Главная » Все Новости » События » МЕТТАН КЪАЙЛЕ

МЕТТАН КЪАЙЛЕ

Эрида. Эриха. Урук.  Месопотами. Хуррити. Хатти. Урарат. Арарат. Ардин. Сион.  Чечен. Сесан(сасаниди). Урус  — Мартан. «Астарт». «Тейшебуаэ». «Арес»  ишта д1 а кхин а

Вай тохара  дийцира, ламороша  «эра» бохург,  боьршаллийн лаамца\ билгалонца доьзна  дуьйла.  Цу хьокъехь:  «эр ка»; «эр су(сту)» ; «эр  бог(бож)» боху масалш а дахкийра вай(терго е, толлучу ж1алах а вай – «эр» аларна )х1етахь .  Шаьш церан — «ка аре  бена»; «су(сту) аре бена»; «бог(бож) аре ена» , «уьстаг1 аре лаьцна»(ишта д1а кхин а) бохучу а аларшца вайна хезаш долу.  Цу тайпа, вайна го, латинин –ламоройн и «эр »\«ар»(  «э»; «а» – дахде),  боьршаллийн лаамца\билгалонца  доьзна  дерг дуйла. Г1азакхийн кхетамера –«мужское начало» бохучунах терра а ша долуш.

Вуьшта, шен  шолг1ачу маь1нехь , и   -«аре»  вайна кхета , г1азкхийн маттара –«поле»; «долина»; «равнина».  Кхузахь билгаладоккхур вай, шумерийн  –«ар»;г1азакхийн –«соха», ткъа  церан —«ард»; г1азкхийн — «пашня»;«поле» санна  хилла дуйла. Шумерийн  и дош вайна хеза,  нохчийн –«ар»(«а»- дехха. «молотить»); «урд»«ард»?) бохучу дешнашца а, ишта,  масала;  «хьажк1аш х1у+ара  ехи» , я  «куьме уьстаг1а аре  леци», бохучу  аларшца  а . Т1ахьарчуьнан маь1наца,  г1азкхийн  маттара -«овен  осеменил овцу» а долуш.

Цу тайпа , нохчийн –«ар»(«а» -деххе); г1азакхийн — «производство» ; «воспроизводство» хуьлу. Ткъа  ламоройн –«ар+к(а)  барамехь и хилча; г1азкхийн –«копать» бохург а ду. Нагахь т1аьхьара  — «ка(н)»,  г1азкхийн –«просо»; «злак» бохучу маь1нехь вай даладахь, и  ламоройн –«ар+к а» хуьлу, г1азкхийн – «сеять злак».

Х1инца   и  ламоройн –«арк»(«ахк») дало луур дара, ингальсан – «акр»(латтан бустам); «уорк»(«болх»), немцойн –«арбайт»( «болх») бохучу дешнашца. Кхузахь тамашина ду, немцойн – «арбайт» бохучох а, нохчийн маттахь — «ар(сеять; осеменить)+ бай+т1е» кепара  этимологи ялуш хилар. Цу тайпа, вай тайп-тайпаначу меттанашкахь дахкочо оцу дешнаша гойту, шайн орамаш,  дукха ширачу  шумерийн маттара  дуйла. Кхузахь   ламаройн — «эркина»; «ардина» бохучу аларша а гойту, шаьш г1азакхийн маттара –«осемененные (земля)»; «засеянные(места)» бохучу кхетамехь дуйла.

Билгаладоккхур вай ишта, оцу ламоройн-нохчийн «арк\эрк» бохучуьнан  масехь маь1на. Нохчийн маттара  уьш,  г1азакхийн маттахь а дахкош.  а)«арк» -«копать»; «засеять». б) «арк\эрк»  — «река»; «речка». в)  «арк(+арг)» -«пузырь»; «наполняемое емкость»; г)«ар+к(а)\эр+к» — «овен семенной». Кхузара вайна го,ламоройн –«арк\эрк» т1ера, г1азакхийн – «река»; туьркийн –«арык» хила тарлуш  дуйла, ша юхнехьа а доцуш. Аьллачунна тоьшалла хета, арийцин ж1ахьаллийн динара цхьа ц1у  а , шен – «Ар+к»(кхузахь; «овен семенной\орашающий») ц1е йоллуш хилла хилар.

Вай йина  и этимологаш   тоаме хета, масала,  «аре де»\«аре до» бохучу  аларшца,  «х1у  тасса»\«х1у доккху» боху хьесапаш  дуйла ган. Шаьш  г1азакхийн маттара -«осеменить»; «осеменеляет»  санна а долуш. Кхузара атта дало вайга, масала, «Ардон», «Арден» бохучу топонимин  тидарш а. Шайн — «Ар+до(н)»; «Ар+де(н)» бохучу  барамашца, шаьш —«х1у тоссу»;  «х1у доь»  меттигаш а долуш.   Х1инца  терго ер вай,  нохчийн маттара —  «аре(н) До(н)» боху гидроним а, г1азакхийн маттара – «степной Дон» хилла а ца1аш, шен шолг1ачу кхетамехь -«орашающая\  осеменаяющая(река)» санна  хуьлуш  юьйла.

Ишта вайна го, вайн маттара — «аре до аре» а, г1азакхийн маттара -«жатвенные места», ткъа «араза аре» — «х1у доцу лаьтта»; «эрз баьлла  латта» дуйла.  Цаьрца  цхьана го,   латинин – «эрозия» а . Х1у цадолучу латтан а,  х1у цакхуьучу зударийн а цамгарах  ша олуш долу.  Вайн – «араза» бохучуьнца  цхьана эшаре  дог1уш а, г1азакхийн маттара — «неосемененная(-женщина)»; «неорашенная(-почва)» бохучу кхетамехь а  долу.

