Главная » Все Новости » Политика » Къаман къайле , я Яйначу лорахь

Къаман къайле , я Яйначу лорахь

Къаман къайле , я Яйначу лорахь

(Тоуратан т1ера нохчийн маттара Дэлан ц1ераш. «Ла иллах1а иллалах1»-нохчийн маттахь. Тоуртан «Элах1у» нохчийн маттахь. «1алалахь -1улалах1» зикаран маь1на , ишта кхин дуккха а. Кхузахь мел дийцинарг вайна хетарг ду, хуург цхьа Аллах1 бен вац)

(15 -16)

Ишта дукха а цадуьйцуш тидина хир яра вай, 1ийсас(а.с.) Шимина: «Петар», «Капе», «Сапе», бохуш тихкина йолу тайп -тайпана ц1ераш. Нагахь «х1унда», «мичахь»,«муха» боху, цхьацца цакхетам бацарш дешархочунна хир боцийла вай тешна хиллехь. И цакхетамаш цахилийта дара, и дийцар вай сел дахдар.

Ткъа х1инца зуьр вай, тохара  «кипа»дашца цкъа дала а дина, т1аккха вайтесна дитна — «къепе». Вай х1етахь элира, доктора Даууда дийцарехь: Ибрахьийм пайхамара(а.с.) дахнашца лелачу хенашкахь, цо шен меттан –мотт хуьйц-хуьйцучохь Далла 1ийбадат дан еш хиллачу наждарех(т1улгийн бун) «къепеолуш хилла.

Аьлча а, профессора Даууда цигахь бохург – «кипа»дара(1авроп.транскр.). Ткъа вай, цу шина дешан гергалонга хьаьжча, иза «къепа» санна а хила тарло элира.

Х1инца хьовсур вай, цу «къепа» дешан чулацаме а.

Кхузахь уггаре а хьалха дага тоссург ду, дахнашца шаьш лелачох, я талла оьхучох, я цхьана ханна чохь 1эн ечу наждарах , ламроша «къепе» олуш хилар. Вуьшта аьлча, т1улгеха еш йолу цхьа г1ишло ю иза.

Дешархочунна дага даг1ахь вай тохара а элира: «Ка+пе»(«храм\дом Всемогущего»), «Къа+пе»(«храм\ крепость Милостливого») дешнин юкъара кхетам — «Дэлан пе\ц1а», бу. Шайцара: «Ка»(«Всемогущий»), «Къа»Милость», «Жалость»), ширачу нохчийн маттарчу Дэлан ц1ерашца доьзна а долуш.

Цул а совнаха, и «Къа»вай гергара лерийра, ширачу ег1иптхойн –арамейн – нохчийн маттарчу – («А)Ра»бохучуьнца а. Шен рог1ехь т1аьхьарнийг ,1арбойн маттарчу: «АРРахьман» Къинхетаме верг»), «АР — Рахьим»Къахоьтург») , АРРабб(1алам – адам кхобург, деборг) бохучу Дэлан ц1ерашца а гуш .

Ткъа кхин а хьалха вай дийцира, шираллехь и «Ара\ Эра», Дэлан къинхетам билгала боккху ц1е хилла бохуш. Дала адамна, акхарошна, дийнаташна луш хиллачу ни1маташца, х1уца (адамна, акхарошна , дийнаташна, арешна,1аламна ) ша йоьзна а йолуш.

Масала, ширачу нохчийн маттахь: «Ардар», «Эрех» бохуш хиллачу беттан ц1ераша а тоьшалла деш хета вай бохучунна. Ишта, хьалхарнийг цараха хилла — ялта-х1у чудерзоран беттан ц1е («ардаран бутт»), ткъа шоллаг1нийг — дахни 1ахара цадахийта, царна юкъехь ка -буг1а (су) хоьцучу беттан («эре ха)» ц1е.

