Шуьйра дийцаре до Нохчийчохь вайнехан Iадаташ. Амма тΙехула деш го и дийцарш. Кханенан жимма а ойла ечу вайнаха, даггара хала а хеташ, лазаме тIеоьцу гΙиллакхаш дайдалар а, лераме цахилар а. Цу хьокъехь дуьйцуш ю Соьлжа-гIалара яхархо, болх-некъ кегийрхошца а, берашца а бозабелла йолу хьехархо Чабаева Лайлаъ.
Чабаева: «ГIиллакхаш тIера дIадевлла, аьлла, хета суна дуккха а хIуманаш. Хьалхалерчу кегийрхошна хууш хилларг хIинца кегийчарна аьттехьа а хууш дац. ДIадийцича а схьалоцуш а дац. Массанхьа а дийца чIогIа-м дуьйцу. Тхо кегий долчу хенахь, чIогIа дуьйцуш а дацара и. Тхайна гуш хилларг хир ду-кх иза оха лелош дерг.
Аьлла ма ду, хьайн масаллица бен чкъор нислур дац. Багахь цхьаъ дуьйцуш, лелош дерг кхин а долуш хилча. Цу масалца тIекхуьурш нислур бац. Хьалха баккхийчарна хьалха цизаьрга озар мел эхье дара. ХIинца нене а оьцийту, дега а оьцийту. Некъ битарр-м, хьала а,охьа а, дара. ХIинца хьуна тIехула ваьлла а дIагIур ву. КIезиг дисина гIиллакхаш. Хила-м хир ду уьш, амма кIезиг дисина».
Маршо Радио: Кегийрхошкахь и кIезиг хилар, инкубаторехь кхиъча санна бераш хилар, ахь муха кхетадо?
Чабаева: «Схьагуш долу суьрташ дуй, телевизион, интернет… Кегийчийн чкъор массо а телпон чохь доллуш ду. Ненан а, ден а царна низам дала, уьш кхетош-кхион хан ян а яц. Массо сихаллехь, хьаьдда-ведда, лелаш ву. Цхьа чолхе зама ма ю хIара.
Суна схьахетарехь, доьзал, шайн хIусам чу а гулбина, царна хьехам беш дай бан а буй те, аьлла. Тахана 50 шераш долчу дайшна шаьш къона хета. И луьла бага а юллий, я юххе флеш дуьллий, лелаш уьш хуьлу. Нисбан безарш-м уьш барий. КIантана хIун масал го дех. ХIинца баккхийчарна шаьш бакхий буй а ца хаьа,ткъа кегийчарна хьала а, охьа а ца хаьа, уьш бакхий буй а,шаьш уьш лара безий а»
ГIиллакхаш дицделла догIуш хилар, нохчийн мотт ледара хаарца, тахана ненан мотт лераме цахиларца дузуш берш кIезиг бац. Школашкара дуьйна схьа, сий-пусар а деш,айбан а, болх байта а беза нохчийн матте, боху цхьаболчу хьехархоша. Иштачех ю Теркйистан кIоштара ненан меттан говзанча Магамадова Хьаваши.
Магомадова: «Нохчийн маттаца доьзна ду, аьлла хета суна гIиллакхаш дайдалар. Школехь, масала, дено-дено, эшам хуьлуш, богIуш бу мотт. Сохьташ нохчийн меттан сохьташ, тIетохаран метта, дIадохуш ду.
Берашна тоъал урокаш яла хан елхьара, литература йовзийта а, масалш далош дийца а, цхьа дика тIеIаткъам балур бара дешархошна. Официалехь дуьйцуш цхьаъ ду, ткъа нохчийн мотт тергал дIабеш бац. Доьзна ду дера-кх мотт а, гIиллакхаш а. ЛартIахь дIабийца шен ненан мотт хууш воцчун гIиллакх, оьздангалла лахара хир ма ду. Зеделла хIума ма ду иза».
Къамел динарш боцуш, къоман кханенах дог лозуш мел болу бахархой тешна бу, къам нисдеш, иманехь кхетош-кхиош хьийзаш болчу Iедалдайша уггаре хьалха тергоне эца догIурш уьш дара аьлла : вайнехан гIиллакх -I адаташ а, нохчийн мотт а. Уьш дендан, цаьрга болх байта хьажо дезара, царна гергахь, ахча, йогIа езара гIишлош, зорбане яха езара оьшуш мел йолу киншкаш а.
Источник: www.radiomarsho.com
05.09.12.