Къаман къайле , я Яйначу лорахь
(Ас –Салам 1алайкум. Кхузахь вай дуьйцург ду, нохчийн мотт — Дэла цхьаъ вечу динан мотт хилар. Рог1ера вай тидина дешнаш: «Эль- Кех1ф»,«Къаф»(суран ц1е), «Кавказ», «Къонаха», «Ислам», «1алам», «Элам» кхин а шорта. Дуьйцург а вайна хеттарг бен дац. Ткъа хуург цхьа Аллах1 ву.
(17 -19)
Вай дечу дустарша юха а гойту, нагахь ширачу ег1иптхойн -арамейн – нохчийн — «(А)Ра», г1азкхийн маттара – «Милосердный» санна делахь, шираллера нохчийн —«Къа»: «Милость»(«Милостивый») хуьлуш дуйла.
Кхузара го, нохчийн шираллера — «Къа пе», г1азакхийн маттара:«храм Милостивого»/ «молитвенный дом» хилла ца 1аш:«стена\дом грехопадение» а дуйла. Ткъа муха ишта? Цу хаттарна дуьззина жоп дала, цхьа хьалха — «Къаф»(суран ц1е а) дашах дерг къастор вай. Цуьнцара — «Къа» кхетам а лохуш.
Х1инца тидам бер вай, цхьаболчу 1илманчаша «Къаф» суран ц1е: «Ал-Къадиру», «Ал-Къаййуму», «Ал –Къуддусу», «Ал — Къахх1ару», «Ал – Къавиййу», «Ал – Къабидзу» бохучу Дэлан ц1ерашца хуттуш, ткъа вукхара иза — «Кавказан лаьмнаш», санна лоруш хилар.
Ишта билгалдоккхур вай:
а) семитин — «Къаф» , Ибрахьийма(а.с.) бийциначу арамейн — нохчийн маттахь — «Къа+пи» («-е») санна хила дезаш дуйла. Оцу меттин законашца.
б) Тоурато хьехадарца, Ибрахьийм(а.с.) Ханаана Кавказера кхаьчна вуьйла.
в) Ибрахьийм(а.с.) ваьхна Урфа , ширачу арамейн нохчийн маттахь –«1ар +пе» («крепость», «город»), я «Ур(+халлин) +пе»(«коьрта шахьар») санна хуьлуш юьйла.
г) Ибрахьийман(а.с.) Даймехкан ц1е , цуьнан ненан маттахь аьлча: «Къа» («Милости») + «пе» («гора», «стена», «каменное нагромождение«), хуьлуш хилар.
Мацаха нохчаша Кавказах олуш хиллачу —«Къа+п(е) -лам«(«Къинхетамчуьнан пе -лам» : «Дом/стена/гора Милостивого») а, ‘’Алани»(«А\Эла ана»: «пространство Господа») а, ишта финийкицаша Кавказахь олуш хиллачу «Къаф»,бохучарах ша тера а йолуш.
Х1инца вайн ала йиш хета, «Къаф» суран ц1е Дэлан ц1ерашца йоьзна ю боху 1илманчаш а, «Кавказан лаьмнаш» аларца и йоьзна бохурш а, цхьатерра бакъ луьйш буйла.
Дашна аьлча, кхузахь гайтаме ду, 1арбойн маттахь –«хьех» («пещера») ду боху- «Эль- Кех1ф» суран маь1на, ширачу нохчийн маттахь – «Эли – Ка ха пе», я «Эли – Ка пе» санна тидалуш хилар. Шен г1азкхийн маттара маь1на : «Господа Всемогущего страж\стена», я «Господа Всемогущего защита» а долуш.
Ишта терго хьулуш ду, нохчийн — «хьех»:«хье»(«мозг\ум) + «ха»(«страж»\«защита»)= «хье+пе» («пе»:«страж»\ «стена») = «пещера» санна тидалуш хилар а.Ткъа г1азкхин «пещера», ширачу ег1иптхойн –арамейн нохчийн:«пе Са Ара» (защита Всевидящего Милосердного») эшарца дар а.
Ткъа х1ун бахьнаш ду, 1арбойн маттара – «Эль- Кех1ф», ширачу арамейн-нохчийн маттара — «Эли – Ка ха пе», я «Эли – Ка пе» санна вай ларар? Г1азакхийн –«пещера» а, «пе Са Ара» вайна хетар.
Кхузахь вайн тидам хуьлу:
а)«Эль- Кех1ф» суро юьйцу «Кехф» юьйла. Декианус (Дециан) императоран та1зарах ведда воьду исс жима саг а, цаьрца цхьа ж1ала а шена чохь д1а леч1къна хьех. Вуьшта аьлча, уьш Дала к1елхьара баьхна меттиг.
б) тайп-тайпана заманашкахь Ибрахьийм(а.с.), Дауд(а.с.), Мухьаммад (с.а.с.) а шайн мостаг1ехь ларлуш хьехнашкахь 1йина буйла .
в) хьех, цхьана заманчохь адаман ц1а хилла дуйла а, нохчийн – «ц1а дош, ширачу нохчийн – «Ц1у»(шираллера Дэлан ц1е) дашца дог1уш хилар.
Цу тайпа, и «Эль- Кех1ф»(«Эли – Ка ха пе», я «Эли – Ка пе») а, «Къаф»( Къа + «пе») а боху дешнаш вовшашца гергарло долуш го вайна. Шайн юкъара дош, ширачу арамейн –нохчийн меттан — «пе» а долуш. Вай лакхахьа теллиначу семитин: «Са+фа», «Мар+фа», «Су+фи» бохучу дешнашца а вайна гина долу.
Цул а совнаха, «Къа+пе» дашцара — «Къа» а, г1азкхийн маттара: «Милость»/ «Жалость» /«грех» /«труд» санна лору вай. Т1аьхьара шиъ, хьалхарачеран легарш (производные) а долуш.
Кхузахь тамшина ду, оцу «Къа» дашо кхуллу кхин долу дешнаш. Масала: «Къа + хетта» («смилостовился»), «къа+ летта»(«къа хьарчар»), «къа +хьега» («къинхегаман г1уда»), «Къа + хетта» («сжалился»).
Х1унда аьлча, цара дуьйцуш хета, Дала Адам(а.с.) Шен къинхетамца кхоллар, т1аккха вукхо къа хьарчор , юха цо латта т1ехь къа+хьегар, эццахь Дала юха а цунаха Шен къинхетам бар.
