Главная » Все Новости » События » Ирландехь тайбоксинган чемпион ваьлла Бисаев Увайс

Ирландехь тайбоксинган чемпион ваьлла Бисаев Увайс

Вайнехан Европера мухIажиралла дIадоладелла дукха хан ца елира, нохчийн кегирхой тайп-тайпанчу спортан декъашкашкахь къахьега а, кхиамаш баха а буьйлабала. Къаьстина ницкъах латарш а, бокс, Малхбалерчу летарийн тайпанаш а ду нохчийн кегийнахана юккъехь шуьйра даьржина. Европерчу кегийрхоша кест-кеста бегашийна латкъамаш бо, меттигерачу чемпионатийн финалашкахь вовшашна дуьхьал лата везаш волу шиъ ши нохчи хуьлу, бохуш.

Латарийн спортехь баккхий аьттонаш бохучу спортхойх ву Ирландехь веха  Бисаев Увайс а. Кху деношкахь Дублинехь дIадаьхьначу мехалчу тайбоксинг латаршкахь шен рогIера толам баьккхира цо.  

Увайсан ткъе бархI шо ду. Ялх шо ду иза шен гергарчаьрца Ирландехь веха. Увайс спортехь кхиамаш болчу доьзалера ву, цуьнан ваша Ислам а Ирландехь шен категорехь тоьллачех ММА олучу ийначу латаршкахь толамаш бохуш цхьавогIу. Ткъа деваша Хаважи, каратехь Iаьржа доьхкан долахо волу, Австрехь карате хьоьхуш ву.

Нохчийчуьра генарчу гIайренан махка дIавахале, Увайс кикбоксинг а, карате а Iамош вара.  

Бисаев: «Тайбоксинг со еш волу ворхIалгIа шо ду. Хьалха кикбоксинг лелош вара со. Ткъа Ирланде дIавахча дуьйна схьа тайбоксингехь ву. Цу шина спортан башхалла хIун ю аьлча, кикбоксингехь когийн, куьйгийн голаш тухуш яц, ткъа тайбоксингехь уьш тоха йиш ю, масала, дегIа тIе я коьрта тIе. И башхалла ю царна юккъехь, ткъа вуьйшта-м ший а ринга юккъера латарш ду уьш».

Ша спорте марзавалар Увайса, цхьана агIор, хIора а жимчу стаго шен дегI меттахь латтор а, цуьнан таронаш зер а шена чIогIа мехала хетарца дузу. Вукху агIор, вайн дайш а чIогIа лардеш хилла дегIан жигарралла, къонах каде а, тIах-аьлла хилар а, бохуш дуьйцу цо. Цул совнаха, бусулба дино а тIе дуьллу хIора стагана, шен дегI а, могашалла а ларъяр бохург а билгадоккху спортхочо.

Тайбоксингехь ахпрофессионалийн латархойн декъехь ву Бисаев Увайс. Ша лата волавелла ши шо а далале, цо Гуьржийн махкара гIаланашна юкъара,  цул тIаьхьа къоман а, дуьненаюкъара а  чемпионаташ схьаехира. Ткъа Ирланде дIавахначул тIаьхьа цхьа а эшар доцуш схьавогIуш ву иза.

Увайс ша леташ хиларал совнаха, иштта Дублинехь кегирхой а, бераш а лата Iамош, тренералла деш ву. Цо Iамочу берашна юккъехь меттигера ирландхой а, иштта нохчийн мухIажарийн бераш а ду. Увайсана хетарехь, муьлха а спорт – иза стеган дахар дузош а, цуьнан дегI а, са а кхочуш латтош а хIума ду, цундела берашна кегий долуш дуьйна цу спорте марздича, иза цара шайн доллучу дахарехь пайда эца йиш йолу хьоста ду. 

Спортехь толам баккхар коьрта дацахь а, амма хIора а толамо сина там а, тоам а ло, бохуш, дуьйцу спортахочо. ХIунда аьлча, аренца лелаш болу вайнехан кегирхой — уьш, Увайсана хетарехь, шаьш шайх жоьпалла делла ца Iаш, доллучу къоман а векалш санна бу, масала, хилар а, къоман цIе дикачу агIор яккхийтар а шайна тIехь а долуш.

Бисаев: „Къовсамашкахь ша толам баккхар, кхеташ ма-хиллара, муьлхачу стагана  а тоам луш, хазахетар хуьлу. Суна, масала, айса толам баьккхича, иза айса баьккхина аьлла ца хета, вайн къомо а, цул тIаьхьа бусулба наха а баьккхина хета. Вайн дика васт хилийта а, вай цхьаццаболчара ма-дийцара вон нах доцийла хаийта, сайна Дала беллачу аьттонах пайда эцна, вайн дика сурт дIагайта йиш хилча, иза суна дика хета. Цул совнаха, кхин болчу кегийнахана, къаьстина нохчашна, цу толамах дика масал а хуьлу, церан спортаца бала кхоллаболуьйтуш.“ 

Жигара спорт лелаярал совнаха, Увайс Дублинерчу колледжехь дуьненаюкъара экономика а, бизнес а Iамош доьшуш ву. Спортахочун санна болу шен коьрта сатийсам хьахочехь, Увайса шена спортаца доьзна кхин хIара ю аьллачу лакхенашка кхачар Iалашо а ца хета, элира, иза шен некъан цхьа гар санна го шена, аьлла. Ткъа коьрта  некъ — иза дахарехь иманца а, стогаллийца а чекхвалар  хета шена, боху цо.

http://www.radiomarsho.com

13.04.12.