьлла ,и къоман Сийлахь Лардаш-б1ог1ий шена т1ьхьа а х1иттийна,д1адахара Доьналла ша билгала яьккхинчу меттехьа.
***
Го нисбеш д1ах1оттийра цара шайн Кхеташо.

БисмиЛлах1 доккхуш До1а дарца ,Тхьамдалла шегахь долчу Доьналло элира,цу шайн Кхеташонан болх схьабоьллуш.
Ладог1ал шега шен Вежарий-Йижарий ! Вайна г1айг1ано дан дарба дац.Вай х1ора а х1усамашка ,х1оранне а дегнашка дисса дезаш ду, къам вайна пусар даре юхадерзон лерина къахьегарца бан безачу белхашца, Яхь хьо хьалха а йолуш.Вайха х1ораммо дог ца дуьллуш вешан декхарш кхочуш дан дезаш ду,юха довла меттиг ца бисна.
Вайн Кхеташонан шозлаг1а дош хьога ду Сий,олуш,соцанг1а хилира Доьналла.

-БисмиЛлах1ир-Рохьманир-Рохьийм,олуш шега кховдийна дош схьаоьцуш ,дикка корта вахьата1ийна 1ара Сий,ша дохоран юьхьиг муьлхачу т1ера йолор къастина доцуш.Цуьнга хьожуш гонехь 1ачарна гуш лаьтташехь цу сохьта къеж белира цуьнан корта.Дег1 диегош дара цуьнан тийна 1арехь, лаьтта оьгуш цуьнан б1аьрхиш а гуора царна.Эххара а са-доккхуш шен корта хьала а нисбеш ,х1оьттина тийналла йохош шен шийла къамел долийра Сийно.

Вайна массарна а ма хаъара,Ша Дала Шен Сийх хоьттина,Шеха даакъа деш дикчу Адамашна кхачийна лакхе йолуш ду ша.Кху Нохчаша иштта олуш ду шеха:
«Шегахь Сий долчунний бен Сийлахь дерг доьвзара дац ,цунний бен иза лара а хуар дац.»

Ткъа Сий ша лоручаьрций бен даха меттиг болуш дац .Кху Нохчийн къомо шен жималле ца хьоьжуш,шен ц1аналле хьажжина боккхачу ларамца кхаьбнера со.Дукха генара йолчу ширачу хенашкара ша схьадалош,нужур ца хьойтуш.Уггаре тоьллачу баьрччехь латтош.Делан Хьаккъашца хоьттина,шелла а лакхара цхьа а х1ума доцуш.Шайн зударий а хьалхара шеца хиттина ларбеш.Ша лардан коьрте Маршо х1оттийна.Маршо ларйаран 1уьналле х1ара Тхьамда долу Доьналла а х1оттийна.Доьналлийн г1оьнча кадие Хьуьнар а х1оттийна.Хьуьнарна г1оьнча Майралла а х1оттийна.Майраллийна коьрте са ч1ог1а турпала кхоьллина Борз нисйина.Цу хьуьнарца лаьмнийн тархашт1ехь дукха говза Б1оьвнаш-г1аьпнаш йоьг1на.Цу г1аланашчохь Ша лардеш Кхерчаш боьг1на.

Ша лардечу къийсаман т1еман к1уьрлахь шовкъе лиеташ,Дела бен кхин накъост воцуш.Сел Оьзда,хазчу Г1иллакхашца,боккхачу Къинхетамца даьхна долчу х1ара къам,кхунна т1екхоллаза харц ц1е ца йитна кхеран мостаг1аша.Шаьш кхарнат1ехь латтош долчу та1зарна бехказа бовла г1ерташ,кхареха дуьненна а акхарой тарйан г1ерташ.Ша бахьанехь б1аьрган нег1аран тохарна юкъанна а шекуо йоцуш,мостаг1ийн дукхалле а, иштта шайна хуьлучу халоние а ца хьоьжуш, шайн синош безачу мехах вахьа а дохкуш.Г1азотан дахар долуш ,г1ийлачийн дегнаш хьоьстуш къам дара х1ара.Дала Ша ч1аг1дина,соьца Сийца хоьттина синакхетам болуш марзонех хоьттина, ц1енан шайн дахар долуш лардина.

Кху лаьттат1ехь Адам 1еса даьлча, Аллах1-Дала дуьненчу х1орд хьадийтина, цу харц Адаман к1ур бойъуш цу х1урдаца хьарчийна д1абехира .Нохьа Пайхамарца цуьнан х1урдан кеманат1едаьккхина (1.с.) дисинчу цхьа к1еззига дикчу Нахаца хоьттинчу цу дийнахь дуьйнна схьа,цу Пайхамаран ц1арца даьхначу кху Нохчийн къомаца паччахьан даржехь даьхнера со таханаллалца.
Ткъа таханлерачу денна кху т1аьхьара къизчу шина т1амо х1ара ша лардина къам аьтта, ,дохийна,1адийна,кхо б1аь эзар адам х1аллакдина .Кхуьнан тоьлла К1ентий шена чуьхьарчийна д1абаьхьи и ша лардина Къонахой,биснарш дуьне мадду баржийна,вуьйша цу къизчу мостаг1ийн набахтешкахь хьийзош бойъуш бу кхеран.