Х1инца  тудуьр вай, нохчийн –«эрг(а)» боху дош а. Вайн кхетамца ша —«эр+га(часть;)» санна долу. Далор вай, цу дашца доьзна цхьа ши  масал: а)стом х1инца а эрга бу. б)кибашка х1инца а ятта яланза эрга ю, бохучу кепара.  Кхузахь  стоьман а, кибашкан а  эрга хиларан бахьна вайна го, цхьанна маьлхан эралла(энергия), вукхунан ц1еран эралла (энергия) тоь1на цахиларна.  Цул а совнаха, кхузара  схьа вайна хаало,  латинин «эрзац-продукт»(полупродукт) а, нохчийн – «эрга-сурсат» цхьаъ дуйла а. Ишта   нохчийн –« эралла» , кхечу меттанашкара — «энергия»; «потенциала»; «потенция» санна а долуш.Дашна  аьлча, физикехь белхан — энергин бустамаш а,  «эрг» бохучу кхетамца (единица измерения) багарбо. Дукхоха болх , я  энерги  мел хилий  а, церан и «эргаш» сов а лоруш.

Ткъа  х1ара къамаьл вай  алха  нохчийн  меттан хьал тодарах лаьцна дуьйцуш делахь, вай кхин а дахкор дара и тайпа дешнаш.  Масала, «ардархо»- «производитель»;  «ардаран пхьалг1е» —  «производственный цех» ; «ар+дан+г(а)» — «проиводственные силы»\ «воинство»; «аркарой» — «крестьяны»\ «сеятели»«эраллийн \ аралийн нах» — «воспроизводители»\«воинство», бохурш а цхьана. Кхузара вайна  т1акхха  атта гур бара: «арийцы»; «армия»; «армада» бохучу дешнийн а кхетам.

Амма кху белхан лерина   1алашо яц ,  шумерин – латинин – нохчийн меттан  орамашкара ,  нохчийн маттахь керла дешнаш юкъе дахкон г1ерта.   Амма кхузахь  мелла а 1оттар ян дог1у аьлла хета ,  нохчийн меттан 1илманчашна.  Цу аг1ора цара ма  хуьллу болх а бина,   нохчийн маттаца   1илманан а, техникан а, производстван а керла дешнаш  юкъе цадахарна.

Аьллачунна т1етоха деза,  Шумерера   Нохчийчу кхаччалца ,вайн къоман мух1ажараллин азаллехь  кхолла  елла хиллачу   топонимех, оцу  1илманчаша цхьа йолу этимологеш нийса  йина цахиларх а.  Ткъа ма дарра аьлча , иза цара шайн къоман диалектикаш к1оргера 1ама цаяр   хета.  И топонимаш толлучохь, шайна хуучу литературни  маттах тоам а бина.

Т1аккха вай  дуьйцург эрна хабар цахетийта, иштачу топонимах масехь этимологеш ян хьовсур вай.  Шайн –«эр»; «ар»; «ур»;«1ур» бохуш а,вуьшта а орамаш долучеран.  Кхузахь цхьацца цакхетамаш цахилийта , цкъа хьалхара  билгаладоккхур вай , вай т1аьхьара аьлларг,  ламоройн –«1уьйре» санна вайна  гуш хилар . Масала, цигарчу баккхичара  олура; «1ур дер аз, я сур дер аз».  Литературни маттаца аьлча; «1уьйренна дара из, я суьйренна дара из», бохург  дара иза.

Цу тайпа,  оцу дашо вайна уггаре хьалха гойтург    де  долало(начало) хан1уьйре ю.  Вуьшта , шен  кхечу    маь1ница, ша нохчийн  кхетамера   г1азкхийн матте аьлча –«мужское начало» бохург  а ду иза.  Ала дашна, ламоройн – «сейре»\сайре» бохург  а, «се»сте»)  орамна т1ера ду.  Шен г1азакхийн маттара маь1на  –«женское начало» лара бог1учу.   Кхузахь дага тоссу, нохчийн цхьа шира х1етал-метал а.  «Х1ун ду, ваша йишина т1аьхьа цакхуьу, йиша вешина т1аьхьа цакхуьу бохург», бохуш долу.  Д1а ладоьг1ча цуьнан жоп а  карадо вайна;  малх= ваша (я мар), беттаса =йиша(я сесаг) санна дерг.

Аьллачо гойту, шираллехь вайнахана  дей-буьйсий  малх –бутти санна гуш хилла хилар. Малх = «ваша»( я «мар»), бутт =«йиша”(я «се») санна ларарца.  Кхузара  нохчийн матто кхетош хета, ж1ахьалийн  заманашкахь   дуккхачу къаьмнашна шайн   таг1уташ, малхаца — баттаца лацар а, цара уьш  «эри» -«се» (сте) ларар а х1ун хилла.  Цул а совнаха,  «ар»; «эр»; «1ур»  «се» бохучу  ормашца вайна го,  «арийцы» , «семиты»  боху  этнонимаш схьа евла хила тарлуш болу бух. Ишта , хьалхарачеран –патриархат , шоллаг1ачеран  матриархат хиларан бахьнаш, оцу расаша ж1ахьаллийн   заманашкахь,  шайн – шайн ц1унаш  «эра» -«се» ларарна  хила тарлуш дуйла а.

Ткъа х1инца вайн тидарш  долор вай, масала, Арарат бохучу топономина т1ера.  Цуьнан «Ар+ар+т1(е)» кепара.  Вай лакхе хьахийра — «ар(-и;-е; -а)», г1азакхийн маттара : «осеменить»; «молотьба»; «поле» санна хилар . Ишта шумерийн маттара цуьнан — «нох» боху  маь1на а далира вай цигахь.  Кхузахь кхето деза,  нох, ша  х1у д1а доь г1ирс(осеменитель) хиларе терра ,   ж1ехьаллийн  заманашкахь  эраллийн\ираллийн («фаллическан культан») билгалло  лоруш хилла дуйла.  Цигара схьа лору вай, шумерийн –нохчийн  «1ар – 1ур», г1азакхийн кхетамара – «начало дня» ; «мужское начало» санна  хилар а. Схьагарехь, нохчаша  а нахарах –«нох» алар, Нохь-пайхамар(а.с.) хиллачул т1аьхье бен  ала долийна  дац.  Цул хьалха цунаха  шаьш олуш хилла долу  — «аар»(я,«1ар»)(«сеять-сеющий») дита а дитина. И ишта цара аларна бахьна хета, Нохь-пайхамаран(а.с.) ц1арна т1ера, ткъа важа, хууш ма хиллара  ахархо хилла ву.