Цу хьокъехь Тоурато а дуьйцу цхьа дерг ишта:»Ткъа адаме(кхузахь «Адаме» дац, «адаме» ду) элира: Ас хьайга цу дитта т1ера ма яа аьллошехь, хьайн сесаге ладог1на ахь яарна, хьуна т1ехула не1алт хили латтана; х1инца цунна т1ехь «къа хьоьгур» ахь, хьайна г1айг1анца напха а доккхуш«(Мусайн хьалхара жайна. 3-17), бохуш.
Терго ер вай, Адама(а.с.) къа хьарчинехь а, х1етте а иза жоьжг1ате ца хьажош, Дала цунаха юха а бинарг къинхетам буйла. Цунна цхьана ханна латта т1ехь къа +хьега бен г1уда ца тухуш.
Цундела Дала Адамна(а.с.) дина и та1зар: «Къинхетамечуьнан та1зар» («наказание от Милостивого») ала дог1уш хета. Иза ишта дуйла гойту, Адам(а.с.) 1эхиначу Йилбазна, Дала Абада Абаде кхаччалца къа+дехна(проклятия) хиларо а.
Т1аккха Дала Адамах(а.с.) цул т1аьхьа Къа+хетор а цхьана хьадийсо (дацдина) ишта дуьйцу: «Адама(а.с.) Деле доь1а дина: «Дэла, Хьуна хаьа-кх, сан дагчохь дерг, гечдехьа сан къиношна...», аьлла. Т1аккха цунаха Къа+хетта Дала аьлла ; «Адам, Ас гечди хьан къиношна….».
Ткъа кхечу хьадийсо йицарехь Дала Адамна(а.с.) елла элсамана а; «…латтана уггаре а уллерчу стигланехь ю… ...Цу элсаманчохь мел болучеран ц1ераш йохучохь, Адамах олург а – Кунйа а долуш».
Кхузахь вай тидам бо, нагахь Адам(а.с.), шен хьалхарчу Эласаманехь — «Адам» ц1арца хиллехь, шен шоллаг1чу Элсаманчохь — «Кунйа» («Къонах»?) ц1арца вуйла Гайтаме ду, оцу «Кунйа»(г1аз. маттахь аларца) ц1арца, «Къонаха» дашца а болу -«Къа» орам хилар. Адам(а.с.) – Къонаха(Кунйа), Дала шех къинхетам бинарг вуйла ша дуьйцуш санна.
Цу ц1ерийн хийцамашца юха а хетало, Адаман(а.с.), Эхартера – Дуьненчу — Дуьненчуьра – Эхарте хилла кхолламан некъ. Вай х1инца лакхе, «Къа – къа- къа –Къа» («Милость – грех – труд –Жалость»), бохучу дешнин киртигашца ма бийццара.
Дала Адам(а.с.), Шен Къин+хетамца Элсаманехь къо+наха санна кхоллар а, т1аккха Адама(а.с.) къа +хьарчор а , юха цо къа +хьегар а , цул т1аьхьа Дала Шен Къин+хетамца иза юха а Элсамане вахийтина хилар билгал а доккхуш.
Т1аккха Къор1ано дийцарехь, Дала Адамна — Хьаванна елла хьалхара Едем а; «д1огерчу диттана герга ма г1олаш», бохучу дехкарца елла хилла. Кхин долчунна цхьа а сингатам – къинхьегам боцуш, даа — мала, 1эн – сада1а.
Х1етте а, и цхьа бехкам а, дукха хьецалуш бохайна цара. Тоурато дийцарехь, къуйша санна. Шашиъ Далла цагуш къайлахьа ду моьттуш. Дашна аьлча, кхузара хета, вайн: «къа», «къу», «къу+ т1а(е)»=«къа т1ехь дерг», «къот1алха динарг» = «къайлахьа динарг», «къайле», «къола», «къадехар», «къа+м», «хал+къ», боху маь1наш а.
Ткъа цараха массарел а хьалха вай билгала доккхург ду:а)«Къонаха» — ц1еран маь1на. Уггаре хьалха иза Адамца(а.с.) доьзна дуйла а гойтуш. Шен нийса чулацам: «Далла муьт1ахь верг», «Далла хастам беш верг», «Дала къинхетам бинарг», а болуш.
б)ишта «Къонаха» а, «Кунйа» а ц1ераш вовшашца йоьзна хилар.
в)масала: «адам дац иза», «къонаха вац иза», «саг вац иза» боху аларш а: «Адаман (а.с.) т1аьхьенах вац иза», «Далла бохург дечарах вац и», бохучу хьесапехь дуйла.
в) Къонаха, иза: шеца собар, къинхетам, тешам, коьмаршалла, г1иллакх, оьздангалла, ларам, майралла, доьналла, иэхь-бехк, шен амал -1амал Исламца ерг, шегара даьллачу г1алатна Дэлера шена даима а гечдар доьхург вуйла.
Масала, цхьаболчара шайн хьежамашка хьаьжжина вуьйцу: хьола да, къу, я нахана шен олалла х1отто г1ертарг а воцуш.
Дашна аьлча, ишта нийса цахета: «нохчийн къонахаллийн кодекс», Исламан дин т1е а дале хилла» бохуш, цхьаболчу 1илманчаша дуьйцу хабарш. И дийцарш, нохчийн а шираллехь цхьа — «рыцарский кодекс»; «самурайский кодекс» (и.д1.кх. а) санна косташ хилла алархьама дуьйцуш хета.
Ткъа вайн кхетамехь, «Къонахаллийн косташ», я «Нохчийн 1адаташ», эзарлехь дуйна цхьана заманашкахь ч1аг1луш, кхечу хенашкахь г1еллуш, вайн силсилан хиллачу Дэла цхьаъ вечу исторера хета. Шаьш 1адаташ санна къонахийн иэсахь дисна долу.
Цундела ларамза цахета: а)«Къонаха» — кхетам Нохчолахь уггаре а коьртера ларар. б)Къонахчуьнан васташ талламхошкара а, яздархошкара а, вуьшта нахера а дукха хазар. «Къонаха мила ву?», «къонаха маца хуьлу?», бохучу хеттаршца цара уьш дийцар.
Иштачохь дагатоссу: «- Дерриг а дуьне ду Къонахчун меха! «Х1ар Дуьне-м, Къонахийн белшаш т1ехь дай!…» бохург а. Дашна аьлча, сан юьртара шен силсил хиллачу поэта Сулеймановс А. аьлла долу.
