ШУН Х1УН ДАРА НОХЧАШНА АЛА ?
1
Шу г1ерта Нохчашна цхьаъ ала ?
Дин доцу мостаг1ийн ардангаш.
Берриг тхан бала бу шоьгара.
Шайт1анан эхь доцун ва к1орнеш.
2
Шу а г1ерта Нохчашна вуон ала ?
Хьаг1 йолун лулара хардангаш.
Шун аьшпех йоьттича цхьа г1ала.
Стигала кхочура дара баххьаш.
3
Шун х1ун дара Нохчашна ала ?
Тхан мостаг1ийн мог1аршка х1уьттуш.
Аша стамбина тхан боллу бала.
Тхан къайленаш царна д1аюьйцуш.
4
Шун х1ун дара Нохчашна 1отта ?
Сий доцун, Яхь йоцун ко1анаш.
Йа шайна дуьтур ду уьш моьтта.
Не1 тухуш де дог1ийла хаалаш.
5
Нохчаша-м дера лайна атта.
Мацаллаш шаьш ирахь леш лаьтташ.
Лайна цара 104 хала т1ом а.
Мостаг1ий шайн ц1ела керчош.
6
Нохчий шайн Доьналлехь лаьтта.
Шу 1ийжаш йа доьлхуш ца бешаш.
Мегаш ду иза хение аша хатта.
Нохчийн лар ерриг ю тоьшаллаш.
7
Шун х1ун дара Нохчашна ала ?
Эхь доцуш шаьш Ийманехь боцурш.
Д1ахьовсал шера гуш ма лаьтта.
Бакъонна букъ тоьхна аша кхуллурш.
8
Шун х1ун дара Нохчашна ала ?
Шух г1ад-дайнарш, боьхнарш т1елоьцуш.
Тхо даьхна ду тхайн йолуш г1ала.
Хьаннах а д1аала дош долуш.
9
Шун к1езгаллех тхуна къахета.
Аш лелош дерш биэламе долуш.
Шух цхьаъ вац доьхьала дош ала.
Тхо юьхь-1аьржа х1иттон бух болуш.
10
Шу цкъа а кхочур дац Нохчашка.
Лайн амалца мел деха хьаг1 йолуш.
Маршо ю тхан сица, Саламца.
Кху дахаран къилбанца кхобуш.