(Х1инцалерачу сентябран, ноябран гергара хенаш. Жах1аллан заманашкахь, цу ц1ерийн хилла хьесапаш вай тохара дийцира. Уьш 1эсачара шайн «паллическан культаца» муха доьзна хилла билгал а доккхуш)

Ала дашна, вай дуьйцучуьнца дог1у Тоурато боху: «Элира Дала: бес-бесара буц ло Ас шуна, шайн х1у т1е долург, латта т1ехь мел ерг, тайп-тайпана дитт а, шайна т1ехь стом мел хуьлург, х1у дуьйш — долург: шуна яъх1ума хилийта. Латта т1ерачу акхарошна,сигларчу алхазуршна, латта т1ехь мел лелачу динаташна, шайна чохь са мел долчунна сийна йолу буц ло Ас яъх1умна: ишта хилира» (Хиллам. 1:29-30)

Цу байто дуьйцу: миллиардашкахь бес-бесар а, тайп –тайпана а долу х1у кхуллург, х1у лург, х1у латторг, х1у деборг цхьа Дэла вуйла. Вайна гучуьнан, цагучуьнан, хезачуьнан, цахезачуьнан «х1у Да», я «х1у Эла» санна Ша хуьлуш волу.

Терго ер вай, кхузахь: «Да»(«Владыка»), «Эла»(«Господь»), боху ц1ераш цхьааллийн терахьца хилар а, нохчийн маттахь «х1у» дош,цхьааллийн – дуккхаллийн чутаца дуйла а.

Масала, и «Эла»,«х1у», вай — «Эли х1у» кепехь аьлча:«Дала мел кхуллург а, кхоьллинарг а»,бохучу кхетамехь хир дара. Дала мел кхоьллиначуьнан чот йоцу дуккхалла а,бес-бесаралла а ша гойтуш.

Ишта вайна хаало: «х1у Да» = «х1у Эла» , я «(Йа), х1у Да» = «Эла х1у» дуйла. Цундела и байт, ширачу нохчийн маттахь хиллачу Тоуратна т1ехь: «Элира Арас\ Эрас…», я«Элира Йа х1у Дас…», я «Элира Элах1ус…», бохуш хилла езаш ю. Я вуьшта аьлча: «Элира Аллах1у:…», аьлла.

Цу тайпа, оцу байтаца Тоурато юьйцург «Аллах1» ц1е юьйла а, ткъа иза «Йах1уда», «Элох1им» ц1ерашца йоьзна юьйла а го вайна. Дешархочуьнан дага даг1ахь , «Йах1уда» вай тохара тидира. Лияс, ша к1ант вича, Далла хастам беш -«Йа, х1у Да», аьлла биначу кхайкхаман масалца.

Ткъа кхин д1а а, цу ц1еран таллам бечохь хаало, цуьнцара –«Йа», цхьа кхайкхаман фонем хилла ца1аш — «Йахь»\ «Йохь»лицо»\«начало») санна а хилар. Шеца цхьааллийн гайтам а болуш. Масала; кхин «йахьарчий» яц, кхин деларчий бац, цхьа «Йа(хь) — х1у Да»(Эла х1у») воцург бен бохучу кхетамехь.

И «Йа», Дэла цхьаъ варан, Дэле кхайкхаран, Далла хастам баран дош дуйла гойту, масала:«Йа Аллах1», «ЙаРабби», «ЙаРахьман», «Йа –Самиу», «Йа –Латиф» (и. д1. кх. а) ц1ерашна хьалха и латтаро а.

1эламхоша дийцарехь(«Йа» маь1на шаьш ца дийцахь а), и «Йа»:«Аль»\ «Эль», «Ар», «Ас» метта а х1иттош яха а йог1у Аллах1ан ц1ераш. Нагахь Дэле кхойкхуш, Цуьнга къинхетам, гечдар доьхуш, вай уьш юкъ-юкъера йохуш елахь.

Гайтаме ду, цу «Йа»аларца нохчийн маттахь вайна го («Йахь»\«Йохь»\ «Йэхь») хьесапаш,1арбойн — жуьгтийн меттанашкахь вайна цагар а. Къаьстина жуьгтийн маттахь. Цундела Тоуратан и: «Йо»,«Йе», «Йа» жуьгтийн 1эламхоша тайп –тайпана дийца а дуьйцу. Уьш Дэлан ц1ерашна хьалха санна, царна т1аьхьа а латта йиш йолу цхьа аьзнаш бен дац, бохуш.

