Главная » Все Новости » Главная новость » Х1ай Нохчо хьо бен вац, муьжгаша къарваза верг

Х1ай Нохчо хьо бен вац, муьжгаша къарваза верг

14037_1517435088530649_4980225763087765262_n

 

 

 

 

 

 

 

Х1АЙ НОХЧО !

1

Х1ай Нохчо хьо бен вац, хьайн къоман 1у хьакъ верг .
Хьо бен вац цунах хьайн , дог лаза декхар верг.
Хьо бен вац цуьнан Ирс, деборца кхион верг.
Хьо бен вац цуьнан Маршо , ларйарехь г1арол верг.

2

Х1ай Нохчо хьо бен вац,
цамгарна дарба дерг.
Бохамаш эшамаш , юхатоха хьуьнар дерг.
Цуьнан дог оьцуш , Са хьаста лазам берг.
И кхетош-кхиоран Къаночун хьехам берг.

3

Х1ай Нохчо хьо бен вац,
хьайн къоман дола дерг.
Шелонах мацаллах ,
к1елхара даьхна верг.
Хьо бен вац цуьнан Сий пусарца дебош верг.
Мостаг1ех йоллу ч1ир даггара эцна верг.

4

Х1ай Нохчо хьо бен вац,
цуьнан кхане луьстуш верг.
Толамаш эшамаш , терзанца дустуш верг.
Ч1аг1онна Са Маьрша г1аьпнаш а юг1уш верг.
Шовданаш даржорца хьайн Даймохк хьекъош верг.

5

Х1ай Нохчо хьо бен вац, муьжгаша къарваза верг.
Цара хьо массарел , луьра мостаг1 лаьрра верг.
Тахана бохчанца х1илланца , тилош верг.
Мот бохош бух тилош ,шийла 1ад латтош верг.

6

Х1ай Нохчо хьо бен вац, Яхь олу Кхетам берг.
Вешийна -Йишийна , Са дала кийча верг.
Вайн Нохьан Пайхамарца , ц1е хуттуш дозал дерг.
Лаьмнашкахь хьайн тайпан ,
Кхерчийн ц1е латтош верг.

7

Х1ай Нохчо хьо ву хьуна , хьайн доккха декхар дерг.
Аллах1анна Ламазехь хьесталуш ваьхна верг.
Цуьнан Дашна лай хилла ,
дахарехь чекхваьлларг.
Лаьттат1ехь И Воцург кхин Эла воцуш верг !

Аки Аьрсбин Абу-Бакр.
10.11.16 ш :

Отдел писем

Chechenews.com

11.11.16.