Главная » Все Новости » Главная новость » Оьший нохчашна шайн ненан мотт?

Оьший нохчашна шайн ненан мотт?

«И мотт ца кхиийта, и мотт къоме ца бийцийта а, берашка ца Iамабайта а, Нохчийчохь чIагIделлачу, Кремлана муьтIахь долчу Iедало леррина лелош политика ю иза.

Нохчий цIерабахале цхьа жимма кхиа болабелла хилла нохчийн мотт, хIетахь дIатессначехь бисина бу. Цунна тIехь болх бан а, иза кхион а гIертачу нахана дуьхьало йора Советан заманахь. Царах националисташ алара. Луьра Советан режим йоьхча и сурт хийцадала там бу аьлла хетара. Амма тахана а, мотт кхиорна а, иза республикехь шуьйра юкъабаккхарна а дуьхьала бу уггар хьалха Нохчийчура меттан Iилманчаш. Шуна хIинцца хезар долу къамел 2006-чу шарахь дина ду. ХIетахь дуьйна ялх шо дIадаьлла. Амма ненан маттаца доьзначу хьолехь хийцаделла цхьаъа хIума дац.

Масех шо дIадели Нохчийчохь чIагIделлачу, Москохана муьтIарчу Iедало ненан маттах лаьцна къамелаш ден. Цуьнан жамI хилла, кхушара, республикерчу пхи бIе гергга школера шовзткъе ворхIаннехь, хьалхарчу классехь йолу математика ненан маттахь хьехар. Иза а, халла Делан балийца хилла бохуш дуьйцу. Кхин дIа хIун дагахь бу Нохчийчура Iилманчаш, меттан говзанчаш? Оцу хатарна тIаьхьакхиа гIерташ Маршо радионо къамеле ваьккхира, Нохчийн пачхьалкхан университетехь нохчийн кафедра карахь йолу Тимаев Ваха. Соьлжа-гIалара схьа телефонехула вистхуьлуш, цо дийцира. 

Тимаев: «Значит, 47 школехь математика нохчийн маттахь хир йолуш. ТIаккха, цхьайолчу ханна природоведени юй, иза а хила там бу. Но, муьлхачу шарахь — иза хууш дац. Учебник хIоттон а еза хазза хила ма-еззара. Хьалха, иза дIайолалучу юьхьанна и цхьа математика нохчийн маттахь хир ю. Предмет санна хьоьхуш нохчийн мотт хир бу, нохчийн меттан урокаш. Оьрсийн мотт хир бу хьоьхуш хьалха ма-хиллара. Ерриге а важа дисциплинаш оьрсийн маттахь, нохчийн маттахь математика хьоьхур а йолуш, иштта ду хьуна.»

Нохчийн, ГIалгIайн бераш бен дац юьхьанцара классашкахь дуьйна оьрсийн мотт Iамош.

Ерриг Оьрсийчохь таханлерчу дийнахь еккъа цхьа Нохчийчоьй, ГIалгIайчоь бен яц юьхьанцарчу классашкахь ненан маттахь ца хьоьхуш. Советан пачхьалкх йоьхча, дуккха а къаьмнаш тохаделира, иттаннаш шерашкахь дIатесна хилла шайн меттанаш дендан. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь анддий белхаш бина гIезалойн меттан говзанчаша а, историкаш а, шайн ненан мотт кхио гIерташ. Шайн мотт латиница тIе баккха гIерташ а бу уьш. Амма, цунна дуьхьала ю Москох.

Иштта, гергарчу хенахь оцу махкахь дийца доккхуш ду, бюрократин маттахь «къоман компонент» олу, ненан мотт а, къоман истори а, кIоштан Iалам а дешаран программина юкъадалорца доьзна хаттар. Цига яха дагахь ю, оьрсийн пачхьалкхан ДУМин комисси а. ГIезалойн меттан школаш йохкуш доккха дакъа лаьцначех ву Хакимов Рафаэл, политикан хаттаршкахула гIезалойн куьйгалхочуьн хьехамча хилла а, карарчу хенахь ГIезалойчоьнан Iилман Академехь йолчу историн институтан директор а волу. Карарчу хенахь шаьш долчехь хIоьттина сурт довзуьйтуш, цо иштта дийцира Маршо радиога.

