Главная » Все Новости » События » ХIинца Ичкери йицъялийта гIерташ къамелаш до, амма йицлур яц иза. Ичкерин цIе историн могIаршкахь дIаязйина ю.

ХIинца Ичкери йицъялийта гIерташ къамелаш до, амма йицлур яц иза. Ичкерин цIе историн могIаршкахь дIаязйина ю.

10648_6401991-чу шарахь Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь, «Бархатан революции» олуш болу, Iедалан карчам хилира Нохч-ГIалгIайн республикехь. Оцу дийнахь нохчийн къоман конгрессан агIончаш шайн караийцира Iедалан архаш.

Кхин цхьа бутт сов хан яьлча, харжамаш а бина, республикан коьрте хоттийра Дудаев Жовхар. Иза нохчийн дуьххьарлера президент вара.

ХIора шарахь Гезгмашин-беттан 6-гIа де Ичкерин республика йозуш йоцуш хиларан де санна лерира. 1992 шарахь оцу денна хьажийначу даздаршкахь дакъа лоцуш вара гуьржийн дуьххьарлера президент Гамсахурдия Звиад а, Оьрсийчоьнанан политик Жириновский Владимир а.

Соьлж-гIалан юккъахь хиллачу парадехь Ичкерин эскаран гайтамаш дIабаьхьира. Цул тIаьхьа хиллачу банкетехь Жириновский Владимира совгIат делира Дудаев ЖовхIарна. Шен кепара маьIна долуш дара иза.

Жириновский Владимир: «Ларамечу президентана Дудаев ЖовхIарна оха а деана совгIат. Иза сурт ду «Оьрсийчоьнан Iа» бохуш, цIе йолу. Тхуна чIогIа лаара и пейзаж хIенахIоттамца бен йоьзна ца хуьлийла».

2002-чу шарахь Нохчийчоьннна коьрте хоьттинчу Кадыров Ахьмада цу даздаран бахьана хийцира. Тахана цунах олуш ду «Барт баран а, цхьааллийн а де». ХIетахь санна Соьлж-гIаларчу стадионехь дIадаьхьира шуьйра даздарш. Иштта денош хьалха къоман бартах а, цхьааллах  а лаьцна махкахь дIаяьхьира горга стоьлаш а, конференцеш а.

Муха тIеоьцу тахана Нохчичохь болчу наха, махкахь бу бохуш болу барт а, цхьаалла а? Гарехь, верриг а вац иза кхочуш хилла аьлла хеташ. Масала, Валид цIе йолчу къаночо махкахь дерг дузу байначу нехан кхолламца.

Валид: «Тахана барт муха хуьлу? Iедало шениг дуьйцу, амма халкъана гуш ду цо лелош дерг. Iедало боху 5 эзар сов стаг вайна ву. Амма цхьа а стаг карийна вац. Дуьйцуш дерг къамел дац-хабарш ду».

Хаджимурадов Сулейман Ичкери кхуллуш а, иза юхуш а дика дагадогIуш ву. Нохчаша сагатдина хилла долу йозуш йоцу республика дIакхайкхош хилла долу де дагахь лаьтта цунна.

Хаджимурадов Сулейман: «Ичкери кхуллуш хаза де дара, малх а кхетта. Иза  дика пачхьалкх хир йолуш а яра. Цу юккъе шайн хьашташ кхочуш дан юкъабевллачу наха дохийра иза, Ельцина а къамел ма дира, «Ичкерия, так Ичкерия» аьлла. Хьалара нах а, охьара нах а бохуш, иза а ца дуьйцуш, IадIийнехь. «Ичкери» хаза цIе яра.

Бекъабала ца беза. ХIинца Ичкери йицъялийта гIерташ къамелаш до, амма йицлур яц иза. Ичкерин цIе историн могIаршкахь дIаязйина ю. Миска а яра и пачхьалкх, ахча а дацара, делахь а, цхьа а куьйгалхо, хIинца санна, ларвеш вацара».

Нохчийчохь бу бохуш болу барт а, цхьаалла а, вуно экамечу когаш тIехь лаьтташ хилар гойтуш, кIезиг хIуманаш дац махкхаь хуьлуш. Еарин дийнахь делкъахенахь, Соьлж-гIалахь эккхар хилира Ипподромный олучу микрокъоштIахь. Иккхинарг яра полицин белхахочуьнан машенна кIел йоьллина йолу бомба. Хиллачу чевнех иза дарбан цIийнехь велла.

Источник: www.radiomarsho.com

07.09.12.