Кху дуьненах х1ундо вай !
Вина Ненан дог делхича,
Езачуьна б1аьрг белхича,
Доттаг1 тешаме цахилча,
Кху дуьненах х1удо вай.
Махках ваьлла, махках хоьгуш,
Корта къеж а белла сан,
Шен нахаца дууш доцчу,
Кху дуьненах х1ундо вай.
Байлахь бисна доьзал байча,
Йисна байлахь зуда а,
Цера дог вай цахьаьстича,
Кху дуьненах х1ундо вай .
Яхь д1аяьлча, марзо яйча,
Барт д1абаьлча, безам байча,
Мостаг1чунна ч1ира йитча,
Кху дуьненах х1ундо вай .
Ваша воцчу йишин-б1аьрхиш,
Сацо ваша хьох цахилча,
Хьо везначо гечде ала,
Даймахкахь хьан каш цахилча,
Риц1къо 1ехош, Мохк бицбича,
Вай Маршонан г1азот доьхьа,
Турпал к1ентий сий цадича,
Кху дуьненах х1ундо вай .
Мостаг1чунна бекхам эца,
Доьнал доцаш хьо висача,
Дайша баьхнарг диц а дина,
Маршон архаш ахь хедийча,
Иштта лелла яхь а йоцаш,
Кху дуьненах х1ундо вай .
Вай Барт бацахь, Яхь д1аяьллехь,
Нохчолла ма дицдо вай,
Иштта лелла ирс а дайна,
Кху дуьненах х1ундо вай!?
Казбич Чеченский.
Chechenews.com
24.08.11.