Масала, ишта: «Йегове дешан яцйина кеп – «Йа» я «Йах» ю. Масала: «Сан Сий –Йа»(Ис. 26:4). «Йа», ц1е ю Цуьнан(Пс.62:5); цкъацкъа иза «Иеговаца» цхьана ю (Ис.26:4), я «Элохим»(Забур 67:19) ю иза. «Йегова»«Йа» дешнаш т1ера дукха ц1ераш а, топонимаш а кхоллало. Царна юкъара башхаллаш: «Йегове»чолхечу дашна хьалха х1отта до, ткъа «Йа»,иштачу дашна т1аьхьа»(жуьгтин маттара Тоурат).

Кхузахь го, масалаСан Сий –Йа»(Ис.26:4), жуьгташна х1ун дуйла а цахаар. Т1аккха вай дечу хьесапца:«Сан Сий –Цхьаалла» («цхьаъ»\ «йохь»\ «йахь»)хуьлу иза, ша Исламехь а уггаре коьртанийг долу(г1азкхийн маттара: «Моя слава – Я(Йа)»). Ша вуьшта аьлча а: «Со цхьаъ ву»\«Соьца накъост ма лаца», бохург.

Цу тайпа, «Йах1уда»И цхьаъ ву, И воцург бен кхин дэла вац, И цхьаъ лара, И цхьаъ йохье ве….»… Х1оккхузахь «собар» эр вай. Х1унда аьлча, оцу «йохье ве» бохучуьнца вайна ц1еххьана хаало -«Йегове»(!) …. Жуьгтийн 1эламчаша къайленах къайле лору, царна шен маь1на х1ун ду цахуу Дэлан ц1е.

Масала, ишта:

а) «Йохье ве Йа х1у Да». Кхузахь кхин х1умма а дийца цаоьшу аьлла хета.

б) «Йохье ве Йахь(е) ве(рг)»(«Йахьве»). Цуьнан г1азкхийн маттара хьесап –«Ревнитель»(«Яхве»). Аьллачуьнан маь1на : «Йохье ве (цхьаъ ве) Йахьеверг (Ревнующего), Цуьнца накъост лацахь, цо оьг1азло йир ю…».

в)«Йохье ве Эла х1у»….

Кхузахь юха а «собар» эр вай. Дешархочуьнга шен тидам а, алсам баккха а олуш. Х1унда аьлча, цу — «Йохье ве Эла х1у» аларца а, «Аллах1 цхьа ве, Цунна муьт1ахь хила»,бохург хезаш хиларна.

Цул а совнаха, вай х1инца хьалха дийшира, жуьгтин 1эламчаша боху: ««Йегове»чолхечу дашна хьалха х1отта до…». Ткъа кхузахь вайн кхаьчнарг а изза ду. Цу1эламчашна ч1ог1а чолхе хета – «Элох1им» а, «Йегове» а вай ишта нисдича.

Ала деза, и «Йохье ве Эла х1у» вай ишта нис цадича а, Тоуратан дукхачу меттехь оцу кепехь вайна гуш хилар. Сел дукхачу меттигашкахь уьш Тоурат т1ехь хиларна, уьш мичахь ду а ца гойтуш, уьш муьлхачу дешнашца вайна цигахь го дуьйцур вай.

Вайн кхетамехь уьш ду, Дала ширачу исраэльхойн(нохчийн) халкъе дукхаза, дукхаза боху, кхуьлу: «Я Иегова – Господь твой».Шаьш нохчийн маттахь даьхча:«Со Йохье ве–хьайн Элах1», хуьлу. Вуьшта шаьш аьлча а, шайн кхетам: «соьцара шайн барт ма эг1абе, со воцург бен кхин деларчий ма лийца, ала – «ла иллах1а иллах1» , а болуш.

Амма, кхузахь юха а цецдовлур хуьлу вайн. Х1унда аьлча, оцу «ла иллах1а иллах1», аларца а, ширачу нохчийн маттара: «ла,элах1и Элах1» вайна гарна. Тахна а; «ла, массо а дэларчийн Дэла» санна ша хезаш долу….

Суна кхузахь уггаре а тамшина хетарг ду, ас и ши алар ишта вовшашца дустар а, сан ларамза нисделла хилар. Бакъ а долуш, иза ишта хиларна, уьш дешархочунна хьалха кхиэле дахка дагахь а вацара со.И сайха нийса кхетар вац, бохург, сайна хетарна.

