Главная » Все Новости » Главная новость » АЬРСБИН АБУ-БАКР: БАРТ БАРАН КЕП ! (ВИДЕО)

АЬРСБИН АБУ-БАКР: БАРТ БАРАН КЕП ! (ВИДЕО)

Бусулба Уммат хьалха заманахь хилла т1емашкахь эшар бахьна- БАРТ ЦА ХИЛАР ХИЛЛА! Вайна дага йоьг1уш а, вайна гина йоьлу марг1алехь ( истори), 1996ш и керста эшор бахьна- НОХЧИЙ ЦХЬАЪ ХИЛАР БАХЬНА ДЕРА!

Цул т1аьхьа , герзаца я майралиц шаьш тоьлар боцийла хиъна , царна вай эшаме хир долу х1уманаш кардир — ИСЛАМ ДИН Т1ЕХЬ ДИКЪИРА ВАЙ СУФФИСТАШ А, ВАХАБИСТАШ АЬЛЛА ! Иза къайла ца хьош дуьцуш ду цара тахана а!

Т1емлой а, Халкъа дикъира цара- шолг1а т1амехь вайна боккха эшам хилир, вайгахь хьалха чулла ницкъа а, кхи болу т1еман г1ирсаш алсам хиллехь а! И т1ом д1а балаз бу тахана, цера дуккха кхиамаш хилла вай декъар т1ехь.

Вай оцу хенахь 1997-1999 ш барт ца хилар бахьнаца- тахана а нохчий ц1ий 1енош ду вай ц1ахь, нохчехь шайт1анаш аьлла ц1е а тилина. Г1аскхиш «суррогатный» керла дин юкъе даьккхина цара вай барт ца хилита. Шайна х1уа мага деш «молланаш» улле д1а а хиттина. Тахана вайна гуш долу суьртехь- вай оцу х1уманна кхетам ца хилахь, вай лелориг эрна хир ду, цунах толам хир бац!

Я шайга балахь бартан т1е дуьйла, Къоръано, Суннатаца нисдай, я и болх шайгар вахьа били юстаг1а довла ! Нах ма хьийза бе! Х1ара бала, сингаттам нохчий къоме букъ т1е биллина а, цуьнга кхочуш буйла дага даита шайна! Вай ц1ахь тахана оцу муьжгиш мунафик нах хьалха баьхна 1енош долу нохчий къома ц1ий дага даита шайна! БАРТ БОЦУЧУ ТОБАНЦА АЛЛАХ1 ВАЦ! Solsa Berke

Chechenews.com

11.01.21.