Ишта дага оьху, сан бераллехь, къонахех лаьцна Доьран пхьохьанахь суна къаношкара хезна: «къонаха — со, ас бохург дац….», «къонахчуьнан дукъ — Дэлера ду….», «къонаха —1уьйренна шен хеннахь динчу ламазна т1ера, кхин мел долу шен г1уллакхаш долорг ву», бохуш хилла дийцарш а.
Амма, церан дийцарех суна уггаре а ч1ог1а дагахь кхеттарг: «вайн 1адаташца, къонаха эвли1ал а везоха лерийна ву..», дара. Х1унда аьлча, цу дешнаша сайна даима а, «х1унда», «муха» боху хеттарш х1иттина хиларна.
Делахь а, хеналлехь кхийтира со, цара и муьлхачу кхетамехь баьхна хила тарло. Пайхамарш дуьненчохь уггаре а тоьлла къонахий хилла буйла со кхеттачул т1аьхьа. Уггаре а хьалхарнийг Адам(а.с.) а, уггаре тоьлланийг а, т1аьхьарнийг а Мухьаммад (с.а.с.) а волуш.
Масала, цараха ву Ибрахьийм(а.с.) – Къонаха а. Шен дег1аца, сица, бахамца, доьзалца Дала ша зуьчохь, цкъа а доьналлех цавохна волу — Дэлан доттаг1а.
Масала, ишта шен доьналца ч1ог1а цец воккхуш ду, ша пир1уно ц1ерга кхуссучохь а, шена орца хьаьддачу Джабра1ийл – малийке цо аьлла долу: «… ц1ерга кхоьссина айвелла воьдучу Ибрахьийме(а.с.) Джабра1ийла хаьттира: со хьашт дуй хьуна..? Х1а-х1а1, элира Ибрахьийма, хьоьгара г1о ца оьшу суна. -Т1аккха Дэлере деха хьайна г1о, юха а элира цуьнга Джабра1йила. – Суна тоьаш ду, со муьлхачу хьолахь ву Далла гар, олуш жоп делира Ибрахьийма…» , бохург а.
Цу хьадийсара го, Къонахчолла Дала адамна луш долу совг1ат дуйла. Пайхмаралла а, авлия1алла санна. Цунна тоьшалла деш хета, «Къонаха» дешан маь1на а. Нагахь ша, ширачу арамейн – нохчийн маттахь: «Къо»/ «Къа» + «ана» +«ха» санна тидича, шен г1азкхийн маттара маь1на: «страж Милости небесной», я «наместник Милостивого на земле», я «страж Милостивого в пространстве» хуьлуш долу.
Кхузахь гайтаме ду, цуьнан и «Къо/Къа +ана +ха» маь1на; «Дала малайкашка: Ас латта т1ехь ха х1оттор ду аьлча цара элира: Ахь цигахь адам х1оттор ду те,питане а, ц1ий а 1анор долу, оха Хьуна хастам а, Хьан г1овсалла а юьйцучу хенахь? – Суна шуна цахуург хаьа, аьлла жоп делира Дала»(Къор1ан. 2 : 30) бохучу аятаца хотталуш хилар.
Х1унда аьлча, 1арбойн маттара –«халиф», арамейн – нохчийн меттан бакъонашца: «ха– Али \Эли пе»(«страж, крепость Господа») санна тидалуш хиларна. Шен чулацам —«Къо/Къа +ана +ха» бохучох терра а болуш.
Цундела, вай гочдина аят доло йиш яра аьлла хета; «Дала малайкашка: Ас латта т1ехь къонаха х1оттор ву аьлча, цара элира: ….», бохучу дешнашна т1ера. «Ха» дашна метта —«Къо/Къа +ана +ха» а х1оттош.
Дага деъначура аьлча, тамшина ду, «Къо+р1а» а, «Къо+наха» а цхьана ораман дешнаш хилар а. Амма, цу хьокъехь дерг цхьажимма 1йина дуьйцур вай. Къонахчуьнан «Къонахаллийн кодекс», Дала цуьнга доссийна долу Къор1а хила дезаш хилар билгала а доккхуш.
18
Тоурато Дала Адам(а.с.) ара ваьккхина Эдем ишта юьйцу: «Едомера ара долу бешанна дуьшанна дуьллу эрк, диъ таке декъалуш дара. Хьалхарнийг — «Фисон» ( ма ярра —«Хисон»)… Шоллаг1нийг – Гихон… Кхоалг1аннийг –Хильдекель… Ткъа доьалг1ачу эркан ц1е – Евфрат а йолуш», бохуш.
Вай цкъачунна цатуьду цу эркин ц1ераш. Цараха цхьа ерш ишта а цхьаболчара тидарна, ткъа вуьш т1аккхахула вай йица лерийна хиларна. Амма цкъачунна билгала доккхур вай, Эдаман г1овсечу хин ц1ераш, нохчийн аьзнашца хилар а, уьш Кавказера эрканш хила тарлуш дуйла а.
Цхьана декъехь, вайга ишта ойла йойтург ду, вай арамейн- нохчийн маттахь хила тарло боху Дэлан («Мар», «Эла\Али», «Са\Су», «АРа», «Къа», «Ка») г1овсе ц1ераш, Кавказерачу: «Марта», «Сунжа», «Сулак», «Асса», «Аласани», «Къаспе»\ «Каспи», «Армхи», «Арагва», «Ардон», «Орга»(и.д1.кх. а) бохучу эркин ц1ерашца цхьана хилар.
Масала, аьллачунна делилна туьдур вай цараха т1аьхьарнийг. Цуьнан гайтаман кеп ег1иптхойн –арамейн –нохчийн маттара — «АРа+га» («Орга») санна а ялош. Т1аккха цуьнан маь1на а — «Къинхетамечуьнан га»(«Дэлара хи») кара до вайна. Орга(Арга) — шираллехь дуьйна, Нохчийчохь дуьшанан а, маларан а хи хилар ша дуьйцуш санна.
Аьллачунна тоьшалла санна ду, цуьнцара «Ар» орам -дош(диалектехь –«арам»), масийтачу маь1нашца вайна гуш хилар.
Масала: а)ширачу ег1иптхойн –арамейн –нохчийн -1арбойн — «(А)Ра» («Милосердный») дашца.
б) «эрк»\ арк («река»); «эрга»(«незрелый»);«ар+дар»;«ар+кар»(лит. «ахкар»); «аре»; «эр ка»(«ба1анза ка»); «эр су»(лит. –«сту») бохучу дешнашца. Шаьш лаьттан белхашца, лаьттаца, хишца , дахнашца доьзна долчу.
в) ишта, г1азакхийн: «ора+шение», ирра+га+ция»,«(А)Рай»(«награда Милосердного»), дешнашца.