Амма вай дийца долийначунна т1ера кхин гена девр дац вай. Цу тайпа, шумерийн – нохчийн  «Ар +ар+т1(е)»(1ур+ар+т1е , я 1ар +ар+т1е) бохучуьнан  хьесап вайна карадо, г1азкхийн маттара: «жатвенное поле  где/над»; «осеменяющее поле где/над»; «плугное место где/над)» санна, ткъа цуьнан «1ар+ар+т1е» боху кеп, г1азкхийн маттара –«над долиной жизни» бохург а. Т1аккха «Ар+ара+т» топониман  т1аьххара –«т», нохчийн –«т1(е)» а, г1азакхийн: «над»; «возвышенность»; «плато» санна лерийча, «Арарат» ломан ц1е а, муха кхолла елла  го вайна.

Изза, «Арарат» — топонимах  доллу  тидар вайна  го, нагахь вай и – Урарту бохучу топонимах дахь а. Цуьнан  – «1ур+аре+т1е» аьллачу  бекъамца. Т1аккха цуьнан шумерийн -нохчийн  кхетам  а нисло, г1азкхийн маттара- «плугное поле где/над» бохучунах терра. Аьллачунна тоьшалла до, нохчийн –«урдо»(«пашня»; «пахотная земля») бохучо а. Шен -«1ур+де», я «1ур+дане» боху кеп,  «нахаран аре», я «х1у д1а доь меттиг» санна лерийча.  Г1азакхийн  маттара  шен кхетам –«плугное \ пахотное\сеющее земля где», бохург а болуш.

Кхузара вайна го, шираллера  –«Нахерия» топоним а,   ‘’Нох+аре’’ барамехь тидалуш юьйла.    Ша, вай х1инца тидиначу  – «Ар+ара+т»; «Ур+ара+т» бохучу  топонимин хьесапехь а йолуш.

Цул а совнаха, оцу топонимах терра шайн этимологеш  хуьлуш  – «Хурри»; «Хуррит» боху дешнаш  хилар а го вайна.  Масала , х1окху -«Х1(у) +ури(х1у+аре)»; «Х1у +ури+т(Х1у+аре+т1е)», бохучу барамца.  Г1азакхийн маттара шайн чулацам: «посевные поля»: «посевные поля где\над» а болуш.  Вуьшта  «хурриты» бохучуьнан маь1на а нисло — «х1у+арар+хой» санна. Шен г1азакхийн  маттара маь1на – «зерноводы»;  «жатвенники» бохучунах терра. Вай бохучунна тоьшалла до, шумерин маттара —«хуррит» , «айелла меттиг»(«ялта лело меттиг») бохург  хиларо а.

Х1инца вай  рог1ера туьду дерг ду –«Хатти»(цунаха «хетти» динарш Тоуратан гочдархой ). Иза, нохчийн  –«хьаьтта(-е;-и;-н;-не)» бохучу  маь1нера, г1азакхийн – «нива»; «молотьба где\над»; «зерновое поля»; «на току» а лоруш. Вуьшта дийцича, вай х1инца «хуррит» дашах йинна йолу этимологи ю иза а. Шен  «хьаьттой» бохучу барамехь, г1азакхийн – «зерноводы»; «земледельцы» а йолуш.  Ала деза, историкаша и хатти, шен  шоллаг1чу  ц1арца   -«гатти» лоруш хиларх а.  Амма оцу ц1арца а вайна го, нохчийн — «готой»; «готанхой» («земледельцы») бохург.

Ткъа х1инца юха а тидаме  оьцур вай, лакхахьа вай дийцина –«эри»\«ари». Урартан  «Эрибуни» бохуш хиллачу г1алийн ц1араха — «Эри+буни» барамехь  этимологи а еш.  Цу ц1еран –«эри» боху  дешдакъа, юх -юха  юьйцур яц вай.  Нохчийн — «эр+г1ал+ваьлларг» («буйный») бохучу дашца  а , и  юьйла гайтина.  Цхьана девна  шен боьршаллица , майраллица  чуравуьлучохь иза ишта олуш хилар билгал а даьккхина .

Ала деза, кхузахь  и  «эри» санна вайна атта кхеташ,   «Эра+буни» шоллаг1а  дешдакъа – «буни» юьйла а. Г1азакхийн маттара –«обитель»; «жилище»; «изба» санна шен кхетам болуш йолу.  Дашна аьлча, и санна «Буни» олу  юрт а ю, вайн махкахь, Мак1ажахь.    Шен бахархойха олуш дерг  –буной а долуш. Цу тайпа, «Эри+буни»\ «Ари+буни» бохучуьнца   вайна го — «къонахойн г1ала»\«т1емалойн г1ап» бохург.  Ишта  шен маь1на долуш кара йо вайна ,  Урартин кхечу г1алийн хилла йолу –«Арин+берд» я, Эрин+берд боху топоним (кхузахь:«г 1ала =г1ап = берд»).

Оцу  топонимин мог1ара хета   хурритин –«Ардини» а. Шен этимологи — «Эр+дини» я, «Ар+дени»\«Ар+дони» а йолуш. Цуьнан шоллаха йолу – «де»; «ди» ; «до» дешдакъа  хета, г1азакхийн – «мощь»; «сила»; «культ»; «делать» бохурш санна. Масала ,«Эр\Ар –ди » бохучу барамехь  иза го — «фаллически культ»  бохучу кхетамехь.  «Эр\Ар  де» бохучу барамехь  – «къонахийн доьналла» санна.  «Ар до (меттиг)» санна хилча, г1азакхийн маттара –«жатва\молотьба где»,бохучох терра. Кхузахь билгала яха луур дара, Кавказера  и тайпа кхин  йолу а  топонимаш-этнонимаш . Масала, «Эры» («эрой»); «Эрити»(«Эре т1е); «эрмалой» (х1инцалера эрмалой бац, хьалха заманашкахь цигахь баьхнарш бу. Ткъа вукхара шаьш шайха –«хайцы» олу); «Эриван»(«Эри +бен»); «Арцах» ишта д1а кхин а.

