Мила ву сох кхетарг, йа кхета г1ертарг?
Ц1еначу ойланца соьца дог доькъург!
Оьзда вайн г1иллакхаш хьоьшуш ца лалург.
Дин доцуш лелаш верг,нисва сатуьссург.
2
Нохчо вац шен дагна, дег1анна там лоьхург.
Нохчо вац Даймехкан бала ца боькъург.
Нохчо вац шен къоман г1аролехь воцург.
Нохчо вац коьмаьрша дог ц1ена воцург.
3
Нохчо вац шен халкъан Нах а ца лорург.
Нохчо вац Нахаца шалхонца вехарг.
Иштта г1о эшначохь цунна букъ тухург.
Нохчо вац са к1езгалла шеца мел ерг.
4
Нохчо вац шен зуда,доьзал д1ахецнарг.
Дала т1едехкина декхарш д1атеснарг.
Нохчо вац ша шиэна реза а хилла.
Сонтачу уойланца Нахах ца вешарг.
5
Сан дагчохь боккхачех лазам бу дебаш.
Дахаран вайн къилба бухт1ера далар.
И лазам болучийн кхеташуо ца хилар.
1алашуо вайн дарба лоьхуш ца хилар
6 .
Барх1 эзар шо герггахь,гулйина Хазна.
Нохчаллийн и оьзда сибат довш лаьтта.
Вала Да воцуш ша 1инах ю йоьдуш.
Самуо йа, ойла йа, кхетам а боцуш.
АЬРСБИН АБУБАКАР. 30.07.05 шо:
Отдел писем
Chechenews.com
08.12.13.