(Вайн дикчу Вешина, Бисолтин Аптина лерина. Вайн б1аьрсинна дайначух, Баккхийчу Нахера хезначух, дегнаш а лезначух. Нохчийн къоман доьналлех а, мостаг1ийн къизаллех а)
I.
Дашуочу маьлхаца, исбаьхьчу Iаламца
Бес-бесир зиэзагаш, шовданаш,дийнаташ*0I
Кур лекха баш-лаьмнаш,беркатиэ латтанаш
Дуьниэнан Йалсаманиэ кхоьллинчу Махкахь
МостагIчуьна къизаллуо,хаза Дуьниэ Iарждина
И малх дIакъоьвлина,зиэзаг нур дагийна
И лаьмнаш ластийна,акхаройн доь дайъина
Шовданаш дакъийна, чарташ а кегдина.
2.
Вайн Махкахь харцуонан,ШайтIанан(а.б.)бIоннуо*I
Инзарчу*2 къизалца йаржийначу Iожаллуо
Багуочу Даймахках чIируо*3 ша дардина
Кийрарчу готталлехь, деха Са туш*4 тоьхна
Бухкаршца лаьцна шен и гоьмаш*5 хиэдийна
Цу цIаьлгех*6 даьлла ша паналлиэ*7 хьаьдча
ХIара латта куог биллал Маршонах хаьдча
Дуьниэнна салт дуьллуш*7а,Салам кост иэцна
Цу стиглан Iаьршашка*8 Са тIема гIаьттича.
3.
Цу маьлхан зIаьнаршлахь*9 IиндагIа хIоттийна
ЦIе-кIурлахь богучу Даймахканна орцанна
Шен тIемаш пхьагIатехь*I0 Маршонна даржийна
Сирлан шен ичча-бIаьрг*II лаккхара хьиэжорца
Дерригиэ тидарца бIаьрхиш а дустарца
Зорбанан*I2 бIов йутту кху Синан Аьрзуоно.
4.
Ненан шен берачух, дог лозуш хьанала
Маьршачу паналлехь, доккхачу Iуьналца*I3
МостагIийн къизаллиэх кхаьрда*I4 и чаьмза
Биэкхамах догу дог, чIируо бен дузош дац
Далуо дош дац цунна дусталац терзанца
Цу бIаьрган суьртанна дийца дац доза.
5.
ДIаьвшенан шокъалеш*I4а и барзана*I5 тоьпаш
Стигланаш къиэкъаеш*I6 латтанаш бухдохуш
Iожаллийн Олхазарш хIаваан киэманаш
Вайнехан декъаштIехь хелхарш до танканаш
Кхерчашна талордеш*I7 мостагIийн ардангаш
ЦIий муьйлу Убараш*I8 Адаман ШайтIанаш.
6.
ДIогахь юрт йогуш ю хьуьллахь бIов иэккхийтина
Сан Ден Де цистина*I9 къоьжан*20 дегI Iуьллуш ду
Йоккхачу сан Ненах чахчийна гужам*2I бина
Мерзачу сан Йишин бIаьргех цIий оьхуш ду
БIахочуьна*22 сан Вешин хIусамаш йагийна
Къизаллуо Iадийна*23 къеждина бераш ду.
7.
ТIам шера кур лекха элан Са Олхазар
Ирачу хьан бIаьрсих, хьан иэсахь*24 тидамах
Тарх*25 огуш*26 ахьа дечу маргIалан*27 зорбанах
Ямартхуой*28 курхалчаш*29 бовлац хьан йозанах
Даймехкан тезиэтахь хелхаран бохь бугIуш
Декъеш а меженаш тхан юхкуш совдегарш*30.
8.
Къайлиэнаш дIатоьлуш мостагIий кхардабеш
Церан лай-пхьу*3I йоьвлла уьш а шаьш цецдохуш
Кху Нохчийн декъаштIехь шайн гIаланаш йоьгIна
Дин метта Нах тилош хIуьппалгаш*32 хIиттийна
МостагIийн совгIатех жаIараш оьхкина
Мичара хьанаха ю, шун стешхалла, боьхалла ?