Цу тайпа , шумерийн – «Эриду\Эриде \«Эрех(а)» а, ишта  «Урарту»; «Хуррит»; «Нахария»; «Хетти» бохучу  дешнаша  цхьатерра кхетам ло вайна.  Т1аккха цигахь  баьхначу нехан цхьа этнос    хиларан  тоьшалла до, церан мотт, 1адаташ,  «дин», архитектуран г1ишлош цхьатерро хиларо.  Ишта,  уьш  ахархой, пхьелхий , т1емалой   хиларца а го, х1инцалерачу цивилизацин бух цаьргара  буйла.

Ткъа х1инца гойтур вай,  вайн  тайпанашца  а, топонимашца  а йолу оцу этносан «мухаран» -лар.  Масала,  и «мухар»  го, вайн тайпанин-гарин «эрахой», «эритхой», «эрдсаной», «эрсаной», «арстхой», арцухой», «ур-г1алахой», «х1урикхой»  бохучу этнонимашца.  «Арштха», «Арстах», «Арцу –дукъ», «Арселой –дукъ  , «Урзме-дукъ», «Ур-г1ала», «Эрд-корт», «Эртина», «Эрме-дукъ», «Урзме-дукъ» бохучу  топонимашца а.

Кхузахь терго ер вай, Нохчийчоьнан  топонимашца лела — «ар(е)»,  алха  аренийн топонимашца  лелла  а ца1аш, лакхенашкара  топонимашца а хилар. Масала; «Арстах», «Арцу-дукъ»(«Орца дукъ»), «Ариен-эвла», «Ариен –басса» и. д1а кх. а. Ишта  вайна хаьа,  б1ов-г1алан  ц1енкъара  хьала боьдучу бог1амах а, нохчаша  –Эрда-бог1ам олуш хилла дуьйла.  «Эр + Да бог1ам» бохучу барамера шен маь1на,  г1азакхийн маттара — «столб(опора) Владыки Эра» санна а   долуш.

Аьлларийг го, вай х1инца тида леринчу  «Эрда –корт», «Арцу-дукъ» бохучу топонимашца а. Кхузахь тида  цаоьшу  аьлла хета  «корт», «дукъ» боху дешнаш. Уьш «лакхенаш»  санна  вайна девзарна.  Цундела  юха а масехь дош эр вай, лакхахьа  вай  тидиначу «Эрда» , «Арцу» а бохучу дешнехь.   Ала дашна, цараха хьалхарнийг вайн 1илманчаша  А. Сулеймановс  а, К. Чокаевс  а  шираллерачу  таг1утан ц1е лерийна делахь а, амма шен этимологи янза дитина ду.

Т1аккха вай дечу тидарца  и —  «Эр+ди», вай лакхе тидиначу х1урритин –«Ар+дин\Эр+дин» санна, «эраллийн культ»  бохучу маь1нехь ду.  Ша  «Эр+Да\Ар+Да» бохучу кепехь, «боьршаллийн да»\ «эраллийн да» а долуш.   Ишта шен чулацам болуш хета -«Арцу» бохучу дешан маь1на а. Нагахь иза -«Ар\Эр+Ц1у» аьлла дешахь. Шен   этимологин маь1на —   «эраллин ц1у\ боьрша ц1у» а долуш. Цу тайпа, вайна гуш дерг ду, вай тидина долу — «Ардин =Эрда=Арцу» цхьаъ хилар.

Аьллачунца  дог1уш хета,  масала, цхьа хьовзам баьллачохь  вай олу – ‘’ва Арцу вала’’(«Орца вала») бохург а.  Соьга хаьттича   и кхайкхам бац , вайн 1илманчаша  боху  –«лакханга хьовда».  Цуьнан  маь1на вайна хета, ж1ахьаллехь  наха  шайн «деле» кхойкхуш баьхна хила тарлуш долу – «ва  Ар Ц1у» ,я «ва Ар Су»  вала(вола)» бохург.  Ша «Ар\Эр+ Ц1у»=«Эр\Ар +Су»(«бык  семейной»\«Лунный культ»\ «Золотой телец») санна  вайна  гуш долу.  Дашна альча, оцу ширачу арамейн –нохчийн  «Ар\Эр  Су» т1ера  грекаша  д1а эцна  хиллачохь тера ду, цара  шайн  ма1аш йолчу  т1еман  «дэлах» баьхна долу  — «Арес»\«Эрес» а.

Х1инца  хьовсур вай, оцу  «Арцу», «Эрда»  т1аьхьа  — «корт» , «дукъ»  боху, лакхенаш  юьйцу  дешнаш  муха нисделла хила тарлуш ду.   Иштачохь  дагатоссу, 1эсачара, шайн ц1ерашца —«Ар»\«Эр», «Ц1у»\ «Су» , «Да»(«Владыка») боху орамаш долу   «деларчийн» гоьмаш , лакхенашкахь  х1иттош  хилла дуйла. Ткъа царна уллохь   шаьш  юьттуш  хиллачу  т1улгийн къепалахь   — «капище» а олуш.

Ткъа х1инца гайта хьовсур вай, оцу « Ар\Эр су» бохучунаьн а,  ж1аьхьалчу наха   лакхенашка х1оттош хилла бохуш  Тоурато юьйцучу — «Астарт» таг1утан а  цхьааллийн  билгалонаш.  Кхузахь  вайн тидам хуьлу,  оцу «Аст+ар+т» бохучу  ц1арца  -«ар\эра су» а, «лакхе» а  боху ший а кхетам  буйла. Нагахь вай  и — « Аст+ар+т», ламоройн  диалектица  «Уст +ар+т(1е)» санна  алахь.  «Уст»= «су» ; «ар»= «ар»; «т1е»=  «лакхе»  а лоруш.  Ала  деза, цу таг1утан ц1е –«Астар» хилла юьйла, ткъа  и  д1а х1оттош  йолчу  лакхенан ц1арца а цунаха  олург хилла – «Астарт» .