Хакимов: «Тхо долчехь ши вариант ю. Цкъа делахь, гIезалойн школаш ю. Беккъа гIезалойн маттахь Iамош ду ша-дерриг а. Оьрсийн мотт а Iамабо, кхин мотт санна. ШолгIа, оьрсийн школаш ю. Цигахь массо Iилма оьрсийн маттахь хьоьху, гIезалойн мотт а Iамабо кхин мотт санна. Ингалс школа а ю. Делахь а, цигахь а хьоьху гIезалойн мотт.

Бераша доьшучу гIезалойн маттара книгашкахь дуьйцу, ур-атталла, маьхкадаьтта муха доккху а. ГIезалойн школа чекхяьккхинчу берана массо Iилма хаьа, заррат бомба муха эккха бохучунна тIекхаччалц. Школа гIезалойн елахь, цигахь массо хIума гIезалойн маттахь ду. Оьрсийн школа елахь, цигахь а хоьху гIезалойн мотт. «КIошт Iамор» боху кхетам бу-кха. И бохург ду, гIезалойн мотт тIедиллинчу кепехь Iамор доцург, «кошт Iаморан» Iилма а, гIезалойн маттахь хила деза бохург. Оха тхаьш вовшахтоьхна ю иза, истори муха хилла дуьйцу оха цу тIехь. ХIинца хIара киртиг чIогIа маьIне ю. И книга Москохара елахь, цу тIехь Чингисхан вуон стаг вара аьлла яздина ду. И книга тхайниг елахь, иза реформатор хилла аьлла ду.»

ГIезалойх масала эца деза аьлла ца хета меттан говзанчина Тимаев Вахина.

Тимаев Ваха: Нохчийн мотт школашкахь юкъабаккха вай кийча хила оьшуш дац

Тимаев: «Тхо премьер-министр, вице-премьер правительства Магомадов Лоьма волчехь тхо гулдина, къамел хилла тхан. ГIезалойн республикехь, вайна массарна ма-хаъара, церан шайн хьал ду. Церан масех миллион къам ду. Вай и санна долчу хIуманна тIехь «ура-патриотизм» йина, сихдала оьшуш хума дац аьлла, дийцина оха. Вай, цхьа зама тIехIоьттича, доьлхуууш, цу тIекхочур ду. Тахана а, кхана а, аса бохург хIун ду аьлча, хIокху шарахь я вукху шарахь тхуна схьахIуттуш долчу суьртаца, Iилманчашна, хIокху гергарчу шерашкахь а, ахьа ма-боххура массо классаш оцу тIе (нохчийн матте) яха вай кийча а дац, цкъа делахь. ШолгIа делахь, вай кийча хила оьшуш дац. ХIунда аьлча, и ерриге а нохчийн маттахь (хилча) вайн бераш бераш деша мича гIур ду? Вайн бераш деша университеташка мича гIур ду? Даха муха ховшур ду уьш ерриг а оцу (нохчийн) матте а яьхна? Вай берийн деша ма деза.»

Нохчийн мотт Iамийча, берашна кхин меттанаш, изза оьрсийн мотт а цхьана, дика хуур дац бохург нийса а ца хета, иза шеконе а дуьллу, кхечу меттан говзанчаша.

Iамеркерчу Беркли университетехь нохчийн а, гIалгIайн а, кхин долчу кавказерчу меттанашна а тIехь къахьоьгучу Николс Джоаннина, и проблема политикехь го.

Николс: «Нохчийн дай-наной кхера оьшуш дац, шайн бераш нохчийн маттахь дешарх, тIаьхьуо царна оьрсийн мотт ледара хуур бара, бохуш. Суна тусаделларг хIун ду аьлчи, нохчийн студенташна оьрсийн университеташка боьлхуш новкъа дерг, царна оьрсийн мотт тIех дика ца хаар дац. Шайн фамили бахьанехь, Нохчийчура арабевлла нохчий хилар бахьанехь ду. Иза ю проблема. Оьрсийчоьнан дуккха а кхечу меттигашкара, къомаха нохчий боцчу студентийн, гIазакхийн маттаца гIуллакх мел ледара делахь а, университете дIаоьцуш, проблемаш ца хуьлу. Акцент — проблема яц. ГIазакхийн мотт хаарций- ца хаарций йоьзна яц проблема.»

