Къонахчух Дош !!!
1
Мила ву Къонаха, хаттара доьжча
Цунна жоп карор дац, цхьанна йа шинна
Муъминан дог долуш, Ломан са, Баьчча
Берриге шен кийра, йахьаллех буьзна.
2
Къонахийн г1аста ду, Х1уьрла1ийн хьокъца
Нохьа Дас Элчано, дийг1инчу стоьмех
Х1уррера, Уррера, Шемах чекх дийларца
Нохчийчу кхаччалца, 1алашдеш вуонех.
3
Мел доккха дукъ ду и Къонаха бохург
Дуьненан доккхалла ца кхочу цуьнга
Уггаре лаккхара тешам шех лаьттарг
Г1ийлачо, эшначо сатуьйсуш цуьнга.
4
Къонахчун дахар ду, Далла са доьхкина
Делан и Нийсо кху лаьттат1ехь х1отто
Дерриге шен дахар Г1азотехь дихкина
Бакъонца мел дериг, Дуьненахь даржо.
5
Харцонца вог1уш верг, д1андаргца эгош
Шен куьйга мостаг1ий, кешнашка хьежош
Ямартло, мекарло, хьекъалца йостуш
Дег1аста, Нана халкъ, букът1ехьа лоьцуш.
6
Къонахчун девзаш дац, мостаг1чух кхерам
Саметта ва кхетта, ша кхалхар вожар
Ткъа кийрахь йогучу, ц1еран бац барам
Орцанна г1орасиз хилла ша висар.
7
Къонахчун лаам бу, къам Маьрша дахар
Адамаш бертахьа, марзонца хилар
Харцонаш, шалхонаш, хедайар цестар
Цу къийсам терзант1е, шен са а диллар.
8
Къонаxчун безам бу, Дег1астан марзо
Сийлахьчу Даймехкан, парг1ато серло
Ненан и экаман, дог ховха лерам
1овжорна, лазорна, шен болуш кхерам.
9
Къонахчун хьарам ду, са к1езгалалла
Нахах цавашаран, куралла, дозалла
Вошалла эшначохь, хьанна а букъ тохар
Хьашташлахь шена дерг, Нахалла айъар
10
Къонаха везар вац, к1иллошна лаьшна
Дош шалха долучунна, сонта а чунна
Амма ша массуо а хьашт хила цуьнга
Осалла йолуш верг, Къонахчун г1айг1а.
11
Къонахчун лазам бу, уггаре боккха
Вайн К1ентий доьналлех,кхетамах хедар
Уьш оьгуш хиларна,1инах чу доккха
Декъазчух, осалчух хуьйцуш шайн оьмар.
12
Къонахчун кхетам бу, буолатал ч1ог1а
Лаамаш, марзонаш, шовданал сирла
Собаре къинхетам, х1урдалла боккха
Шен дешан Да хилла, воьжна и хийла.
13
Къонахийн тешар а сатиссар кхане
Уггре боккхачех, лам хила лаьтта
Къийсаман шайн хьаьттахь, кхиийнарг токхе
Ден Дайн васт дендеш, вайн дахар дан атта.
14
Теша и Нохчолла дендан ниц1къ кхачарх
Го цунна и некъаш, гиэчуо х1од хадо
Дала мукъ ло цунна, ирхонаш хиларх
Дайъинарг, лач1къийнарг, юхаметта дерзо.
Къонахийн г1аста ду, Х1уьрла1ийн хьокъца
Нохьа Дас Элчано, дийг1инчу стоьмех
Х1уррера, Уррера, Шемах чекх дийларца
Нохчийчу кхаччалца, 1алашдеш вуонех.
Мел доккха дукъ ду и Къонаха бохург
Дуьненан доккхалла ца кхочу цуьнга
Уггаре лаккхара тешам шех лаьттарг
Г1ийлачо, эшначо сатуьйсуш цуьнга.
Къонахчун дахар ду, Далла са доьхкина
Делан и Нийсо кху лаьттат1ехь х1отто
Дерриге шен дахар Г1азотехь дихкина
Бакъонца мел дериг, Дуьненахь даржо.