Х1инца аьллачунна т1етухур вай, цу тайпа г1овсе хин ц1ераш, цхьана Кавказехь хилла ца1аш, дерриг дуьненчохь а юьйла. Масала, ишта ша «море» боху дош а, Тоуратан – нохчийн:«Мар»(«Повелитель\повеливающий») а, «Ма аре» («Пространство Бога), «Ма Ара»(«Милосердный Бог») бохучу дешнашна т1ера хета
Доцца аьлча, хиш ишта Дэлера беркат дуйла шайна хаарна, церан ц1ераш, шайн –шайн маттахь йохуш хиллачу тера ду хьалхарчу къаьмнаша. Цхьана аято буьйцу : «…Оха стиглара хиш диссина ..»(15:22), боху кхетам шайна дика бевза а бевзаш.
Иштачохь гайтаме ду, цхьаболчу талламхошна Кавказехь хилла лору «Едем» а, Тоурато шен г1овсечу хин билгалонашца юьйцуш хилар. Дашна аьлча, цу талламхошна хетарехь, Дала Едем лаьттара стигала эцар а, Хьавас –Адама(а.с.) къа хьарчорна хилла . Къа хьарчиначу меттахь Элсамане хила йиш цахиларе терра.
Цуьнца доьзна ду, Едем чохь цхьаа хало а йоцуш 1ийначу Адаме(а.с.), Дала боху: «…хьуна т1ехула не1алт хили латтана; х1инца цунна т1ехь къа+хьоьгур ахь, г1айг1анца хьайн напха а доккхуш» (Мусайн хьалхара жайна. 3-17).
Ала деза, «Едем»(я «Эдем») дашах хуьлу этимологи а, вай бохчуьнца йоьзна юьйла. Амма и маь1на ма даррий кхечанхьа гайта а дитина, цкъачунна билгал доккхур вай, и «Эдем», шен чулацамца: «Элсамана», «Алани», «Къаф», «Капе» бохучу ц1ерийн маь1нашца дог1уш хилар.
Масала, «Къаф», вай лакхаха -«Къа пе» ду элира. «Дэлан къинхетаман ц1а\ пе» а, «Адама(а.с) — Хьавас къа хьарчийна ц1а\меттиг» а санна. Шен г1азкхийн маттара маь1на:«дом\стена Милости\Жалости»; «дом\место\стена грехопадение», а долуш.
Ишта лерийра «Ка+пе»(«дом\ крепость Всемогущего») а.
Ткъа х1инца цу шинца а кара до вайна:Тоуратан-нохчийн маттара: «Элсамана» а, «Алани» а.
Хьалхарнийг:«Эла (Господь) +Са (Свет\Дух) +Ма(Бог) +ана» («небеса»\ «пространство») санна. Г1азакхийн:«пространство Господа Бога Всевидящего (Света\Духа)», бохучох терра.
Шоллаг1нийг: «Э\Ала +ани» барамехь. Г1азкхийн: «пространство Господа» бохучох терра.
Цул а совнаха, арамейн — нохчийн маттахь хиллачу Дэлан ц1ерашца вайна го:«Къаф», «Кех1ф», «Капе», «Алани», «Элсамана», Къор1анан:«къаф», «каф», «алиф\ элиф», «элиф –лам» бохучу элпашца а хаало вайна.
Нагахь арамейн — нохчийн меттан законашца: «къапе», «капе», «алип\ элип», «элип –лам», санна шаьш гайтича, шайн маь1наш:«Къа+пе»,«Ка+пе», «Эли+пе», «Эли пе – лам» а хуьлуш.
Ширачу нохчийн маттара г1азкхийн маттахь шайн гочдар: а)«Ка пе» -«стена \храм Всемогущего». б)«Къа пе» -«дом\храм Милости. в)«Къа пе –лам» — «храм –гора Милостивого». г)«Али\Эла пе» -«стена\ защита\крепость Господа». д)«Эли пе-лам» -«храм\гора Господа», санна а долуш.
Кхузахь вайна атта го, оцу маь1нашца -«Кавказ» а дуйла. Нагахь цуьнан семитин меттан кеп — «Къаф + кас \Каф+кас», ширачу нохчийн маттахь —«Къап +кас» \«Кап+ кас» санна вай ешахь.
Шайн маь1наш:а)«Къа пе + Ка Са»(«дом \гора Милостивого — Свет Всемогущего)
б) «Ка пе + Ка Са»(«гора\стена Всемогущего — Свет Всемогущего) а лоруш.
Цу тайпа «Кавказ» а:«Элсамана», «Алани», «Къаф», «Капе», бохучу г1овсечу ц1ерашца хаало вайна.
Аьллачунца хотталуш ду: а) Исламан 1илманчаша Кавказ сийлахьа йицар. «Къаф» суран ц1арца; «Кавказ» дош а, Дэлан ц1е а хила там бу, бохуш.
б) нохчийн цхьана хьадийсо:«Дэла Шен къинхетамца Макке цкъа бен цахьаьжна, ткъа Дег1астане(Кавказе) кхузза хьаьжна», бахар.
в) «лам»: латинин аларца -«элам» санна хилар. Тоурато юьйцучу –«Элам» паччахьалкхан ц1е а, Тоуратан — нохчийн маттара — «Эла+ Ма» («Господь Бог») а гойтуш.
Дешархочуьнан дага дог1ехь, вай тохара а яхкира и ц1ераш:«Э+ла — Ма» барамехь. «Э ла»: «1э ла\1а ла» а лерийна. Г1азкхийн маттара:«быть покорным Духу\Господу\ Жизни», бохучох терра. Ткъа «ла Ма»: «ла Дэла» санна а гойтуш(терго е, цуьнан эшаре индуизмера – «Далай лама(«верховный духовное лицо») а хилар)
Вай цигахь ишта дийцира, нагахь — «Э + ла»: «1э ла\1а ла» санна гайтича, цу ц1аро Дэлан ц1е а, Цо мел кхоьллинарг а дуьйцу аьлла.
Дашна аьлча, цу ц1арцара «лам\ла» а, ширачу нохчийн маттарчу Дэлан ц1арца хилла а ца1аш, «Ислам» дашца а го вайна. Толлур вай иза, ширачу нохчийн маттарчу –«1аслам» дашна т1ера.
Нагахь «1а Са ла» кепехь ша аьлча, г1азкхийн маттара – «быть покорным Духу\ Свету» а, ткъа – «1а — Са лам» барамехь ша аьлча: «г1овсечу 1анаран — Серлонан лам», хуьлуш долу(дага лаца кхузахь –«Си+1ан –лам»).
