Ша хIетахь жима хиллехь а, тахана санна дагадогIу арадаьхна де нажиюьртхочунна Джабраилова МухIажарна. ДагабогIу гIелонан бос, тезетийн чам… — хIумма а диц ца делла, Декъаста юхадаьхкина ахбIе шо даьллехь а. Цхьа дагахьбаллам беха цуьнан доIанашкахь — кхочушданза дисина Казахстанехь веллачу ден весет… (Елхоев Леча/ Маршо Радио)
05.02.2014.