Бурчаев Хьалим – нохчийн телевизион компанехь гочдархо ву. Цо бахарехь, къам дохадале нохчийн маттахь ворхI класс йоккхучу хенахь бевлла нохчашна юкъахь тоьлла яздархой а, Iилманчаш а.

Бурчаев: Эзар шерашкахь дуьйна схьабеана болу мотт а, вай махках дахарх, Кавказан тIемаш хиларх, тIаьххьара тIом хиларх и мотт кхин дIа ца тосуш схьакхаьчна вай. ТIаакха и вай дайшкара схьакхаьчна болу мотт ларбар вайн декхар ду, цхьана агIора. ШолгIа делахь, вай махках дахале а вай школаш хилла нохчийн маттахь хьеха а хьоьхуш. ХIетахь бевлла-кх вай уггар тоьлла яздархой а, уггар тоьлла Iилманчаш. Цу тIехула тIе Россехь беккъа цхьа нохчий, гIалгIай боцчехь, массанхьа а практиковать деш ду (юьхьанцара классашкахь ненан мотт хьехар), цунах пайда оьцуш бу. Дагестанехь аьккхий бу нохчий, 1980-чу шерашкахь дуьйна юьхьанцарчу классашкахь беккъа нохчийн мотт хьоьхуш бу уьш. Цхьа а тайпа аьрзнаш дац, новкъарлонаш яц царна хуьлуш.

Бурчаев Хьалима хьехочу замано кхиийна ву, дуьненахь а гIараваьлла волу Авторханов Iабдурахьман.  Нохчийчура меттан Iилманчаш «кийча боцу» 40 шо сов хан ю.  

ХIун оьшу тахана нохчийн меттан говзачаншна ненан мотт кхио? Ахча деза, кхин а алссам говзанчаш беза? Я хан оьшу? ТIейIогIучу ханна билгалдаьккхина хIумма а дуй шун аьлла, хатарш дира Маршо радионо телефонехула хиллачу къамелехь, нохчийн университетехь нохчийн меттан кафедрин куьйгалхочуьнга Тимаев Вахега. Юкъ-кара, шеца кафедрин чохь волу Халидов Муса а, кхин берш а къамелана юкъаийзабора Тимаевс.

Тимаев: «Шортта харжаш еза, коьрта долчу декъана. И харжаш санна кадрыш (говзанчаш) еза. ДIа ойла ел ахьа, дукха яхарг. Вот, Муса, хьоьга хоьтту хьуна, хими хьеха а, ближайшие шина шарахь, кхаа шарахь… так вот речь идет… речь сейчас идет только о 4-х классах, и ду. Оцу тIехь тхан барт цхьаъ бу массеран а. Иза гергарчу перспективехь вайна хила йиш йоцуш, хир доцуш а хIума ду. Вай кийча дац. Вайн специалисташ бац, гергарчу шерашкахь хир болуш а бац. И «ура-патриотизм» йита еза.»

Делахь а, кечам бан мел хан оьшу шуна? Цул сов, ткъе масийтта шарахь хьо нохчийн меттан кафедрин куьйгаллехь лаьтташ волуш, говзанчаш хIунда ца кхиийра ахьа бохучу хаттарна дала жоп ца хилира Тимаев Вахин.

Тимаев: «Сан мнени хилла ца Iа хьуна иза. Тхуна массарна а хеташ дерг ду — гIезалойн махкахь санна оцу тIе довла вай кийча дац! Вай схьадаьхкина некъ тайп-тайпана хилла. Церан хьелашший, вайн хьелашший тайп-тайпана ду. Тахана Татарстанехь, ГIезалойн махкахь а, Киргизехь а, Туркменехьчул а алсам ду. Это совсем другие вопросы. Оха боху, вот профессор сидит Овхадов, Тимаев, Халидов и в министерстве… «Тахана кийча дац» боху оха. Тхуначул дикох нагахь санна и хууш велахь и дан кийча берш а нагахь санна белахь, царга дайта. Но, хIокху 46-40 шарахь оцу нохчийн маттана тIехь болх беш Iаш ду тхо-м. Массарна а, дуьненна а довза а девзаш. Тхуна хаьа тхо тхаьш бакъ дуй.