Иштачу вайн  тидарца цхьана йог1у — «капище» бохучу дешан  этимологи а. Ша  «къа +пе» барамехь, г1азкхийн маттара -«стена греха», «стена милости» боху ший а  кхетам  шеца  цхьана болу. Ткъа муха нисделла хила тарло иза ишта? Схьахетарехь   1эсачара и пен, цуьнца  ялсаманан пен гарца  беш хилла. Цкъа мацах Дала Адам(а.с.) шен къинхетамца чу витиначу а, т1аккха, цо цигахь къа хьарчийча, шен  чуьра ара ваьккхиначу  а ялсаманан пен санна.  Дашна аьлча, ширачу арамейцаша – израильхоша  шайн къинош делхон , къинхетаме сатийсса,  дуьненан — эхартан   доза лоруш  беш хиллачу  оцу пенах терра берг бу,  х1инцалерачу жуьгташа шех —«стена плача» олург  а. Цигахь шаьш беш болу белхам а, шайн Дэле, тхо, оцу ялсаманан чу дитахьара, бохучу кхетамехь а болуш.

Амма вай лакхе дийциначуьнна кхин гена девр дац вай. Цу тайпа,  «Астарт» дашах, вай «Уст +ар+т1е»  боху тидар диначул т1аьхьа, вайн терго  хуьлу, Нохчийчохь —  «Устрад-г1ала» боху топоним  а хилар.  А. Сулеймановс  ма бохху(«Топонимия Чечни»)  шен ц1е еккхича – «Устар –г1арадойн эвла» шех ала дезаш йолу.  Ала дашна, кхузахь  вайна нийса цахета А. Сулеймановс  оцу топониман этимологи туркойн –«уста»(«хьехархо») т1ера  яр. Вайн кхетамехь иза ян йог1ура – «Уст(Су)» +аре»(«долина священного быка») санна. Шецара –«г1арадой»; «г1араллой»  я «г1ордалой»(и  йиллина тайпа?) санна а  лоруш.

Туьркийн  мотт хьахабеллачура  аьлча.  Кхузахь тамашина ду,  вай дуьйцу ламоройн –«ар\эр су»( «бык осеменяющий(орашающий))», шен «эр су» барамехь,  туьркойн маттара   — «боьрша  хи» бохучунах терра  дерг  хилар.  Ткъа оцу шинна  а маттахь  иза ишта нисдалар хета,   Б1абилонан — « Су=Ц1у» бохуш  хиллачу беттан  таг1утан ц1арна т1ера схьа. Нохчийн маттара г1азакхийн маттахь  ша аьлча — «бык »= «идол»   санна ша хуьлуш  йолу.  Аьллачо гойту, туркойн –«су», нохчийн – «су»(лит. «сту») т1ера (производни) дуйла, вуьшта ша юхнехьа а доцуш.  Х1унда аьлча, оцу ж1аьхьалчу адамо беттаса – «эр су» санна лоруш хилла.  Хи т1едар , и юха  далар (приливы и отливы) шеца  доьзна а долуш.  Иштачо гойту, масала, « Сунжа», « Сулак» (ишта д1а кхин а) боху гидронимаш а, ширачу арамейн — нохчийн маттахь а шайн орамаш долуш  юьйла(цу хьокъехь кхечанхьа дуьйцур ду вай)

Кхузахь гайтаме ду, х1инца  вай лакхе далийна долу — «Уст ар»; «Су ар» Нохчийчуьрачу —  «Суьр –корт»(«Сур-корт») а , «Шинсуьр юкъе» бохучу топонимашца  а цхьана дар.   Муха кхета деза иза? Схьахетарехь , ж1ахьаллийн заманашкахь  Шин+суьр юкъан дехьарчу а, сехьарчу а «Сур корт» олучу  лакхенашкахь  «Беттан культан»(«Стеран гоьмаш») аматаш лаьттина хиллачохь тера ду. Кхузара  хета — «Суьр –корт»(«Су+ар — корт»),«Шинсуьр – юкъ»Шин +Су +ар –юкъ»)боху  топонимаш схьа йовлар а .

Ала деза , и  «Суар» боху топоним   дуьненчохь   шуьрра яьржина  юьйла.  Ткъа вайна ма хаарра, иза массийтанхьа хьеха йо Тоурато а.  Амма цу хьокъехь  дуьззина  дерг т1аккхахула  дийца а дитина,  вай цкъачунна  тидам т1ебохуьйту – « Месопотами» бохучу топониман. Тоурато ша дукха хьехош а, шираллехь арийцаша шех –«Стар»(ишта «старк» а)  олуш а хилла йолчу. Билгаладоккхур вай, Шумерарчу  арийцин -«Стар»а, Шемарчу  арамейн –«Астарт» а, церан а, вукхеран а  цхьана  кхетамца  хилла хилар. Ишта хуьлу уьш вайн талламехь а.  Нагахь «Аст+ар+т»= «Уст +ар+т1е»(уст + лакхе), ткъа «(У)Ст+ар»= «Уст+ар» санна вай ларахь.

Гайтаме ду , оцу –«Стар» топонимах вай х1инца йина  – «(У)ст +ар» этимологи,  г1азакхийн маттара —  «долина (священного) быка» , я «семенной бык»  бохург санна хуьлуш хилар.  Шен  кхечу аг1ора  а,  арийцин ж1ахьалийн кхетамехь  — «(беттан)дэлан латта»; «ялтин  латта» санна  а ша хуьлуш. Изза ду,  1илманчаша  Месопотамех олуш долу, г1азакхийн маттара –«плодородни полумесяц» а.