Уьш боцуш байлахь дисна ша.Шен лаккхарчу баьрчченара т1ег1а лардеш биснарш к1езга бу,аьлча а церан ницкъ ца тоьа.Шен хьакъ болу ларам латтош йолу г1апнаш а йохорца, дуохийна шен лаккхара т1ег1а.Шена кху Махкахь кхи даха бисина ,г1оранца хьакъ болу кхерч бац.Дерриге а сан баххаш бахаме,ц1архазме дерзийна кху дерриге лераман б1ог1ий иегош долчу кху тиллачу Адамаша.Шен коьртан 1уьналла латтош болчу Къаношкахь Урхаллийн Бакъо ца йисна.Тешамца,хьекъалца,ц1аналлийца дуьзначу Ийманехь лаьттина цу Баккхийчу Нехан сацам,дош лардар дохийна.
Хьарам-хьанала ца къестош гулдина даьхни долчу саьхьарчу наха, Ийманца г1ийла берш оьцуш, 1ехош, Адам Бакъонах дуохош тилийна.Кху хьолехь шен бух боьхна д1абалар ,вайна массарна санна ,т1ехьожучу цу дашон малханна а гуш хиларна боху ша.Кхи д1а шена кху Махкара д1адахан бен некъ ца бисна олуш, шен шийла хьал дуьйцун дош дерзийра цу Сийно.

Шега рог1ехь шозлаг1а дош кхочуш, шена Тхьамдано т1едожийначу декхарна меттиг бисна ца хилар довзуьйтуш Яхьо а,иштта шийла жоп делира:
-Ша кху Нохчийн къомана д1абаханчу Дайша ч1ог1а ларъеш кхаьбна йара, шайгарчу г1елонех дерг къайлаха латтош.Кхеран баххаш сема латточу 1уьналлех хоьттина.Халонашна хьалха корта ца та1ош.Мостаг1чуьнан ког кху Махкахь Маьрша ца лоьлуьйтуш.

Дикачу г1уллакхашна т1ехь къийсаме йохуш,шена г1оьнча и хьуьнар латтош ,дерриге а кхидолу къаьмнаш шеха цецдохуш шен х1айтталийца,кхечарна ца йоьвзаш ша йохучу лакхенех тамашаш латтош йаьхнера со.Ткъа таханлерачу церан т1аьхьенаша ша, шен боцчу хьарцахьачу некъашна т1етоьттуш ,к1езг1алле кхийдош юьхь-1аьржа х1иттайо ша.

Жимма Дала ша зуьйша хало т1е1оттаелларг лет1къаш (ноет) ву тахана,важа саг1а диеха х1уьттуш ву писвоьлла,шайн гергарчу Наха г1о а ца деш тесна вуьта г1ийланиг.Мостаг1а ву кху Маьрша баьхначу Турпалхойн Махкахь,шен бохь буг1уш.
Ша яц шен некъашца лоьлуьйтуш, царна а, цу шайгарчу халонашна а доьхьала йерзийна.Ша харцахьа тоьттуш ю,лулахочулла а ц1еношца ,машенашца лаккха яккха г1ертош,хьагг1ий кураллий йаьккхина шена доьхьала.Иза хууш ду массо къийгашна а.Кхеран Дайша иштта боккха мах хадийнера сан ,шаьш аларца :

« Нанас ма войла Яхь йоцу К1ант,вахь а ма вехийла иза сарралца !»

Шега лалуш дац иза.Церан кху дуьненан х1уьмуьлгех ловза к1езгачу лаамаша сан 1алашо йохийна,сайн Ваша волчу хьунарах а йаьккхина .Кхеран Дайша шайн къомах волу стаг ч1ог1а ларвора со г1аролехь сема латторца,воьвзаш вуй ваций бохург дан а доцуш,милла а миччахьа хиларах дола дарца орцаха буьйлуш мерза бара вовшашца пусар долуш.Цундера боккха ларам болуш, лардалар а дара кхаьрца массо а къаьмнашкахь.Тахана дукха атта вовшашца эвхьаза буьйла х1орш шеца ларам бохийна.Шега лалуш а йа шеца дог1уш дац и ледара г1уллакхаш.Кху Махкахь кхи ша йаха меттиг ца го шена,аьлла юхакхийтира Яхь а,шен дог дохар хоуьйтуш Кхеташонна.

Цул т1аьхьа дош схьаоьцуш хораманна къурдаш дарца Бакъоно элира :
-Шелла хьалха вай лерам болчу Сийно а, Яхьо а шайн кхерч боьхна хиларах дина къамелаш вайна массарна а хезира.Сий а доьжча, цунна г1аролехь лаьтташ йолу Яхь а йайначу къомехь, Бакъо ларйан ницкъ буьсуш ца хилар,цу сийначу стигланна а хууш ду.1аьнан шелоно иэккхош йолу йовхо санна,Бакъо а йуохош ю харцонна некъаш баьстинчахь.

Адамехь шенат1ехь латточу харцонна доьхьала дош ала меттиг ца бисначахь, Бакъонна еккъа коьрте хьовзарца а кхерам бу,ког биллала а Маршо ца йисначу меттехь.Нохчаша иштта аьлла ду шеха а :

«Бакъо йоцург Маршо яц,Маршо йоцург дахар дац !»

Ша шу кхеттала эли шоьга сайна долчу декъанна. «Муш беха –дош доца» ,олуш ду кху Нехан.Цундера шун хан кхи ца лоьцуш дацдеш эра ду аса.Шена а ца бисна меттиг кхи д1а кху Махкахь йаха,олуш дерзийра шен дош Бакъоно.

