Главная » Культура » Аьрсбин Абу-Бакр: ДОЬНАЛЛИЙН ДОГ !

Аьрсбин Абу-Бакр: ДОЬНАЛЛИЙН ДОГ !

1

Ойланаш хьайн ловзахь а, дагна турс лацалахь.
Х1ара Дуьне т1еделхарх, вуоха ма вуохалахь.
Мел холча хьо х1оттарах ,Дела виц ма велахь.
Дег1ан ницкъ божарах ,синан г1ора ларделахь !

2

Вуохарца кхерамах хьайн дог а ларделахь.
Цо са а, хьан б1аьргаш а б1арздеш ду хьуна.
Хьан дог дуохор мостаг1чуьн герз дуйла хаалахь
Цигахь хьан эшаман юьхьиг а ю хьуна.

3

Мостаг1ийн ямартхойн лаамаш бовзалахь.
Уьш 1ора бахарца церан ун а дасталахь .
Хьо къарван дуьненахь ницкъ бу а ма мотталахь.
И Доьналлийн дог хилар хьайн сица ч1аг1делахь.

4

Нохчочун Турпал дог ша дохалуш дац хьуна.
Къарделла шен Бакъо мостаг1чуьнга хьиешийта.
Вай кхузахь юьйцуш ерг Къонахийн амал ю хьуна.
Хьайн Яхьах ца хедаш хьо орамца латтийта.

5

Цу ондачу Бакъонца лардинарг Сий ду хьуна.
Дахарехь шайн Маршо коьртехь а кхобуш.
Сина-Маршо хьан юста дуьненчохь мах бац хьуна.
Дала вай зуьйчу кху лаьттат1ехь чекхдовлуш.

6

Вайн Дала ца моьттарг пайдехьа доккха хьуна.
1азапхоша х1иттуо сурт моттарг1наш иегорехь
Цуо вайна 1аморехь доссийна Дош ду хьуна.
Нийсонан къовсамехь Ша Да Вуйла гайтарехь .

7

Ткъа вайна х1у дара К1ентий кху дуьненахь.
Орамаш диъна а Доьналлех ваьш дуьсуш даха.
Харцонехь кхехка кху декъазчу дуьненахь.
Х1уьмуьлгех дог дуьзна,тиларчохь кхалха.
***

Турс ду-щит.
Х1уьмуьлг ю -не значительное.
***
Аьрсбин Абу-Бакр 30.05.18 шо :

Chechenews.com

31.05.18.