Харцонца вог1уш верг, д1андаргца эгош
Шен куьйга мостаг1ий, кешнашка хьежош
Ямартло, мекарло, хьекъалца йостуш
Дег1аста, Нана халкъ, букът1ехьа лоьцуш.
Къонахчун девзаш дац, мостаг1чух кхерам
Саметта ва кхетта, ша кхалхар вожар
Ткъа кийрахь йогучу, ц1еран бац барам
Орцанна г1орасиз хилла ша висар.
Къонахчун лаам бу, къам Маьрша дахар
Адамаш бертахьа, марзонца хилар
Харцонаш, шалхонаш, хедайар цестар
Цу къийсам терзант1е, шен са а диллар.
Къонаxчун безам бу, Дег1астан марзо
Сийлахьчу Даймехкан, парг1ато серло
Ненан и экаман, дог ховха лерам
1овжорна, лазорна, шен болуш кхерам.
Къонахчун хьарам ду, са к1езгалалла
Нахах цавашаран, куралла, дозалла
Вошалла эшначохь, хьанна а букъ тохар
Хьашташлахь шена дерг, Нахалла айъар
Къонаха везар вац, к1иллошна лаьшна
Дош шалха долучунна, сонта а чунна
Амма ша массуо а хьашт хила цуьнга
Осалла йолуш верг, Къонахчун г1айг1а.
Къонахчун лазам бу, уггаре боккха
Вайн К1ентий доьналлех,кхетамах хедар
Уьш оьгуш хиларна,1инах чу доккха
Декъазчух, осалчух хуьйцуш шайн оьмар.
Къонахчун кхетам бу, буолатал ч1ог1а
Лаамаш, марзонаш, шовданал сирла
Собаре къинхетам, х1урдалла боккха
Шен дешан Да хилла, воьжна и хийла.
Къонахийн тешар а сатиссар кхане
Уггре боккхачех, лам хила лаьтта
Къийсаман шайн хьаьттахь, кхиийнарг токхе
Ден Дайн васт дендеш, вайн дахар дан атта.
Теша и Нохчолла дендан ниц1къ кхачарх
Го цунна и некъаш, гиэчуо х1од хадо
Дала мукъ ло цунна, ирхонаш хиларх
Дайъинарг, лач1къийнарг, юхаметта дерзо.
15
И тешам и лаам, хьанала къийсам
Хадо йа х1у дайъа, шеконе ласто
Де кхочур ду аьлла, бац цуьнгахь кхерам
Мокхазан суйнех схьа йаьлла и ч1аг1о.
16
Къонахчун кхайкхам бу, вайн х1ора К1анте
Само йе, дола де, массара денна
Мел олу дош литта, боккху ког нисбе
Коьрта дерг, оьзда дерг, литта т1аьхьенна.
17
Да велхаз доькъах шен, Нах ма ца билхина
Хьалхе бинчу кечамо, юхь к1ай ма вина
Б1о г1атторг а, юхатухург цхьаъ ву ма аьлла
Х1ара дешнаш, къанунаш, дитна дац эрна.
18
Къонахчун некъ лаца данне дац атта
Куьг дузо, кхерч бохбан,хьуьнар ца эшна
1уьналлехь, г1ароллехь, деган б1аьрг лаьтта
Кханенаш йоьзна бен, латта ца хьешна.
19
Къонахчун к1ийрахь бу, пхьалг1анна алу
Са ийдеш, дог кхехко, хьурматан бала
Мостаг1ийн некъ хедо, 1ожаллин талу
Нисваре сатуьссуш х1ора а Дала.
20
Массеран 1ийжамаш шен сине лоьцуш
Маржа-йа1ъ Дуне хьо, харцонан зама
Цу Нехан кхаъ болче, ирсан зирх туьссуш
Кхаж лаьцна Къонаха волу ша пана.
21
Аьрзонан дахарца, хьаша а хилла
Лаккхара хьоьжу и Дуненчу вахьа
Б1аьрго схьалоцург, хораме даьлла
Адамаш тилош го, Йилбазан лаьхьа.