Аьллачунна т1етохур вай, нохчийн маттахь кхаара: «лами»(«лестница \ступени»), «лам» («гора»),«лам»(«прожеванный») дуйла. Нагахь «лам» («гора») ч1ог1аллийн гайтам белахь, доца -«лам»(«прожеванный») к1адалин гайтам а болуш.
Шоллаг1нийг вайн маттара довш долу дош хиларе терра, цхьажимма и дуьйцур вай.
Масала; «нанас жимачу берана шен багара лам ло», бохучу аларца. Кхузахь го, нанас берана делларг шен багара 1авшар(лам) дуйла. Жимачу бере ч1ог1а даар 1овшалур цахиларна.
Х1инца хьовсур вай, х1ун башхалла -цхьаалла ю оцу кхаара –«лам(и) дешнашца?
Цкъа делахь хаало «лам\ лами» — локхалца доьзна дешнаш дуйла. Ткъа локхалла вайна ма хаарра Дэлан билгалонех цхьаъ ю. Масала, Тоурато Якъубна(а.с.) «Пана –арахь» гина г1ан а, стиглахь лаьттачу лами т1ехь Дэлан билгало а йолуш дара бохуш дуьйцу.
Кхечу аг1ора, «лам», «лам» цхьанга долу хьал гойтуш ду. Масала, вай олучу; «лам (гора) санна ч1ог1а», я «лам(1авшинарг) санна к1еда», бохучу аларшца вайна хаало, юьйцург цхьана х1уманан я ч1ог1алла, я к1адалла юьйла.
Х1инца терго ер вай, лаьмнаш кхолла далар а, 1илмано оцу шинна а хьолаца дуьйцийла. Вулканин(буьлкъанин) «лам(лалар) 1этторца»(«извержение вулканической лавы\плазмы») а, ишта 1овдорца(давлением) а.
Цул а совнаха, Къор1ано дийцарехь, дуьне юхнехьа духуш а, латто шен кийрара лам (лалар) 1этторца доха дезаш ду. Цу хьокъехь цхьана аято а дуьйцу: «Хьуна гур ма ду, шаьш меттаха хьовр дац моьттина лаьмнаш а, мархаш санна дуьйлалуш …» (Къор1ан. 27:88), бохуш.
Цу тайпа, «лам»(дехха), «лам»(доца) бохучу шина дешнийн юкъарчолла муха доьзна ду го вайна. Т1аккха лаьмнаш а, хиш а г1овсе билгалонаш санна Къор1ано дукха хьехош хиларна, цараха лаьцна кхин масехь а аят далор вай.
Масала: а) Оха латта т1ехь лаьмнаш доьг1на, цаьрца иза ч1аг1дан; оха цунна т1ехула некъаш д1а-схьа дехкина, адамаш лелийта (21:31).
б)Ткъа оха цадиллина мотт санна латта охьа, цунна т1ехь хьоккхий санна лаьмнаш а дуг1уш?(78: 6-7).
в)Цо т1аккха д1а-схьа диллира латта, схьа кхайкхира цуьнцара хиш а, дежийлаш а, ирах х1иттира лаьмнаш, и дерриг а, шуна а, шу реманашна а(79: 30-33).
г)Оха латта т1ехь лекха лаьмнаш х1иттина, шуна теза хи а латта до(77: 27)
д)Цо кхоьллира стигланаш, цхьа тайпа гуш доцчу бог1амашца, тессира латта т1ехь лаьмнаш, и лаьтта шуна ч1аг1дан. Дуьзира и шуна мел долчу хьайбанашца – дийнаташца. Оха стиглара хи даийтира, латта т1ехь долуьйтуш массо тайпара токхе г1а-буц(31:10)(и. д1.кх. а).
Цу аяташа дуьйцу, Дала 1алам –дуьне кхуллучохь, г1уртаца яьржина хилла 1арчаш Цо лам(«скручивание») санна хьийшина урхе ялийна юьйла. Латта а ида ца идита, цунна т1ехь Цо лаьмнаш х1иттина дуйла.
Цунна тоьшалла деш санна ду, вай дуьйцу «ла»(«терпеть»\ «покорится») а, «лам»(«гора»), «лам»(«скрученное», «обработанное», «жвачка») а, «латта» («земля»), «латта» («стой»; «стоять») а цхьана орамера хилар.
Т1аккха «латта» дош, г1азакхийн — «земля»; «стой» санна шалхенца хиларо тардо, «латта» («земля») дош кхолладалар а, Дала цуьнга; «латта»(«стоять»), аьлла диначу омран т1ера дуй те, бохург.
Х1унда аьлча, вайна го Дала 1аршашна х1оттина Шен низам: «схьа т1е дуьйла»; «д1а х1итта»; «латта», бохучу цхьана дашца х1оттина хилар.
«Т1аккха Аллах1 1а(к1ур; дохк) санна лаьттачу 1арчашка хьежира. Кхуьллира стигланаш. Шен Ка хиларе терра Цунна хала дацара уьш а, латта а кхолла. Цо цаьрга атта элира: «Схьа т1е юьйла лаамехь а, я лаам боцуш а! Вукхара элира: «Тхо лаамехь йог1у»(Къор1ан. 41:11), бохучу аято ма бохху.
Йа; «К1урах, аьлча а, — 1анарах, дахкарлах хиллачу стиглане, латтане Дала элира: х1ора а шух, ас мел кхоьллиначунна насалла хир ду. Стигла, хьуна чохь малх, бутт, седарчий лаьттар ду, ткъа ахьа латта, хьайна т1ехь ялта, г1а-буц, стоьмаш а бовлуьйтур бу», бохучу хьадисо ма дуьйццу.
Кхузахь ишта гайтаме ду, Дала цу тайпа кхоьллиначу «1аламан» ц1е:«1а»(«Дух»)+ «лам», аьлла шина дашца екъа елла а ца1аш, масийта кепехь тидалуш хилар .
Масала: 1) «1алам»(«природа»\«окружающий мир»). 2)«1а лаам»(«воля Духа»). 3)«1а лам»(«гора\высота Духа»). 4)«1а лами»(«лестница\ высота Духа»). 5)«1а+ламат» («чудеса Духа»). 6)«1а лам»\«1э лам»(«Дэлан лам»\«дахаран лам»). 7)«1илма»\ «1элам» («знание»\ «познание»). 8)«1а лам»(«лам» доца ала)(«Дала кхоьллинарг \хьийнарг»…)
Х1инца кхин цкъа а терго ер вай, т1аьхьара вай далийна – «1а лам»(доца –«лам»: «1авшинарг»), г1азакхин маттара – «сотворенное Духом» а дуйла.