Ала  деза,  арийцаша Месопотамех шоллаг1чу ц1арца  –«Старк»(грекийн транскр.)олуш хилла  дуйла а. Нохчийн — «Старг(1)»(«бык») бохучунах терра. Цуьнан этимологи а вайга ялуш хета   – «Уст+ар+г1а(-п;-ла)» санна.  Шена т1аьхьара ,  нохчийн –«г1а(-о)»; г1азакхийн –«мощь\помощь»   а долуш.    Дашна аьлча, «Стар»(Уст+ар) бохучунах терра  этимологи  хуьлу вайн , масала,  Нохчийчуьрачу  — «Буг1ар»(=«Буг1+ар»); «Буг1ан –юрт»  бохучу  топонимех а.

Амма цхьа хаттар ду, вайга  кхузахь хатта тарлуш. Шемахь  ша се(сте)  лоруш хилла  йолу  ц1у — «Астарт», вай эра  муха лору бохург.  Цу хьокъехь леррийна дерг, кхечанхьа  дийца  дагахь ду вай. Делахь а , масехь дашца аьлча, вайна хаьа, шираллехь гергарчу малхбалехь  беттан ц1у  шина хьесапехь лоруш хилла юьйла. Иза «се –эра» гарца.  Цундела  цуьнан гом а, 1эсачара «ма1аш йолу се(самка; женщина)» санна беш хилла.  Вуьшта аьлча,   «се су» бохург ду иза. Г1азакхийн маттара «женщина –бык» бохург санна.  Цунна тоьшалла до — «беттаса» бохучу  дашо а. Шен этимологи  –«боьтта +су» санна йича,  г1азакхийн маттара – «удойный бык»\ «плодоносный бык» , ткъа «(б)етт +су»  кхетамехь  йича , ша –«корова +бык» санна а хуьлуш.

Х1инца жимма таллам бер,  оцу   – «се су» бохучунна т1ехь. Х1унда аьлча, и «се су» вайна дог1а хета, масала; «Сесан», «Соьс»,  «Чечан» бохучу топонимах а, кхечу къаьмнаша нохчеха олучу – «чечени»,«шашани», «чачани», «цацани»,«сэсэни», «сесени», «сасани» бохучу этнонимах  этимологи  еш долу.  сасаниди»  Масала,  «сесанхой» бохучу дешан – «се сун хой»(лит.«сте стун  хой» )  барам бича, цуьнца вайна го,  г1азкхийн маттара  — «поклоняющиеся Лунному культу» санна дерг.  Шираллехь ишта — «се сун хой» санна  хиллачохь тера ду, х1инцалера -«чеченхой», «Чечен ара» — «Се сун ара , ткъа  «Чечена» — «Се су ан».   Шайн г1азкхийн маттара хьесапаш –«плодородная долина\пространство», я «долина (священного) быка» а долуш. Кхузахь хаттар хутту, иштачу « Сесан(эвла)» бохучохь «Чечен(аул)» динарш  г1азакхий буй те, бохуш долу.

Терго ер вай, кхин цхьана х1уманна а. Иранхоша(г1ажарша) нохчеха — «сасани» алар а, ткъа шираллехь персин импери  кхоьллинарш а, иза латтинарш а сасанидаш хилла хиларна а. Т1аккха иштанийг лаьа дац аьлла хета.  Х1инца гойтур вай, «Се су ан»(«Сесан») терра дерг – «Эрсан»(«Эр су ан»), ткъа «эр су» бохучунах терра  дерг  -«Урус»(-мартан) а дуйла. Шен – «1уру+с(у)»= «Эру су» бохучучу барамехь. Ала дашна, оцу  «Урус –мартан» бохучу топонимаца  го  вайна, ширачу арамейн – нохчийн  — «1уру»; «Су»; «Мар»; «т(1е)=ан».  «Мар» —  ламоройн маттара, г1азкхийн маттара –«повелитель»\ «муж» а лоруш(«Мар»-б1абилхойн «дэлан» ц1е а). Цу тайпа, вай ламоройн маттахь  — «Урус –мартан» бохучу топонимах йина йолу топоним, нагахь ша  г1азакхийн маттахь ялийча хир яра; – «долина(пространсво) плодоносного быка –повелителя» бохучунах терра . Цул а совнаха, вайна го, х1инцалца цхьанна а маттахь  этимологеш ца ялуш долу г1азакхехь олу -«урус»;  «руси» ; «оьрсе»; «эрсе», арамейн-нохчийн маттахь вай бохучу кепара тидалуш хилар. Гайтаме ду, «1уру Су»(= «Эр +су») олучохь цу дашцара гуш йолу – «мужское начало»(г1азкхийн маттахь) а, ткъа – «1уру се» олучохь , цуьнцара гуш йолу –«женское начало» а. Вуьшта аьлча, кхузахь гуш дерг ду, 1эсачарна баттаца гуш хилла долу ший а хьесап(ишта «матриархат» а, «патриархат» а).  Аьллачо гойту, г1азкхийн а цхьана хенахь – «Беттан культ» хилла юйла.

Ткъа х1инца, вай тохара   этимологаш йина йолу, Нохчийчуьра  «Эрда-Арцу –Арсу»  топонимаш юха юьйцур вай.   Шумерех  уггаре  а хьалха хиллачу «Эриду(-и;-а), «Эрех» бохучу г1алийн ц1ерашца уьш  бустаме а йохкуш. Иштачохь  тидаме оьцур вай, масала,  Эрих Церена шен «Библин холламаш»   т1ехь  яздеш  долу: «….Среди многочисленных культовых предметов  в Эриду были выкопани  фигурки со змеинными  головами.  Но не женского, как в Уре пола, а мужского. Тот же самый символ змеи, но только другого пола…».

Кхин д1а  а  цо яздо,  х1етахь цигахь ахкамаш беш хилла археологаш -историкаш,  оцу «эрачу лаьхьанийн» тайнигах  ч1ог1а цец  бевла  хиллера бохуш. Цу хьесапехь и   хилар бахьна  шайна  х1ун ду цахарна.  Амма  вайна го, царна цунаха   цхьа а «х1етал-метал» хилла хир доцийла, нагахь  нохчийн маттара   – «эра»(«ара») царна х1ун ду хууш хиллехьара. Т1аккха  уьш кхетар хир бара:  а) «Эриду» топониман тидар — «Эри +Да» хилар(г1азкхийн  маттара маь1на – «Владыка Эри\Ари»). б) «Эри\Ари+ха» г1алийн хьесап; г1азкхийн маттара –« Страж Эри» дуйла. в) «Эрачу  лаьхьан»(‘’ беттан культ’’) тайниг  цигахь карорна бахьна, ж1ахьалийн заманашкахь цу г1аланашкахь  «эраллийн  культ»(«фаллически культ») хиларна тоьшалла дуйла(ишта  Церенна шена хаа там бара,  шумерийн –«Эрех», шен  ц1е -Эрех а муха йоьзна ю).