22
Стигланан 1аьчашка до1анаш кхийдош
Лаьттан цу баххашка кхийдаеш ойла
Б1окъежна догвалар, ойланаш хедош
Синкхетам дарбанаш лоьху цо хийла.
23
1уькъанна г1аьттина 1ибадат седанца
Йог1учу ойлануо Къонах ву чахчош
Лазаме эшамаш, хуьттуш до1анца
Даккхийчу хьуьнаршна, шен кийра бахчош.
24
Къонахчун Дош ма ду, бакъонца ч1ог1а
Йоккхачу тоьпал а, ткъесалла нийса
Яхьа ю, Эхь а ду, маьлхалла сирла
Нуьц1къаллин доьналла, харцонца къийса.
25
Юхь ц1ена ойланаш, шен дагехь луьттуш
Вайнехан баланаш, ойланаш луьстуш
Вайн Нанойн буоберийн, б1аьрхиш а уьйзуш
И дустарш дитна дац, деккъа ца туьдуш.
26
Г1ийлачун Да волуш, Ламастийн ваша
Самонца ладоьг1уш, хьашташа воьжна
Даймехкан 1у хилла, шен къоман хьаша
Хийлан Де б1аьрг белош, дагчу и воьжна.
27
Дахарехь Къонах верг, Динехь ву Авлийаъ
Дерриге шен дахар Далла д1аделла
Х1аналдеш лардина садоь1у х1аваъ а
Къаронна декхаршна, висна йа велла.
28
Г1о эшнарг, де доьхнарг, хьашт хилла цуьнга
Къонахчун г1о кхачор Деле а доьхуш
Юхь а Барт, Орцанаш кхачийна шайга
Цхьаьнггара баркалла шена ца лоьхуш.
29
Шен ниййат г1аролехь кхелашца лаьцна
Хийла дог 1овжийна, чевнашца воьжна
Амма шен цатемаш, цатоарш хьаьшна
Къонахчо хийла уьш, лахьтийчу даьхьна.
30
Къонаха волу керт, яц тилла йайна
Ламанан х1останах, беркаташ дебош
Къонахий болу Мохк, Сийлаллехь буьзна
Воккханиг, г1ийланиг, баьрччене хийшош.
31
Къонах ца лору къам, декъаза лаьрра
И воцу юрт а Мохк, 1азапо хьешна
И воцуш долу къам, дац бертахь майра
Т1аккха ду масаллаш, некъ бостуш лаьшна.
32
Къонахчо лардина гергарло ц1енна
Дуьненчохь мел долчу къаьмнашца доьзна
Йоь1а-б1арг ва санна, лардина денна
Къоман ц1е йожарна, кхийрина оьзда.
33
Дуккха ду вайн К1ентийн-Къонахийн кешнаш
Кавказехь дехачу, цу къаьмнийн мехкашкахь
Орцанна г1оьвттинчахь, декъала эгнарш
Вайнехан йоккху ц1е, шайн ц1ийца кхелинарш .
34
Йа-Аллах1, Сийлахьа, нуьц1къала Дела
Чот йоцу гуттара хастамаш бу Хьуна
Тхан Нехан Къонахийн, орам ларбарна
Ас доьху Хьоьга и деборах тхуна.!!!
Аьрсбин Абу-Бакр.
Къонахчун кхайкхам бу, вайн х1ора К1анте
Само йе, дола де, массара денна
Мел олу дош литта, боккху ког нисбе
Коьрта дерг, оьзда дерг, литта т1аьхьенна.
Да велхаз доькъах шен, Нах ма ца билхина
Хьалхе бинчу кечамо, юхь к1ай ма вина
Б1о г1атторг а, юхатухург цхьаъ ву ма аьлла
Х1ара дешнаш, къанунаш, дитна дац эрна.
Къонахчун некъ лаца данне дац атта
Куьг дузо, кхерч бохбан,хьуьнар ца эшна
1уьналлехь, г1ароллехь, деган б1аьрг лаьтта
Кханенаш йоьзна бен, латта ца хьешна.
