Главная » Все Новости » Кавказ » Иса Мунаев: «Машаран батальон» кийча ю Украине яха

Иса Мунаев: «Машаран батальон» кийча ю Украине яха

10602891_901985713163383_441536535_n

Европера «нохчийн» батальон Украине тIом бан яха кечлуш ю боху хабар масех де а ду нохчийн сайташкахь жигара дийцаре деш долу. Цхьаццаболчара емал до и хIума, нохчийн хьашт дац украинхошна тIе а хIоьттина, шайн боцучу тIаме баха, бохуш.

Вукхарна, нохчийн къомах а, кхечу мацах Советан пачхьалкхенна юккъе догIуш  хиллачу къаьмнех санна, хьакхалуш бу Украинин, Оьрсийчоьнан къийсам, аьлла хета.

Кхин цхьа агIо а ю цу хIуманна хьукма дечарна юккъехь: бусулбачу нехан гIуллакх дац цхьа кериста пачхьалкхе вукхуьнца тассалучехь цхьа агIо а лаьцна, цу юккъе гIерта аьлла хетачийн.

Ткъа хIун ду ма-дарра теллича Европехь кхуллучу Украине баха кечлучийн батальоно юхьаралаьцнарг? Мичахь ю иза я мила ву цунна хьалхаваьлларг? Карарчу хенахь Данехь вехаш волу вевзаш волу нохчийн тIемло, бригадин инарла Мунаев Iиса ву цу батальонан куьйгалхо санна билгалваьккхинарг. Ткъа и болам кхоьллинарг, chechenews.com сайто дийцарехь, „Маьрша Кавказ“ цIе йолу юкъараллин цхьаьнакхетаралла ю.

Шаьш юхьаралаьцна гIуллакх дуьйцуш, цара яздо цу сайта тIехь: „БIешерашкахь Кавказан къаьмнаша шайн маршонехь оьрсийн оккупанташца къуьйсучу хенахь Украинера вежарий даима а орцах кхочура царна, вайн лаьттанаш хийрачу тIелатархойх лардеш. Тахана, Украина ша а Оьрсийчоьнерчу тIеман агрессин кхерамехь йолчу хенахь, тхуна тхайн сийлахьа декхар хета, вайн вежаршна массо а агIор гIо дан, цу йозуш йоцучу пачхьалкхана оккупаци ца яйта накъосталла дан а“, аьлла.

Мунаев Iисас, цу боламан коьртехь лаьттачех цхьаъ волчу, Маршо радионе дийцира, шайн батальонан Iалашо машар кхолларех гIо дар ю, аьлла. Цундела ю цуьнан цIе а  „Машаркхолларан батальон“ аьлла.

Мунаев Iиса: „Тхан коьрта Iалашо ю Кавказера массо а къаьмнашна тхайга далучу агIор политикан а, идеологин а агIор гIо дар. Тхуна хета, нагахь санна Советиашна юккъехь хиллачу кхаьмнашна маьрша довла гIо ца дахь, кхана тхуна тхаьшна боккха эшам хир бу аьлла. Украина маьрша яьлча, тхуна тхайна доккха дакъа ду аьлла хета.

Массо а Кавказерчу кхамьнийн санна церан мостагI Оьрсийчоь ю аьлла хета тхуна. Украина маьрша аьлча Кавказ а маьрша хир ю аьлла тешна ду тхо. И батальон машар баран батальон ю. Цуо гойту тхо тIам бан арадаевлла доцийла. Цу юккъехь тахана алсамох берш украинхой бу. Гуьржий а бу, азербаджанхой а бу, суьйли бу, гIалгIай а бу, нохчий а бу“.

Европера нохчийн батальон Украине яха кечлуш ю боху коста даьржича дуьйна схьа дуккхаъчу нехан хаттар кхоллало: шайн Даймохк оьрсийн Iедало, тIемаш бинчул тIаьхьа, дIа а лаьцна, ма-дарра аьлча, мостагIчо шайгара мохк дIа а баьккхина, Европехь тховкIело а карийна, Iаш болчийн хIун гIуллакх ду Украинерчу къовсамна юккъе гIорта? Цига биггал бIо а, ницкъ шаьшкахь вовшахкхетта белахь, цкъа хьалха  шайн Даймохк маьрша баккха гIорта ца богIу цу наха, аьлла. Мунаев Iисас иштта жоп делира цу хаттарна.

Мунаев Iиса: „Вайн махкана оккупаци а йина, цу тIехь шен Iедал дIахIоттийнарг мила ву? Оьрсийчоь ю. Дуьненан долуш долу массо а низамаш а дохийна. Тахана Оьрсийчоь муьлхачу а пачхьалкхана тIелетча, суна а, сан накъосташна а хета, царна дуьхьало яр тхайн декхар ду аьлла. ШозлагIа делахь, Советашна юккъехь хилла массо а пачхьалкхе маьрша ца ялахь, вайн Кавказан къаьмнашна маршо хир ю аьлла а ца хета тхуна“.

Источник: www.radiomarsho.com

14.03.14.