Ткъа х1инца, айса и «эра лахьа боху кхетам баллинчохь,  цхьажимма цунна т1ехь  соцунг1а хир  со. Х1унда аьлча, иштачо суна  дага тоссийту,  сайн   бераллера  цхьацца хезнарш – гинарш. Масала,  гиначарах  дара, цхьана сайн гергарчу  зуьдчонгахь  х1етахь суна гина йолу,   ц1аза п1елгал жима  ма1а. И гар дара, цо иза ч1ог1а хьул йина лелош йоллушехь. Т1аккха ас шега, и х1ун ю аьлла хаьттича, цо суна жоп делира ; — сармакан маь1а, аьлла. Юха т1е а туьйхийра; — варийлахь, хьайна х1ара соьгахь гар,  цхьанга а ма дийцалахь, т1аккха  рицкъа –беркат  д1ахьовзур ду хьуна…  Ткъа  мичара яьлла хьуна и, боху хаттар ас шега дийча ,  цо элира; — сайн ненера , цуьнга цуьнан ненера ишта  д1а кхин а, бохург

Кхийно  т1ахьоо хиира суна, и «саьрмакан ма1аш»  наг-нагахь болчу  кхечу зударша а лелош юьйла.   Церан кхетамехь уьш,  дег1аца къайлахь, я даьтталлахь , ахьарлахь  х1ул  еш лелон езийла а.  Амма соу воккха  мел хуьлу а , со к1езга тешара, лаьхьанан ма1аш хуьлу бохучохь.  Вуьшта, «ма1а лаьхьа» бохург а гора, нохчийн маттара -«эра лаьхьа»; «боьрша лаьхьа» бохучу кхетамехь.

Цу тайпа ду, суна х1етахь  хезначарах кхин цхьа дийцар а. Ша йочанашца – йокханашца доьзна а долуш.   Масала,  нагахь  дог1анаш  оьхучура цасовцуш  хьеделча , цхьаболчу баккхийчара х1етахь  олура; —  саьрмак  сигла баьлла(я эцна). Вуьшта  йокъа х1оттича а олура цара; саьрмак лаьтта боьлла, я  бале баьлла. Ткъа саьрмак сигла(стигла) муха оьцу, боху хаттар, оха, бераша шайга  дича, цара   олура; дохкаца (я мархаца) цигахь хьалаболу и . Т1аккха тхан бераллийн кхетамца, тхуна боккъалла  ишта и ду а моьттура.

Ала деза, оцу  шина дийцарах хьалхарнийг суна дагатесснарг дара,  Э. Церана(«Библейские холмы») шумерийн Урук  г1алахь археологаша ахкамаш барах яздеш долу: «Хайа, хайа,бег!»- кричали они, предупреждая о появления змеи. И она действительно лежала под камнями. Это обычная была рогатая  гадюка-змея с черно-бело-красным узором на спине и с двумя маленькими «рожками черта» на голове – змея с рогами!» Гуш ма дарра, Церена кхузахь цецваларца яздо , оцу ма1аш йолчу  лаьхьанахь дерг.  Уьш Месопотамехь бен, кхин дуьненчохь хуьлуш яц  бохург т1е а тухуш.

Ишта  хиира суна а, «ма1анца  лахьа» дуьнечохь  боккъалла хуьлуш  буйла.  Амма  ша хаттарш  хилла дуьссурш дара: а) лаьхьанийн ма1аш Нохчичохь кхачарца доьзнарг.  б) уьш  ишта вайнаха беркате ларар мичара, х1ун хилла бохург. в) сармаькан, я лаьхьанан ма1аца дерг, нохчаша  дог1анашца, хица , ялтаца, бецаца доьзна ларар х1ун хилла  те, бохург , ишта д1а кхин а. Т1аккха цу хаттаршна жоп лохучохь схьа гуча долург  а дара, нохчий  Шумерара бахкар  а, ж1ахьаллийн заманашкахь  «беттан культан» билгало –«эра лаьхьа»  царна юкъехь а лелла    хила тарлуш хилар а.

Ткъа х1инца  жоп дала хьовсур вай,  Э. Церена  цу шен тептар т1ехь айдечу кхин цхьана хаттарна а. Иза ду,  дуьненчохь  хи  айдале  шумерийн  г1алийн -«Эрида»(«Эри+да») боху ц1е, и хи дижначул т1аьхьа — «Урук» ц1арна т1е яларх   историкаш кхетта  бац , бохург.  Вайга хаьттича, и ц1ераш хи т1е далале а, хи дижначул т1аьхьа а хилларш цхьаъ  ю. Х1унда аьлча,  нагахь вай «Урук» бохучуьнан – «1ура +ка» санна тидар дахь, иза  –«Эри+ка» санна хуьлуш  хиларна.  «Эри»= «1ури»;  «Да»(«владыка»)= «Ка»(«могущественный»; «овен»; «сила») санна а долуш.

Цу тайпа,  вайна хаало — «Эри+ Да», г1азакхийн маттара –«владыка осеменяющий» , ткъа «1ури+ Ка», г1азакхийн маттара – « овен осеменяющий»  санна дуьйла.  Аьлларийг  т1еч1аг1до, шумерийн Эридехь — Урукехь хилла  йолу коьрта ц1у, куьман  гом болуш хиларо а.