Къонахчун к1ийрахь бу, пхьалг1анна алу
Са ийдеш, дог кхехко, хьурматан бала
Мостаг1ийн некъ хедо, 1ожаллин талу
Нисваре сатуьссуш х1ора а Дала.
Массеран 1ийжамаш шен сине лоьцуш
Маржа-йа1ъ Дуне хьо, харцонан зама
Цу Нехан кхаъ болче, ирсан зирх туьссуш
Кхаж лаьцна Къонаха волу ша пана.
Аьрзонан дахарца, хьаша а хилла
Лаккхара хьоьжу и Дуненчу вахьа
Б1аьрго схьалоцург, хораме даьлла
Адамаш тилош го, Йилбазан лаьхьа.
Стигланан 1аьчашка до1анаш кхийдош
Лаьттан цу баххашка кхийдаеш ойла
Б1окъежна догвалар, ойланаш хедош
Синкхетам дарбанаш лоьху цо хийла.
1уькъанна г1аьттина 1ибадат седанца
Йог1учу ойлануо Къонах ву чахчош
Лазаме эшамаш, хуьттуш до1анца
Даккхийчу хьуьнаршна, шен кийра бахчош.
Къонахчун Дош ма ду, бакъонца ч1ог1а
Йоккхачу тоьпал а, ткъесалла нийса
Яхьа ю, Эхь а ду, маьлхалла сирла
Нуьц1къаллин доьналла, харцонца къийса.
Юхь ц1ена ойланаш, шен дагехь луьттуш
Вайнехан баланаш, ойланаш луьстуш
Вайн Нанойн буоберийн, б1аьрхиш а уьйзуш
И дустарш дитна дац, деккъа ца туьдуш.
Г1ийлачун Да волуш, Ламастийн ваша
Самонца ладоьг1уш, хьашташа воьжна
Даймехкан 1у хилла, шен къоман хьаша
Хийлан Де б1аьрг белош, дагчу и воьжна.
Дахарехь Къонах верг, Динехь ву Авлийаъ
Дерриге шен дахар Далла д1аделла
Х1аналдеш лардина садоь1у х1аваъ а
Къаронна декхаршна, висна йа велла.
Г1о эшнарг, де доьхнарг, хьашт хилла цуьнга
Къонахчун г1о кхачор Деле а доьхуш
Юхь а Барт, Орцанаш кхачийна шайга
Цхьаьнггара баркалла шена ца лоьхуш.
Шен ниййат г1аролехь кхелашца лаьцна
Хийла дог 1овжийна, чевнашца воьжна
Амма шен цатемаш, цатоарш хьаьшна
Къонахчо хийла уьш, лахьтийчу даьхьна.
Къонаха волу керт, яц тилла йайна
Ламанан х1останах, беркаташ дебош
Къонахий болу Мохк, Сийлаллехь буьзна
Воккханиг, г1ийланиг, баьрччене хийшош.
Къонах ца лору къам, декъаза лаьрра
И воцу юрт а Мохк, 1азапо хьешна
И воцуш долу къам, дац бертахь майра
Т1аккха ду масаллаш, некъ бостуш лаьшна.
Къонахчо лардина гергарло ц1енна
Дуьненчохь мел долчу къаьмнашца доьзна
Йоь1а-б1арг ва санна, лардина денна
Къоман ц1е йожарна, кхийрина оьзда.
Дуккха ду вайн К1ентийн-Къонахийн кешнаш
Кавказехь дехачу, цу къаьмнийн мехкашкахь
Орцанна г1оьвттинчахь, декъала эгнарш
Вайнехан йоккху ц1е, шайн ц1ийца кхелинарш .
Йа-Аллах1, Сийлахьа, нуьц1къала Дела
Чот йоцу гуттара хастамаш бу Хьуна
Тхан Нехан Къонахийн, орам ларбарна
Ас доьху Хьоьга и деборах тхуна.!!!
23.03.2011шо:
Chechenews.com
31.03.11.