Цул т1аьхьа дош шега кхочуш Нийсоно йист хуьлуш элира ,ша йохийначу боккхачу лазамах дерг :
-Шел хьалхарчу Сийно а,Яхьо а дийцина ирчан хьал ца хилча а тоьара ма дара, шен онда бух лаьттинчу Бакъоно аьллачух вайна кхета а.Нийсо ,бохучу шен б1ог1ам-лардана меттиг боьхна хилар довза.Цу Бакъонна дош ала а меттиг ца бисинчахь,Нийсонна ц1е яхар а беламе г1уллакх хилар хууш ма ду, лаьттаха хьала мел даьллачу дитташна а.Кхеран Дайша иштта олуш дара шеха а :
«Нийсонах ца волуш К1ант хьайн синах ваьллахь.Лаьттахьа иза йохарах стиглахь юйла хаалахь !»
Цу бахьанашца шена кхи деха дийца меттиг ца го,иштта кху Махкахь кхи 1ан а меттиг ма ца гарра ,олуш оьг1азе шен дош хадийра Нийсоно.

Цул т1аьхьа рог1ера дош шега кхочуш Кхетамо а иштта балхийра шегаран бала :
-Дала Ша мел кхоьллинчу синошна шай-шайн Кхетам беллера.Къаьмнашна юккъахь а башхаллаш йолуш,шай-шайн меттанаша кхоьллинчу бухе хьаьжжина.Кху Нохчийн къоманна а беллера ша, шен къаьстина хазачу куьцашца.Кху Нахана сина Маршо коьртехь йолуш ,Мехкан Маршонца боьзна баьхнера со.Шайн соьца болчу Кхетамехь шаьш а лардеш ,шаьш аларца :

-«Нохчочуьнан Адамашца долу коьртан декхар ду,Ша санна волу стаг Юьхь-1аьржа ца х1оттор !», къоман коьртан декхар лоруш, лаккхарчу Лараман т1ег1анахь баьхна бара со,кхарна Дала беллачу цу ширан маттахь эзарнаш шерашкахь шен иралла тусуш,бухца ч1аг1беш.Кхечу къаьмнашкахь долчу шен дакъошна хьалха лаккхара ларам болуш доккхачу дозаллийца ларбина.Ткъа таханлерачу дийнахь сел ларамца баьхна ,шен бух болу Ненан мотт бу кху къомо хьоьшуш,цуьнца г1елбина ша а.Шен мотт вахьатесна шаьш хьоьшуш, цуьнан меттана дозаллийца ,ша деа б1ешарахь сов х1аллакдинчу къоман мотт буьйцуш вовшашца а берашка а,ша д1атесна кхара цу шайн маттаца юьстаха кхоьссина. Иза хууш долуш стиглара мел бог1учу дог1ана т1адаманна а цхьаьна…

Нанас аганчуьрчу иллешца берашка кхийдош.Тхьамданаша,Къаноша кху къоман хьекъалех доккха хьесап долуш,муссо а х1уманна жиама а боккха а барам шен дакъошкахь бекъна болуш, кху Оьздачу маттахьа Кегийрхойн, Мехкарийн дегнашцу к1адаллийца,суйнашца,марзонашца,доьналлийца Яхье бохуш баржош,т1аьхьенашка кхийдош,Делан бехкамашца ч1аг1бина,мерзачу Г1иллакхех, Нехан синакхетамехь хазчу к1ажаршца буьйцина ларбинера ша, дахаран халонашка ца хьоьжуш, х1ара таханалера ша хьоьшуш йолу къаьхьа хан яллалца .
Шена хала ду шен пусар дайъина х1орш дерриге дийца .Ша ларбеш боцчу къомехь 1ен меттиг буьсуш хуьлаш бац шена.Цунна т1едоьг1на хала делахь а боху ша,шен кху Махкаха довлучу Вежаршна-Йижаршна т1аьхьа ца х1оьттича ша а ца болу олуш,шен хораман дош сацийра Кхетамо а.

Т1аккха Кхеташонан гонна мог1арца къеп (низам) ларъеш,Ларамо элира г1айг1анца шен дош схьаоьцуш:
-Изза хьал ду шегахь а.Воккханиг даггара ларар ,цуьнан Сий дар доьжна тахана.Цунах дерг шеначохь хиларе терра сол хьалха Кхетамо а кхоччуш дийци вайна.Хьал-бахам сов болчарна т1етоьттуш ю ша,уггаре а шена хьоме болу миска Нах бицбина.Шена доьхьала ,шайн Дай ца башна болу ц1архазамалла йаьккхина кху Наха.Иза шеца тарйала меттиг болуш яц ,иштта цо шен а дог даьккхина,ша а кху Нахаца кхи 1ен меттиг болуш ца го шена ,элира Ларамо а.

Цуьнгара дош схьа оьцуш Г1иллакхо элира:
-Шуна массарна а хезира кху Яхьо а, Ларамо дина тоьшалла.Ларам боцчахь шена ког билла а меттиг боцийла хууш ду,хьуьнхарчу неларшна а.Ша лелор гайтамний бахамний дерзийна тахана.Шена пайда болчу аг1ора керчош ду ша адамо.Г1ийлачуьнга,г1о оьшачуьнга,воккхачуьнга хьажарца ,ша латтош долу мерза Г1иллакх карчийна бертала тоьхна тахана кху Наха. Шена а ца битна ша уггаре а лакхарчу т1ег1анахь кхаьбначу кху Нохчийн Махкахь даха кхи меттиг,дийца дуккха дара х1орш да-м аьлла доцца хадийра Г1иллакхо а шен дош.