Ала деза,  Месопотамехь археологашна карош хиллачох терра   болу  «эра  гоьмаш» («статуэтки»)  а,  1овраташца йолу петроглифаш а  Органца хьаларчу меттигашкахь  хьалха заманашкахь дуккха а карош хилла  хилар. Цу хьокъехь тоьшалла до, масала, 19 б1ешерахь  ваьхначу  талламхочо А. Иполлитовс .  Цигахь карочу  т1емалойн , стерчийн, куьмийн,  беглин а  тайнигех нохчаша  керистин(ж1ахьалийн) «дэларчий»  олу, бохуш.

Вуьшта баккхийчаьргара вайна  хезна, бусулба дин вайн махкахь  ч1аг1лучу муьрехь,  и тайпа йолу эраллийн  тайнигаш  а, петроглифаш а вайнаха х1аллак  ярах. Нахана и боьхьаллаш  гар а иэхь ду,  бохуш. Масала, ишта  Итон-кхаьлларчу(Ч1аьнтахь) Пхьакочахь  уьш х1аллак ярах дуьйцура   цигарчу вахархочо Дукаев Абдул-Керима а.  Делахь  а,  уьш санна долу сурташ  а, арин — «свастикаш» а  вайна х1инца  а хаало цхьа йолчу  меттигашкахь. Масала,Ч1аьнтахь , Х1имахь, Макажахь. Хойяхь. Галан-ч1ажахь и. д1. кх. а.

Ишта,  лакхарчу –Кхокхадарчу  (Ч1аьнта) б1евнашна  юкъерачу цхьана б1овнан пенна  юкъехь боллу «стеран корта»  — т1улг(цу б1евнийн сурташ х1инцалца схьа цхьамма даьхна а дац. Уьш цхьана бердаш т1ехь хиларна). И «свастикаш» а, эраллийн  петроглифаш а го ,Т1ал-кхаьлларчу(Ч1аьнта) г1аланийн хьакхлаг1ашна т1ехь а, Х1имахь хиллачу б1евнийн хьакхлаг1шна т1ехь (хьовса суьрташка) а.  Ишта лахьанан, серчийн, беттан, боьршачу  нехан 1овраташ а, «свастикаш» а го  Макажахь , Хойрачу б1овнашна т1ехь а(хьовса суьрташка.Петроглифаш схьа эцна ю  Сулейман Джамбулатан –«Потомки Ноя» т1ера).

Кхузаххь къаьстина цхьа ши дош эр вай, Галан-ч1ажах, Хьийлахь  лаьттачу цхьана т1улгах(цунаха терра берг Нихалахь а). Цхьаболчу талламхойн кхетамахь, и  бердаха  аьгна долу   «зудчьунан амат» а,  шираллехь  шех «Тушоли» олуш хилла йолу  дуьшаначу латтан ц1у ю.  Ткъа вай бечу талламца и хета, вай лакхахьа йицина йолу –«Беттан культ»(«Астарт»; «Эр\Ар  Су »; «Се Су»). Ж1ахьалчу адамна ша  серан (стеран) — зудчуьнан  юкъарчу  билгалонашца хетта йолу. Ала деза, «Тушоли» бохург цуьнан юьззийна ц1е йоцийла а. Урартхоша санна иза йоккхуш хилча яккха езара  —  «Тейшебуэа – Тушола»  аьлла.  Ишта ц1е хилла церан –«Беттан культан». Хьовсур вай х1инца цуьнан и ц1е тида.  Ширачу нохчийн маттахь – «Тейше бу 1э 1а – Туш Эла»  аларца и йоьшуш.  «Тейша» — хье юкъехь сет долу алла су(сту)(и санна су, ламорошна ч1ог1а безаш хуьлу).  «Бу»(«ба»; «би») –«есть» (г1азкхийн). «1э  1а» -«дух жизни».  «Туш(е)» — «обитаемое место»\ «заселенное место».  «Эла» — «Господь»; «князь». Цу тайпа, вайна тахна а нохчийн маттахь атта  кхета и урартхойн  – «Тейше бу 1эн 1а – Туш Эла» бохург.  Вуьшта аьлча а , и хира дара; «буьзна бу\ берстана бу\сирла бу(бетта+су=бетта су) 1эн 1а  — Туьшан Эла» бохург.

Ала дашна, и стеран суьрташ вайна го, масала,  19 б1ешеракахь   Ц1онтарахь, Макажахь   хиллачу маьждигийн т1улгашна т1ехь а. Шаьш 1арбойн йозанашлахь дахкарца(хьовса суьрташка). Тамашина ду ишта, бусулба динан цхьа «мухар»  лору беттан сурт а, ма дарра аьлча,  Исламан –динца  цхьа а шен  юкъарчолла  доцуш хилар. Вуьшта  исламан маьждийгин архитектураца и гуча даьлла хан а яц, цхьа эзар шо герга  бен .

Ткъа х1инца х1ара статья чекх яккха  луур дара,  юха а Э. Церанан(«Библейские холмы»)  дешнаш  дахкорца. Цо яздо; «Нанна, могущественный бог Луны  в Уре и время от времени царь всех богов, идентичен аккадскому богу Луны Сину,или Су.  По всей вероятности, история культа этого великого бога , который воплощается и в сияющий корабль и в сияющего быка, сияющего барана, льва, орла, рыбу  или змею, обусловлена, изменчивостью представлений и смещением  образов, которые наблюдаются начиная с вавилонского Су и кончая древнегерманского  Цио и иерусалимского Сион.…».  Кхузара вайна го: б1абилонан – «Су», нохчийн –«Су»(лит. «Сту»); ширачу германийн – «Цио», нохчийн – «Ц1у»; Иерусалиман –«Сион»\ «Цион»,нохчийн – «Су ан»\«Ц1у ан»(«ан»-«пространство»)  цхьаъ дуйла. Шаьш х1инцалерачу а нохчийн маттахь  вайна кхета а кхеташ. Шайцара  шираллера нохчийн кхетам – Дэла; Дэлан латтанаш\аренаш санна а болуш.  Кхин д1а хир долчу дийцаршца  вай хьовсур ду, Сион(Су ан) латтаца  нохчийн хилла йолу сил-сил гайта.

Докка Амагов,

Chechenews.com

03.05.11.