Главная » Все Новости » Главная новость » Нохчий хIаллакбарна гуьржаша емалво Саакашвили

Нохчий хIаллакбарна гуьржаша емалво Саакашвили

Деношкахь Гуьржичоьнан лаьтта тΙехь цигарчу дозанхошца а, лерринчу ницкъашца а иккхинчу тΙематасадаларехь веллачу цхьайтта гΙаттамхочух бархΙаннан цΙерш билгалъяхна Гуьржийчоьнан Ιедалша. Лопота-чΙожахь хиллачух а, цуьнан тΙахьалонах а лаьцна Маршо Радионо къамел дира Гуьржийчоьнан векалшца.

Байъинчех шиъ Гуьржийчоьнан вахархо ву, пхиъ – Нохчийчуьра. Иштта бу гуьржийн Ιедало баржийна хаам. Амма иза харц бо Паьнказарчу бахархоша. Цара тоьшалла до, шайн кегийрхойх ву виъ, кхоъ бен а вац Нохчийчуьра бохуш.

Гуьржийн официало шайн бахархойх бац, аьлла, бовзийтанарш бу нохчий Багакашвили Бахьавдин, Душуев Дукхваха, Заурбеков Салам, Адуев Муса, гΙалгΙа Хашиев Джабраил. Тбилисерчу Ιедалша дийцарехь, 6 ву Паьнказара. Царех евзина цΙерш хΙорш ю: Маргошвили Аслан, Алдамов Бахьавди.

Ткъа вуьшта аьлча, боккха кегари бу чоьхьарчу гΙуллакхийн министра а, кхечу ницкъийн куьйгалхоша а яржочу информацица. Юьхьанца цара байъинчу тΙемалойх шайн махкара вац бохура цхьа а.

Белларш дΙабоьхкинчу Паьнказахь хууш дерг иштта дуьйцу цигарчу яхархочо Хангошвили Тумишас.

Хангишвили Тумиша: «ВорхΙ кΙант ву – кхоъ Нохчийчуьра а, виъ тхан кху цΙера а. Кхузарчу гуьржийн Ιедалца берта а бахана, Паьнказара дΙабоьлхуш хилла, Нохчийчу баха, аьлла. Цу юкъанна, оццу некъаца массех стаг вахана ву Нохчийчу хьалха а. Шайн вовшашца барт а болуш, тΙехбуьйлуьтуш бара кхеран (гуьржийн – М.Р.) уьш. ХΙинца, шайн цхьа Ιалашо йолуш, цхьа хΙума хилла кхеран.

Схьадуьйцуш бац хΙорш, и хΙунда дина, муха дина. Цигара (Нохчийчуьра-М.Р.) чу а баьхкина, тΙом бина бохург бакъдац, хΙунда аьлча, юьртахь хууш ма ду, кегий нах, вовшах а кхетта – тхан тхайн гергарнаш бу уьш – Нохчийчу дехьабовла дагахь боьлхуш хиллийла. Виъ дийна висина, бохуш дуьйцу. Дерг цкъачунна хууш дац».

Доцца карладаьккхича, хилларг иштта ду. Герзашца дΙавоьдуш ткъеха къилбаседа-кавказхо хаавелла гуьржийн дозанхошна, цара, го а бина, герз охьадилла, карадуьйла, баьхна, вуьйш луларчу Лапанкури-юьртана герггахь дуьхьаллетта, шаьш кΙезиг хиларе терра, массех стаг бен кΙелхьара ца валалуш, эгна.

Хилларг шина кепара тΙеэцна Гуьржийчохь. Ιедало ша дан дезарг дина, пачхьалкхан доза лардеш, хΙаллакбина боху цуьнан лаьтта тΙе бевлла хийра нах. Амма тΙом ца бинехь а магара, нохчий гуьржашна зуламна арабевлла ца хилла, чΙагΙдо могΙарчу гуьржаша.

Шайн махкахь хилларг бахархоша а, ша а муха туьду дийцира Маршо Радиога «Кавказан къаьмнийн конфедераци» цΙе йолчу юкъарлонан хьалханчас Карселишвили Заала. Гуьржийчоьнан Ιедало юьхьΙаьржа хΙоттийна гуьржий, аьлла шена хетийла хаийтира цо.

Заал Карселишвили: «Хилларг – иза Гуьржийчоьнан политикерчу куьйгалхойн сацам бу. Амма аьттехьа а бац гуьржийн къоман лаамца тΙеэцна. Ерриг Гуьржийчоь а ю Ιедална оьгΙазъяхна. Гуьржийчу герз а карахь баьхкина хилла нах дуьххьара баьхкина бацара, царна хийра меттиг яцара хΙара. Суна хетарехь, Ιедалерчу цхьаьнгара гΙо кхачаре хьоьжуш хилла уьш.

Тхо, шеко а йоцуш, тешна ду, цΙий ца Ιанаде некъ болуш бара. Кхузахь тхан, кхузарчу борша нехан дог-ойла иштта ю: оха юха а кадам а бо, юха а кадам бо, юха а кадам бо шуьга деррига а гуьржийн кΙоман цΙарах. Хаийла шуна иза. Наха урамашкахь сецаво со, кΙант, ахь бакъдерриг боху-хьуна телевизионехула, хьо нийса ву-хьуна, вай бехканна ца хилла-хьуна хилларг, оха кадам бо-хьуна беллачех, олу соьга. Иза хаийла шуна».

Гуьржаша шайн лаьтта тΙехь шайн накъостий байъар тидамза ца дитина Кавказ-Имаратан векалша а. Цара шайн сайташ тΙехь даржийна, шайн тоба яцара Гуьржийчохь тΙом бан лерина. Президента Саакашвили Михаила а, цуьнан эскарша а бинарг тешнабехк бу, боху дΙахьедаро.

Источник: www.radiomarsho.com

05.09.12.