Т1аккха рог1ехь дош схьаоьцуш Оьздангалло элира:
-Шуна ма хаъара Ларам, Г1иллакх а шен ши ког бу,и шиъ д1адаьллачу Наханна юкъахь ,Оьздалла боху дош шеха ала меттиг бац ,йа шена лоттийла а яц.Д1ахьовсал шу,кху Наха бех йина хина йистош.Кхеран Дайша олуш ма дара:
«Шайна Нах бовза лаахь, церан хина йистошка хьовса шу хьалха,олий.»Кху Махкара и хина йистош шайна йайча дегнаш лелхара ма дара церан.Адам тахана вовшашца мел шаг делла оьг1азе,Оьздангалла х1у ю а ца хуучу шайн мостаг1ех тарбелла бовлуш ма лаьтта х1орш.Г1иллакх-Оьздангалла бохучунна меттиг мичахь бу кху хьолехь ?
Иза хууш ма ду,лаьттаха хьала мел долучу хал бацанна а.Цундера ша цу шинна т1аьхьа ца йахча йолуш яц ,олуш чекхдаьккхира Оьздангалло а шен шоган къамел.

Цул т1аьхьа дош кхочуш Тешамо элира:
-Массарна а ма хаъара,Ларам а,Яхь а,Г1иллакх а,Оьздангалла а, д1адоьлхаш хилча,шеха дуьсуш х1умма а ца хилар стигларчу олхазаршна а хууш ду.Шена доьхьала и мекарло йолу аьшпаш баьхначу кху Адамех чам баьлла сан а.Шега тешаманна аманат ду хьуна аьлла делларг а ,дийцинарг а лардеш верг ч1ог1а к1езга висна.Ша лоьруш верг т1аьхьа висна дахарна бохуш.Шаьш вовшашна делла дешнаш дукха атта дохош берш бу баьржина. Иза-м Делан оьг1азло яржош дерг ма дай т1аккха.

Кхеран шайн синош д1а а луш, ша ларбинчу Къонахчаллийца баьхначу Дайша олуш хилларг ма доьвза вайна:
«Шен дош дош доцчуьнан ,дуй дуй а бац,цуьнан шина шайна мах а бац !». Со латтош болчу шелла а хьалха бист хиллачу Йижарий-Вежарий бахханче ца бахча шена а буьсуш меттиг бац,аьлла хадийра шен оьг1азе къамел, Тешамо а.

Цул т1аьхьа шега дош схьоьцуш Къонахчалло элира :
-Ша кхоьллина шена чохь са латтош б1ог1ий ду шелла а хьалха дист хилларш,хьалха Тешам болуш шена бух латтош болу, уьш д1адоьвлча шеха буьссуш цхьа а хьаса ца хилар хууш ду, лаьттаха мел йолчу чхьоьвригашна а .Шен лаккхарчу т1ег1анахь долу Сий дожош,дукхах долчу Адамо шена доьхьала яьхна тахана бераш тайнигех ма ловззара,уосалаллий ледарлоний коьчалех ловзуш йолу к1езгаллий лехамаш. Шайн Дай соьца цхьаьна баша а ца баьшна йолу ,кху дуьненан х1уьмуьлгашна т1аьхьа а боьвлла ,шена шайца яха меттиг ца битна кху таханлера телхинчу Адамо.

Ша лоьруш бакъонан аг1о лоьцуш верг билгала ваьлча,цунна т1ех1уттуш верг вац атта хуьлуш.Харцо сацош къовсам баьлча,ший а аг1о 1ад 1е езара бохуш,ша харцонца юстуш д1атаръеш бу тахана дуккха а х1ара писбоьлла Нах,шенат1е х1отта Доьналла ца тоьаш .Г1ийланиг вахьа те1ор даьржарна и бахьана а долуш. Т1аккха мичахь юьсу Нийсонна а, Тешаманна а меттиг ша ларъеш ца хилча ?
И ледарлонаш ехачахь шена а бац ког биллала меттиг кхузахь буьссуш,шел хьалха Ларамо ма аллара,аьлла сацийра Къонахчалло а шен реза йоцу къамел.

Т1аккха рог1ера дош схьоьцуш 1уьналло элира:
-Къеггина массарна гуш ду вайна,и шен корта болу Къонахчалла,Тешам д1абаьлча, шен карахь дуьсуш х1умма а дац, ур-атталла т1ийриг ехкаран бакъо а д1айолу шегара.Вуо лелаш долу бер човхийча,цуьнан Дай-Наний дог1у Эхь-бехках долий шена дов дахьаш.Къанбелла хан д1а йоьвлларш бац юкъарчу г1уллакхашна саготта со т1ете1ош Нийсонна.Шайн керта ца деъчхьана бохуш,к1езгалле бирзина,цу шайн мостаг1ий бен ца хетачу амале: «Моя хата с краю»,бохучу муьжгалле.Юртан Дай бу бохурш бац шеца терго еш.Шай-шайн кисане бен ойла а Кхетам а боцуш.Шена а бац кху доьхначу хьекъалшца ,кхи ша лардеш доцуш кхузахь даха а, дека а меттиг буьсуш,аьлла шен къамел чекхдаьккхира 1уьналло а.

Цул т1аьхьа шега го боккхуш рог1ера дош кхочуш Комаьршоно элира:
-Лаьттана кийрахь шайн эзарнаш пачхьалкхаш а йолуш,со сайна Дала еллачу тергонца рицкъанаш а доькъуш дехачу зингаташна а ма хаьа,Къонахчалла а,Доьналла а, 1уьналла а ца хилча Комаьршонехь дуьсуш цхьа а х1ума доцийла. Ша ахчанца йа кхечу г1уллакхца г1о деш верг ву, ша динарг Нахала дохуш.Тахана хьал-бахам карахь дерш хьолан Дай бац.Уьш шайн писаллийца и хьал лардеш берш бу, шайлла а тоьллачунна бала а белла, Наханна букъ тоьхна бехаш.И рицкъа карадааран некъаш къестош а доцуш.Цулла т1аьхьа т1аккха аша а со елла ларалаш. Кху Адамо шена доьхьала йаьккхинчу писаллиний,саьхьраллиний доьхьала баккха ницкъ бац шегахь Дала белла.Ша а шен д1абоьлхучу Вежаршна-Йижаршна т1аьхьа ца х1оьттича йаг1а меттиг болуш яц, олуш сацийра шен дог даьлла къамел,Комаьршоно.