Ткъа иза а ишта хилча, вай цхьанна аг1ора цеце хила цаоьшу, вай тохара дуйна туьду дуьненан – кавказан гидронимаш а, топонимаш а арамейн — нохчийн маттахь хиллачу Дэлан ц1ерашца йоьзна вайна карош хиларна.
Масала, цараха вайна хеттарш яра: а)«Марта», «Сунжа», «1асса», «Серчхи» «Сулак», «Алазани», «Къаспе»\«Каспи», «Армхи», «Арагва», «Ардон», «АР+га» («Орга»)(и. д1.кх. а)
б)«Ка пе» — «Къа пе»-«Къа пе –лам»(«Кавказ»), «Эла пе» — «Эли пе-лам» — «Эла ани»(«Алани»), «Арафат», «Сафа», «Марфа», «Машук», «Арарат», «Эльбрус», «Карпаты» («Ка Ара пе т1е»), «Памир» («пе Мар»), «Альпы»(«Эла пе»), «Масул» («Ма Су Эл»), «Элам»(1э+лам\«1а+лам»), «Дакох»(«Да Ка ха»), «Сесулкорт» («Се\Са су лам-корт», «Комито»(«Ка Ма т1и»).
Билгалдахарш: а)«Эль+барз» — вай дина тидар дац. Цуьнан Тоуратан т1ера ц1е –«Масис»(«Ма Са\Су») ю.
б)«Ма Са\Су Эл» —хи дижча Нохь (а.с.) воьссина лам. Тоуратан –нохчийн маттара: «Господь Бог Всевидящий»
в)«Элам»(«плато\гора Духа\жизни») -шираллерачу паччахьалкхан ц1е.
г)Кавказан Феодосих а шираллех — «Кафе» олуш хилла. Грекин маттара хьесап — «Дала елларг» а лоруш. Амма талламо гойту, и дош ширачу —нохчийн маттара — «Ка пе»(«стена\крепость Всемогущего») хилар. Грекаша — Кафе» санна т1е эцна долу.
д)чергзин меттанашкахь билгалла х1ун ду цахуу — «Анапа» а, «Ана пе» хета. Шумерийн – арамейн –нохчийн маттара: «Дэлан\ сигланан + пе\г1ап\г1ала» санна.
19
Ала деза, ширачу нохчийн меттан лар цхьадолчу хьадийсашца а карош юьйла. Масала:«Герга ю хан, тойна хуьйшуш санна , къаьмнаш шуна т1елетар йолу.
Цуьнга хаьттира: «Йа Рассулулахь, тхо к1езга хир ду те, иза?»
Цо элира: «Х1а-х1аъ, цу дийнахь шу дукха хир ду даьлла къух санна, эркан(хи)т1ера чопа санна. Амма Аллах1а шун дагчохь вахн тоссур ду, шун мостаг1ийн дегнашкара шух болу кхерам д1а боккхур бу».
Цуьнга хаьттира: «Йа Рассулуллахь, и «вахн» бохург х1у ду?» Мухьаммада(с.а.с.) жоп делира: «Дахаре болу безам, 1ажалла ца езар».
Терго ер вай, Мухьаммада(с.а.с) олуш 1арбошна цакхетта –«вахн», шен эшарца -хьесапца нохчийн –«вах(а)р» санна дуйла. Шен чулацамо цу хьадисан ма дарра долу маь1на а гойтуш.
Ишта, нохчийн маттахь вай туьду Къор1ано а, Тоурато а, Инжало а юьйцу г1овсечу лаьмнийн ц1ераха терра ц1ераш кара йо Индуизмехь а. Масала, Тибетерачу буддистин — «Lhasa» шахьаран –лам ц1арца( г1азкхийн кхетамехь: «обитель богов»\ «святое место»).
Аьлларийг эрна цахилийта туьдур вай и «Lhasa». «Элх1аса» санна латинин аьзнашца иза еша а йоьшуш. Хуьлург ду: «Элх1а (х1у) са». Нийса аьлча — «Элах1у Са». Г1азкхийн маттара: «свет Аллах1а», я «Всевидящий Аллах1» бохучох терра дерг.
Гайтаме ду, и «Lhasa»(«Элах1у Са»), вай тохара тидиначу: «Сион»(«Су\ Са ан»), «Сафа» («Су\Са пе»), бохучу лаьмнийн ц1ерашца а, ишта, лахе тида леринчу Иерусалимерачу – «Храмовая гора» бохучу ломан ц1арца а цхьана яр.
( «Lhasa»: хетарехь вай олу — «лам –керисталла». «Буддизм» — 1аламан билгалошна 1ийбадат дар хиларна).
Цу тайпа, дуккхачу къаьмнийн маттара лаьмнийн ц1ераш, нохчийн маттахь — «Дэлан г1овсе лакхенаш» санна кара йо вайна. Цу масалша тардо, нохчийн мотт — массо а меттан «ненан-мотт» а, адамаллийн хьалхарчу (Дэла цхьаъ вечу) динан мотт а хилле те, бохург.
Буйла беллачуьра, цу хьокъехь кхин масехь а делил далор вай.
Масала: а)Тоуратан – нохчийн маттахь вайна хетта: «Ка», «Ма», «Йа», боху Дэлан ц1ераш , япон маттарчу — «дэлан» а, ломан а:«Ка+ Ми»(«дэлан» ц1е), «Йа+ Ми» («г1овсе лам»), бохучу ц1ерашца го вайна.
б) японхойн уггаре а воккхачу «маьлхан ц1унан» –«Амателасу»(«небо освещает самый большой бог»), ширачу нохчийн маттахь — «Ана т1е (стиглара) Эла — Су\ Са», я «Амат +Эла +Су\Са» («лик Господа — Свет») санна тидало вайга.
И «маьлхан ц1унан» ц1е, вай тохара: «бетта+ са\су» («боьтта + су»=«удойный бык»), «етта –су» («корова –бык», «плодоносный бык») санна тидиначу – «беттан ц1унан» ц1арца а йог1уш( лам. «cе су». лит. —«сте сту»).
Х1унда аьлча, оцу шинца а вайна хаало, б1абилонхойн–акадхойн ж1ахьаллин — «Су». Цара се – эрачу(се су) сараг1ан (стараг1ан) аматехь лерийна —«беттан — Су» ц1у. («Лунный культ»). Шайн 1асалца, иза х1ора а баттахь, ша –шеца «аре» а лаца лой, юха керлачу баттаца «ехкаш» а лоруш.