9.
Сан синах дог цIена, тIам Маьрша Олхазар
Язделахь тIаьхьенна Къонахийн доьналлех
ХIара Дуьне акъ*33 доккхуш къегинчу хьуьнарех
МостагIчун букъ кагбеш лиэтачу тхан КIентех
ДегIастнахь жил-Iалам*34 Iадийнарш отучех
Iазапхойх*35 дог Iабош иэгначу ГIазотех.
I0.
ТIам шера кур лекха, Сина эла хIай Аьрзуо
Тидалахь сийлахьчу тхан Къануойн*36 весетех
Вошаллех кхелинчу, тиэшамца даьхначу
Иманца дихкина, Маршонца къийлинчух
Дас КIантиэ кхийдуочу, буолатчу зIенех
Къонахчун юкъ йоьхкуш, воI*37 муьтIахь хиларех.
II.
Лаккхара бIаьрг бетта, хIай Маьрша Олхазар
ЧIагIделахь хьайн ваддехь*38 ,вайн Нануойн салматах*39
Лам санна доккхачу нуьц1къалчу собарах
Цу экама*40 дегнаштIе хIиттинчу муьнех а
Делиэ дIаеллачу шайн хаттам*4I кхиэлех а
БIахочун пхьор*42 делла, мотт белла сагIанех
I2.
Тиэшаман Яхь йолу, дог цIена Олхазар
Хьайн иртехь*43 къовлалахь, Вайнехан вошаллех
Нахалахь бехачу боккхачу лиэрамех
Оьздалла ехачу хьешанна баьрччиэнах*44
Муьлхха а орцанна лаьттачу самуонех
Беркатан доIанашца Iодика йитарех.
I3.
Сан деган хIай векал, цIий цIена Олхазар
Йозанца нисделахь Йижарийн аьзналлех*45
Вайн мохь а баланаш боькъучу хьуьнарех*46
Ховхан*47 и Дайн кхерчаш*48 ,цIеналлехь латточух
Къайлаха бIаьрг белхош АллахIе доьхучех
Хьомсарчу Йижарша вайн дегнаш гIитточух.
I4.
ХIара косташ*49 весиэташ*50 таьптариэ дерзийна
Малхбале*5I малхбузе*52 новрехьа*53 къилбехьа*54
Турпалан шен тIемаш диэкхаро чIагIдина
ДIалеста Олхазар гIо-орца лехарца
Дерригиэ Дуьненна дIакхайкхош чекхдала
ДIабалхуо дегI лоьхуш Даймехкан и бала.
I5.
Малхбалехь и къаьмнаш лоллехь*55 шаьш дехаш гой
Малхбузехь бехаш берш зовкхаллуо*56 тилийна
Неврехьа туш тоьхнарш мостагIийн Iазапхой
Къилбехьа вежарий Маршонна гIуьттуш гой
Шен лазам дIабалхуо меттиг ца карийна
Луржачу*57 некъашца хIара Дуьниэ гиэздина*58
Юха доьрзу дог шийла орцанна Олхазар.
I6.
Вайн кхоллам*59 бу-тиэхьа Дала Ша нисбина?
Цхьаалехь*60 арара гIо доцуш латтийта?
Йа вайгара масаллаш оьшу-тиэ даржийта?
Азаллехь*6I дуьйна схьа къийсамна кхоьллина?
Дала Ша дуьненчохь Элчанаш ма зийна !*62
Йа-АллахI тхо зиэраш Хьайчуьнца нисделахь!
I7.
Иштта шен дустарш дой хьиэсапан барамца
Дерригиэ хIара дуьне бIарг бетташ теллина
Бакъуонан ГIазотехь Дала шаьш нисдарна
Вайн Далла хастам беш деллачу декъанна
Даймехкан дукъ тиэкхо могIарехь хиларна
Шен кхоллам ДегIастан безамца хоттарна
Дуьненчохь даьржина Даймехкан Сий дахьаш
ЗаьIапчу*63 Умматан доIанех шад бина
ЦIа доьрза сан Аьрзуо, гиэланча Олхазар.