Иштта цул т1аьхьа шега дош кхочуш элира Къинхетамо:
-Ма ч1ог1а боккхачу хуорамца ладийг1и ша шоьга ,шена онда бух латтийна Вежарий-Йижарий.Ма хала ду вайга кхаьчна тишчу хьоланна ,таханлера доьхначу дийнахь довла меттиг боцуш ,кху Махкаха довлуш ,ширчу бухах доьхна къера а хила пана лела.
Йа-Робби, тхо Адамашна парг1атонна, Нийсонна къоьллинарг Хьо Вар-кха.Хьо гуш –хезаш Ву-кха тхан доьхна де а.Ларам,Эхь-бехк,Г1иллакх-Оьздангалла хьоьшучу Махкахь ,суна Адамашца баха меттиг кхи д1а бисна ца хилар,хууш ду соьца мел кхоьллинчу накхар мозешна а.Со ца баьлла бен кху сайн Вежаршна-Йижаршна т1аьхьа х1уттуш ца хиларна, Хьо теш Ву-кха Дела.Лераме тхан Доьналла,кхи хьога кху г1айг1анечу Кхеташонехь ала дош ца дисна суна а,шен Вежаршна-Йижаршна т1аьхьа ца бахча болуш бац ша олуш, шен балане къамел хадийра Къинхетамо а.

Иштта шега дог1у рог1ера дош кхочуш К1еда-марзоно элира :
-Ма дукха дара шегахь дийца масаллаш,мел боккхачу безамца кху Нохчийн къомо ша лоьруш хиттинчу гергарлонех .Шегахула лаьттинчу Лерамечу уьйра-марзонех.
Масла1аташца дерзийначу доьвнех,баккхийчу ца темех, хийланне оьг1азаллаш йашийна,доьхна дегнаш иэцна меттигаш бийца к1ордор доцуш,д1айахана мерза жималла санна.Ала хала делахь и йахана жималла санна д1акхоьссина ша а ,оьшуш йоцуш т1е чан йиллина телхина х1ума санна латтош ю ,кху таханлера телхинчу т1аьхьено.Иза хууш ма ду стигларчу седарчашна а.Шена кхи йаха а, йиса а меттиг ма ца битна тахана кху тиллачу Наха,кху шеха хоттабеллачу Вежаршна-Йижаршна т1аьхьа ца йахча йолуш яц со а,олуш шен г1айг1ане къамел дерзийра , К1еда-марзоно а.

Иштта шен чаккхене го кхочуш т1аьххьаран мах хадон дош шегахь долчу Эхь-Бехко элира:
-Вай х1иттийна кху къоман Къепехь (низамехь) ма хиллара массарна а хууш шена бухара когаш долуш ша латтош т1ег1анаш ду Ларам а,Г1иллакх, Оьздангалла,1уьналла а.Царна т1едоьг1на кху Кхеташонехь мел долу бог1ий-Лардаш а долуш .Ша Нохчийн Къоман Оьздангаллех болу кортан б1ог1ам лерина бу,Адамашна юкъара марзонаш,гергарлонаш лардан .Уьш Дала т1едехкина декхарш хиларах терра йоккха ял йолуш,ша царна юкъара меттиг даьттанца нисъеш,хазчу дашца хьоьстуш лаьтташ хилчий бен, шена меттиг болуш дац ша.Х1орш бакъ луьйш хиларна тоьшаллийца боху аса,шен Юьхь а йохийна кху акхалле дирзинчу Адамо,иза хи чуьрчу ч1ерашна а хууш ду.Кхеран Оьзда са-ц1ена баьхначу Дайша олуш дара шеха иштта мах хадош :
«Эхь-бехк Далла хьалха йолчу ц1аналлийн бух бу,иза лардеш доцург адам а дац .»
Шена доьхьала йаьккхина цара тахана и шайт1анан шалхой,моттарг1ий ю,ша цаьрца къийса ницкъ болуш дац ,церан мекарло цхьа а доза доцуш боьха ю.И шиъ йолчу меттехь шен са малло,ницкъ д1абоккхуш.Б1аьргийн нур д1адолу.Эххара кхетам чуьра а долий вахьа дужа ша, юххахь Лараммий Оьздангаллий а доцуш муххале а де дац шегахь.Цундера шена а кхи 1ен меттиг ца бисна кху Сий долуш баьхначу Къонахийн Махкахь аьлла,делха ийзош холча х1оьттина а долуш халла шен къамел чекхдаьккхира , Эхь-Бехко а.

Х1инца кху бохамна гулъеллачу Кхеташонан декъашхойн бист хуьлуш бог1у гуо чекхбелира.
Т1аьххьара дерзоран Тхьамданан дош шегахьа долу Доьналлийна т1е хьаьжна 1ара ерриге а Кхеташо.Х1инца доьххьара гуш дара царна корта вахьабаг1на 1аш г1айг1анехь и Доьналла .Гуттара а корта айина,т1ах-аьлла хьийзина,массо а ира-кара х1иттош х1айт-аьлла даьхна долу, шайн Тхьамда лаьттинчу Доьналлий корта иштта байча,ч1ог1а йиш йоьхна,долучунна а т1е холча х1иттинера и лераман къоман синан б1ог1ий шаьш д1атерца.

