ДIабохийна хиллачу вайнахаца Сибрех гергарлонаш лелийна дуккха а немцойн бу эххар а шайн даймахка юхабирзинчу Германин бахархошна юккъехь.
1944-чу шарахь вайнах дIабохийна Сибрех дIабахийтича бухахь царна карийра иштта масех шо хьалха махках баьхна болу немцой. Цу луьрачу шерашкахь вайнахана а, немцошна а юккъахь дуккха а доттагIаллин уьйраш кхоллаеллера.
Карарчу хенахь Германехь ехаш йолу Фолькер Эдитта а ю Казахстанехь вайнахаца гергарло лелийначерах цхьаъ.
Тамашийна ду дахаран некъаш. Наг-нагахь дагахь а доцу цхьанакхетарш а, уьйраш а кхоллало цкъа а вовший дуьненчохь хиларх лаьцна ойла а ца хиллачу нехан. Ишттачарех дара сан немцойн Дармштадт гIалахь цхьана йоккхачу стагца нисделла цхьанакхетар.
Немцойн Балтийн ХIусам цIе йолчу цIийнахь ехаш йолчу йоккхачу стага цхьана дийнахь гIеххьачу акцентаца нохчийн маттахь сайга „маршалла ду“ аьлча, суна цкъа хьалха иза сайна иштта тарделла моьттира. Амма ела а къежаш лаьттачу йоккхачу стаго немцойн маттахь тIетуьхийра: „Хьалха гIоле хаьара суна нохчийн мотт, хIинца бицбелла“, – аьлла.
Иштта евзира суна 75 шо долу Фолькер Эдитта. Ткъа шо хьалха Казахстанера эххар а шен историн даймахка, Германе, юхайирзина йолу Эдитта Дармштадтерачу немцойн Балтийн ЦIийнан кертахь ехаш яра.
Идал хин йистошкахь баьхна болу немцой дIабохочу хенахь ялх шо кхаьчна хиллачу цунна дика дагадогIу дIадохош шаьш Сибреха баьхьна болу некъ а, цигахь шаьш лайна халонаш а, ткъа иштта шайл масех шо тIаьхьа бохийна хилла болу нохчийн шайн лулахь охьабиссор а, цаьрца шен хилла дуьххьарлера цхьанакхетар а.
Эдиттас дийцарехь, 1944-чу шеран зазадоккху бутт юккъе болучу хенахь дара цунна дуьххьара „нохчи“ боху дош хезча. Шайн доьзалехь дас-нанас дуьйцуш хезира шена бохуш, дагалуьйцу цо шаьш баьхначу Казахстанерачу Андреевка олучу жимачу гIалин йистошка дIабохийна болу нохчи баьхкийна бохуш. ЦултIаьхьа дукха хан ялале нохчийн бераш а, церан дай-наной а гира шена боху цо.
Фолькер Эдиттас дагалуьйцу шаьш бохийна болчу немцоша, къаьстина хьалхарчу шерашкахь, хьегна болу бала шайн бIаьргашна хьалха хIинца а нохчаша керлачу гонехь хьоьгуш шаьш теш хилар.
ШолгIа Дуьненан ТIом болабелча Нацистийн Германина шпионалла лелош хиларна бехке а бина, шаьш бехачу Идал Йистерчу Республикера а, иштта йолчу Советийн пачхьалкхера а дIа а лахьийна, Сибрех а, Юккъерчу Азе а дIабохийра Сталинан, Бериян омрица оьрсийн немцой.
Цу некъехь официалан хаамашца советийн немцойн кхоалгIа дакъа мацаллех, хьогаллех делира, цхьа дакъа иштта ЦIечу Армин эскархоша герзаш детташ а дийра.
Цундела дукха хан ца елира Андреевкехь бехачу немцошна а, нохчашна а юкъахь уьйраш тасаяллача. Каьстина ишколашкахь берашна юккъахь атта хуьлура бохуш, дуьйцу Эдиттас нохчийн берашца хабаре довлар. Шайн классехь масех нохчийн бер дара бохуш дагалоьцу цо.
Амма иза тIаьхьуо бен ца хилира. Цкъа хьалха гIалин йистехь эрна арахь Iаьнан юккъехь охьакхиссина болчу бохийначеран шайна чохь Iен тоьланаш яха дийзира, гIорийна латта а охкуш, юу-молчунна гIайгIа бан бийзира, тIедуху хIума Iалаш ян дийзира.
Изза жимма хьалха шаьш а лайна болчу бохийначу немцой дукхачу хьолехь дика кхетара тIебаьхкинчеран хьолах. Цундела Iедалехь кхоьррушехь, цаьрна гIо дан гIертара шайн цIеранаш бохуш, дуьйцу Эдиттас. Ала догIу, и цо дуьйцуш дерг иштта дуккхачу дIадохор лайначу вайнаха а тIечIагIдеш хилар. Тахана а дукха бу Нохчийчохь Сибрех бохийначу немцоша шайца бина хилла озабезам дагалуьйцуш берш.
Фолькер Эдиттина дика дагадогIу, цултIаьхьа 13 шо даьлча ша а, шен нохчийн доттагIий а, кхиина мехкарий а болуш, нохчий юха цIа боьрзуьйту боху кхаъ шаьш дехачу меттехь баьржина а, и кхаъ кхаьчча меттигера вайнах ирсана билхина а, цул тIахьа шаьш уьш новкъа баьхна а.
«Цигахь, Нохчийчохь, хIинца а бехаш хир бу-кх уьш, – бохуш дуьйцу цо, – И хIетахь сан доттагIий хилла Зураъ, Асмарт, Сапихьат. Ларамаза бовза-м ца бевза хьуна уьш?»
«ХIан-хIа» -олу ас,- «Уьш ца бевза суна. Амма уьш саннарш-м бевза суна бIеннашкахь. ХIунда аьлча, суна дика дагадогIу, дукха жима йолуш дуьйна схьа сайна баккхийчара дуьйцу хезнарг».
«Казахстанехь уггаре а цIена бехаш берш немцой хуьлура»…
«Вай дIадохийначхенахь вайнахаца къинхетаме хилларш дукха хьолехь немцой бара»… «ЭхI, ма хаза зезагаш леладора Сибрех немцоша шайн керташкахь»… «Вай санна бала-м цу немцоша а оьзнера хьуна, цундела хир дара-кх церан вайнахаца мелла а озабезам хилар»… Иштта дIа кхин а.
Дармштадтехь ехачу Фолькер Эдиттица ехха Iа со, сайна цкъа а ца гиначу Андреевкех лаьцна, делахь а тхойшинна юкъара болу дагалецамаш буьйцуш. 1944-чу шарахь дуьйна лозуш болу дагалецамаш бу уьш.
Азимова Сийлаха
radiomarsho.com
10.02.12.