Дашна аьлча, цу «беттан –Су» ц1уца доьзна ду: а) Муса(а.с.) Дэлаца къаьмаьл дан Т1ур лома хьала ваьлча, цуьнан 1ас даьллачу къомо -«дашо 1эса» (лит. «дашо эса») дар. Иза шайн «дэла» а лерийна.
б) х1инца а, индуизмехь, джайнизмехь, зороастризмехь етт-су(беттасу) г1овсе хьайба хилар.
в)нохчийн –ламаройн маттара — «1э+са»\«1а+са» масийтачу маь1наца хилар. Шаьш г1азкхийн маттахь гочдича:«телец», «язычество» ,«святой Дух\ душа», «опора», «трость» а долуш.
Цу тайпа, кхузахь юха а го, ширачу нохчийн маттахь – «Амат +Эла +Су\Са» аьлла вай тидина японхойн — «Амателасу»(«Культ солнца») а, «бетта +Су»\«Етта – Су»\ «боьтту Су»\«Се Су» санна тидина б1абилонхойн –акадин –«Су»(«Лунный культ”; «Золотой телец», «сверкающий бык»…) а цхьана кхетамехь хилар.
Амма, вай кхузахь уггаре а хьалха билгала доккхург ду, Иудаизмера, Керисталера, Индуизмера, Исламера ширачу нохчийн маттахь вай туьду дешнаш, шайн чулацамца Исламан маттаца хилар.
Масала, цараха дара вай тидина — «Амат +Эла +Су\Са» а. «Элан амат — нур» кепехь, Аллах1ан коьртачу билгалонех цхьаъ гойтуш долу. Кхузара го, вай тидина и тайпа шираллера ц1ераш, Дэла цхьаъ вечу динара 1асаллин кхетамехь яьхна юьйла.
Масала, джах1аллин заманашкахь 1арбоша —«Аллах1» т1ера – «Лат», «1азиз» т1ера –«1уз», «Меннан» т1ера –«Менат» а яьхна ма хилларий.
Цу хьокъехь Къор1ано а бо хаам: «Уггаре а башха ц1ераш Аллах1ан ю, кхайкха Цуьнга цаьрца, церан маь1наш хуьйцурш 1адда а битий. Цара шайн дог1у 1ад, д1аоьцур ду»(Къор1ан: 7-180, бохуш.
Цу аято тоьшалла до, Дэла цхьаъ веш волу дин, тайп-тайпаначу заманашкахь Дала массо а къаьмнашна девзийтина дуйла. Дала Шен Къор1анчохь: «Оха массо а къаьмнашна, цараха болу пайхамараш эхийтина ..», ма бохху.
Т1аккха дуьнечохь уггаре а хьалха кхолладеллачу къоман пайхамар – да Адам(а.с.) хиларе терра, кхузахь кхин цкъа а керла доккхур вай, тохара вай Адаман(а.с.) ц1арца хоьттина дийцина — «Къа»\«къа».
Цаьрца кхин цкъа а, Адаман(а.с.) къомах Дала бина къинхетам а, ишта Адаман(а.с.) хьалхарчу доьзалхочо – Къаима хьарчийна къа а дийцархьама.
Долор вай и дийцар Къаиман ц1арна т1ера. Тоуратан: «После сего Адам познал Еву, жену свою: и она зачала ,и родила Каина, и сказала: приобрела я человека от Иеговы»(Бытие «4:1), боху байт а ялош.
Амма цу байто вай боху — «Къа» маь1на cинодан гоьчехь луш цахиларна, Тоуратан — «ненан» маттахь йоккхур вай иза. «Цул т1аьхьа Адама хьабира Хьава, шен зуда:вукхо берах лацаелла вира Къа1ий, элира цо: Дэлера адам хилий суна» (Хиллам 4:1), аьлла.
Х1инца терго ер вай, Хьавас шен к1антана тиллина ц1е:«…Дэлера адам хилий суна…» бохучу кхетамца елла юьйла. Далла хастам барца, Дала шех биначу къинхетамах йоккха ярца. Шен маь1на — «Къа +1ий»(«Дэлан 1а»,«Дэлан къинхетам») а долуш. Г1азкхин маттара:«Дух Милостивого» санна.
Кхузахь атта кхеташ ду, дуьххьара дуьненчохь бер динчу нанас, шен к1антана и тайпа ц1е яларна бахьна. Цу хьокъехь цхьана хьадисо(дацдина) а дуьйцу : «…дуьххьарчу доьзалхочох йолу Хьава, шен кийрахь дерг х1ун ду цахаарна вуно г1айг1ане хилла… Эццахь Йилбазо гуттаре а карзаха яьккхина и. Цуьнга: хьан кийрахь, я ж1аьла, я хьакха хила там бу, хьо цо(я вукхо) ка тохна ят1о мега, аьлла.
Цу хабаро Хьава — Адам(а.с.) кхин а ч1ог1а бале даьккхинчохь, цхьана кхечу аматца юха деъначу цо цаьрга аьлла бах: «нагахь Хьавайна кийрахь долчуьнан ц1е аш Абдул –Харет(Харет: Йилбазах малийкаша йоккхуш хилла ц1е) тиллахь, ас г1о до шуна. Суна цхьа деза до1а хаьа, нагахь ас и дахь, Дала шух терра долу адам лур ду шу шинна…», бохуш.
Кхин д1а а цу хьадисо хаам бо, шайга Йилбазо бохург, цхьана Дэлан къинхетамца цу шимма дийна доцийла. Цунна делил ду, Хьавас шен к1ентан ц1е – «Къа+1ий» тиллар а. Ширачу нохчийн маттара — «Къа»(Дэлан ц1е: «Милостивый») +«1а»(«Дух»\ «душа») санна.
Кхузахь аьлча шен меттехь хир дара: а)Тоуратан — нохчийн маттахь вай Дэлан ц1ераш лерийна:«Ка», «Къа», «Йа», «1а», нохчийн:«к1ант»(«Ка+1ан +(т)», «йо1» («Йа +1а»), «во1»(«во+1а»), «къонг»(«Къа +ан (сигал)+га») дешнашца цхьана эшаре яхкар.
б) нохчийн — «Да»: г1азакхийн -«Владыка» (шоллаг1а кхетам: «отец»/ «владелец») а, ткъа «Нана»: шумерин – нохчийн маттара –«Ана»(шумерин – «дэла –стигла») а санна хилар.