Х1оьттина тийналла йохорца,и дерриге а шена гуш,юьстахара хьожуш 1ийна.Ша цу массеран а Нана йолу Нохчийн мотт бара х1инца боьхна-а цаьрга ладоьг1уш буо-бер санна йиш йоьхна ша 1ийначара хьалаг1аьттира мотт.Цкъа царна тоьхала хьийзаш,юха гонаш дохуш синтем байнера цуьнан.И шийла церан дог-доьхна хьал царначулла а шена дика довзарна,церан берриге а и боккха бала Ненехь санна шегахь къуьйлуш, уьш хьеста г1ертара иза х1инца,и дерриге къоман Сийлаллийн бог1ий шен доьзалаш хиларах терра.

Ва-а шуна Дала дика дийцарш,ма хилийша сел доьхна синагаттаме.Ден меттана Дола деш лаьттина шен воккха К1ант Доьналла сел г1айг1ане хилар шега лалура долуш дац.Ма довла дакъаза,мел боккха буохам барах,вай Кхоьллина Аллах1-Дела ма Ву массо х1ума а Шен 1уьналлехь латтош ,Кхобуш Кхиош Верг,Толош- иэшош Верг.Цунна ца хууш х1умма а ма дац ,метта дуьйла сел г1айг1ане ца оьгуш, элира Ненан матто.
Иштта Ненан матто дог-оьцуш дина сирлачу къамело метта далийра, цу къоман Сийлахьчу б1ог1ийн г1аг1ане иэгна синош а.

Т1аккха Доьналла дист хилира шайн Кхеташонан чаккхенан хьесап доккху сацам къастош.Вайна дукха дика хаьа вовшийн дагара, тахана кхузахь мел аьлларг бух ц1ена болуш дуйла.Ц1аналла бу вайн стом.Ша шух Нийса кхеттехь шен Вежарий-Йижарий ,шу кху Нохчийн Махкахь кхи диса лаам болуш дац.Вай лардинчу кху къомана дош ду иштта олуш :

«Т1ег1ертарг цхьа а д1атоьттуш дац тхо,амма дагца д1акъаьстинарг сиецош дац тхо».
Цунна т1едоьг1на боху аса а шоьга лераменаш.
Вай Маьрша а кхоьллина, Маьршачу къомаца маззакъдоьлла ч1агделла хиларна,шегахь а яц Бакъо шайн дог даьллачу Махкахь шун лаамаза шоьга совца баха.Бакъ ду,ша кху Махках даьлла,шена боккха меттиг латтийна х1ара шех ч1ог1а доьзна къам д1а а тесна,кху дуьненахь цхьанне а метте кхалхалур долуш дац,кху къомах цхьа стаг дийна мел ву.
Амма иштта делахь а, аша шега ала деза со шуна са-готта а доккхаха а хиларна,шаьш д1акхалха лерина меттиг йовзийтарах дерг,олуш хаттар х1оттийра суй болчу Доьналло.

Т1аккха цара жоп далар т1едожийра шайха долчу Сийнна.Ахьа жоп ло тхох,ахьа хаьржжина Мохкк т1елоцура бу ,оха олуш.
Сийно элира сихха хьалххе дуьйнна шен хиллачу ойланца.
-Кху лаьттан букът1ехь Макка-Мединалла а хьалха лаца меттиг бац вайна.Делан пурбанца цу аг1ора д1аг1оьртара ду вай,аьлча.Массо а б1аьргашца серло хаалуш реза хилира цу жоьпанна.Дика хира ду, иза-м Дала къастийна уггаре Беркате Мохк бу аша хаьржинарг.Дала т1аьхье Беркате йарца некъ нисбойла шун элира,Тхьамдано.

Т1аккха Ненан матто а элира :
-Ша а шен къомах баьлла баха меттиг йолуш бац, кхара шен пусар дохийна делахь а, вайна а дуьненна а ма гарра.Далла бу-кха хастам,шен воккхаха волу дика К1ант Доьналла а шеца дуьсуш хиларна.Шу юха дерзор Деле а доьхуш 1ийра бу со.Шен хьакъ доллу пусар-ларамца кху шен халкъо ша Ненан мотт хьалаайъахь,ша тешна ма бу,шу дерриш а хьалха-т1аьхьа къийса а луш ,кху Махка доьвдда юха доьрзург хиларах,аьлла цу шен берийн До1анца 1адика а йина,шен К1ант Доьналла а эцна, цу Атаг1ойн хьуьнан боьлак юкъара сихха д1атилира и Ненан мотт, Махканна т1оьхула шеца висинчу К1антаца д1аса а баьржаш…
***
Цул т1аьхьа цу Кхеташонехь хилла
Къонахчалла,Сий,Яхь,Бакъо,Нийсо,Кхетам,Ларам,Г1иллакх,Оьздангалла,1уьналла,Комаьршо,Къинхетам,Эхь-бехк,К1еда-марзо,боккхачу баланца д1атуьйш Ненах доьвлла бераш санна ,юха а тийналла х1оьттинера 1уьйранна цу Маьжганна хьалха санна…

И дог доьхна тийналла йохош Къонахчалло элира цаьрга :
-Ладог1алаш шега шен лераме Вежарий,Йижарий. Варийлаш ,хилларг хилла а, аьлларг сецна а даьлла, вайгахь таханлера гаттаделлачу дийнахь.Вай кортош уохкийна 1ерах вайн хьал талур дац.Вайн Вашас Сийно билгалбинчу Сийлахьчу Махка д1аг1уртуш катоьхна новкъа довла дезаш ду вай,кхи Нахала довлалие.Делкъан ламазанна хан хилаза ю вайна,вай кхул т1аьхьа некъахой Мусафираш хуьлаш ду.И д1о схьагуш кху Мехкан доза хадош болчу Башломаннат1ехь ,т1етта озийна Малхбузан ламазанна соцунг1а йира ю вай Делан пурбанца,т1аьххьара б1аьрг тухуш цу ломана боьххьера кху Мехкан 1одика йарца.