Гой хьуна, цхьана философо аьлла: «Я не знаю, куда мы идем. Но я уверен, что мы туда придем первыми. Потому что кроме нас туда никто не пойдет» аьлла. И лелош бу цхьаберш.
Цхьаъа шайна хууш доцуш я перспектива гуш йоцуш, цIарна деш къамел ду иза. И дан мегар дац. Сихо ян мегар дац. Иза, оьрсаша ма-аллара, «эпохальное явление» хила езаш ю иза. Ишта аьлла хета тхуна.»

Гуш ма-хиллара, Тимаев тешна ву, халкъ жима хилча, цуьнга шен мотт денлур бац бохучух я иза цунна хакъ бац бохучух а. Цунна дуьхьала Маршо радионо масала далийра иврит мотт денбарца доьзна. И гIуллакх долийнарг а, цунна ондда бух биллинарг а, веккъа цхьа стаг, Беларусерчу Лужки эвлара Бен Йехуда Элиэзер вара, аьлла.

1881-чу шарахь Палестине ваханера Элиэзер иврит мотт денбан. Кхузахь ала деза, цуьнан хилар бен, иза буьйцуш мотт хилла ца хилар. Дукхах долу, дахарца доьзна дешнаш хилла ца хиларе терра, шен кIанте дийцийта керла дешнаш ша кхуллуш хилла оцу ЙехIудас. ХIунда аьлчи, иврит — Библин мотт бу. Товратан мотт бу. Цо иза сийсазабо бохуш, жуьгтийн молланашна чIогIа везаш ца хилла Йехуда. И къамел хезна университетан хьехархо, меттан говзанча Халидов Муса юкъагIоьртира тхан къамелана.

Халидов: «Хьажахь, вай цкъа а хилла доцуш долчу Iилманна вай терминаш хуьлийла а дац. Цхьана а эвлахь цхьаннена а хуийла ма дац. «Общая химия», «Органическая химия», «Неорганическая химия» схьайогIуш предметаш ю-кх уьш школехь. Цкъа а вай уьш хилла ца хилча, яц-кх уьш. ДегIан меженаш ягаръйеш йолу терминаш-м схьагулъйийр яра вай. Масала, анатоми Iамон. Хьажал, ишколехь йолуш йолчу хьалхарчу классера математика юй, хIумма а доцург ду-кх иза, дуй? Маситта шарахь халла делан балийца нохчийн матте яьккхи-кх иза. Йоцуш йолу терминаш юкъаяхарх, нах цунах буола а ма беза».

Нохчийн меттан мостагIий — Нохчийчура меттан Iилманчаш

Нохчийн яздархошна хIун хета те ненан мотт денбаран хьокъехь аьлла, Маршо радионо хаьттира, ненан мотт шорбарехьа волчу Бексултанов Мусага.

Бексултанов: «Деллахь, и хIума дуьйцуш долу Iаламат дукха хан яра. И хIума тхуна дуьйцуш дара со жима бер долуш дуьйна — и мотт юкъабаккха безара, «вай дохадале нохчийн мотт 7 классехь бара бохуш» Ошаев Халид кхелхина, Имам Ахьмад кхелхина, иза дуьйцуш Абузар (Айдамиров) кхелхина. 2005-чу шарахь дуьйна иза дIадолийнарг Абдуллаев Лечий, сой, Ахмадов Мусай — тхо кхоъ вара. И оха дуьйцу, министрна тIеоьху а, цара тхо телевидени кхойкхуш, цу чохь тхан къовсам болуш… Юха цара ара а бевлла (дешаран министралла) ярташкахула буьйла а белла кинокамера а эцна, нах дуьхьала а баьхна, цара дуьйцуш долу къамелаш телевидени схьа а деана, «оха цу маттана дуьхьала митингаш йийр ю бохуш» цхьа IалагIож айина лаьтта иза кхузахь.

Юха цул тIаьхьа, оха и гIовгIа эккхийтича, «юха шарахь юккъе боккхур бу» олуш, иза тIекхаьчча «кийча дац» олуш, иштта, кху шаре схьадеънера. Юха сой, Абдуллаев Лечий, вайн и Академий, цу чуьра белхахой, университетера филологашший президентана тIекхайкхира цу хьокъехь. Цига тхо дIахкаьчча — цига дIакхаччалц барт болуш даханера тхо, дIакхаьчча массо а дуьхьала велир-кх сой, Лечий воцург.