в)вайн – «доьзаал», ширачу нохчийн маттара – «доь(«х1у») +за +Ал \Эл» санна хилар. Шецара–«за», х1инцалерачу — «гергалло» маь1нехь а долуш.
Масала: «за+хало»(«гергаллон хало»), «за+г1а»(«гергалонин г1о»), «за+мо» (гергалло тоссург»), «доь+за»(«гергалонаш хедаш») дешнаша ша ма дийццара.
Цу масалша гойту, и «доьзал»: «Дэлан доь(х1у)», «Дэлаца гергалло дерш», бохучу кхетамехь. Масала, Исламо боху: а)«… Дэлаха кхера, Цуьнан ц1арца шаьш вовшашка доьхурш, кхера Цунаха, шайн гергалонин уьйраш хеда ян..» (Къор1ан.4:1).
б) «Уггаре а шуна юкъера диканийг, шайн доьзалца дика верг ву»(хьадис).
в) «Шен бехкаца гергалонин уьйраш хедорг, Элсамане кхочур вац»(хьадис), вайна дага а тоссуш.
Т1аккха вайна ма хаарра, дуьненчохь уггаре а хьалха шен доьзалца а, Дэлаца а барт эг1ийнарг — «Къа1ий(м)» ву. Ша Дала а, Адама(а.с.)а бохург цадеш, Йилбазан хьехамна т1е вирзина волу.
Теллича цигахь карор ду вайна, цуьнан — «Къа1ий(м)» — ц1е, «Къаийн(арг)» — ц1арна т1е яларна бахьна а. Шен чулацамца, тохара Хьавас – Адама(а.с.) цунна цатиллиначу «Абдул –Харет» ц1арна герга болуш йолчу.
Масала, цу хьокъехь Тоурато а ишта дуьйцу: а)«Хаьттира Дала Къа1ийме: мичахь ву хьан ваша? Цо жоп делира: цахаьа: со сай вешинна кхин 1у-м вац?» «Т1аккха Дала элира: ахь х1ун дина? Хьан вешин ц1ий аз ма кхойкху Соьга лаьттара (Хиллам 4:9-10).
б)«Х1инца не1алт хили хьуна лаьттара…. Ахь цунна т1ехь ардеш (къа хьогуш), кхин шен ницкъ лур бац цо хьуна…(Хиллам 4: 9-12)
И байташ йошучохь вай инзара дохург ду, Дала шега луш долу хеттарш, ша дохкоха волий хьоьжуш луш доллушехь, Къа1ийман жоьпаш йохьаза хилар. Шен деца Адамца(а.с.) санна, ша кхоьллиначу Дэлаца а ша г1иллакх цалоцуш.
Масала, цуьнан и к1оршаме кеп янне а тера яц, духхьара къа хьарчийначу Адама (а.с.) Дэле биначу белхамех. Цундела вайна ган а го, Адаман (Къонахан) а, Къаинан а кхолламан некъаш тайп –тайпана.Цхьаъ цараха, вай лакхе ма аллара — «Къа» («Милость») — «къа»(«грех») — «къа» («труд») — «Къа» («Жалость») маь1нехь «Къа» («Жалость») маь1нехь йолчу дахаран киртигашца эххар а къобала хуьлуш. Ткъа важа: «Къа» («Милость») + «къа» («грех») + «къа» («труд»)… аьллачохь, Азаллин эрчаллехь бовш.
Дийцарехь ша дийначунна дохкоха-м Къаин а ваьлла. Амма Дала шена оьг1азло йиначул т1аьхьа. Эццахь цо боху: «Элира Къаинас Дэле: доккха ду сан зулам, гечдар хир доцуш»(Хиллам 4: 13).
Кхузахь вайна го, оцу шен дохкоха валарца а, Къаина кхин цхьа а къа хьарчош хилар. Мацах Дэлан къинхетамах дог дилларца Йилбазо хьарчийначу къанах терра дерг. Цундела хета, нагахь Къаина; – «Йа, Аллах1 гечдехьа суна…», бохуш Дэла дехна хиллехь, цунна Дала геч дан а мегара аьлла.
Дерзор: «Къа» орам –дош толлучохь со т1аьхьа цакхуьург –«къийг» дара. Айса дуьйцучуьнца и дог1уш цахиларна. Цундела таккхал дитнера ас и дош, шена луучунна, цу т1ехь сайна киртиг («критика») ян аьтто а буьтуш.
Амма, цхьана дийнахь Къор1а схьа доьллушехь, хьалхара суна гинарг дара — «Эль –Ма1ида» сура. Ткъа юха б1арг кхеттарг а:«Дала къиг яхийтира, латта схьа а хьаькхна, шен ваша къайла муха ваккха веза цунна д1а гайта. Бала суна, элира зуламхочо, цу къийго санна латта ца ахкалора соьга , сайн вешин дакъа къайла даккха? Эццахь, дохкоха валарца 1адийра иза» (Къор1а 5:31), боху аят.
Цу аятера гора, къийг –алхазур Къаинна хьехам эцна дахна долу Дэлан геланча дуйла. Нагахь шен ц1е -«Къийн(+хетамеч уьнан) + га(геланча») санна ширачу нохчийн маттахь тидича, шен г1азкхийн маттара маь1на — «вестник Милостивого» («га»: «ветвь»\ «связь»\ «вестовой», «видеть») а хуьлуш.
Кхузара кхеташ дара: а) «къага»(я «къахьега»): г1азкхийн: «очищайся», «трудись», «прославляйся» хилар.
б)«къа га»: «Къа га» («вестник Милости»), «къа га»(«видеть грех»), «къа га» («видеть труд») санна.
Цу маь1наша дуьйцура, Дэлан геланчана — къийгана х1етахь гинарг ши къа дуйла. Цхьаъ: Къаийна Хьабел вер — къа. Шоллаг1нийг: шен вешин дакъа мича хьур ду цахууш, и гали чохь гижа а доьллина Къаийна 40 дийнахь хьоьгу къа.
( тоххара ас «гал»\«гале» туьдучохь, сан жоп доцуш диссина –«гали». И х1инца хета: «гал+ ваьллачуьнан къинхьегаман г1ирс» санна)
…..Иштачохь дага тоссу: нахана къийг-алхазур кхечу алхазурел хьекъале хетар а, цара иза «1ожаллийн» алхазур ларар а. Ткъа забарца аьлча, къийго олу — «къааа» а, Къаинан къа, цо нахана т1ехтохар санна хета.
Докка Амагов
Chechenews.com
26.04.12.