БисмиЛлах1 ,х1ан-х1а хьа т1аьхьа х1итта шена олуш и Нохчий б1ог1ий-лардаш шена т1аьхьа а х1иттош цу Органна тог1ийчуьра ,цу Органна ч1оже хьалаг1оьртира уьш, шайн доьхначу дегнашца ,шаьш ч1ог1а лийринчу цу къоманна а,церан Махканна а букъ тухуш.
Малх чубузе лестича хьала доьвлира и къоман синан б1ог1ий цу Башломанна боьххье.
Катоьхна сихонца тема деш лайца ламазаш а эцна уьш довлуш,мохь тоьххана ша т1аьххьара кху Махках дечуха лерина Азан дира Къинхетамо.Иштта шайн ламаз кху Махкахь т1аьххьара лоруш, цу Ламазанна хьалха Ларам боккхуш ,цул т1аьхьа шайн болх д1аберзош тасбихь деш долуш,юккъехула елха ийзош 1ачу К1еда-марзоно шийла мохь элира :

-Во Нана-Дег1астана, аса муха юьтур ю хьо.Мила ву кху дуьненахь хьолла хьалха ваккха шена т1ейосса лерам бен верг,шена йаха некъ ларбеш ,халонаш къайла кхоьхьуш долу шена юххехь Доьналла а доцуш ?
Ма х1аллак хила ша, ма дакъаза ели ша олуш йилхира иза ,мохь туххуш шен кийра а бассош.Цу шайн мерзачу Йишийн балание тийжар ца лайна, цунна т1аьхьа делхарш лилхира цаьрга массаьрга а, Къонахчалло Яхьца цхьана шайн къурдаш къайленца кийрахь сиецош.

Кху къомах а, Махках а довлуш ,цу ломан боьххьера 1адиканца т1аьххьара б1аьрг бетташ ,д1ахада дезаш йолу хала киртиг тех1уттуш дозане кхаьчча ,церан тасбихьах Тезет хиллера дегнаш 1ийжарца,ойланаш йохарца,б1аьргаш делхарца,сатийсамаш бохарца.Цу шайн Йишас К1еда-марзоно шен тийжарехь аьлла дешнаша д1алецнера церан доьхна дегнаш.Цаьргахь бацара ницкъ х1ара къам а, Мохк а д1атасалла. Дерриге а цу ломалла дехьара дуьне 1аржделлера царна.Пана хилла йайнера кху хедачу киртаган дозанехь церан оьг1азалла а, деган баамаш а бицбинера цу къастамо.
Хьанна оьша вай.Мила ву кхара вай д1атесна дицдинехь а, кхарелла ч1ог1а вай лара а ,пусар дан а ,т1елаца а вайна сатиссаме т1едисса ?
Ва вай х1у дер-тие ? Бохуш юх-юха а карзаха дуьйлура церан доьхна синош ,делхарш лелхаш…

Цу ирчачу суьртанна йиш йоьхна хьийзара ,некъан Тхьамдалла шега кхаьчна долу Къонахчалла,шена уллера ца йолучу Яхьца цхьаьна.Шайгара бала къайлаха латтош гонаха хьийзаш ,церан дог-эца г1ертара и шиъ.Амма царна хезаш дацара кху шиммо дуьйцург.Уьш хазарна къарделлера ,б1арзделлера шайгарчу баланна.

Т1аьххьара Кхетаме дага долуш элира Къонахчалло:
-Х1ай шайн воккхаха волу ваша,хьо ма бара мел доьхначу денна а шайна юьхь-к1оме некъ карош ,хьесапе барам боккхуш берг гуттара.Кху доьхначу денна оьшуш дерг билгала деш, вайн некъан г1уллакх метта далош ,х1ара 1уьналла самадаккхий д1ах1оттадехьа шен рог1ерачу декхарна,элира Къонахчалло .
Хьо нийса ма ло ,элира Кхетамо.Ша-м шуна тоьхула хьийзаш ойланаш кегош ма 1ара х1оранне а даге ладоьг1уш,хьан а Яхьан а хьунарах боккха а беш.

Тхьамданна лаам кхочуш ца бича бера бац со,олуш салт-дуьллуш мохь туьйхира Кхетамо.
-Аллах1у АкбаруЛлах1у Акбар.
Вас-Салату вас-Саламу 1ала РасулуЛлах1.
Вас-Салату вас-Саламу 1ала НабиййуЛлах1.
Самадовлал Вежарий-Йижарий,шега Кхетаме дог1уш ладог1а шега элира цо.Тахана 1уьйранна цу Атаг1ойн боьлакахь хиллачу Кхеташонан сацамах, х1ара къам а, Мохк а д1атасарах шун дегнаш малделла го суна .Шуна билла бехк а бац соьгахь.Иштта доьхна а долуш шу Макка даха хьовха,кху ломан боьххьера Гуьржийн Махка чудисса г1ора а, йа гуьнахь ,йа лаам болуш а ца го суна,шун вайн сацамах ойла йохар гуш хиларна.
Масла1ате а, синтеме а некъ карор сайн декхар хиларца эра ду аса шоьга, сайна кху доьхначу г1уллакхах хетарг а долуш ,гечуо карон вайн карарчу хьоле хьаьжжина.