Амма эццахь, цхьана деган хьехамца санна айса цхьаъ кегачохь, сан б1аьрг кхитийра синодан гочдарца йолчу Тоуратан цхьана байте. Цо бохура: «ибо Господь,Бог ваш, есть Бог Богов и Владыка владык , Бог великий, сильный и страшный…» (второзаконие10:17)

Ткъа д1а теллича, шен бухца( оргиналехь) иза яра: «ибо ЯХВЕ, ЭЛОХИМ ваш, есть ЭЛОХИМ ЭЛОХИМОВ и Владыка владык, ЭЛЬ великий, сильный и страшный…»,аьлла.

Шен нохчийн меттан чулацам: « Йахьве, шу Элах1; элах1ийн Элах1 а, массо де Да(Владыка) а хиларна, Иза воккха, анда, кхераме а волу Эл ву», а болуш.

Цул а совнаха, Тоурат т1ехь и тайпа байташ кхин а кара йора.Масала: а)«Судей не злословь и начальника в народе твоем не поноси»(Исход 22:28 синодан вариант). «Элохимов( оргиналехь) не злословь и начальника в народе твоем не поноси».

Элих1ашна маттаза ма ле, хьан къоман хьакмашна ма ле»)

б)»Я, Господь, Бог твой,.. да не будет у тебя других богов («элохимов») перед лицом Моим«(Со, Эла,хьан Дэла,… кхин элах1и ма хуьлийла хьан, сан йохьанна хьалха(и. д1.кх.а), бохуш.

Кхузара гора, цаьрцара — «элах1и»: «элах1ой» санна а ала йиш йолуш дуйла. Ша шинна а маь1на –«Элера нах»святые у Господа»), я «эвлиях1и» хиларна. Вайн цхьа йолчу диалекташкахь — «элиях1и» санна а хезаш долу.

Т1аккха цу байташцара «Элах1»(Алах1\ Алах1а\ Элах1а) ширачу арамейн маттара Дэлан ц1е хилар терго йича(цунна т1ера «Аллах1» а ю), Тоуратна т1ехь Дала ширачу израэльхошка(нохчашка) бохург: «.. со шу элиях1и а Элах1 ву», бохург ду.

Я вуьшта аьлча и хуьлу: «ла, элах1и Элах1», я «Со воцург бен кхин элах1и ма ла», я «Ас шуна оьхуьйтучу элах1ин(пайхамарийн–эвлияхин) Элах1 а Со ву, ма бе цараха деларчий»….

Цул а совнаха, Тоуратан -нохчийн маттара и «ла,элах1и Элах1», Инжалан «Кхоанна»а нийса б1остане ду. Цо ишта аьшна до, жуьгташа боху: шираллехь цхьа жуьгтин къам бен, Дэла цхьаъ вечарах цахилла», бохург а.

Т1аккха Мухьаммад(с.а.с) валале эзар шерашкахь хьалха дуьйна, Дала нахе бохуш кхуьлуш, т1едожош, хьоьхуш хиллачу цу — «ла, элах1и Элах1»(«ла иллах1а иллалах1») т1е эххар а — «Мухьаммадан –рассулах1» кхетар а,пайхамарин раг1 Мухьаммадан(с.а.с.) т1ехь кхача ялар гойтуш ду. Иза уггаре

билгале верг а, т1аьххьара верг а вуйла дуьйцуш.

16

Цу тайпа, 1арбойн маттарчу — «ла иллах1а иллах1» бохучуьнца, нохчийн маттара — «ла, элах1и Элах1» ги вайна. Шецара нохчийн –«ла», г1азкхийн маттара: «подчиниться» \«преклониться»\«терпеть»\«быть послушным» а долуш. Масала,«1ала» («Эла\ Элах1а\1эла\Али»)ц1еран: «1а»(«святой Дух») + «ла» кепаца иза ма даррий.

Ишта «Эlohim\Эloаh» толлучохь, талмудхоша и ц1е йах1удашка «Элоким» барамца яккха бахар (х1етте а Магриберачу жуьгташа иза — «Эlohim\Эloаh» олуш йоккху) а, цу ц1еран маь1на уьш кхечу хьесапашка даккха г1ерташ буйла а хии вайна.

