Кадыров Рамзанан а, Евкуров Юнус-Бекан а даьллачу девнан тΙаьхье къомана зуламе яла тарло, аьлла, хета вайнахана. Маршо Радиоца къамел динчу гΙалгΙаша а, нохчаша а билгалдоккху, хΙинццалц санна, лаьттанаш юкъа дозанаш а ца детташ, ΙадΙийча бакъахьа хир дара шина мехкан куьйгалхой, бохуш.
Оьрсийчохь а, хьалха Советан пачхьалкхехь а, амал санна схьадогIуш хIума ду, къомана мел мехала хилча а, цуьнца дийцаре доккхуш дацар. Хийлаза, юккъаралле хаттар дуьллу, олий, кеп хIоттайо, амма, дукха хьелашкахь, оцу хаттаран жамI тоххарехь билгалдаьккхина хуьлу Iедалшна луучу агIор.
ХIинца Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхошна юкъахь иккхинчу девнан тIаьхьало кхин ца хилал экамчу агIонех хьакхалуш ю — шина а махкахь бехачу нохчех а, гIалгIайх а.
Нохчийчохь вовшахтухуш ю доза къастон лерина комисси, ткъа ГIалгIайн махкахь а цунна селханалц тIетайнера, амма, кхаарийн дийнахь шен Интернет-блогехь юхавелира Евкуров Юнус-Бек. Цо дIахьедар дина, хIинца доза къасто гIортахь, зулам дала мега, аьлла. Дукхахйолу урхаллаш а, пачхьалкхан хьукматаш а, ярташ а йоьлла ю долчу дозанех, церан болх хийцар бохаме дерза мега, боху Евкуровс.
Муха тIеоьцу шинна а республикерчу бахархоша бан беза бохуш буьйцу хийцамаш?
Массарна а хетарг цхьана дашца билгаладаккха хала ду. Халахетарца, сингаттамца, наггахь, кхерамца тIеоьцу наха иза. Массара а бохург цхьаъ ду: орамашца дозуш долчу шина къомо, сел кIоршаме къамелаш а деш, хадо ца деза доза.
Нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнийн мостагIашна луург далийта гIерташ санна лела, дозанийн хаттар юьхьарлаьцнарш, аьлла хета гIалгIайн юккъархочунна Манкиев Баматгирина. Иза чекхдаккха гIортахь, зулам дер ду, боху цо.
Манкиев Баматгири: «Тийна лаьтташ ма дара хIара гIуллакх. Цхьа доза билгадаьккхина ма дара. Шинна а агIор дуьйцуш дукхха а хIуманаш ду. ХIора заманахь тайпа-тайпана доза хилла. Советан Iедалехь дуьйна а дукха хIума хийцаделла. Со болх бан вуолалучу 1976 шарахь дуйьна МаьлгIбекан кIоштера доза а дукха хийцаделла. Ишшта Соьлжан кIоштахь а хийцамаш хилла. Со суо а оцу хIуманех зулам даларна кхоьруш ву хьуна. Иза дан лууш берш массо а заманахь хилла бу».
Долаллин зил хадоран гIуллакх, къамелаш тIера дIа а даьлла, баккъал а чекхадаккха гIортахь, шортта халонаш кхуллур ю нахана, аьлла хета СемаьIашкарчу вахархочунна Муслимна. Ткъа чекх Москохна луург бен дер дац, аьлла хета цунна.
Муслим: «Ца оьшуш долийна къамелаш ду уьш. Доза вай дийцахь а, ца дийцахь а, 1944 шарахь, вай дохийначу хенахь дуьйна, ша патарма санна, дула а дуьлийна, кечдина ду хIара гIуллакх. Ша алу санна, лата а ца леташ я дIа а ца соцуш долу хаттар ду хIара».
ГIалгIайн оппозицин лидерах цхьаъ волу Абадиев Идрис реза ву, нагахь санна, илла а, билла а, доза билгалдаккха деза бахахь, иза кхочуш дан. Амма цхьана агIонан бакъонаш йоха а еш иза дан мегарг цахилар билгалдоккху цо.
Абадиев Идрис: «Нагахь санна вайн къаьмнийн мостагIаша цхьана питанна и хIума юкъадаьккхинехь, зулам дера ду. Амма вайна лаан а лууш, деза а дезаш доза къастадахь, иза кхочушдан аьтто болуш хIума ду, цхьа а стаг юкъа а ца вулуьйтуш.
Нохчашна озабезам а бина, сацам бича, гIалгIашкахь оьгIазло хир ю. ТIаккха цуьнах вошалла ца хуьлу. Нагахь санна гIалгIашна озабезам бича, нохчашна а халахетар ду. ТIаккха юкъахь мостагIалла лаьттар ду. Вай вежарий ду, амма нанас дена винчу шина вешина юкъахь а керт хуьлу. Цундела, бертахь охьа а хевшина, и гIуллакх къастон йиш ю-кх вайн».
Хьалха-Мартан кIоштарачу вахархочунна Абуезидна нохчаша а, гIалгIаша а доза къасторах лаьцна хIума дийцар томехь ца хета. ТIекхуьучу чкъуран дуьхьа Iад Iан дезара вай, бохуш вара иза.
Абуезид: «Вай, нохчий а, гIалгIай а, цхьа вежарий санна Iийна ду кху цIахь а, Казастанехь а. Хьалха санна хилча, марзо а, барт а алсам хир бара. ХIинца и гIуллаках къийса а ца къуьйсуш, дIакъевлича, цхьа бала а боцуш Iийр дара».
Нохчийочьнан куьйгалхо Кадыров Рамзанву гIалгIашца доза къастон лаам гойтинарг.Цо шен сацам, гарехь, юхбоккхур болчух тера а дац. Ткъа, мел гена вала дагахь ву иза, гойтур ду гергарчу замано.
Цхьаболчу, шай цIе яьккха ца луучу нохчийн политологаша дозанна гонаха яьлла гIовгIа юзу йоккхачу политикаца. Тамашена делахь а, оцу хаттарехь Кремлерчу Iедало гIалгIайн агIо лаца мега, аьлла хета царна.
30.08.12.