1
Геннара дукъ тиекхош,Г1азотехь хьо вог1уш.
Харцонца кхийсалуш , б1о сема хьайн латтош.
1азапхойн урхаллаш, иегорехь бух йохуш .
Дала хьайн г1о дохуш,Са ч1ог1а х1ай Нохчо !
2
Везачу Элчанца ц1арах ц1е хоьттина.
Эзарнаш шерашца ,некъаша вахчийна.
Нийсонан Делан дош,хьайн сица ч1аг1дина.
Вог1у хьо къар ца луш,дог майра х1ай Нохчо !
3
Яхь йоцу х1ара дуьне,хьаг1 лаьцна къийсалуш.
Лайн амал синош дерш ,хьайх кхета ца лууш.
Эхь дайна пачхьалкхаш ,хьайх кхета ца туьгуш.
Т1е товжа берд боцуш ,цхьалха ву хьо Нохчо !
4
Элчанна Весетех , 1адаташ хиттина.
Ямартчу харцонна ,доьхьала вирзина.
Дешийца детийца , Оьздан юкъ йихкина.
Хьо лаьтта ца вухуш,Доь долу х1ай Нохчо !
5
Дег1аца хьайн чоьвнаш ,бухкаршца къийлина.
Дог дохон баланаш ,къайлехьа бехкина.
Г1орасиз г1елонаш ,До1анца йихкина.
Маршонна сатуьссуш ,дог Маьрша х1ай Нохчо !
6
Дуккха а Вежарий ,Г1азотехь кхелхина.
Нана-Мохк вина кхерч,мостаг1чо багийна.
Цхьаболу накъостий ,бахамо тилийна.
Г1елвелла къийсамехь,Яхь йолу х1ай Нохчо !
7
Шекуонах цинц боцуш,лардечу диекхарна.
Дала Шен Орцанца, хийла хьо вузийна.
Т1ебог1у Кегийрхой, суй болуш кхиарна.
Дог ийлуш кханенга, хьоьжу хьо х1ай Нохчо !
Аьрсбин Абу-Бакр 14.05.18 шо :
Chechenews.com
29.07.18.