Шеко йоцуш, и «х1етал–металш» цу ц1арца цара лелоран бахьнаш, и ц1е жуьгтийн маттахь цахиларна а, иза Аллах1 – ц1арца йог1уш хиларна а долучох тера ду. Ма дарра аьлча, уьш доцурш бен кхин бахьнаш хуьлийла а дац цигахь.

Амма цхьана меттехь(Танаха т1ехь), талмудхоша шаьш а мук1арло до: а) цуьнан ширачу –арамейн маттара маь1на –«Дерриг а кхуллуш верг »(«Творец») дуйла. б)«Эlohim\Эloаh» т1ера даьлла дош «1алам» хиларна а.

Гойтур вай, цуьнан нохчийн маттахь а и тайпа маь1на дуйла.  Кхузахь уггаре хьалха терго хуьлу,и «Эла+ х1у»:«Эла» а, «х1у» а бохучу шина дашах латтар. Шецара «х1у»дош дукхаллехь а, цхьааллехь а долуш.

Масала: а)«Эла+ х1у»: Дала мел кхоьллинарг,кхуллуш дерг, кхуллу дерг, вайна гург, цагург,хезарг, цахезарг ша мел дерг а цхьаний аларца. б) )«Эла + х1у»: Дала мел деллачу ни1матан тайпалла, бес-бесаралла дукхаллийн чутаца йицарца.

Гайтаме ду, цу «Эла х1у» хьесапан маь1наца дог1уш, цуьнан эшаре долу -«1а ла х1у» \ 1алам (кхузахь:«1а»= «Дух») а хилар. «Мел дерг а, Дэла ла ду», бохучу кхетамехь.

Вай дуьйцург билгала доккхуш хета Къор1ано а. Шен: а) «Т1аккха Иза 1а(к1ур) санна лаьттачу сиглахь ч1аг1велира. Элира сиглане, латтане: схьа т1е дуйла Суна лаамехь, я лаам боцуш.Вукхара элира: тхо лаамца дог1у»(Къор1а. 41: 11).

б) «Дала лекех х1у къаста до; Цо, са доцучох са дерг а кхуллу, ткъа са долчунах са доцург а до. Ишта ву Дэла: шу х1унда Цуьнгара д1а доьрзу»(Къор1а. 6:95), бохучу аяташца.

Оцу хьалхарчу аятацара го, Дала Т1урненехь лаьттиначу цхьана 1алаг1оже ;«…схьа т1е дуйла Суна лаахь а,цалаахь…», аьлла омра дича, цигахь мел хиллачо низам эцна дуйла. Паналлехь массо а маь1эхь седарчий — дуьненаш а кхоллалуш, царна юкъахь д1а –схьа физикан законаш а х1уьттуш, 1аламехь дахар хилийта массо а кепара Элан х1у даьржаш(и.д1.кх. а)

Цо ишта гойту: а) эццахь Далла муьт1ахь цахила цхьаа ницкъ а боцуш, мел дерг а «1а ла» («Дэла ла») хьолахь хилла дуйла(«1а»=«Дух». «ла»= «покорность»). в) и «1а ла» кхетам: Кхуллуш волчуьнан а,кхоьллиначарна а юкъаметтиган гайтам буйла.

Масала, шен «1э ла» барам г1азкхийн маттара – «быть смиренным\покорным (Господу\жизни)» а болуш. Ткъа «1а ла х1у»; Дала мел кхоьллинарг цунна муьт1ахь ду, бохург а долуш.

Т1аккха шоллаг1чу аято а гойту, Т1урненехь Дахар кхоьллина волу Эла(«1эла», «1ала»);«х1у Эла»(«Кхуллург») вуйла. Дашна аьлча, кхузахь «1а ла х1у» а, супистхойн – «1алалах1 –1улалах1» бохучу чехкачу зикарца хеза.

«1алалах1»Дала мел кхоьллинарг: 1алам- адам…»)- «1а ла х1у», а долуш. «1улалах1»(«Дала мел кхоьллинарг») — «1у(Дэла) ла х1у» а, хуьлуш(кхузахь: «1а»-«Дух». «1у» -«Стерегущий»\«Обеспечивающий»).

