Главная » Все Новости » События » Аьрсбин Абу-Бакр.: Хьаша а Лай а.

Аьрсбин Абу-Бакр.: Хьаша а Лай а.

(Вайн вешина Дуди Джовхарна лерина)

1.
Хьайн чуьра ара ваьлча, юьртан хьаша ву хьо
Юьртара ара ваьлча, Мехкан хьаша хуьлу хьох
Махкалла ара ваьлча, Дуьненан хьаша ву хьо
Маьждиг чоьхьа ваьлча, Делан хьаша хуьлу хьох.

2.
Хьешан дахар Оьзда лаьттина, иэхь а долуш
Хьешан ГIиллакх лаккхара ду, хастам болуш
Лаам хьаьшна, дезар сацуо, кхачам болуш
Хьешан декхар, шен дегIаца декхна волуш.

3.
Хьайн чуьра серло, юьртанна ахь дIа ца еллехь
Юьртан серло, Махканна ахь дIа ца еллехь
Мехкан серло, кху Дуьненна дIа ца еллехь
Делан серло йайъинчарех хьо ма хилалахь.

4.
Муъмин хилла, хьешан дахар атта-м даций
И Дуьненан Iилманчаша а баьхна ду хьуна
Шен доьзалан, шен юьртан а, шен Мехкан Сий
Лоруш воцург, лардеш воцург, Къонах вац хьуна.

5.
Бохуш чахчуош вайн Наноша, кхиийна децара?
Яхь дIа ца луш, доьналлехь вайн Сий ларделаш!
Тиэшам, ларам, Оьздангаллехь пусар делаш
Вай Iаморца Дайша тусуш, кхиийна децара?

6.
ТIалам боцург, бала боцург дац-кха лаьтташ
Хьоьгара доьжча осала дерг, Адам кхаьрдашa
И Дуьненчохь сихха даьржа, вайн Юьхь йойъуш
Кхиэтам болу, тIалам оьша, вайн Сий ойъуш.

7.
Хьаша веза а, бехкиэ хилар Дала боху (с.в.т.)
ГIиллакх тодан ша ваийтина, цуьнца аьлла
Хьешан ларам Сийлахь хилар, Элчануо боху
Хьарам-хьанал, бакъуо-харцуо, биргал яьлла

8.
Хьешан декхар лардарехь, Ша къастам бина
Кху Дуьненах шу чекхдовлалаш, хьеший хилла
Иэхьца-Юхьца ГIиллакхашца, дахар нисдина
ХIара ВЕСЕТАШ вайга дитна, Элча ваьлла.(с.I.с)

9.
Иман, Эхь-Бехк, хьешан диэкхар шаьш дIатеснарш
ГIиллакх, тешам цу доьналлех, шаьш дIахеддарш
Баьстина цIоьвнах, шайн Зударий ва дIахецнарш
Гуттар лаьттина, вайн кхетамехь, писха Лайш

10.
Массуо а хенахь, Лаьшна дезарг шиъ бен ма дац
Хьалха лаьттарг шен гай дузор, хьайбана лаам
Уьш Махканна а йа Халкъанна пайден ма бац
ШолгIа дерг ду, бехкиэ меттан шахIват безам.

11.
И Лаьш хецна битна ма бац, вай Маьрша долуш
Йа урхаллийн коьрте уллиэ, уьш ца битна баха
Шайн синошкахь, ямартлуонан, къизалла кхобаш
Шаьш хиларца, уьш гураш чохь латтийна Наха.

12.
Уьш шайн хенахь вай тIелаьцна, хьеший а бина
Нохчашкара цу Маршоне, сатиссарца тIеихнарш
Къестош боцуш, кхерч-цIа делла, лулахуой бина
Лоллех веддарг, Iазап хьоьгурш, Са дадийнарш.

13.
Церан тIаьхье талламашца, хьетIе ховшийна.
Цу муьжгичо Делан мостагI, тахана вайна
Церан къизаллуо, ямартлонуо вай цецдаьхна
Цара дуохоза емалдаза, гIулкх ца дитна.

14.
Цара Воккха-Стаг, сийсазварца юьхь а йоху
Иэхь-бехказа, Далла гергахь кхерам боцуш
Муьлхха йоI-зуда дIа а юьгий, доьза йойъу
Буохам, бала, НаханнатIехь маьрса бохуш.

15.
Денуо-денуо дуохош лаьтта, Дайн ГIиллакхаш
ХIоран сохьтехь хьошуш лаьтта, вайн Ненан мотт
БIаьрг мел кхетчахь шеллуш догIу доттагIалла
Лайн марш баьттIа, стигал етташ шайтIана топ.

16.
Баккхий Къануой, Мехкан-Хазна, вахьа таIийна
Яхь йолу КIентий, Мехкан-гIортор, вайн гIелйина
Эхь долу Мехкарий, Мехкан серло, цара кхолийна
Иэккхар долуш Нохчийн къам ду, собарехь тийна

17.
Тиэшам болуш бакъонца верг, нилха ваьккхина
Метнаш детташ и тиэкхаргаш маьрса евлла
Хьарам-хьанал къестош боцуш хьериэ хилла
Кху Дуьненца саьхьаралла, къуьссуш тилла.

18.
Вошалла а дац, ГIиллакх доцу цу зуламхойн
Хьаша а ма вац, йа Дин а дац, суом ца дагIахь
Кху Дуьненна бIарзъеллачу саьхьар кIиллойн
Къомах хиэдда, куотта евлла Лаьш шайн дагахь.

19.
Герзех йоьттина, Махкахь кхерста муьжгийн Лайн ког
Вайн Сий хьоьшуш, кху Дуьненан халкъаш кхардош
Маццалц-мелла, лаьтто ловр ю хIара хардангаш?
Нехан неIалт кхарех хьерчаш, маца Iебар дог?

20.
Кхеран чаккхиэ мичахь хир ю, вай тешаш ма ду
Маьлхан дийнахь стогарш лиэтош хIорш лоьхур ю
Цхьаерш йовдуш муьжгашнатIе хьолхур ма ю
Доза нисдеш Идал хитIехь, хIорш хьокхур ю(Инша-АллахI)

21.
Мичахь ю тиэ, Нохчийн къоман Маьрша майда?
Мел генахь ду тиэ вай сатуьссу и ирсан Де?
Вайн дог хьостуш, вайн чIир оьцу, динан Бериэ!
Маца вер ву тиэ, къоман Баьчча беркатиэ Да?

22.
Мотт хаарах йа бийцарах, Нахах вац цхьа а
Йа паспортIехь йазварах хуьлуш ма вац Нохчо
Даймахканна хьанал воцург, хилла вац цкъа а
Дешех дина, цуьнан хиларах лахьтанна марчо.

23.
Наха херйарца шайх къастийна, и Лаьш бакъ ду
IуьтIа а харданг, Оьзда воцург, Iонта Лай ву
ГIиллакх, тиэшам, Эхь-бехк,ларам Нехан дукъ ду
Нехан дукъца вехаш вериг, Къоман воI ву.

Аьрсбин Абу-Бакр.

( 21.04.12 шо: Оханан бутт)

Отдел писем

Chechenews.com

13.12.13.