Суна схьахетарехь, цхьа къайлаха барт хиллехь а, цаьрца цхьа, тхуна гуш йоцу дуьхьало ю кхузахь. «Вай кийча дац, орфографи яц, пунктуаци яц…» бохуш, уггар хьалха и Тимаев Ваха дуьхьала а ваьлла, цига схьа мел веънарг дуьхьала велир-кх «и мотт юкъабаккха мегар дац, вай кийча дац», аьлла. ТIаккха аса Тимаевга элира: «Ваха Джохаевич вара хьо, мила вара хьо, цхьа 100 шо даьлча, 200 шо даьлча, 300 шо даьлча хир ду алий, цхьа хан хадаяхьара ахьа» аьлла. Iилманчаш бу-кх дуьхьала бовлуш берш. Бакъ долуш. Тхо и мотт юкъабаккхар дохон дигина хиллера, гIуллакх дан дигина ца хиллера.»  

Мотт дIабаларца къам а дIадолу

Нохчийн меттан тахана бу бохучу говзанчий белхаш талла воьлча, массара а бохург санна яздо, нохчийн мотт Iилман агIора дуьххьара бийцинарг а, дошам яздинарг а, къоман дийцарш гулдинарг а, паччахьан заманера Услар Петр вара бохуш. Оьрсийн паччахьо Кавказерчу къаьмнийн истори а, амалш а, гIиллакхаш, массо а, шайн политика дIакхехьа оьшу хIума гулдан вахийтина вара барон Услар. Цо ойла кховдийнера шен паччахьана, къаьмнаш карадерзо атта хилийта, Кавказехь оьрсийн мотт баржо безаш хиларца йоьзна.

Гочдархочунна Хатаев Хьусайнна иштта го иза.

Хатаев: «Оьрсийн коьрта Iалашо хIокху Кавказехь хIун ю а хууш, цуьнан цхьа а шеко йоцуш, дагадеънарг хIун ду? Оьрсийн мотт баржабаро нохчийн тIамарх оьрсийн хIума дулур дара, лаахь-ца лаахь, мацца цу тIехь кхиам хир бара, толам хир бара, аьлла, цунна дагадеана хIума ду иза. Цул хьалха Пушкина а динера къамел «(керста) дин даржон дезара, динаца вайга тIеберзалур бара уьш» аьлла.

Иштта и оьрсийн пачхьалкхан коьрта Iалашо нохчийн шайн гIиллакх тIехь, шайн мотт багахь болуш чIагIбан а беза, тобан а беза аьлла ма ца хиллий церан. Оьрсийн пачхьалкх кхочушъеш, чIагIъеш царах цхьа некъ и бу аьлла, билгалбаьккхина-кх цо и мотт баржабар. И уггар кхиаме некъ бу иза. Ма дарра дийцича, оьрсийн мотт баржабарца вай хIума дакъаза а даьлла. Вайна юкъахь дукха нах бу — дикка дакъа ду-кх и «белла а дIабаьлла белира и мотт, ма чIогIа цо вайна кIел ког туьйсу, дIадаха ца дуьту цо вай» бохуш. Нагахь санна вай тахана цхьаммо иэшош делахь, иэшийна-кх вай.»

Мотт Iалашбеш берш охьатаIийна бу. Мотт сийсазбан гIерташ берш, иза сийсазбеш берш а хьалхатеттина бу. И мотт ца кхиийта, и мотт къоме ца бийцийта а, берашка ца Iамабайта а, Нохчийчохь чIагIделлачу, Кремлана муьтIахь долчу Iедало леррина лелош политика ю иза.

Нохчийн къоман мостагIашна экъанал шера хуш ду, къоман латта ца хилахь, шайн латтанаш стенгахь ду ца хаахь, цуьнан истори ца хилахь, цуьнан барткхолларалла ца хилахь, цуьнан мотт ца хилахь, цуьнан кхане хир йоцийла. Нохчийн къоман кхане ца хилийта лелош хIума ду иза.

www.radiomarsho.com

15.04.12.