Ишта, ширачу израэльхойн-нохчийн маттара и «1алалах1 -1улаллах1» вай лору, Забурна т1ера Дауд –пайхамара(а.с.)Далла хастам беш олу зикарш а. Дахкор вай цараха масехь.

Масала:1)«(Аллилуя.) Славьте Господа, ибо Он благ; ибо милость Его вечна»(106:1)

Цуьнан гочдарш: а)«1али +лай, сий де Эли, И меше ву, Цуьнан къинхетам даим а бу».

б) «1а ла х1у, сий де Эли, Иза меше ву,Цуьнан къинхетам даима а бу»

2) «Аллилуя. Хвалите, рабы Господни,хвалите имя Господни».(112:1.Пс.)

Цуьнан гочдарш: а)«1али +лай, хастам бе Элина, хастам бе Элин ц1арна»

б) «1а ла х1у, хастам бе Элина, хастам бе Элин ц1арна»

3) «(Аллилуя.) Хвалите Господа, все народы, славьте Его все племена»(116:1. Пс)

Цуьнан гочдарш: а) «1али +лай, хастам бе Элина, массо а къаьмнаша, сий айде Цуьнан массо а тукхмаша»

б) «1а ла х1у, хастам бе Элина, массо а къаьмнаша, сий айде Цуьнан массо а тукхмаша»

Кхузахь кхин цадийцарх а,дешархочунна шена а гур хир бу, оцу гочдаршкахь «Аллилуя» метта»: «1али лай»(я«Эли лай»), я «1а ла х1у»(«Далла муьт1ахь мел дерг») вай х1оттича, цу зикарийн хийцало чулацам.

И чулацам церан ишта хийцалур бара, нагахь цигахь вай нохчийн меттан — «1алелай» х1оттинехь а. Т1аккха и зикарш дуьйла лур дара: «1алелай, хастам бе Элина …», бохучу дешнашца. И«1алелай»: дехаран, кхайкхаман, хастаман дош а долуш.

Вай кхечанхьа кхин а дуьйцур ду, Тоуратан — Забуран маттара – «аллилуя»(1авроп.транскр.), нохчийн маттарчу — «1алалах1-1улалах1» бохучу сихачу зикраца вайна х1унда го. Цундела цкъачунна и кхузахь цадуьйцур вай.

Ткъа х1инца кхин цкъа а тидаме оьцур вай, 1арбойн маттара–«иллах1у»\«лах1у» нохчийн– «Эла(Ала) х1у» бохучуьнца цхьана эшаре дар. Исламан 1илманчаша «Аллах1» ц1араха деш долчу хьесапца уьш дуста а дустуш.

Т1аккха вукхара и ц1е ишта юьйцу: «Особенности имени Аллах1а.Это имя является собирательной всех божественных имен. Если в слове Аллах1 убрать букву «алиф», остаеся «лиллах1» , что означает , что Земля и небо принадлежить Аллах1у, если убрать «лам», вторую букву, останется «лах1у» , что означает, что «все принадлежить Ему», если отбросить и третью «лам» – останется«х1у»,что указано в суре «Ихлас»,которое означает Аллах1— Един». («Ислам какой он есть». Хаммаудах Абдалати)

Оцу ц1еран маь1на г1азкхийн маттахь вай далоран бахьна дара, иза вайн гочдарца а гал цадалийта. Дешархочо кхузахь ишта тидаме эца дог1у, 1арбойн маттахь –«цхьаалла» гойту — «х1у», нохчийн маттахь вай лакхахьа ма дийццара цхьааллийн а, дуккхаллийн а гайтам болуш хилар. Ткъа кхин д1а долчох: арамейн — нохчийн маттара – «Элах1у»(«Алах1у») а, 1арбойн(?)маттара –«Аллах1у» а вовшашна мел гергара ц1ераш ю, иза ша а кхетар ву,аьлла хета.

Иштачо гойту, Дэла цхьаъ веш волу дин, нохчийн эзара шерашкахь хьалхе дуйна хилла дуйла. Цунна юха а тоьшалла до: «Йахье ве\Йохье ве Эла х1у», аларо а.