Нохчаша олуш хезна ду вай :

«Сихаллехь,оьг1азаллехь,дог доьхча боккхуш болу барам а, сацам а дохкуо валарца бен шена чаккхе хуьлуш доьрзуш дац цхьа а г1уллакх !»

Шуначул башха шегахь а бац-кха и ницкъ ,таханлерачу денна кху вай пусар дайъинчу къомана букъ тоьхна ,хаьдда д1абаьлла пана хилла лела. Кхарна арахьара леррина т1етоьтту инзаре харцо а лерича ,вай хьоьшуьйтуш йолу шайн баххаш дуохон т1ета1ийна.Кхеран х1ара дуьне а цец даьхна болчу Къонахойн Дай доьхьа а,вайна дахарехь некъ бита г1ерташ кху шина т1амехь Г1азотехь иэгна тоьлла К1ентий а лерича вай лаккхарчу т1ег1анахь пусарца кхаьбна, вай дерриге а лардеш шайн синош ца кхоийна Эхарте бирзина болчу декхаре а ладоьг1ча.Вай а ца хуьла Нийса,сел сиха Собарах а доьхна д1адахча кхарна т1ехь долу 1азап а ца лоруш.Цундера шена Нийсонца дуьстича бег1ийла карош дерг иштта ду, вайгарчу хьоланна дарбане дерг долуш .И Сийлахь Макка Медина Дала Шен беркатех йоккхура йолуш яц,вайха тоьлла Вежарий-Йижарий шеначохь латтош йолу. Цундера вай ден дерг иштта пайденна а хета суна вайн синошна парг1ато йолуш.

-Кху ломан боьххьехь Маьждиг а доьг1на, цу Махке б1аьрг а бетташ, и вайна дезаш долу Нохчийн къам самадаккхар Деле а доьхуш,кхаа декъе декъалуш хийца даларехь.
1-ра дакъа,гуттара а ламазашна т1ехь лаьтташ хира ду,Фарзаш,муаккадан,Дуьхьа а,хьашт-нафилан а, тах1аджудан а Суннаташ деш.
2-г1а дакъа иштта хаддаза Къур1ан доьшуш хира ду.
3-г1а дакъа,Азкарашца хаддаза До1анца Аллах1-Деле Нохчий къоманна Беркаташца вай юхадерзор доьхуш хира ду,вай юханехьа цара т1е а лоцур долуш шен хьакъ доллучу барамехь. Иштта леринчу хаддаза дечу 1ибадатехь кхузахь совцар Нийса а хета суна.Изза шуна луург а ду аьлла тешна а бу ша,элира Кхетамо.

Аллах1у Акбар ,Аллах1у Акбар ,Аллах1у Акбар, бохуш хаза хетаран кхаъ хилла сужудаш дира цара,шаьш-шаьш 1аччахь массара а.
Церан серла йоьвлла яххьаш гина юха а т1етуьйхира ша олуш Кхетамо:

-«1ам лаьттиначохь ,уьшал ца эшна», олуш ду кху вайна дукха дезачу къоман.
Кху Нохчийн къоманна Маршо ю ца тоьарг ,кхаьрца къуьйсуш йолу вай дендан .Шайна Нийсонан Да-Баьчча харжа, ц1енчу Нехан Кхеташо ю кхаьргара д1айаьккхинарг,шайха тоьлларг биргала воккхуш шегахь лоьралла долуш ,къоман цамгарш йоьвзуш верг.Шен дашца Бакъо йолуш,цу къомах массарех а шен доьзалхочунах санна дог лозуш верг.Диканиг жоьпаллечу г1уллакхе х1уоттош,вониг Кхетамечу некъат1е а х1оттош волу Да ву ,кхарна Нисдала а ,дендала а, декъала хила а, Дела реза Ван а,вай юхадерзош т1елаца а оьшуш верг.
Цундера Делан дикане сатиссарца, кху къоме ваьш юхадерззалца кхузахь туш тоьхна совцура ду вай аьлла,церан синош г1еххьачулла парг1ат дехира Кхетамо.
Г1улдий-булдий ,шуна Дала дика дийцарш,иштта цу ломанна боьххьехь шайн Деле дехарца д1атарделла 1аш ду, вайн синакхетаман мехаллийн бух латтийна и Сийлахь долу б1ог1ий-лардаш…

Х1ара хила там бара вайна аьлла ,х1ара дага теснера вайна 31 шо хьалха,арахь иттех шо хан а яьккхина ц1а вирзича вайгаран тиша хьал а дайна.Цулла а т1аьхьа тахана мел иэрча даьлла гуш ду-кха жимма а вайн къомаца бала болучунна.Аллах1-Дала г1о дойла вайна Ша реза Волчу дахарца нисдала !
Х1ара дагчохь кхобуш къанделлера вайца.Эххара а х1ара шун кхеле дилла а х1оьтти-кха со.
Хала х1умма а ма дацара цу дерриге а дикане кхача,х1ораммо а шен цхьа дег1 нисдичхьана.

Лерамца Аьрсбин Абу-Бакр 01.09.18 шо :

Posted by Ärsbin Abu-Bakr on Wednesday, September 12, 2018

Chechenews.com

15.09.18.