Даханчу шарахь Гезгмашин-беттан 22-чохь Соьлж-гIалан телевизион чохь нохчийн Iедало Пайхмаран хилла ду бохуш цхьа зока нохчийчу кхочуш, и зока дохьуш маситта машен тIаьхь-тIаьхьа хIиттина нах некъашкахь дехьа-сехьа хIиттина гайтича дийна, арара нохчийн дукха цец ца бевлира хIунда аьлча, тахана нохчийчохь Дин цIарах лелош дерш кхин долу хIуманаш кхин инзаре хIуманаш долу дела.
Арарчу нохчаша дукха бехк ца билла Нохчийчуьра вайчара лелайо харцонаш гича. Iаьрбийн мотт мел дика Iамийна хиларх цу Нохчийчуьра молланаша, Iаьрбийн мехкашкахь бехуш болчу нохчашна санна ненан мотт санна цкъа а иза хуура бац цу молланашна, ткъа иза иштта ца хиъча, Динах а, Коръанах гIалат ца кхеташ ца диса цара Коръанан тIера туьдуш, лелош долу динан гIуллакхаш. Ишттачу гIалат кхетамаш цхьаъ и Пайхамаро лелийна ю боху нохчийн Iедало оьцу хIуманаш ю. И зока доцург, кхин ши куза эцна нохчийн Iедало Дела салам Делан элчанан кош тIе тесна хилла болу.
2012 шеран тов бецан беттан 2-чу дийнахь юха а кхайкхира оьрсийн муьтIахь долу Iедало Дела элчана коьрта тIера а, маж тIера а месаш а, бедарш а, коган лар а, кхин а цхьацца хIумнаш а кхачийна нохчийчу.
Бусулбан Дино муха лору иштта пайхамарах йисна хIумнаш беркате ю бохуш уьш езаеш лела ера Муьхмад Надьяс дуьйцу.
Муьхмад Надья: Сан хIинца 50 шо ду. Суна Дела элчан кад бу бохуш, и базбон бохуш цкъа а хезна дац иштта хIума. Туркочохь цхьанхьахь музейхь ю бохуш хезна дара суна, амма и базбеш, белха а боьлхуш цунах доккха хIума дина цкъа а хазна дац суна, Делан салам хуьлда, Делан элчано аьлла цхьа хIума ду,- ши хIума дитина ша, аша уьш Iалаш дахь, цкъа а тилира дац шу, Дала доссийна Коръан а, Дела элчан Суннат.
Суннат бохург, цо мел аьлларг а, динарг а, магийнарг ду амма кхин дIа суна дуьххьара хезаш ду иштта хIума. Оццу ютюб чухула гира суна и кад бохьуш, баIаьнашца и машенаш бензин дойуш, дуккха а харж йолуш, массо адамийн гIуллакхаш сацийна, и кад бу богIуш бохуш.
Таханлерачу дийнахь цхьа а некъ бац-кх билгал и Делан элчано лелабина кад бу я бац ала. Дела салам хуьлда, Дела элчан месаш ю бохуш,- ца хаьа суна и месаш СаIодера схьа муха йохьу цара. Оццул ахча долу СаIодеш муха йохка уьш, билгал елахь. Царех хIун до. ШарIаца цхьа а догIуш хIума дац иза. Цкъа а тергал дина хIума дац иза хьалхалерчу баккхийра Iелам наха. цкъеллиг-цкъа хьехийна а, даздеш лелийна хIуманаш дац уьш. Оццул дукха и харж дуккху бусулба нахана бахам то бан, дарба а, яа а, мала а, церан бакъонаш ларъян и ахча леладар Далла гергахь кхин хьанал ду, Далла дезаш хIума а ду. Иштта ахчанаш дайар Далан дезаш хIума дац.
Баккхий божарий и кад гина боьлхуш суна цхьа башха хийтира, хIунда, Делан элча дагавеана, и дукха везар, сан дагахь долуш санна, церан дагахь хир ду-кх аьлла. ЧIогIа велха дог доуьйтуш хIума до и. Амма бакъдерг ала деза, и шарIо магош дац. Делан элчано деана ШарIо магош дац и. И хIинца валахьара а цо магор долуш хIума дацар иза. Вайна и мел дукха везарх, цо боххург дан деза, цо магийнарг маго деза, цо ца магийнарг маго ца деза вай. Иштта везар ву вайна Делан элча.
Маршо радио: Урдунехь ШарI кхелахо волуш Заркъера гIалахь Бусулбан ШарIан кхелахойн хьаькам волуш МаIсом Омаре хаьттича, МаIсоман къамеле вала ца лиира амма Надьяс аьлларг тIечIагIдеш Динехь мегаш дац елира цо Дела салам хуьлда, Дела элчанах йисна хIуманаш ю бохуш уьш лекхар Динан даржехь ларар. Iаьрбийн мотт а, Коръан дика хууш болу арара нохчашна, Нохчийчохь динан цIарах лелайо харцонаш емал еш къамел дан ца лаьа хIуна аьлча, шаьш лелориг харц ду аьлча, Вахабист ву олий цIе тилла сихло нохчийчуьра молланаш.
Тамашийна дерг, СаIодера Вахабистан идеологи тIеэцна болу СаIодешкара Пайхмаран дегI тIера месаш ю бохуш уьш эца мега эзарнаш ахчанаш луш амма вахабист хилар мага ца до нохчийчуьра молланаш. Цул сов, СаIодеш, шайн махкахь вина а, ваьхна а, Дин даржийна а Пайхмаран йисна хIуманаш йохккал къе Iедал дац СаIодин нагахь санна боккъалла пайхамарах йисна уьш елахь.
Бакир Iабдулхьамид
15.07.12.