Гайтаме ду, цуьнцара — «Йахье ве\Йохье ве»(«Иегове») бохург а, талмудхоша ма бохху Дэлан ц1е а йоцуш, тахана а нохчийн маттахь атта кхеташ долу: цхьаъ ве иза (Элах1у), кхин деларчий ма лаца цуьнца», бохучу кхетамехь хилар.

Цахуучуна билгала доккхур вай, нохчийн кхетамехь — «Йоьхье ве»(б1остане дош– «Йохьаза»): г1иллакхан, оьздангаллан, лараман уггаре а лакхара алар хилар. Ша:

йохь»\«йахь»\«иэхь»орамна т1ехь лаьтташ а долуш . Тоуратан: «Йехьове» («Йohovan»), «Йахьве» («Jahve»), «Йах1уда» («Йahuda»), («Элох1им» («Эlohim» )) тудучохь вай дукххаза хьехийна болчу.

Нохчийн маттахь цу тайпа ду, талмудхоша шайна церан маь1наш цахаарна, Тоуратан чолхечу дешнашна хьалха х1оттош ду боху — «Йогеве»а , цхьалхачу дешнашна т1аьхьа х1оттош ду боху — «Йа» а. «Йогеве» — «Йоьхье ве» а, ткъа «Йа»: Дэла цхьаъ варан а,Цуьнан кхайкхаман ц1арна хьалха х1оттош долу дош а долуш.

Масала, цу кепера и «Йа» вайна го Къор1анан т1ехь а. Цуьнан «Й.с.» («Йа син») суран ц1арца. 1арбойн маттахь ма дарра шен хьесап цахаарна,Исламан 1илманчаша а тайп-тайпаначу маь1нашца дуьйцуш долу.

Делахь а, церан эххар а хиллачу сацаме хьаьжча, и «Й.с.», «тай(?)»олуш хиллачу цхьана тукхаман маттара –«Йа,адам», лара дог1у. Тахна вайна хаа йиш яц, и тукхам мичахь даьхна, мича дахна.Амма цхьабакъду, церан маттара и- «Йа, са\ саг» («О, душа»\ «О,человек»), нохчийн маттахь а изза дуйла хаало вайна.

Цул а совнаха, оцу кхетамехь и го, цу суран цхьана аятаца а. Дала массо а къоман адаме: «…йа, бани Адама…», олучохь. И «йа», адамо Дэле кхойкхучохь аьлла ца1аш, Дэла адаме кхойкхучохь а, олуш дуйла а гойтуш.

Дешархочунна дага дог1ехь вай тохара дийцира: «АРРахьман», «АР — Рахьим»Къинхетаме»а, «Къахоьтург» а), АРРабб(1алам – адам деборг) ц1ераш йохучохь, адамо и «Йа» муха, маца ала деза а, 1арбойн — «АР\ Ра» а, ширачу ег1итхойн –арамейн –нохчийн маттарчу — «(А)Ра» ц1арца цхьана муха дог1у а.

Дашна аьлча, 1арбойн маттахь билгалла х1ун ду цахуу  и «Ар»а, ишта Дэлан кхечу ц1ерашна хьалхара: «Аль», «Ас» а хета, ширачу ег1иптойн -арамейн –нохчийн маттахь вай теллина долу: «Эли»\ «Али» («Господь»),«(А)Ра» («Милосердный»), «1а –Са» («святой», «Дух-Свет»)

Кхузара кхин цкъа а го,Дэла цхьаъ вечу динан оьмаралла мел еха ю. И дин шираллехь массо а къоман шен-шен заманашкахь хилла дуйла а. «Оха тхайгара массо а халкъана цараха болу пайхамараш эхийтина…», бохучу аято ма хьоьххура.

Эххьар а терго ер вай, и «Элах1у» —ц1е, нохчийн шираллерачу: «Элах1и»(«Эла + х1у» = «Дэлан саг»), «Эла», «Элапи»\ Илапи» («Эла+пе =«Дэлан ч1аг1о»),«Эльси», «Элаби» ( зударийн:«Элиза», «Элита», «Элина» а…), бохучу ц1ерийн эшаре хилар а, лаа доцийла.

(Т1аьхье ю) Докка Амагов

 

Chechenews.com

24.12.11.