Аьрсбин Абу-Бакр. 07.II.I3 шо:
-(Дийнаташ-Акхарой,олхазарш,; сагалматаш-насекомые)*0I
-(БIо-Армия,воинство,войско)* I
-(Инзаре- кошмар, инзаре хаза — чудесный)*2
-(ЧIир-Возмездие)*3
-(Туш-Место обитания, стан,стоянка,квартал,лунка,город)*4
-(Гоьмаш-Кандалы)*5
-(ЦIаьлг-Клетка, клетка для птиц)*6
-(Паналла/ехь/-В пространство, безлюдное место; степь, прерия.)*7
-( Салт дуьллуш-Набат)*7а
-(Iаьрш-/ашка/- Поднебесье, высь, небо)*
-(ЗIаьнар-луч солнца-зIаьнаршлахь-В лучах)*9
-(ПхьагIат/ехь/-Расстянутые крылья, мера растянутых рук.)*I0
-(Ичча-бIаьрг-Зорький,снайперский глаз)*II
-(Зорба-Печать,типография)*I2
-(Iуьналла-/ца/Присмотр,Отцовство, забота)*I3
-(Кхардар-/ош/Высмеивает)*I4
-( Шокъалеш-Осколки)*I4 а
-(Барзана тоьпаш-Сверхмощные орудия)*I5
-(Къиэкъар-/еш/-Громом гремит)*I6
-(Талор-/аш/ грабёж, грабить)*I7
-(Убар-/аш/-Вампир/ы)*I8
-(Цистина-Истерзанное)*I9
-(Къоьжа-Седой)*20
-(Чахчийна гужам-Обгоревший комок)*2I
-(БIахуо-Воин)*22
-(Iадор/Iадийна/-Щок)*23
-(Иэсс-память:Иэсехь-в памяти)*24
-(Тарх -Скала)*25
-(Агар/ду/- Огуш-Вырезая)*26 —
-(МаргIал,маргIалан-Исторически)*27
-(Ямартхой-Предатели,коварные)*28
-(Курхалча- воришка среди своих)*29
-(Совдиэгар-Бизнесмэн)*30
-(Пхьу-Собака, кабель)*3I
-(ХIуьппалгаш- Идолы)*32
-(Акъ-Изумление)*33
-(Жил-Iалам-Фауна-флора)*34
-(Iазапхой-Угнетатели, мучители)*35
-(Къануой-Мудрые Старцы.)*З6
-(ВоI-Сын наследник)*37
-(Вадд-Ваддехь-в менталитете)*38
-(Салматех-о выдержке, Салмати – собаре — терпение)*39
-(Экама-Чувствительность)*40
-(Хаттам-Суд)*4I
-(Пхьор-Еда ужин)*42
-(Ирт,Иртехь-Произведение)*43
-(Баьрчче/нах/-Почётное место, край, выше,граница)*44
-(Аьзналла-Женское воинство)*45
-(Хьуьнарех-Находчивость,Выносливость)*46
-(Ховха- кIеда-мерза-любезность)*47
-(Кхерчаш-Очаги)*48
-(Кост -словесные послания, наказ)*49
-(Весеташ-Завещания)*50
-(Малхбале-Восток)*5I
-( Малхбузе-Запад)*52
-(Новре -Север)*53
-( Къилб -Юг)*54
-(Лолла/ехь/-В рабсте)*55
-(Зовкх/алло/-Удоволствие,/в удов-ии/)*56
-(Луржа/чу/некъ-Серпантин– извилистая горная дорога)*57
-(Гиэздина-Проходя в сквозь)*58
-(Кхоллам-Божественная судьба)*59
-(Цхьаалехь-В одиночестве)*60
-( Азаллехь- Божественное начало)*6I
-(Зиэр, зийна-Испытание)*62
-(ЗаьIап/чу/-Инвалид)*63
Отдел писем
Chechenews.com
15.01.14.